|
Видео |
Кехат язде соьга |
Хаттар: Ассаламу Iалайкум варохьматуЛлохI. Олхазар, тIехь декхар хилча деш долу доIанаш язде, перевод йолуш, чIогIа оьшара суна... ДжазаакаЛлохIу хойрон.
Жоп: БисмиллахIиррохьманиррохьим. АлхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI! Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! «Бусалба стеган гIап» цIе йолчу жайни тIехь ду цу хьолехь деш долу ши доIа: «41. Шена тIехь декхар долчо деш долу доIа.
اللَّهُمَّ اكْفِنِي بِحَلالِكَ عَنْ حَرَامِكَ وَأَغْنِنِي بِفَضْلِكَ عَمَّنْ سِوَاكَ . "АллóхIуммакфини́ бихьалáлика Iан хьарóмик, ва агIнини́ бифадлика Iамман сивáк". МаьIна: «Йа АллахI! Айхьа хьанал динчунца тоам бе Ахь суна Айхьа хьарам динчух, Хьайн къинхетамца Хьайх цхьаннах тоам а бе Ахь суна (кхечаьрга сан хьашто хир йоцуш)».
اللَّهُمَّ إِنِّي أَعُوْذُ بِكَ مِنَ الْهَمِّ وَالحَزَنِ وَالْعَجْزِ وَالْكَسَلِ وَالْبُخْلِ وَالْجُبْنِ وَضَلَعِ الدَّيْنِ وَغَلَبَةِ الرِّجَالِ . "АллóхIумма инни́ аIýзу бика минал-хIамми вал-хьазан, валIажзи валкасал, валбухли валжубн, ва долаIиддайни ва гIолабатиррижáл". МаьIна: «Йа АллахI! Со ларло Хьоьца гIайгIанах, сингаттамах, кIелвисарх, малонах, сутараллех, осалаллех, декхаро сой лацарх, суна тIехь толам баккхарх а».
Дала гIо дойла, Дала аьтту а бойла! 22.03.2015 = 02.06.1436
|