|
Видео |
Кехат язде соьга |
Зер йа Iазап?
Муха хуур ду, хилларг йа хуьлуш дерг хьо Дала зер ду, йа ба́ла а, Iазап (таIзар) а ду? Кхузахь цхьаъ вукхунах къасторхьама сингаттам дIабаьллачул тIаьхьа долчуьнга хьажа веза, цул хьалха хиллачуьнга-леллачуьнга хьежа ца веза. Нагахь санна и сингаттам шена тIебеанарг собаре хилахь, иза воха ца вохахь, Дала шена яздинчунна иза реза хилахь, цо шен къиношна гечдар дехахь – иза даржаш лакхадахаран а, къиношна гечдаран а билгало ю. Нагахь санна иза воьхнехь, Делан кхиэлана иза оьгIаз ваханехь, иза доьхьал ваьллехь, иза реза ца хиллехь, вочунна иза муьтIахь а хиллехь – иза иэшаман а, диканах ва́ларан а билгало ю. ● ● ● ТIедогIучух лаьцна ойла еш хила хьо, тIебеанчу сингаттамах дика чекх муха вер вара ойла еш хила хьо, деккъа хиллачух-леллачух лаьцна ойла йина ца Iаш. Мел Iаьржа и хиллехь а, яханчу заманахь дерг хьоьга хийцалур дац. АллахIана хьой генавоккхур болчу маттах ларлуо хьо.. Ахь ма ала: «Далла а тIехь ца веза-кх со!». Сингаттам диканца бу хьуна, амма цхьана билламца: нагахь санна ахь иза дикчу агIор тидахь. ● ● ●
Собаре хила хьо, АллахIера гIо
а лаха ахь хьайна. Хьадисехь аьлла ду: «Ма
тамашийна ду АллахIах тешаш волчуьнан гIуллакх! Цуьнан болх берриге дика бу-кх
цунна, и воцучунна кхечунна дан а дац-кх иза иштта: шена цхьа хазахетар хилча –
баркалла олу (шукр до цо АллахIана), тIаккха иза дика хуьлу цунна; шена цхьа
сингаттам хилча – собаре хуьлу иза, тIаккха иза а дика хуьлу цунна». (Муслима
дийцина иза). «Ас-со…», Шейх Салман IавдахI |