Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Кхетам

Доьзал

ГIиллакх

Iеламнах

Пайхамар

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Хьадис

Пайхамар

Дела хьахор

Аудио

Дерриге йозанаш

Хеттарш

 

 

 

 Имам СуйýтIú

- Дала къинхетам бойла цунах -

 

 

Имам СуйýтIú – иза Мухьаммадан Абу Бакаран кIант Iабдуррохьман ву, Жалáлуддúн. Иза вина хилла Каирехь, 849 шарахь хIижратан терахьца. Цуьнан пхи шо а долуш да велла хилла цуьнан, цундела буоберан дахарехь хьалакхиъна иза.

Ша жима волчу хенахь Къуръан дагахь Iамийна цо. ТIаккха, жималлехь дуьйна тIаьхьаваьлла иза Iилма Iаморна. Шен хенахь Мисрехь хилла болчу баккхийчу Iелам-нахера Iилма схьаэцна цо, цаьрца дукха дешна цо. Iилма лохуш дукха дIасавахана иза кхечу мехкашка. Иза кхаьчна Шéман[1] мехкашка а, Хьижазе[2] а, Йемене а, Бусалба малхбузе[3] а, иштта кхечу мехкашка. Цу мехкашкахь бол-болчу Iелам-нахера Iилма схьаоьцуш хилла цо.

Хьадис хезна цунна дуккха а, хьадисан Iилмангахь лаккхарчу дарже а кхаьчна иза, хьадис дийцарца а, цу тIера хьукм даккхарца а. ШафиIийн мазхIабан баххаш а, дакъош а Iамийна цо, мазхIабехь ижтихIад деш болчу Iелам-нехан бараме а кхаьчна иза. Тафсир Iилмангахь а, Къуръанан кхин долчу Iилманашкахь а бусалба нехан имам хилла дIахIоьттина иза шен хенахь. Iаьрбийн меттан Iилманаш сов чIогIа Iамийна цо, цу Iилманашкахь коьрта бух хилла иза.Шен кийрахь дукха Iилманаш гулдина цо – Дала къинхетам бойла цунах – цундела йист йоцу хIорд санна хилла иза бусалба динан Iилманашкахь.

Шен шовзткъа шо кхаьчча, Каиран йистошкахь йолчу цхьана меттехь, Нúл-татолан йистехь шена цхьа жима цIа а нисдина, нахах дIа а къаьстина, ша Iамийнарг жайнашкахь дIаяздарна а, Iибадат дарна а тIевирзина иза. Кхин дIа йолу ша валлалц йолу хан иштта яьккхина цо, Дала шена деллачу хьекъалах а, Iилманах а тIаьхьа тIебогIу болчаьрга а пайда эцийтархьама жайнаш яздеш, бусалба динан доьхьа шен дахар дIа а делла.

Дукха хьалдолу-нах а, баккхий паччахьаш а а уьхуш хилла цунна тIе, дукха даьхни а, совгIаташ а дохьуш хилла цара цунна, делахь а цуьнан лаккхарчу лаамехь долчу сино тIелоцуш ца хилла церан дуьнена даьхни. Цхьа а хIума хьаоьцуш ца хилла цо. Миср-пачхьалкхан коьрта паччахьо шена тIекхайкхина хилла иза, дукха даккхий совгIаташ а дахьийтина цо цунна… ХIетте а, Имам СуйýтIú йа цунна тIе а ца вахана, йа цуьнгара цхьа а совгIат схьа а ца эцца цо. Дала къинхетам бойла цунах, дукха наха – цхьаболчу Iелам-нах бу бохучара а тIехь – дийр доцу хIума дина цо, дукханга лелалур доцу дахар а лелийна цо, Дела реза хуьлда-кх цунна.

Дукха Iилманашкахь жайнаш яздина цо. Со цецваьлла ца волу цо дукха яздинчу жайнех. Муьлхха Iилма схьалаьцча, муьлхха Iилманан жима дакъа схьалаьцча а, карор ду цуьнан жайнаш. Цо яздина дерриг жайнаш дуьйцу меттиг яц хIара хIинца, хIунда аьлча цо 600 (ялх бIе) сов жайна ду цо яздина, хIинца хIара хьан керахь дерг санна кегий жайнаш а, итт-пхийтта дакъа долуш вуно даккхий жайнаш а. Цуьнан цхьадолу коьрта жайнаш хьахор ду ас, дерриг хIинца дийцина вер воцу дела:

Къуръанан Iилма: «Ал-иткъóну фú Iулýмил-къуръáн», «Аддуррул-мансýр фиттафсúри бил-маъсýр», «Лубáбуннукъýл фú асбáбиннузýл», «Джалáлайн» цIе йолу тафсиран шолгIа дакъа а ду цо яздина…

Хьадисан Iилма: «Аддúбáжу Iала сахьúхьи Муслим ибнил-Хьаджжáж», «АлджáмиIуссогIúр», «Кашфул-мугIоттIó фú шархьил-муваттIаъ», «Тадрúбуррóвú фú шархьи такърúбин-навáвú», «Хосóису йавмил-жумуIахI»…

ФикъхIан Iилма: «Мухтасар ровдатиттIóлибúн», «ШархьуттанбúхI», «Ташнúфул-асмáI бимасáилил-ижмáI», «Ал-АшбáхIу ванназóир»…

Iаьрбийн меттан Iилма: «Шархь алфиййати Ибн Мáлик», «Алфатхьул-къарúб Iалá мугIниллабúб», «Шархь шавáхIидил-мугIнú», «Шархь кáфиййати Ибн Мáлик»…

Терахьан Iилма: «ТáрúхуссохьáбахI», «ТIабакъóтун-нухьáхI», «ТIабакъóтул-муфассирúн», «Тáрúхул-хулафáъ»…

Иштта дIа кхин а мел дукха ду уьш. Дала къинхетам бойла цунах, Дала Шен ялсамани лойла цунна, бакъдолуш цо хIокху басалба динна мел бина пайда бийцина ца валлал доккха хIума ду. Цул тIаьхьа хилла хIора бусалба стаг а шен динца цунах а, кхин болчу массо Iелам-нахах а возуш ву, церан дозалла а ду вайна хIоранна тIехь а.

Дала иза Шен къинхетаме хIокху дуьненара дехьаваьккхина хIижратан терахьца 911-чу шарахь. Дела реза хуьлда-кх цунна…

 


[1] Шáм – иза таханлера Сири а, Палестина а, Ливан а, Иорданин цхьа дакъа а чулоцуш йолу меттиг ю.

[2] Хьижáз – Маккара дуьйна Табýк цIе йолчу метте кхаччалц йолчу езчу меттигийн цIе ю иза. Таханлерчу СаIудин пачхьалкхан къилбаседа-малхбузенан дакъа ду иза. Цо шена чулоцу Макка а, Мединат а, Дала массо вочу хIумнах ларйойла и шиъ.

[3] Бусалба малхбузе – динан жайнашкахь а, карарчу хенал хьалха яздинчу терахьан жайнашкахь а хьахош йолу Малхбузе – иза Африкин лаккхара къилбаседа-малхбузенан дакъа ду. Таханлера Алжир а, Марокко а, Тунис а чуйогIу цунна. 

 

 
__________________________________________________
 

Имам СуйутIийн жайна "Жоп луш долу доIанаш нийса довзаран хаамаш"