|
Видео |
Хьешан тептар |
Кехат язде соьга |
Хаттар: Ассаламу Iалайкум! Делера салам маршалла хилда шуна, Элчана умматах болчарна массарна а! Олхазар цхьа хаттар дара сан, цхьана бахьнийца машено лазор нисделла колостома ю сан агIона тIехь, ламазна Къуран деша и кара иэца йиш ю са йа яц? Жоп далар дехар ду.
Жоп: БисмиллахIиррохьманиррохьим. АлхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI! Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Делера салам маршалла хуьлда хьуна а. Веза сийлахь волчу АллахIе доьху ас хьуна дарба дар а, хьуна собар далар а, хьуна гIо дар а. Со нийса кхетарехь, и хIума хилча, оцу меттехула арайолург адаме дола далуш ца хуьлу, иза араяларна цхьа хан хIотталуш а ца хуьлу. Оцу хьолехь и хIума хилла волу стаг тера хуьлу хьаткъ ца сацаран а, мох ца сацаран а цамгар йолчух а, иштта оцу кепара йолу цамгар йолчу зудчух а. Нагахь санна хьал иштта делахь, Къуръан кера эцале хьалха хьан ламаз керахь хилчахьана йиш ю хьан иза кера эца. Цул тIаьхьа, цкъа ахь ламаз эцначул тIаьхьа, оцу колостомехула цхьа хIума араяларо дан зен дац хьуна, йа вуьшта аьлча, хьан ламаз доьхна лорур дац, хIунда аьлча иза цамгар санна хIума ду, могшалла галялар ду. Бакъду, вуьшта хьан ламаз керара даьлла дацахь а, хIора парз ламазана керла ламаз эца дезар ду ахь, оцу хIора ламазан хан тIехIоьттинчул тIаьхьа. Оцу кеппара, масала, делкъа ламазан хан хиллачул тIаьхьа ламаз ийци ахь, тIаккха хьайна лаахь делкъа ламазал хьалхара суннат ламаз ди ахь, тIаккха делкъа ламаз ди ахь, тIаккха цул тIаьхьара суннат ламаз ди ахь, тIаккха Къуран дийши ахь. Иштта и хIума дан мегаш ду ахь. Йа, масала, ахь делкъа ламаз дина дикка хан ю, цул тIаьхьа и колостомехула а доцуш, цхьана кхечу бахьанца хьан ламаз керара даьлла дацахь, хьайна луъучу хенахь Къуран кера эца а, деша а мегар ду ахь. Нагахь санна ахь цкъа ламаз эцначул тIаьхьа хьан иза цхьана кхечу бахьанца керара даьллехь, юха керла ламаз а эцна Къуран деша мегар ду ахь. Доцца аьлча, парз ламаз доцучунна, кхидолчу хIуманна хьан ламаз карара даьлла лорур дац и колостома бахьана долуш. ТIаккха, ламаз керахь доцуш дан мегаш доцург Къуран кера эцар ду. Вуьшта, Къуран кера лаьцна а доцуш, шена дагахь хууш дерг маттаца дешар а, компьютер чохь Къуран дешар а, телефон чохь а, кхийолчу «аппараташ» чохь Къуран дешар а мегаш ду ламаз керахь ца хилча а. Ткъа дика хуург сийлахь веза волу АллахI ву. 07.11.2012 = 22.12.1433
|