Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Кхетам

Доьзал

ГIиллакх

Iелам-нах

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео
Хьешан тептар
Кехат язде соьга

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

Хаттар:

Ассаламу Iалайкум! ТIебеъна Рамаддан беттаца Дала декъал дойла вай моссу бусалба къам. Сан хаттар иштта ду, бехка ма биллалаш! Оралла араялча лийчар тIедожар, къаьстина мархин баттахь ду, йа мархин бутт дIабаьлчаъ ду? Йолийла иза гIенах йа вуьшта, масала куьйга-зина дарца. Дела реза хийла, вай мел дийриг цу АллахI доьхьа дойла.

 

Жоп:

БисмиллахIиррохьманиррохьим.

АлхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI!

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

Оралла араяьлча лийча везаш хилар муьлхха хенахь лелаш долу хьукм ду. Къаьсттина мархин баттахь дац иза, мархин баттахь а, кхечу беттанашкахь а, массо хенахь а ду.

Стеган йа зудчуьнан оралла (тIуналла) араяьлча лийчар тIедужу иза араяьллачунна, хуьлийла иза эвхьаза юкъаметтиг хилийтарца, йа иза йоцуш вуьшта муьлхха а кепара марзо иэцарца, йа бартбаккхарца, йа ойла йарца, йа цхьа а бахьана доцуш иза араяларца, масала наб кхетта а волуш оралла араяьлча.

Умм Саламата (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, Умм Сулаймас, Пайхамар (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) волчу а еана, элира аьлла: «ХIай АллахIан элча! АллахI вац-кх эхь хеташ бакъдолчух! Зудчунна гIенах шен эвхьаза юкъаметтиг хуьлуш гича лийчар тIедужий?». ТIаккха АллахIан Элчано (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) аьлла: «Дужу, нагахь санна цунна (арадаьлла) хи (оралла) гинехь».[1]

Ткъа цу хIуман тIехь башхула яц зудчунна а, стагана а юкъахь. Цундела, гIенах иштта хIума хуьлуш гинчул тIаьхьа, ша́ самаваьлча шена хи даьлла карийнехь борша стаг а лийча веза. ГIенах и хIума гина а долуш, делахь а тIуналла карийна яцахь, лийчар тIехь дац цунна. Абу Давуда а, Тирмизийс а дийцинчу хьадисехь деана ду, Пайхамаре (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) хаьттина хиллера аьлла, набарха ша́ самаваьлча тIуналла карайо цхьана стагана, делахь а гIенах шен эвхьаза гIуллакх хилла хилар дага ца догIу цунна, лийча везий иза, аьлла. Цо жоп делла: «Луьйчур ву иза», аьлла. ТIаккха хаьттина цуьнга, гIенах шен иштта гIулкх хуьлуш гина цунна, делахь а самаваьлча тIуналла ца карийна цунна, аьлла. Цо жоп делла: «Лийчар тIехь дац цунна». Умм Сулаймас (Дела реза хуьлда цунна) хаьттина: «ХIай Делан элча! Зудчунна и хIума (тIуналла) гича, лийчар тIедужий цунна?». Пайхамара (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) жоп делла: «ХIаъ. Бакъдолуш, зударий – божарийн йижарий бу (цхьатера бу уьш)».

Стаг а, зуда а ламазах дохаран а, цаьршинна лийчар тIедожаран а бахьанех цхьа бахьана ду иза – оралла араялар. Iеламнехан бартхилла хIума а ду иза, дегIамарзо кхочуш хуьлуш тIуналла яьлча лийчар тIедужуш хилар, божаршна а, зударшна а; хуьлийла иза гIенах йа самах, цхьа бахьана лелийна хиларца йа ца хиларца. Муьлхха агIор яьлла а и тIуналла араялахь лийчар тIедужуш ду. Муслима дийцина, Пайхамара (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) элира аьлла: «Хи даьлча хи тIедужу». Цуьнан маьIна: оралла араяьлча хица лийчар тIедужу бохург ду.

Ткъа гIолий хуург АллахI ву. 

24.07.2012 = ‏05‏.09‏.1433


 

[1] Бухарий, Муслим.