Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Кхетам

Доьзал

ГIиллакх

Iелам-нах

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео
Хьешан тептар
Кехат язде соьга

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

Хаттар:

Ассаламу Iалайкум! Дала диканца бекхам бойла хьуна.

1. Со сан йишега юьхь ши куьг бен ца гуш тIе хIума йоха бохуш вара, цуьнан хIусамда реза ца хуьлу, хIун дича нийса хир ду.

2. Ши зуда йолчу стага цаьршинца нийсо муха йан еза? Ши-кхо шо иштта хан ю тIеялийнарг йолчахь шина-кхаа кIирнах Iа, бухахь йолчу зудчуьнан пхи бера ду, шина дийнахь хала Iа цигахь. Ахчанций, Iарций нийсо ца йо. ХIун дича нийса хир ду.

3. Мархи батта чохь куьйгаца хуьлийла йа вуьшта хуьлийла зина дан дагадеъча, мархин батта чохь ца деш дIабаьлча дийра ду аьлла ойла йолуш кхаьбна марха нийса хир дуй? ШайтIано и вон ойла дага теснера суна, ас цкъаа зина дина дац я дан ойла яц.

4. Сан 19 шо ду, 14 шо долуш дуьйна берриг мархи бутт кхобуш ву со, хIора мархин батчохь 1 йа 2 куьйгаца зина дина хила там бу аьлла хета суна, билгал ца хаьа суна. Айса и дечу хенахь марх доха там бу аьлла дага ца деъна суна, хIун дича нийса хир ду?

 

 

Жоп:

БисмиллахIиррохьманиррохьим.

АлхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI!

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

Дала диканца бекхам бойла хьуна а.

1. Сих ца луш, паргIат, жим-жима болх бан беза ахь хьайн йишийца а, тIаккха хьан йишо шен хIусамдеца а. Кхузахь коьрта дерг гIуллакх чолхе ца даккхар ду, эвхьаза ца даккхар ду. И хIума шуна доьххьара хуьлуш дац, йа тIаьххьара долчух тера а дац. Сих ца луш, цхьана шарахь, шина шарахь цхьацца бахьанаш лелийча гIуллакх хилла меттигаш бу. Цундела, Деле доIа а деш, бусалба духар лело дезаш хиларх кхето гIорта деза шу цуьнан хIусамда.

2. Нагахь санна оцу шина зудчух цхьаъ реза яцахь, мегаш дац и стаг цхьаъ йолчахь алсам Iен. Ахчанца а нийсо йар тIехь ду цунна, хIора доьзалан хьашташка хьаьжжина. Доьзал алсам болчунна ахча а алсам оьшур ду. Ткъа оцу стагана дIадовзийта деза нийсо ца лелоран волла а, цуьнан къа а, иза хьарам хилар а.

3. Нагахь санна еккъа ойла хилар доцург, кхин и дагадеана долу хIума багахь марха а долуш дина дацахь, марха нийса ду, доькхуш кхаба дезаш дац. Бакъду, нагахь санна и ойла сацам болуш хиллехь, ткъа хьан хаттарехь гуш ду иза иштта хилла хилар, цунна гечдар деха деза Деле.

4. Багахь марха а долуш куьйга-зина дича, марха духу, тIаккха иза юха кхаба а деза. И хIума дар доккха къа лоруш а ду. Цундела, нагахь санна хьуна билггал хаахь, и хIума дар цхьана батта чохь шиннал сов ца хиллий, айхьа и хIума а деш кхаьбна долчу мархин беттанийн терахь оцу шиннах тухур ду ахь, масала уьш ялх бутт белахь, 6 * 2 = 12. Оцу кеппара, ахь доькхуш кхаба дезарг 12 марха хир ду. Нагахь санна хьайгара и хьарамалла кхозза долуш хилла аьлла хьайна хетахь, оцу беттанийн терахь кхаанга дерзор ду ахь 6 * 3 = 18. Беттанийн терахь билгалдарехь а, хIора батта чохь и хIума доьжна долчу денойн терахь билгалдарехь а кIеззиг дерг схьаоьцур дац ахь, алсам дерг схьаоьцур ду ахь, шеко йоцуш хилийтархьама. ТIаккха, и денош мелла а сиха доькхуш кхаба а деза. Цул совнаха, айхьа латийнарг доккха къа дуй а хиъна, цунна тоба дан деза ахь. Тоба даран некъ хIокху сайта тIехь карор бу хьуна, Дала мукъа лахь.

Ткъа дика хуург АллахI ву!

22.12.2012 = ‏09‏.02‏.1434