|
Видео |
Кехат язде соьга |
Къуръанан цхьадолчу айатийн маьIна
Сурат «Ар-Рахьман» (55), айат 29: «Доьху Цуьнга стигланашкахь а, лаьттахь а мел волчо; хIора дийнахь (массо хенахь) гIуллакхехь ву Иза».
МаьIна: Кхоллархо волу АллахI цхьанне хIумане хьашт долуш, цхьаъа хIума оьшуш вац. Иза – кхачаме верг ву. Мелхо а, Цуьнан кхоллар дерриге Цуьнга хьашт долуш ду, Иза оьшуш ду, Цо шен доладар оьшуш ду, массо хенахь Цуьнан Iуналла оьшуш ду, Цуьнан тергам оьшуш ду. Цундела, Ша́ кхоьллина долу дерриге кхолларе хьожуш, цуьнан тергам беш, лелош ду Кхоллархо волчу АллахIа. Цхьа кIеззиг йолчу юкъана а Шен кхолларан тергам бечура, цуьнан Iуналла дечура, цуьнга хьожучара АллахI сацахьара, хIара дерриге Iалам галдера дара, духур дара, стигланашкахь а, лаьтта тIехь а долу адамаш, жинаш, малийкаш, кхидолу кхолларш хIаллакьхир дара. Цундела, шайна массарна Иза оьший хууш, Цуьнга доьху стиглахь долчу малийкаша а, лаьттахь долчу адамаша. Стигларчу малийкаша къинхетам боьху Цуьнга, реза хилар доьху Цуьнга. Лаьттанан охIлуно къинхетам а боьху Цуьнга, гечдар а доьху Цуьнга, рицкъа а доьху Цуьнга, дарба дар доьху Цуьнга, шайн дерриге хьашташ доьху Цуьнга, дуьненан а, эхартан а диканаш доьху Цуьнга. Цуьнца накъост вийриш а тIехь Цуьнга кхойкху цхьа йоккха хало шайна тIехIоьттича, Цо бен шаьш кIелхьара дохур доций хууш. ХIора дийнахь, массо хенахь Шен гIуллакхехь ву Иза: Iожалла тIехIоьттинчуьнан са оьцуьйту Цо, дуьненчу вала везачунна дахар ло Цо, доIа дечунна жоп ло Цо, дехарийна жоп ло Цо, кхойкхучунна орца ло Цо, цомгачунна дарба до Цо, халонехь волчунна паргIато ло Цо, мискачунна рицкъа ло Цо, догдоьхначунна синтем ло Цо, гIайгIанехь волчунна синпаргIато ло Цо, къа даьллачунна гечдо Цо, цхьаберш базбой ай бо Цо, вуьйжаш сийсаз бой иэга а бо Цо. Ткъа, Делан белхаш а, гIуллакхаш а дукха ду, паччахьаллин Да ву Иза, массо хIума Шен долахь а, Шен керахь а дерг ву Иза, Шен комаьршалла доккха дерг ву Иза, Иза воцург кхин бакъволу дела вац. Ша́ кхоллар кхоьллинчул тIаьхьа, Ша адамаш а, жинаш а кхоьллинчул тIаьхьа, уьш тесна ца дитина Цо. Царна элчанаш бахкийтина Цо, жайнаш а диссийна Цо, Ша вовзаран а, Шена Iибадат даран а, Шена герга кхачаран а, Ша реза варан а некъ бовзийтина Цо. Дала Ша реза волчу некъа тIехь нисдойла вай, Дала дехначунна жоп а лойла вайна. Хастам бу-кх АллахIана, Iаламийн Дела волчу, церан доладийриг, уьш кхиош-кхобург волчу. 24.04.2013
|