|
Видео |
Хаттар: Ассаламу Iалайкум! Суна и вайн маттахь нийса муха олу ца хаьа, цундела иштта эра ду аса: пхьаьрса кIелара а, шина когана юккъера а, цу шина когана юккъера органнна гонах а месаш яцйе аьлла ма дуй. Мекхашах лаьцна санна ду сан хаттар аса хьахийна йолчу метттигех лаьцна: цу меттигашкара месаш полностью дIаяккха мегий станокаца, йа тукарца и месаш яцйар гIолий ду? Станокаца чIогIа атта хилара, тукарца мелла хало хуьлу иза, амма хала делахь дацахь, дан ма дезза да гIертар ду вай и, инша АллахI.
Жоп: БисмиллахI, алхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI! Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Абу ХIурайрас (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан Элчано (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) элира аьлла: «Доьххьара дуьйна Дала адамашна чудиллина долчу гIиллакхех а, хьалха-хьалха дуьйна лелош долчу суннатех а ду пхи хIума: хадор (суннат вар) а, бехкеметтигана гонахьара месаш дIаяшар а, мекх дацдар а, мIараш хедор а, пхьаьрса кIелара месаш дIаяхар а».[1] И гIиллакхаш цIоналлин гIиллакхаш ду, бусалба стаг даим цIена лоттуьйту бахьанаш а ду. ХIара пхиъ хилла ца Iа уьш Iа-м, кхечу хьадисехь итт ду аьлла деана а ду, делахь а кхузахь динчу хаттарна тоам берриг дуьйцур ду вай, Дала мукъа лахь. Мекхаш дацдарх лаьцна вай дийцира хIокхул хьалха долчу хаттарехь. Амма бехкеметтигана гонахьара месаш – кхузахь гIолий дерг и месаш дIаяшар ду, масала ахь ма-аллара «станокаца», йа цхьана кхечу хIуманца. ДIа а ца йошуш, ларга а мегаш ду уьш, масала тукарца, йа муьлхха а кхечу хIуманца, хIунда аьлча коьрта дерг и меттиг цIена хилар долу дела. Амма пхьаьрса кIелара месаш дIаяхар – уьш ийзош дIаяхар гIолий ду, шена луучо дIаяша а мегаш ду, хIунда аьлча кхузахь лууш дерг и меттиг цIанйалар ду.[2] Цундела, хьайн атта дерриг дан мегаш ду ахь оцу шинне хьолехь. Оцу шинне меттера месаш дIаяхаран хан, мекхаш лоргуш санна, и месаш яхйелча ю. Месаш яхйала герга ма яхханехь дIаяха еза уьш. ХIора пIераскана дийнахь дIаяхар уггар гIолий дерг ду. ТIаккха, уьш дIа ца йохуш шовзткъа де далийтар вон лоруш хIума ду.[3] Дика хуург сийлахь АллахI ву! 22.02.2010 = 08/03/1431 [1] Бухарий, Муслим. [2] Шейх Мухьаммад Аз-Зухьайлий, «Ал-муIтамад фил-фикъхиш-шафиIий», 1/66. [3] Имам Ал-Муннавий, «Файдул-къадир шархьул-джамиIис-согIир», 4/680.
| КхидIа |