|
Видео |
Хаттар: Ассаламу Iалайкум! Зудчунна выделенеш хилча, цIий доцуш, цуьнан ламаз керара долий, йа и ламаз деш йолуш цунна и болх хилча цуьнан ламаз кхочуш дуй, йа юха ламаз эцна дан деза цо иза? АллахIа диканца бекхам бойла.
Жоп: БисмиллахI, алхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI! Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Зуда ламазана цIена йолчу хенахь цуьнан бехкеметтера тIуналла яьлча, цуьнан ламаз карара долу. Иштта аьлла дукхах болчу Iелам-наха, цхьа Имам Ибн Хьазм воцучо. Цундела, и тIуналла яьлча ламаз иэца деза цо. Ламаз деш йолуш цунна и хIума хиллехь, ламаз духу цуьнан, цундела керла ламаз а эцна, юха дан деза цо и ламаз. Ткъа нагахь санна и тIуналла ялар сих-сиха делахь, иза ца йо́лу хан кIеззиг бен яцахь, шегахь иштта и хьал долу зуда тера хуьлу даим «хьайд» хуьлуш йолчу зудчунах, йа хьаткъ ца сацаран цамгар йолчух. Цундела, саццазза тIуналла юьйлуш йолчу зудчо оцу хьелашкахь болчу наха дирриг дан деза: хIора парз ламазана ламаз иэца деза, хIора ламазан хан тIехIоьттинчул тIаьхьа, тIаккха сихха шен ламаз дан деза. Иштта ламаз деш лаьттачу хенахь тIуналла яьлча а цуьнан ламаз доьхна лорур дац, мелхо а кхочуш дан деза иза. ТIаккха, цкъа цхьана парз ламазана эцна долчу ламазца шена луъучул суннат ламазаш дан мегар ду, кхидолу Iибадат дан а мегар ду. Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву! 24.03.2010 = 08/04/1431
| КхидIа |