|
Видео |
Кехат язде соьга |
ЦIАНО ЙАР
Лийчар Стаг а, зуда а ламазах дохар
Къинхетаме а, къинхетам беш а волчу АллахIан цIарца! АллахIан къинхетам а, маршалла а хуьлда Цуьнан Элчанна Мухьаммадна а, цуьнан охIлунна а, цуьнан асхьабашна а.
Лийчар бохучух лууш дерг хIун ду? Лийчар – иза доьххьара ниййат а дина, дерриге дегIа тIе хи кхачийтар ду.
Лийчаран дика пайданаш а, хьекъале бахьанаш а хIун ду? Лийчинчунна цкъа делахь ме́л хуьлу, Дала де́ аьлларг цо кхочушдарна. ШолгIа делахь, цIано а хуьлу цунна. КхоалгIа делахь, дегIе жигаралла а йогIу лийчинчул тIаьхьа.
Лийчаран да́къош хIун ду, мас да́къа ду цуьнан? 1. Важиб долу лийчар ду, парз лийчар ду, ца лийча мегаш доцу лийчар ду. Иза – лийчар тIедожуьйтуш долчу бахьанех цхьа бахьана хилча дерг ду. Оцу бахьанех цхьа бахьана а хилла лийчар тIедоьжча, дерриге дегIа тIе хи а кхочуьйтуш лийчинчул тIаьхьа бен цхьадолу Iибадаташ дан мегаш дац, масала, ламаз а, Къуран дешар а, иштта кхидIа. 2. Суннат долу лийчар ду, лийчича ме́л а болуш, ца лийчича къа а доцуш долу лийчар ду.
Важиб долу лийчар тIедожаран бахьанаш хIун ду? 1. Муьлхха бахьанца борша стеган оралла ялар а, зудчуьнан дегIан марзонца хи да́лар ду, хуьлийла иза гIенах, йа ловзарца дегIан марзо меттахъяккхарца, йа хьажарца, йа ойланца, йа майрачо а, зудчо а эвхьаза гIуллакх хилийтарца, йа муьлхха а кхидолу бахьанца. Умм Саламата (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, Умм Сулаймас, Пайхамар (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) волчу а еана, элира аьлла: «ХIай АллахIан элча! АллахI вац-кх эхь хеташ бакъдолчуьнах! Зудчунна гIенах шен эвхьаза юкъаметтиг хуьлуш гича лийчар тIедужий?». ТIаккха АллахIан Элчано (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) аьлла: «Дужу, нагахь санна цунна (арадаьлла) хи (оралла) гинехь». Муслима дийцина, Пайхамара (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) элира аьлла: «Хи даьлча хи тIедужу». Цуьнан маьIна: оралла араяьлча хица лийчар тIедужу бохург ду. 2. Стеган а, зудчуьнан а ши бехкеметтиг цхьанакхетар а ду. Майрачо а, зудчо а эвхьаза гIуллакх хуьлуьйтучу хенахь, борша стеган бехкеметтиган корта зудчуьнан бехкеметтиг чохь къайлаболучу кепара цаьршинан ши бехкеметтиг цхьанакхетахь, цаьршинна шинненна а лийчар тIедужу, цул тIаьхьа чекхдаллалц и гIулкх хилийтинехь а, ца хилийтинехь а, хи даьллехь а, ца даьллехь а. Муслима дийцинчу хьадисехь деана ду: «…бехкеметтиг бехкеметтигах кхетча лийчар тIедоьжна». «(Борша стеган) бехкеметтиг (зудчуьнан) бехкеметтигах кхетча лийчар тIедужу, оралла араяьлчи а, ца яьлчи а». 3. Зудчуьнан беттан рожехь цIий да́лар ду. И цIий дукхах долчу хьолехь цхьана кIиранах хуьлу, цуьнан уггар кIеззиг йолу хан цхьа де ю, уггар дукхах йолу хан пхийтта де ю. И хан дIа а яьлла, цIий сецча, зудчунна тIедужу лийчарца цIанйалар. Лекха хинволчу АллахIа аьлла: [Цара хоьтту хьоьга (хIай Мухьаммад) хьайд хиларх лаьцна; ахь ала – иза зене ду, цундела шу дIакъастийла зударех (цаьрца эвхьаза юкъаметтиг ца хуьлуьйтуш, церан) хьайд долчу хенахь; (эвхьаза гIуллакх хуьлуьйтучу кепара) царна герга а ма гIойла уьш (лийчарца) цIанбаллалц, ткъа уьш цIанбелча – шу Iойла цаьрца АллахIа шайга ма-аллара].