Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Кхетам

Доьзал

ГIиллакх

Iеламнах

Пайхамар

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Хьадис

Пайхамар

Дела хьахор

Аудио

Дерриге йозанаш

Хеттарш

 

 

ТАРАВИХЬ ЛАМАЗ

(ТЕРХЬ ЛАМАЗ)

 

 

Къинхетаме а, къинхетам беш а волчу АллахIан цIарца!

 

Терхь ламазан хадам

Терхь ламаз – иза къаьсттина мархин баттахь, пхьуьйра ламазал тIаьхьа дуьйна Iуьйра ламазан хан кхаччалц йолчу юкъахь деш долу суннат ламаз ду.

Вай оцу ламазех терхь олу, тархь олу, терхьаш олу, терхь ламаз а олу. Iаьрбийн маттахь тара́ви́хь олу.

 

 

Терхь ламазан хьукм

Терхь ламаз чIагIдина суннат ду. Иза суннат хилар тIехь массо Iелам-нехан барт хилла а бу.

 

 

Терхь ламазан дозалла

Делан Элчано (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) аьлла: «Рамадан баттахь, иза бакъ хиларх а, парз хиларх а теша а тешаш, шена мел хиларга дог а дохуш, АллахIа доьхьа цу беттан буьйсанашкахь ламазаш динчунна гечдийр ду цуьнан дIадаханчу къиношна».[1]

Кхин а аьлла цо (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна): «Бакъдолуш, нуьцкъала а, сийлахь а волчу АллахIа парз дина рамадан баттахь марха кхабар, ас суннат дина цу баттахь ламазаш дар. Рамадан бутт бакъ хиларх а, парз хиларх а теша а тешаш, шена мел хиларга дог а дохуш, АллахIа доьхьа цу баттахь марханаш кхаьбнарг а, ламазаш динарг а къинойх цIанлур ву, шен нанас ша доьххьара винчу хенахь санна».[2]

Оцу хьадисашкахь хьахийна долу «цуьнан буьйсанна ламазаш дар» бохург терхь ламазаш дича а кхочуш хуьлу, Имам Нававийс (Дала къинхетам бойла цунах) доьххьаралера хьадисан маьIна деш ма-аллара.

Пайхамара (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) кхин а аьлла терхь ламазех лаьцна: «Имам ва́ллалц цуьнца (терхь) ламаз динчунна АллахIа иза яздийр ду цо и буьйса ерриге ламаз деш яьккхича санна».[3]

 

 

Терхь ламаз жамаIатца а, ша цхьамма а дар

Терхь ламаз жамаIатца дар гIолий а, мелехь а, деза а ду, ша цхьамма дечул а, хIунда аьлча Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – цхьайолчу хенахь иза жамаIатца дина долу дела, цул тIаьхьа, Iумара (Дела реза хуьлда цунна) ша халиф волчу заманахь асхьабашка иза жамаIатца дайтина дела, массо асхьабаша хIетахь иза жамаIатца дина а долу дела. Луучо ша цхьамма дича а нийса хуьлуш ду иза, делахь а гIолий дерг а, деза дерг а дитина хуьлу иза ша цхьамма динчо. Цхьаболчу Iеламнаха аьлла: рамадан баттахь маьждиг чохь терхь ламазаш данне а ца деш дитар мегаш дац.[4]

 

 

Терхь ламазан хан

Цуьнан хан пхьуьйра ламаз динчул тIаьхьа дIайолалой, Iуьйра ламазан хан кхаччалц ю.

 

 

Терхь ламазан ракаIаташ

Терхь ламазан ракаIаташ йа бархI ракаIат ду, йа ткъа ракаIат ду. БархI ракаIат хилар деана Iаишас (Дела реза хуьлда цунна) аьллачу дашехь, «Пайхамара (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) буьйсанна деш долу ламазаш сов ца дохура цхьайтта ракаIатал, рамадан баттахь а, йа кхечу беттанашкахь а».[5] Ткъа оцу цхьайтта ракаIат юкъара кхоъ витр ламаз ду, диссина бархI терхь ламазана ду. Кхин а, Iумаран (Дела реза хуьлда цунна) заманахь, цо асхьабаш терхь ламаз дан жамаIатехь гулбинчу хенахь, цара а цхьайтта ракаIат динера аьлла деана ду.[6]

Кхин а, цара цу хенахь, витр ламаз доцург, ткъа ракаIат терхь ламазаш динера аьлла деана а ду,[7] цундела иза ткъа ракаIат даран тешалла ду. Цхьаболчу Iеламнаха хIара тIаьххьарниг иснадаца нийса дац аьлла, цхьаболчара нийса ду аьлла, цигара схьа цхьаболчара бархI ракаIат дича гIолий ду аьлла, вукхара ткъа ракаIат дича а дика ду аьлла.

