|
Видео |
Кехат язде соьга |
Хаттар: Ассаламу Iалайкум! Нанас шен жима бер (кIант 4 бут) бехделла иза цIандича ламаз карара долий, юха эца дезий?
Жоп: БисмиллахIиррохьманиррохьим. АлхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI! Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Ламаз карара долучу бахьанех ду аьлла Имам ШафиIийн мазхIабера Iеламнаха, куьйган чоьхьарчу агIонца (куьйган кераюкъ йолу агIор), адаман бехкеметтигах куьг кхетар, шен бехкеметтиг елахь а, кхечуьнан елахь а, воккхачуьнан елахь а, жимачуьнан елахь а, дийначуьнан елахь а, веллачуьнан елахь а, хьалхарниг елахь а, тIехьарниг елахь а.[1] «Куьйган чоьхьарчу агIонца» бохучух лууш дерг – куьг цхьана шера хIуманна тIедиллича, масала нисса стоьла тIедиллича, оцу стоьлах Iотталуш ерг чоьхьара агIо лоруш ю, куьйган кераюкъ йолу агIо лоруш ю. Цу юкъайогIуш яц, масала оцу стоьлах Iотталуш йоцу куьган йист а, пIелгийн йистош а, пIелгийн бухьгаш а, куьйган тIехулара агIо (букъ) а. ТIаккха, иштта и куьйган кераюкъ йолу агIо бехкеметтигах Iотталучу хенахь цаьршинна юкъахь пардо делахь, масала куьгахь кара делахь, йа бехчалг елахь, йа муьлхха цхьа кхин хIума елахь, ламаз духуш дац. Йа вуьшта аьлча, чIор чIурах хьакхалучу кепара куьг бехкеметтигах кхетча бен до́луш дац ламаз керара. ТIаккха, хьалхара бехкеметтиг бохург кхеташ хIума ду, иза – хьаткъа гIуллакх ден меттиг ю. Амма тIе́хьа́ра бехкеметтиг – иза бер бехлуш долу меттиг ю; шех куьг кхетча ламаз дохош ерг и бер арадоьду меттиг ю, йа вуьшта аьлча беккъа и тIегорглун гуо бу. Цул дехьара йолчу меттигах кхетча ламаз ца духу, масала шена тIе охьахуучу хенан маьIигах куьг кхетча а, хенан маьIагашна юккъера меттигах куьг кхетча а, иштта кхидIа а. Цундела, нагахь санна нанас шен бер бехдаларх цIандечу хенахь, цо шен куьйган чоьхьара агIо юкъахь пардо а доцуш шен беран бехкеметтигах кхетийтахь, хуьлийла иза хьалхарниг, йа тIе́хьа́раниг, цуьнан ламаз доьхна лорур ду. Нагахь санна цо иза куьйган тIехулара агIонца цIандахь, йа юкъахь пардо долуш цIандахь, цуьнан ламаз доьхна лорур дац. Иза девзинчул тIаьхьа хаа деза кхузахь, еккъа боьхаллих Iоттавалар ламаз карара доккху бахьана ца хилар. Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву. 02.12.2012 = 18.01.1434 [1] Имам ан-Нававий, «РовдатуттIолибин», 1/75; Имам Ибнун-Накъиб, «Iумдатус-салик», 18; Имам Такъиййуд-дин ал-Хьисний, «Кифайатул-ахйар», 39.
|