Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

Хаттар:

Ассаламу Iалайкум!

Вот здесь http://dinulislam.org/xattar/xattar_c1ano_ma1arsh_xihakxar.htm у тебя тема есть и там написано:

Iеламнаха аьлла цу хьокъехь: "МаIарш хедийначул тIаьхьа пIелгийн буьхьигаш дIадилар суннат ду". "МаIарш хедийначул тIаьхьа пIелгийн буьхьигашна хи хьакхар дика ду, цIано кхочушхилийтархьама".

Суна хаа лаьара цера далиль муьлханиг ду? То есть на что они опираются в этом? На какие хадисы и тексты?

АллахIа аьтту бойла хьа!

 

 

Жоп:

БисмиллахIиррохьманиррохьим. АлхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI.

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

Дела реза хуьлда хьуна! АллахIа аьтту бойла хьан а, массо бусалба нехан а!

Iеламнаха иза суннат ду аларан бахьана а, уьш цу дашехь тIетевжаш долу далил а Бусалба дино юкъарчу чулацамехь массо агIор шега кхойкхуш а долуш, дика лоруш а долуш, мелехь а долуш долу хIума ду, оцу шолгIачу дашехь хьахийна а ду иза, «цIано кхочушхилийтархьама» аьлла. Хууш ма-хиллара, дегIаца а, бедарца а цIена лелар а, массо хIуманна тIехь цIано латтош хилар а Бусалба динна дезаш а, цо лохуш а долу хIума ду, вай цунна масалш далийча уьш вуно дукха а хир ду, ткъа «цIано йар ийманан ах дакъа ду».[1] МаIарш хедийначул тIаьхьа хи хьакхар оцу дикчу хIуманна юкъадогIуш ду, оцу Iалашонца цхьаьна догIуш а ду. Иза иштта хилар алсам довзуьйту вайна кхидIа вай дуьйцур долчо.

МаIарш бухахь гуллой лаьтташ цIанйан еза хIуманаш хуьлу, куьйгашца беш болчу балхе хьаьжжина, масала беш а, божул а, керт а лелочеран латта хуьлу, машенаш туоечеран мазот хуьлу, кир-басар дечеран кир-басар хуьлу, иштта кхидIа а. МаIарш хедоле хьалха дIа ца цIанйало и меттиг, йа чIогIа хала хуьлу цIанйа. Ткъа хууш ма-хиллара, ламаз оьцучу хенахь йилар важиб долчу меженашна массо метте хи кхача дезаш ду. Цундела цхьаболчу Iеламнаха, оцу маIарш бухахь гуллуш йолу и хIума дIа а яьккхина, цу метте хи ца кхачийтича ламаз эцар нийса ца хуьлу. Кхечу Iеламнаха нийса хуьлу аьлла, хIунда аьлча и меттиг дIацIанйа чIогIа хала хуьлу дела, ткъа шариIато и санна ларвала а, лело а хала долу хIума могуьйтуш ду, атта деш ду, цундела нийса хила догIу и ламаз эцар. Иштта цу балхе вай хьевсича кхета вай, вайн махкахь цхьаболчу наха чIогIа чIагIдина хIунда леладо маIарш хедийначул тIаьхьа хи хьакхар.

ТIаьххьара билгалдан деза, дуккха долчу адамашна юкъахь дуккха йолчу хенашкахь дуккха хIуманаш лелаш а, карладуьйлуш а хилар. Ткъа оцу хIора хIуманна ша-ша доккхуш деана айат дац, йа хьадис а дац. Айаташ а, хьадисаш а дагардан даьхча, дагар далур долуш ду, ткъа адамашна юкъахь лелаш долу хIуманаш а, тIеIитталуш долу хIуманаш а, карладуьйлуш долу хIуманаш а вуно дукха ду, дагар дина ве́ра воцуш. Цундела, айаташа а, хьадисаша а юкъара бакъонаш а, юкъарчу чулацамехь долу маьIнеш а гайтина, оцу бакъонашна а, маьIнешна а тIе а тевжаш Iеламнаха хьукманаш до́ху, дахарехь тайп-тайпана нислуш долчу хIуманашна. Хьуна жимма иза кхетаме хилийта масалш далор ду вай шина Iилманца – ФикъхIан баххаш (Усулул-фикъхI) цIе йолчу Iилманца а, ФикъхIан бакъонаш (ал-КъаваIидул-фикъхIиййахI) цIе йолчу Iилманца а. Доьххьарлерачу Iилманехь Къуръан а, Суннат а, ИджмаI а доцург кхин а масийтта бух бу, далил лоруш болуш, хьукм даккхарехь тIетевжийла лара а мегар долуш, церах бу масала «дустар, тардар, дIатохар» (къийас), «хецна дитина пайданаш» (масолихь мурсалахI). ШолгIачу Iилманехь дуккха а фикъхIан бакъонаш ю Iеламнаха Къуръанан айатех а, Суннатера хьадисех а схьаяьхна, масала «маца хилла ца хууш долу хIума цунна уггар гергарчу хенахь хилла хуьлуьйту», «зударшца доьзна долчу гIуллакхехь коьрта бух – уьш хьарам хилар ду», «халоно атто хуьлуьйту», иштта кхидIа а. Оцу бакъонашна тIетевжина дуккха хIуманашна хьукм доккхуш ду шариIатехь, и хIора бакъо ша ма-йарра юьйцуш деана хьадис дацахь а. Ткъа и хIума шариIатан дикаллин билгалонех цхьа билгало ю, шариIат массо заманца а, меттигца а догIуш хиларан билгало ю, шариIато массо хIума чулоцуш хиларан билгало ю, цуьнан доккхалла-дозалла гойтуш йолу билгало ю.

Дика хуург сийлахь АллахI ву!

27.12.2010 = ‏21‏.01‏.1432


 

[1] Муслим.