Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

Хаттар:

Ассаламу Iалайкум! Лераме бусалба ваша, сан хаттар дара. Суна сайн бедар тIехь ламазана ца мегаш йолу боьхалла карийна, пхьуьйра ламаз динчул тIаьхьа. Ас оцу дийнахь ламазаш дина хила тарло и ламазан ца мегаш йолу боьхалла сайн бедар тIехь йолуш. Делахь а, суна иза пхьуьйра ламаз динчул тIаьхьа бен гучу ца яьлла. ХIинца ас хIун дан деза? Оцу дийнахь дина ламазаш юха дан дезий ас?

 

 

Жоп:

БисмиллахI, алхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI!

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

Имам Нававийс (Дала къинхетам бойла цунах) аьлла: «Ламаз дIадерзош салам деллачул тIаьхьа шена тIехь «нажа́са» (ламазана мегаш йоцу боьхалла) карийнехь – нагахь санна и боьхалла ламаз дечу хенахь кхоллаелла хила а мегаш, ламаз динчул тIаьхьа кхоллаелла хила а мегаш елахь, цуьнан ламаз нийса лоруш ду. (Делахь а), ШафиIийс а, цуьнан мазхIабера Iеламнаха а аьлла: «Иза юхадар дика лоруш хIума ду, хила тарлуш долчу хIуманах ларлуш». … Ша ламаз дечу хенахь билггал шеца боьхалла хилла хилар хууш долу ламаз юха дар важиб ду; шеко йолу ламаз юха дар важиб дац, хIетте а дика лоруш ду (дича мел а болуш, ца дича къа а доцуш)».[1]

Имам Нававийн (Дала къинхетам бойла цунах) оцу дешнашка, кхечу Iеламнаха цу хьокъехь аьлла долчуьнга а хьаьжча, хьан хаттарна жоп иштта го суна: нагахь санна и боьхалла ахь пхьуьйра ламаз динчул тIаьхьа кхоллаелла хила тарлуш хьал делахь, пхьуьйра ламаз юха дар тIехь дац хьуна, делахь а дича гIолий ду. Нагахь санна и боьхалла хьо пхьуьйра ламаз тIехь волчу хенахь, йа ламазал хьалха кхоллаелар хилар хьуна билгалдалахь, пхьуьйра ламаз юха дан деза ахь. Иштта кхидолчу ламазашка а хьожур ву хьо: нагахь санна и боьхалла маьркIижа ламаз динчул тIаьхьа кхоллаелла хила мега аьлла хеташ делахь, маьркIижа ламаз юха дар важиб дац, юхадича гIолий ду; иштта кхидIа а.

Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву!

30.03.2010 = ‏14‏/04‏/1431


 

[1] Имам Ан-Нававий, «Ал-Маджму́I шархьул-мухIаззаб», 3/156; кIеззигчу хийцамца.