|
Видео |
Хаттар: Ассаламу Iалайкум! «Мажош яхйе, мекхаш дац де» аьлла хьадис ду. Мел дацдан деза и мекх? Дерриге станокаца дIадаша мегий, йа тукарца дацда деза и мекхаш, кIеззиг уьш дита а дуьтуш?
Жоп: БисмиллахI, алхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI! Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Мекхаш дацдар вайн Пайхамаран а (Делера салават а, салам а хуьлда цунна), ИбрахIим пайхамаран а (Делера салам хуьлда цунна) гIиллакхех хилла ду. IабдуллахI ибн Iаббаса (Дела реза хуьлда цунна) дийцина иштта хьадис: «Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) шен мекхаш дацдора, йа церах цхьадерш дIадохура. Къинхетаме волчуьнан доттагIчо ИбрахIима а деш хилла ду иза».[1] Мекхаш дац ца дийриг Делан Элчанан (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) некъа тIехь вац, цунна тIаьхьа возуш а вац. Зайд ибн Аркъама (Дела реза хуьлда цунна) аьлла: «АллахIан Элчано (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) элира: «Шен мекхаш дац ца дийриг вайха вац».[2] ТIаккха, балдан йист гучуяллалц дацдан деза мекх. Балдан цIелла а, кIайла а къаьсташ йолу йист гучуяллалц дIадаха деза мекхаш. Мекхаш дерриге дIадаша ца оьшу, хIунда аьлча оцу хьадисашкахь деана дерг дацдар бен доцу дела, цхьаболчу асхьабашкара а деана долу дела, цара мекхаш дацдора, дIа ца дошура аьлла. Иштта аьлла шафиIий мазхIабера Iелам-наха. Имам Малика а (Дала къинхетам бойла цунах) дика ца лерина мекх дIадашар, цул совнаха, бидIат ду а аьлла цо иза дIадашар.[3] Ткъа хьанафий мазхIабера Iелам-наха мекх дерриге дIадоккхур ду аьлла, хIунда аьлча хьадисашкахь тайп-тайпанчу дешнашца аьлла долу дела: «Алссам дац дойла аш шайн мекхаш».[4] Ткъа Имам Ахьмада (Дала къинхетам бойла цунах), шена лаахь дерриге дIадохур ду, шена лаахь дацдина дуьтур ду аьлла, шинне кепара долчу оцу хьадисашна тIе а тевжина, делахь а дIадахар гIолий ду аьлла цо. Ткъа, дIа а ца дошуш, дацдина Iаддитар гIолий ду аьллачара, и «алссам дацдойла аш» бохург балдан йистош гучуевр йолчу кепара алссам дацдойла бохург ду аьлла.[5] Цундела, доьххьара вай ма-аллара, гIолий дерг тукарца дацдар ду, дерриге дIа а ца дошуш. Делахь а, дIадошуш волчунна дов дан а мегар дац, хIунда аьлча цуьнан цхьа бахьана хила мега, йа дIадашар гIолий ду аьллачу Iелам-нахана тIаьхьавозуш хила мега иза. ТIаккха, мекхийн ши йист шена лаахь яц ца йеш охьахецна йита а мегаш ду, шена лаахь яцйан а мегаш ду.[6] Мекх дацдечу хенахь аьтту агIор дIаволавалар дика ду, хIунда аьлча Пайхамарна (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) массо хIуманна тIехь аьтту агIо дика хеташ хилла йолу дела.[7] ТIаккха, цхьа хан яларе а ца хьоьжуш, дах ма-делла дацдан деза мекхаш, мIараш хедор санна. Дац ца деш шовзткъа де далийтар вон лоруш ду, хIунда альча Имам Муслима дийцинчу хьадисехь деана долу дела, Анаса (Дела реза хуьлда цунна) элира аьлла: «Тхуна хIоттийна хан яра шовзткъа де, мекхаш дацдан а, мIараш хедо а, пхьаьрса кIелара месаш дIаяха а, бехкеметтигана гонахьара месаш дIаяха а». Оцу хьадисан маьIна шовзткъа шовзткъа де даллалц и хIуманаш дан ца деза бохург дац, мелхо а ях ма-елла дIаяккха еза и хIора хIума. Ткъа Имам ШафиIийс (Дала къинхетам бойла цунах) а, кхиболчу Iелам-наха а дика лерина и массо хIума хIора пIераскана дийнахь дар.[8] Дика хуург сийлахь АллахI ву! 21.02.2010 = 07/03/1431 [1] Тирмизий. [2] Ахьмад, Тирмизий, Насаий. [3] Имам Ибн Рушд, «Ал-байан ват-тахьсил», 9/373. [4] Бухарий, Муслим. [5] Имам Ан-Нававий, «Ал-маджмуI шархьул-мухIаззаб», 1/287-288; Шейх ВахIбат Аз-Зухьайлий, «Ал-фикъхIул-исламий ва адиллатухI», 1/405; Шейх Мухьаммад Аз-Зухьайлий, «Ал-муIтамад фил-фикъхIиш-шафиIий», 1/64. [6] Имам Ан-Нававий, «Ал-маджмуI шархьул-мухIаззаб», 1/288. [7] Уьзза жайна. |