Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хеттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

 

 

Къинхетаме а, къинхетам беш а волчу АллахIан цIарца!

 

Солáтуттасбúхь  -  Тасбихь ламаз

 

1.      Тасбихь ламазан хьукм.

2.      Тасбихь ламазан дозалла.

3.      Тасбихь ламазан хан.

4.      Тасбихь ламаз доькхуш дар.

5.      Тасбихь ламаз юха-юха дар.

6.      Тасбихь-ламаз даран куц.

 

__________________________________________________

 

1 – Тасбихь ламазан хьукм.

Iеламнехан шина кепара дешнаш ду тасбихь ламазах лаьцна. Цхьаболчу Iеламнаха иза дар суннат ду аьлла, дика ду аьлла. Цхьаболчара иза суннат дац аьлла.

Iеламнах оцу ламаз тIехь иштта бекъабаларан бахьана и ламаз дуьйцуш долу хьадис нийса хиларна тIехь уьш бекъабалар ду. Цхьаболчара и хьадис нийса ду аьлла, вукхара «дика» хьадис ду аьлла, вукхара «гIийла» ду аьлла, вукхара «кхоьллина» хьадис ду аьлла.

И хьадис масийтта Iеламстага дийцина ду шайн хьадисийн жайнаш чохь: Тирмизийс а, ДарукъутIнийс а, Ибн Мáджас а, Абу Давуда а, Хьакима а, иштта кхиболчара а.

Ал-Мунзирийс аьлла шен «АттаргIúб ваттархIúб» жайни чохь: «И хьадис масийтта Iеламстага нийса ду аьлла. Церах ву: Абу Бакр Ал-Áджуррий а, Абу Мухьаммад Iабдуррахьúм Ал-Мисрий а, Абул-Хьасан Ал-Макъдисий а».

Кхин а и хьадис нийса ду аьлла Хьакима а, Ибн Хузаймас а; Абу Муса Ал-Маданийс иза нийса хиларехь жайна яздина.

Ибнул-Джавзийс «Кхоьллина хьадисаш» олучу шен жайни юкъахь далийна иза.

И воцучо цхьаболчу кхечу Iеламнаха «гIийла» ду аьлла иза, масала: Имам Нававийс шен цхьадолчу жайнаш тIехь, масала «Ат-Тахькъúкъ» жайни тIехь а, «Шархьул-мухIаззаб» тIехь а. Делахь а, «ТахIзúбул-асмáи вал-лугIóт» жайни тIехь а, «Ал-Азкáр» жайни тIехь а иза «дика» хьадис лерина цо.

Иштта цо санна шалха хьукм дина цунна Ибн Хьаджар Ал-Iаскъалáнийс а, «Талхúсул-Хьабúр» тIехь «гIийла» лерина цо иза, «Алхисóлул-мукаффирахI» тIехь а, «Амáлил-азкáр» тIехь а «дика» лерина цо иза.

ТIаьххьара, цу хьадисан нийса хьукм довзуьйтуш, Ибн Хьаджар Ал-ХIайтамийс шен «Фатáва» жайни тIехь делла фатван дакъа далор ду вай. Имам Ахьмад ибн Хьаджар Ал-ХIайтамийс аьлла (Дала къинхетам бойла цунах):

«Тасбихь ламазан хьадисан нийса долу хьукм – иза «кхечуьнца дика»[1] хьадис хилар ду. И хьадис нийса ду аьллачара – Ибн Хузаймас а, Хьакима а санна – иза аларан бахьана «дика» хьадис дуккха а некъашца деъча, цунна «нийса» хьадис олуш хилар хир ду. И хьадис «гIийла» ду аьллачара – Нававийс шен цхьадолчу жайнашкахь а, цул тIаьхьа баьхкинчара а санна – иштта аларан бахьана, и хьадис дийцина долу иснадаш хIора а ша-ша доккхуш схьалаьцча, дерриге иснадаш гIийла хилар хир ду. Ткъа иза «дика» ду аьллачо ас хьахийначу бахьанийна аьлла иза. Цу тIехь хаьа вайна, Iеламнаха цунах тайп-тайпана аьлла долу дешнаш вовший галморзах ца хилар. Иштта и ду церах цхьаболчара шина тайпана цуьнан хьукм даккхаран бахьана а, цкъа «дика» ду олуш, юха «заьIап» ду олуш, Имам Нававийс а санна, Шайхул-Ислам Ибн Хьаджар Ал-Iаскъалáнийс а санна».

Оцу дешнаша вайна довзийти, тасбихь-ламаз дуьйцучу хьадисан хьукм. Ткъа, цу ламаз тIехь Iелам-нах бекъабаларан бахьана хьадисан хьукм хилча, тIаккха и хьадис – вайна ма-гарра – «кхечуьнца дика» хьадис а хилча, вайна девза, дуккха баккхийчу Iелам-наха и ламаз де алар а, цуьнан дозалла дийцар а нийса хилар.

Оцу кеппара, тасбихь ламаз дар суннат ду, иза деза ламаз а ду.

 

2 – Тасбихь ламазан дозалла.