[1] 4. Зудчо бер дар а, цул тIаьхьа цуьнан цIий далар а ду. Нагахь санна бер динчул тIаьхьа цIий да́р ца хиллехь, лийча еза зуда; нагахь санна бер динчул тIаьхьа цIий да́р нисделлехь, иза сецначул тIаьхьа лийча еза зуда. 5. Валар ду. Цхьа бусалба стаг, йа бусалба зуда хIокху дуьненах дIакъаьстича, цаьршиннах цхьаъ делча, бусалба нахана тIедужу и шиъ лийчор, стаг лийчор божаршна тIедужу, зуда лийчор зударшна тIедужу. Шена лаа а лаахь, хаа а хаахь, майрачо шен зуда лийчо а мега, зудчо шен майра лийчо а мега, хIунда аьлча цаьршинна мегаш долу дела вовший дерриге дегI гар. Велларг лийчош волчо иза лийчорна ниййат дан дезара ду. Ибн Iаббаса (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, хьадж дечу хенахь шен эмкало тIера чу а кхоьссина, хьаша а хьаьшна вийна хиллачу цхьана стагах лаьцна Пайхамара (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) элира аьлла: «Лийчаве иза хица а, сидраца а».
Ламазах воьхна волчу стага а, зудчо а дан мегаш доцург хIун ду? Цаьршима дан мегаш доцу, цаьршинна хьарам долу хIуманаш хIорш ду: 1. Ламаз. Цаьршимма цхьанне кепара долу ламаз дан мегаш дац, лийчар тIерадаллалц. 2. Маьждиг чохь Iар а, цу чохь охьахаар а. Амма маьждиг чохь саца а ца соцуш, цу чухула волавелла дехьавалар – иза хьарам дац, иза мегаш ду. 3. КаIбатана гонаха тIаваф дар. ХIунда аьлча иза ламаз дар санна ду, цундела ламаз дан мегаш ца хиларе терра мегаш дац тIаваф дан а. 4. Къуран дешар. 5. Къуранах Iоттавалар, иза схьаэцар, йа цуьнан кехатех Iоттавалар, йа цуьнан муьжалтах Iоттавалар, йа иза цхьана хIумана чохь лелор а, дIадахьар а. 6. Беттан рожехь цIий догIуш йолчу зудчо марха кхабар. Къаьсттина иштта йолчу зудчо марха кхаба мегаш дац, хуьлийла иза парз марха йа суннат марха. 7. Беттан рожехь цIий догIуш йолчу зудчуьнца эвхьаза гIуллакх хилийтар. Иштта йолчу зудчуьнца эвхьаза гIуллакх хилийта мегаш дац.
Суннат долу лийчарш муьлхарш ду? 1. Рузбанна лийчар. ПIераскан дийнахь рузбане вахале хьалха лийчар чIагIдина долу суннат ду, цхьаболчу Iеламнаха важиб ду аьлла а ду иза, цундела шен аьтту белахь иза Iад ца дита хьажа веза. Цуьнан хан пIераскана дийнахь Iуьйра ламазана азан дича (молла кхайкхича) дIайолалуш ю, цу хенахь дуьйна мегаш ду рузбанна лийча. Рузба – адамаш гуллу меттиг ю, цундела ишттачу метте воьдуш хилча шен дегI цIена хилийтар дика ду. 2. Шина Iийдана лийчар. Марха достучу Iийд дийнахь а, гIурбанан Iийд дийнахь а лийчар суннат ду, мелехь ду, дика лоруш ду, Iийд ламазе гIур волчунна а, гIур воцучунна а. ХIунда аьлча Iийд де – деза ду, кечлу де ду, хазлу де ду, цундела цу дийнахь лийчар дика ду. 3. Малх лацаран ламазна а, бутт лацаран ламазна а лийчар. Цуьнан хан и шиъ лацарца дIайолалуш ю, и шиъ дIахецарца чекхйолуш а ю. 4. ДогIа дехаран ламазана лийчар. ДогIа дехаран ламазе аравалале хьалха лийчар дика лоруш ду, малх-бутт лацаран ламазана санна. 5. Велларг лийчинчул тIаьхьа лийчар. Делла адам лийчинарг ша́ лийчар дика лоруш ду. 6. Хьадж дечу хенахь дика лоруш долу лийчарш: - Хьадж доьхкуш, йа Iумрат доьхкуш лийчар. - Макка чувоьдуш лийчар. - Делкъал тIаьхьа Iарафатехь хан яккхарна лийчар. - ТIулгаш кхуьссучу кхаа дийнахь тIулгаш кхисса вахале хьалха лийчар. - Мединате чувоьдуш лийчар.
