Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

Хаттар:

Де дика дойла! Буьйсанна маIарш хедо мегий? Баркалла.

 

Жоп:

БисмиллахI, алхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI!

Далла езийла!

Буьйсанна маIарш хедо ца мега аьлла деана шариIатан баххашкахь хIумма а гина дац суна, йа Iелам-наха иза мегар дац аьлла а гина дац суна. Йа иза дика ца хила цхьаъа бахьана а ца го суна.

Iеламнаха билгалдинарг – маIарш хедор пIераскана дийнахь дика хилар ду. Шена луучо цу дийне а ца хьоьжуш кхечу дийнахь хедо а мегаш ду. ТIаккха, маIар хадор ях ма-йелланехь хила деза, пIераскан де даллалц хьежа ца оьшу маIарш яхйелла елахь.

Хила там бу, хьалха-хьалха тахана санна стогарш а, чиркхаш а ца хилла дела, боданехь маIар хадийча, иза дIакхоссаелча, иза схьа ца карон мега дела, буьйсанна хедор дика дац аьлла хила там бу. Делахь а, иза бахьана дац иза хьарам ду, йа мегаш дац ала. Къаьсттина таханлерачу хьолехь, хIора чохь серло йолчу хенахь.

Дика хуург сийлахь АллахI ву!

19.03.2010 = ‏03‏/04‏/1431