Тирмизийс дийцина долчу, тасбихь ламаз дуьйцучу хьадисехь деана ду, Делан Элчано (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) шен девешига Iаббасе (Дела реза хуьлда цунна) аьлла хиллера аьлла: «Ваша! Ас дика хIума ала хьоьга? Ас пайдане хIума ала хьоьга?». ТIаккха цо жоп делла: «Алахьа хIай Делан Элча!» Цо аьлла тIаккха: «Ваша! Диъ ракаIат ламаз де ахь…» ТIаккха цо дийцина тасбихь ламазан куц. Цул тIаьхьа аьлла цо (Делера салават а, салам а хуьлда цунна): «Хьан къинош юькъа гIум санна делахь а, Дала гечдийр ду хьуна царна (цу ламазца)». Iаббаса (Дела реза хуьлда цунна) хаьттина тIаккха: «ХIай Делан Элча! Цхьана дийнахь хьаьнга далур ду оццул тасбихь?» Делан Элчано (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) аьлла тIаккха: «Хьайга цхьана дийнахь иза ца далахь, цхьана кIирнах дан хьажа хьо. Цхьана кIирнах а хьайга ца далахь, цхьана баттахь цкъа дан хьажа хьо иза, йа цхьана шарахь цкъа мукъане дан хьажа хьо иза».

 

3 - Тасбихь ламазан хан.

Цхьаболчу Iеламнаха хан тоьхна билгаляьхна цунна цхьайолу хенаш, цу хенашкахь дича тасбихьламаз кхечу хенел а деза ду аьлла. Делахь а, Имам Ибн Хьаджар Ал-ХIайтамийс иза цхьана хенан ламаз дац аьлла, муьлххачу хенахь а дан мегаш ламаз ду аьлла, суннат ламаз дан ца мегаш йолу хенаш йоцург. Дийнахь а, буьйсанна а иза дар суннат ду, суннат ламаз дан ца мегаш йолчу хенахь ца дичахьана. Суннат ламаз дан ца мегаш йолчу хенахь мегаш дац иза дар.

 

4 – Тасбихь ламаз доькхуш дар.

Тасбихь ламаз доькхуш деш дац, хIунда аьлча иза цхьа хан йолуш ламаз доцу дела.

 

5 – Тасбихь ламаз юха-юха дар.

Иза юха-юха дар суннат ду, дукха мел до а алсам ме́л бу иза дечунна. Цхьана сахьтехь мосуьйттозза дар а мегаш а, дика лоруш а ду иза.

 

6 – Тасбихь ламаз даран куц.

Тасбихь ламаз диъ ракаIат ду. И диъ ракаIат цхьана саламца а, йа шина саламца а дан мегаш ду. ХIора ракаIатехь цхьацца Фатихьат деша деза, цул тIаьхьа сурат а деша деза, тIаккха пхийттозза хIара тасбихь дан деза:

«СубхьáналлóхIи вал-хьамду лиллáхIи, ва лáилáхIа иллаллóхIу валлóхIу акбар, ва лá хьавла ва лá къуввата иллá биллáхIил-Iалиййил-Iазúм».

Цул тIаьхьа, рукуIе ваханчул тIаьхьа, рукуIан тасбихь дIадаьллачул тIаьхьа, иттозза юха а дан деза и тасбихь рукуIехь. ТIаккха рукуIера хьалатаьIча а иттозза дан деза, сужудехь а иттозза дан деза, шина сужуд юкъахь охьахиъча а иттозза дан дезза, шолгIачу сужудехь а иттозза дан деза. ТIаккха йа рукуIе хьалагIаттале охьахиинчахь а иттозза дан деза, йа ташшаххIуд (эттахьиг) дешначул тIаьхьа а иттозза дан деза. Оцу кеппара, цхьана ракаIатехь кхузткъе пхийтта тасбихь хуьлу иза, оцу деа ракаIатехь хIора ракаIатехь а иштта дан деза.

И тасбихь шена хезар долччул бен кхин чIогIа ца дешар суннат ду. Амма Фатихьат а, цул тIаьхьа долу сурат а, нагахь санна и ламаз дийнахь деш делахь шена хеззачал бен чIогIа доьшур дац, нагахь санна буьйсанна деш делахь и шиъ чIогIа доьшур ду, кхидолчу ламазашкахь санна.

Оцу тасбихьех цхьа тасбихь дицделча, йа ца олуш диссича, вицваларан сужуд дан ца оьшу.

 

Чекхдели тасбихь ламазах лаьцна дерг.

 


 

[1] «Кхечуьнца дика» хилар бохург – цхьана некъаца деана долу хьадис заьIап хилча, цуьнан санна болчу некъаца цуьнан маьIна долуш кхин хьадис а деана хилча, «кхечуьнца дика» хьадис хуьлу иза. Цхьатера маьIна долуш шина заьIапчу некъаца, йа кхаа, йа беа – иштта кхин дIа а – некъашца хьадис деъча, цуьнан некъаш дукха чIогIа заьIап дацахь, и хьадисаш «дикаллин» дарже хьала довлу, вовшийн цара тIечIагIдар бахьана долуш, цундела олу и санна долчу хьадисана: «кхечуьнца дика» хьадис.