|
Видео |
Хаттар: Ассаламу Iалайкум! Хьоьга цхьа хIума хатта лууш Iара со Олхазар. Ца хуучо шена хаа луург хуучуьнга ца хаттаро доккха гIалат дожадо шегара. Цундела, аса хьайга ишта хаттар дарна бехк ца биллар доьху хьоьга Олхазар! Сан хаттар ишта ду: Со ламазана хIоьттича ламаз карара долуш хеталой, юха-юха а ламаз оьций ламаз до аса. Иштта ламаз дина со ваьлча, цхьа хан-зама яьлча, юха а, "и ламаз карахь долуш дира-те аса, йа карахь а доцуш дира-те аса?"- олий, шеко а кхоллалой, и ламаз доькхуш юха а до аса, (сайн кхолла елла йолу шеко дIаяккхархьама). Цкъа-цкъа керахь долуш ламаз до аса. ПIераскана дийнахь джамаIате а воьду со ламаз карахь латта мегара олий. Цигахь ишта ладоьгIуш чомахь ца хуьлу сан хьал. Цу балхана (ламаз керахь ца латтарна) аса дарбанан-цIийнехь дарбанаш лела дайтира, амма, цигахь дарба ца карийра суна. Цу хьолехь со хилча, аса ламаз дечу хенахь рукуIехь а, сужудехь олуш дерш цкъа аьлча кхачо хира юй-те суна? И ламаз сиха дарна мела хира буй-те суна? И ламаз юха-юха дича къобал хира дуй-те сан? ДжамаIате ца вахарх суна къа хира дуй-те? ДжамIатехь ламаз дихкинчул тIаьхьа, цигахь ламаз карара даьлча аса хIун дича бакъахьа ду-те? Цу хеттаршна ахьа жоп делча, суна синтем хира бар-кха Олхазар. Дала диканца бекхам бойла хьуна!
Жоп: БисмиллахI, алхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI! Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! 1) Ламаз карахь а долуш ламаз дан дIахIоьттинчул тIаьхьа дагауьхуш йолчу шеконаша ламаз гал ца доккху. Билггал хьайн ламаз карара даьллий хууш дацахь, ламазана юкъарава́ла ца веза. Хьайн ламаз карахь дара-те, йа дацара-те аьлла шеконаш кхоллаелча, айхьа билггал ламаз эцна хилар хьуна дагадогIуш делахь, ламаз доьхна хилар дагадогIуш дацахь – билггал долчунна тIетовжа веза хьо, шеко Iадйита еза ахь. ХIунда аьлча, шариIатан яккхийчу бакъонех цхьа бакъо ю иштта хIара бакъо: билггал дерг шеконо дIа ца доккху. Билггал хьуна хууш дерг хIун ду, ду йа дац ца хууш шеконехь дерг а хIун ду? Ламаз айхьа эцна хилар хьуна билггал хууш-дагадогIуш делахь, ламаз карара далар шеконехь делахь, билггал долчунна тIетевжа хьо – ламаз карахь хиларна. Билггал дерг дIадаккха билггал дерг деза. Айхьа билггал ламаз эцна хилар хьуна хууш делахь, иза карара даьлла ла́ра а билггал хууш хила деза хьуна айхьа иза эцначул тIаьхьа иза доьхна хилар. Цундела, хьой ламаз деш волчу хенахь хьайна билггал хьайн ламаз карара даьллий ца хаахь – хьайн ламаз кхочуш де, иза юха дан а ма гIерта, хьан ламаз нийса ду, Дала мукъа лахь. 2) Ас хьоьга хаьттира, хьуна дагчу оьхурш и лакхахь вай йийцина йолу шеконаш ю-те, йа ламаз карахь ца соцуш цамгар йолуш ву-те хьо аьлла. Ахь хьайн цамгар ю элира. Иштта цамгар хуьлуш хуьлу. Масала, сих-сиха, лаамаза хьаткъан тIадамаш дуьйлуш хуьлу, йа