Лийчаран важиб долу куц хIун ду? Лийчарехь важиб (парз, декхар) долу хIума шиъ ду: 1. Лийча волалучу хенахь ниййат дар. Масала, нагахь санна лийчар парз дерг делахь, «парз лийчар тIерадоккхуш лийча ниййат до ас» аьлла, йа «ламазана цIанлуш лийча ниййат до ас» аьлла; йа нагахь санна лийчар суннат дерг делахь, масала «рузбанна лийча ниййат до ас» аьлла, йа «рузбана ламазана лийча ниййат до ас» аьлла. 2. Массо метте хи а кхочуьйтуш дерриге дегI дIадилар. Дерриге чIура тIе а, месаш тIе а, месийн баххаш тIе а хи кхачийтар важиб ду. Иштта и ши хIума ду лийчарехь лардан дезарг.
Лийчаран суннат долу куц хIун ду? 1. Хи чохь долчу хIуманна чуIоттале хьалха ши куьг дIадуьлур ду доьххьара, тIаккха шен аьрру куьйга шен бехкеметтиг дIаюьлур ю, шен дегIа тIера боьха йолу хIума а дIацIанйийр ю. ТIаккха и куьг сабанца дIадуьлур ду, саба дацахь латтанца дIадуьлур ду. 2. Кхоччуш ламаз оьцур ду цул тIаьхьа, ламаз дечу хенахь ма-эццара. Шена лаахь ши ког лийчина ваьлча дIабилархьама тIаьхьататта а мегар ду. 3. Ламаз эцначул тIаьхьа, коьрта тIера месашна юккъе хица тIадийна долу куьйгийн пIелгаш хьокхур ду, цул тIаьхьа корта буьлур бу кхозза. 4. Корта билинчул тIаьхьа шен дегIан аьтту агIо дIаюьлур ю, тIаккха аьрру агIо дIаюьлур ю. 5. ДегI а, меженаш а дIаюьлучу хенахь царна тIе куьг хьокхур ду, хуьлийла иза сабанца йа иза доцуш. 6. Шен дегIа тIера сетташ йолчу меттигийн къаьсттина терго йийр ю, оцу меттигашка шен куьйгаца схьа а оьцуш хи хьокхур ду, масала ши лерг а, гай гонаха а, цIонгана юкъ а, пхьаьрса кIелонаш а. Нагахь санна иштта йолчу меттигашка оцу кепара хи хьаькхча бен хи кхочуш дац аьлла шена хетахь, и хIума дар важиб хир ду, суннат хилла ца Iаш. 7. Лийчарехь деш долу и хIуманаш кхокх-кхозза дар, ламаз эцарехь санна.
Лийчарехь ца дича дика долу хIуманаш хIун ду? 1. Хи оьшучул сов дайъар ду, хIунда аьлча иза Пайхамара (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) деш хиллачуьнца догIуш доцу дела. 2. ТIедогIуш-дIадоьдуш доцуш, лаьтташ долчу хи чохь лийчар ду. Лаьтташ долчу хи чохь лийчича, и хи кхечарна ца дезадо, цунах пайда эца дегаза хета. Ткъа нагахь санна и хи 200 литарал кIеззиг хилахь, цу чохь парз лийчар тIера доккхуш цхьаъ лийчахь, и хи юха ламаз эцарна а, лийчарна а лело мегаш ца хуьлу, цундела оццул долу хи эрна дайъар хуьлу цунах. Ткъа иштта оцу хи чохь лийчар дика ца хилча, цхьаъ лийча везаш хилахь хIун дан деза, муха лийча мегар ду аьлча, оцу хи чура цхьана хIуманца хи схьа а оьцуш, иза шена тIе а дуттуш лийча мегар ду. |