Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

Хаттар:

Де дика дойла! МаIарш хедийна ваьлча хи хьакха деза йа ца деза?

 

 

Жоп:

БисмиллахI, алхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI!

Далла езийла!

МаIарш хедийначул тIаьхьа хи хьакхар дика хIума ду, дича дика а долуш, ца дича къа а доцуш долу хIума ду.

Iеламнаха аьлла цу хьокъехь: «МаIарш хедийначул тIаьхьа пIелгийн буьхьигаш дIадилар суннат ду».[1] «МаIарш хедийначул тIаьхьа пIелгийн буьхьигашна хи хьакхар дика ду, цIано кхочушхилийтархьама».[2]

Кхузахь «суннат» бохург а, «дика ду» бохург а – дича дика а долуш, ца дича къа а доцуш долу хIума ду.

Цундела, маIарш хедийначул тIаьхьа шена луучо хи хьакхахь – иза дика хIума ду, цIано кхочушйеш хIума ду. Ца луучо ца хьаькхча хуьлуш къа а дац.

Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву!

21.12.2010 = ‏15‏.01‏.1432


 

[1] Имам Ар-Рамлий, «ГIойатул-байан шархь зубад Ибн Раслан», 39 агIо.

[2] Шейх ВахIбат Аз-Зухьайлий, «Ал-ФикъхIул-исламий ва адиллатухI», 1/407.