мох ца соцуш хуьлу, йа кхийолу тIуналлаш юьйлуш хуьлу. ТIаккха, хьан хьал шина кепара хила йиш ю: ламаз эццал а, ламаз даллал а йолчу хенахь а соцуш доцуш, сих-сиха хьан ламаз карар долуш хилар; йа ламаз эццал а, ламаз даллал а йолчу юкъана хьан ламаз карара ца долуш Iаш хилар. Нагахь санна ламаз эццалц а, даллалц а йолчу ханна ламаз керахь лаьтташ дацахь, парз ламазан хан тIехIоьттичи хIора парз ламазана керла ламаз а оьцуш, ламаз эцначул тIаьхьа сихха ламаз дан деза, ламаз оьцучу хенахь а, дечу хенахь а ламаз карара дера делахь а. Ламаз эца волавалале, доьххьара цIано йан еза, хица бехкеметтиг цIанйан еза. ТIаккха нагахь санна цамгар тIуналла арайийларца елахь, бехкеметтигана гонаха цхьа хIума хьарчо йа йилла еза. ТIаккха, ламаз иэца деза. Ламаз оьцучу хенахь тIуналла ялахь, йа мох ба́лахь – ламаз оьцучара сацо ца деза. ТIаккха, ламаз эцна ваьллачул тIаьхьа, сихха ламаз дан деза, юккъе хан а ца йоуьйтуш. Ламаз деш лаьттачу хенахь, и цамгар бахьана долуш тIуналла яьлча, йа мох арабаьлча, ламаз доьхна лорур дац, мелхо а кхочуш дан деза иза. Иштта ламаз динчул тIаьхьа, кхин юха дан а ца деза иза, йа доькхуш дан а ца оьшу иза. Оцу кепара цамгар йолчунна магош ду шариIато иштта ламаз дан. ТIаккха, рузбане воьдуш хилча, азан динчул тIаьхьа лакхахь вай ма-дийццара ламаз а эцна, имам хутIба дина ва́лале маьждиге дIакхуьур велахь, иштта дан деза иза. Нагахь санна азан динчул тIаьхьа ламаз эцча дIакхуьур вацахь, ша дIакхуьур волччул хьалха ламаз эца мегар ду цо. Рузбане воьдуш хилча а, йа вуьшта джамаIате воьдуш хилча а, тIуналла ца соцуш цомгаш волчо, вай доьххьара ма-аллара шен бехкеметтиг гонаха цхьа хIума йилла еза, маьждиг бехдарах ларвала веза. ТIаккха, иштта ламаз деш хилча, сихвалар тIехь дац, хьайн синна тоам а, марзо а хуьлччу кепара паргIат ламаз дан мегар ду, тасбихь кхокх-кхозза а олуш, йа кхин а сов а олуш. Оцу хьолехь волчу стеган джамаIатехь лаьтташ волуш ламаз карара даьлчи – карара даьлла лорур дац цуьнан иза, мелхо а шен ламаз кхочуш дийр ду цо. ТIаккха, доьххьара вай элира, иштта цамгар йолуш волчо хIора парз ламазана керла ламаз эца деза, оцу парз ламазан хан тIехIоьттинчул тIаьхьа. Ткъа, цкъа цхьана парз ламазана эцна долчу ламазца шена луъучул суннат ламазаш дан мегар ду, кхидолу Iибадат дан а мегар ду. Амма нагахь санна ламаз эццалц а, даллалц а йолчу ханна ламаз керахь лаьтташ делахь, кхийолчу хенахь духуш делахь – шен ламаз керахь лаьттар долу хан лар а йина, ламазан хан дIаялале йолчу юкъахь эца ма-дезза ламаз а эцца, дан ма-дезза ламаз дан деза. ДжамаIате ца вахарх галдаьлла хIума дац, ламаз карахь хир долчу хьоле хьоьжуш Iаш велахь, йа джамаIат дIаялале цIано йан а, ламаз иэца а, маьждиге дIакхиа а ла́рош вацахь. Дика хуург сийлахь АллахI ву! 23.12.2010 = 17.01.1432
| КхидIа |