|
Видео |
Кехат язде соьга |
ЛАМАЗ
Суннат ламазаш
ДогIа дехар а, цуьнан ламаз а
ДогIа дехар бохучух луург хIун ду? ДогIа дехар – догIа ца догIуш йокъуна хIоьттича, йа кхечу бахьанашца хинан къелла хIоьттича Деле догIа даийтар доьхуш доIа дар ду, цуьнан доьхьа деш долу ламаз а ду.
ДогIа дехаран ламазан хьукм хIун ду? Маца деш ду иза? ДогIа дехаран ламаз дар суннат ду, мелехь хIума ду, хинан къелла хIоьттина мел лаьтта, и хьал дIадаллалц, масала догIа да́н доладаллалц, йа шовданаш дуьйладаллалц, и.кх.дI.
ДогIа дехаран куц-кеп муха ду? Мелехь лоруш долчу догIа дехаран кхо куц-кеп ду. Церах уггар лахарниг – шена луъучу хенахь Деле догIа доьхуш доIа дар ду, Деле догIа даийтар дехар ду. Юккъераниг – парз ламазийн тIаьххьара рукуIал тIаьхьа и хIума доьхуш доIа дар а, парз а, суннат а ламазел тIаьхьа Деле и хIума доьхуш доIа дар а ду. Ткъа цуьнан кхачамаллин куц-кеп – кхидIа вай дуьйцур долчу кепара ламаз а, доIа а дар ду: 1) ДогIа доьхуш ламаз дан сацам хиллачул тIаьхьа, бусалба нехан куьйгалхочо йа цуьнан метта волчо бусалба нахе кхайкхам бийр бу хIокху масех хIуманца:
2) Цул тIаьхьа, марха кхобуш кхо де дIадаьллачул тIаьхьа, доьалгIачу дийнахь ламаз дан арабевр бу уьш багахь марха а долуш, кечбелла боцуш, духар балхахь-гIуллакхехь лелош дерриг долуш, АллахIана хьалхахь эсалаллийца, Цунна хьастабелла хиларца. 3) Ламаз дечу метте дIакхаьчча, бусалба нехан куьйгалхочо йа цуьнан метта волчо ши ракаIат суннат ламаз дойтур ду жамаIатехь, Iийд дийнахь деш долу ламаз санна, ламаз дIадихкинчул тIаьхьа хьалхара ракаIатехь фатихьа дешале хьалха ворхIозза «Алло́хIу акбар» олуш, хIорозза ши куьг хьала а айдеш, иштта шолгIа ракаIатехь а пхоьазза «Алло́хIу акбар» олуш, хIорозза куьйгаш хьала а ойъуш. 4) Иштта и ламаз динчул тIаьхьа имамо ши хутIба дийр ду, Iийд ламазехь санна. Iийдан шина хутIбангахь олучу «Алло́хIу акбар» меттана, догIа доьхуш ламаз динчул тIаьхьа доьххьара хутIба долош Деле гечдар доьхур ду иссозза, масала иштта хIара дешнаш аларца: «АстагIфирулло́хIал-Iази́маллази́ ла́ ила́хIа илла́ хIувал-хьаййул-къаййу́му ва ату́бу илайхI»,[1] шолгIа хутIба долош а иштта гечдар доьхур ду ворхIозза. ШолгIа хутIба юккъе кхача герга дахча, хутIба деш волу имам къилбехьа воьрзур ву, нах шен букъ тIехьа а буьтуш; тIаккха лакхахь шена тIехула доьхна духар харцахьа дерзор ду цо, вукху наха а дийр ду шайн духаршца изза хIума, иштта и хIума дар суннат долу дела. ТIаккха доIа дийр ду имамо дуккха, гечдар доьхур ду цо дуккха, тоба дийр ду цо дуккха, АллахIана хьасталур ву иза дуккха а, иза а, кхиболу бусалба нах а. Имамо доIа шиелахь деш хилахь, кхечара а шайлахь дийр ду, цо чIогIа деш хилахь цара цунна тIаьхьара «амин»[2] эра ду. Шайна юкъара дикчу нахе, Делах кхерарца бевзаш болчу нахе доIа дайтар а дика ду цара.
ДогIа доьхучу хенахь дича дика долу доIа муха ду? ДогIа доьхуш дича дика долу доIа иштта ду: «Алло́хIуммаджIалхIа́ сукъйа́ рохьматин ва ла́ таджIалхIа́ сукъйа́ Iаза́б. Алло́хIумма Iалаззиро́би вал-а́ка́ми ва мана́битишшажари ва бутIу́нил-авдийахI. Алло́хIумма хьава́лайна́ ва ла́ Iалайна́. Алло́хIумаскъина́ гIайсан магIи́сан хIани́ан мари́ан мари́Iан, саххьан Iа́мман гIодакъон тIобакъон муджаллалан, да́иман ила́ йавмидди́н. Алло́хIуммаскъина́л-гIайса ва ла́ таджIална́ минал-къо́нитIи́н. Алло́хIумма инна бил-Iиба́ди вал-била́ди минал-джахIди вал-джу́Iи ваддонки ма́ ла́ нашку́ илла́ илайк. Алло́хIумма анбит ланаззарIа ва адирра ланаддорIа, ва анзил Iалайна́ мин барака́тиссама́и, ва анбит мин барака́тил-арди, вакшиф Iанна́ минал-бала́и ма́ ла́ йакшифухIу́ гIойрук. Алло́хIумма инна́ настагIфирука, иннака кунта гIоффа́ро́, фаарсилиссама́а Iалайна́ мидро́ро́». МаьIна: «Йа́ АллахI, къинхетаман догIа луо Ахь тхуна, Iазапан догIа ма хилийта Ахь иза. Йа АллахI, гунаш тIе а, даккъаш тIе а, диттийн баххаш тIе а, тогIенийн баххаш чу а даийта ахь иза. Йа АллахI, тхуна гонаха даийта ахь, тхуна тIе ца доуьйтуш. Йа АллахI, тхуна шех гIо хир долу догIа луо Ахь тхуна, зене доцуш, тIаьхьло дика хир йолуш, гIоза хир долуш, лаьттана хьийкъина хир долуш, массо оьшучу метте кхочур долуш, дуккха хир долуш, иштта шен дикалла даим лаьттар йолуш Къемат дийне кхаччалц. Йа АллахI, догIа луо Ахь тхуна, Хьайн къинхетамах догдиллинчерах а ма хилийта Ахь тхо. Йа АллахI, Хьоьга бен кхин цхьаьнгга а оха елхош йоцу хало а, мацалла а, гатто а ю-кх Хьан лайшкахь а, мехкашкахь а. Йа АллахI, лаьтте йалта далийта Ахь тхуна, хьайбане шура а йалийта Ахь тхуна, стигланийн беркаташ диссаде Ахь тхуна, лаьттара беркаташ а довлийта Ахь тхуна, Ахь бен дIаайбийр боцу ба́ла а дIаайбе Ахь тхуна тIера. Йа АллахI, тхайн къиношна гечдар доьху оха Хьоьга, бакъдолуш Хьо гечдеш хилла ву-кх, беркате долчу догIанца тIеелхайе Ахь тхуна стигал..». [1] МаьIна: «Воккхачу АллахIе гечдар доьху ас, И воцург кхин дела вац, дийна ву И, даим волуш ву И; Цуьнга тоба а до ас». [2] «Амин» бохург – жоп луохьа тхан Дела бохург ду.
|