|
Видео |
Хьешан тептар |
Кехат язде соьга |
Хаттар: Ассаламу Iалайкум! ХIокху безчу мархин баттахь цхьажимма АллахIе деха, джамаIат ламазаш деш, цхьанакхетта мел баккха луаш ду тхо, иштта цхьа хаза дика а, деза а доIа дан лаьара тхуна. Хьоьга хатта лаьара суна, муха доIа дича дика хир дара?
Жоп: БисмиллахIиррохьманиррохьим. АлхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI! Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Мархин беттан хIара сийлахь итт де-буьйса тIекхачале хьуна жоп дала аьтту ца хилира сан, цунна бехк ца биллар дехар ду. Ткъа хIокху итт дийна чохь йогIуш ю «Лайлатул-къадр» цIе йолу еза буьйса, АллахIа шех лаьцна Къуръан тIехь сурат доссийна йолу. Цу буьйсанна кхечу буьйсанашкахьчул алсам Iибадат деш къахьегар дика ду, хIунда аьлча и буьйса эзар баттал дика буьйса ю. Ткъа вайн нана йолчу Iаишас (Дела реза хуьлда цунна) хаьттина хилла Пайхамаре (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна): «ХIай Делан Элча! «Лайлатул-къадр» буьйса сайна йовзахь, хIун ала деза ас цу буса?» Цо жоп делла цунна: «Ахь ала: «АллóхIумма иннака Iафуввун тухьиббул-Iафва фаIфу Iаннú». «Йа АллахI! Бакъдолуш, Хьо къинхетаме а, къинтIера волуш а ву-кх, къинхетам а, къинтIера валар а дезаш а ву-кх Хьо, къинтIера валахь суна, къиношна гечдехьа суна, къинхетам бехьа сох».[1] И хьадис дийцинчул тIаьхьа, Имам Нававийс (Дала къинхетам бойла цунах) аьлла: «Вайн Iеламнаха (Дала къинхетам бойла церах) аьлла: «Оцу буьйсанна и доIа дуккха а дар дика ду. Кхин а дика ду Къуръан дешар а, кхидолу азкараш дар а, дикачу меттигашкахь дича дика долу доIанаш дар а». И азкараш а, доIанаш а вай дийцина, цхьаьна гулдина а, цхьацца а дуьйцуш.[2] Имам ШафиIийс (Дала къинхетам бойла цунах) аьлла: «Оцу буьйсанна санна, цуьнан дийнахь а Iибадат дарца къахьегар дика хета суна». Иштта аьлла цо. Кхин а дика ду, мелехь ду цу буьйсанна бусалба нехан гIуллакхашна (баланащна, халонашна, хьашташна) дуккха доIанаш дар, иштта и доIанаш дар дикчу нехан а, АллахI дика вевзаш болчу АллахIан дикчу лайн а билгало ю».[3] Чекхдели Имам Нававийс аьлларг. Ткъа дика хуург сийлахь-веза волу АллахI ву. 13.08.2012 = 22.09.1433 [1] Тирмизий, Насаий, Ибн МаджахI, Ахьмад. [2] Имам Нававийс (Дала къинхетам бойла цунах) кхузахь дуьйцурш шен «Ал-Азкар» цIе йолчу жайни юкъахь ша гулдина долу азкараш а, доIанаш а ду, ткъа и жайна вай гочдеш ду, делахь а дерриге гочдина далаза ду иза. Цундела, нагахь санна Къуръан тIехь а, Суннатехь а даьхкина дика доIанаш, пайхамарша а, хьалхалерачу эвлаяаша а, дикачу наха а дина хилла доIанаш хьайна довза лаахь, хьо хьажа «Къуръан тIера а, Суннатера а доIанаш» цIе йолчу жайни тIе. [3] Имам Нававий, «Ал-азкар».
|