 

 

Терхь ламазехь доьшу сураташ

Терхь ламазехь къаьсттина цхьа сураташ дешар, йа хIоккхул-оццул дешар суннатехь деана дац. Ткъа дукхах болчу Iеламнаха, терхь ламазашкахь берриге баттахь Къуръан цкъа дешна чекхдаьккхича дика ду аьлла, хIора буьйсанна цхьацца жуз доьшуш. Иза дича дика дерг а, мелехь дерг а ду, луучо кхин а кIеззиг деша а мегаш ду.

 

 

Терхь ламазан куц

Терхь ламазан куц кхидолчу ламазийн куц санна ду.

Терхь ламаз дIадолош, азан даран а, къамат даран а меттана «Ассола́ту джа́миIахI» эр ду. Цхьаболчу Iеламнаха, иза хIора керла ламаз дIа мел доладо эр ду аьлла, цхьаболчара доьххьара ламаз дIадолош аьлча тоьар ду аьлла. И дешнаш олуш хезча, къаматехь санна, хезаш волчо эр ду: «Ла хьавла ва ла́ къуввата илла́ билла́хI». «Ассолату джамиIахI» хIора ламазана алар а, цунна жоп луш «Ла хьавла ва ла́ къуввата илла́ билла́хI» алар а суннатехь къастийна деана а дац, йа ШафиIийн мазхIабера хьалхалерачу Iеламнаха хьахийна а дац, цундела уьш иштта ца олуш Iаддитича а гIалат дац.

Ниййат дечу хенахь, терхь ламазана ниййат хила деза, йа рамадан беттан буьйсанна ден ламаз дан аьлла ниййат хила деза, юкъара суннат дан аьлла ниййат дича терхь ламаз хир дац иза.

Терхь ламазехь «Фатихьат» а, цул тIаьхьа доьшу сураташ а чIогIа дешар суннат ду.

Терхь ламаз деш хIора шина ракаIатал тIаьхьа салам дала деза, диъ ракаIат цхьана саламца дар нийса дац. Пайхамара (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) аьлла: «Буьйсанна деш долу ламаз шишша ракаIат ду».[8]

ХIора ши ламаз дIа мел долу, садаIар дика ду, луучо Къуръан доьшуш, йа зикр деш, йа хьехам беш. Иза иштта дика хилар вайна девза, хьалха-хьалха хиллачу бусалба наха иза деш хилла хиларца. Iеламнаха ма-аллара, цара, шаьш терхь ламазаш дехха деш хиларна, хIора диъ ракаIат дIа мел-дели садоIуш хилла, ткъа Маккахь болчара хIора диъ ракаIатал тIаьхьа тIаваф деш хилла. «Терхь» - аьлла оцу ламазан цIе а «тарви́хьахI» - «садаIар» бохучу даш тIера схьа тиллина ю, хIора шина ламаз юкъахь цара садоIуш хилла дела.   

 

 

Терхь ламазал тIаьхьа витр ламаз дар

Витр ламаз жамаIатца дар суннат дац, мархин баттахь бен. Рамадан баттахь витр ламаз жамаIатца дар суннат ду, терхь ламазел тIаьхьа деш делахь а, дацахь а.

Нагахь санна ша Iуьйкъа ламаз дийр делахь, витр ламаз цул тIаьхьа дан тIаьхьататтар гIолий ду, терхь ламазал тIаьхьа а ца деш, ткъа шена луучо терхь ламазел тIаьхьа жамаIатца а дийр ду иза.

Терхь ламазел тIаьхьа витр ламаз цкъа динчул тIаьхьа, Iуьйкъа ламазал тIаьхьа юха дан мегар дац витр ламаз, хIунда аьлча Пайхамара (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) аьлла долу дела: «Цхьана буьйсана чохь ши витр дац».[9]


 

 

 


[1] Бухари, Муслим.

[2] Ахьмад, Насаий, Ибн МаджахI.

[3] Ахьмад, Абу Давуд, Насаий, Ибн МаджахI.

[4] «ТIорхьут-тасри́б» тIехь Имам Ал-Iирокъийс дийцина иза.

[5] Бухари, Муслим.

[6] Малик, СаIид ибн Мансур.

[7] БайхIакъий.

[8] Бухари, Муслим.

[9] Абу Давуд, Тирмизий, Насаий.