Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Кхетам

Доьзал

ГIиллакх

Iелам-нах

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

 

 

 Пайхамаран дозаллаш

 

 

Имам Iиззудди́н ибн Iабдис-Сала́м

 

 

 

Гочдинарг:

Адаман Султанан

Олхазар

 

27.01.2013
 

 

 

 

 

 

ХIокху жайнах лаьцна

Имам Iиззудинах лаьцна (кхечу агIона тIехь схьаделла)

Пайхамарш цхьаберш вукхерал базбарх лаьцна

Дозаллаш довзаран пайданаш

Пайхамаран дозаллаш


 

 

ХIокху жайнах лаьцна

Имам Iиззудди́н ибн Iабдис-Сала́ма яздина долу хIара жайна Мухьаммад Пайхамаран (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) дозалла а, иза кхечу пайхамарел веза хилар а дуьйцуш ду.

ХIара жайна жима жайна ду, доцца яздина а ду, цундела Имам Iиззудди́на гулдина хIокху чохь 41 дозалла. Ткъа, Пайхамаран (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) дозаллаш вуьшта оццул хилла ца Iа, уьш вуно дукха ду, Имам СуйутIийс доккха кхо да́къа долчу жайнахь гулдина дийцина уьш, шел хьалха яздинчух пайда а оьцуш.

Пайхамаран (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) дозаллех а, иза пайхамар хиларан тешаллех а, Дала цунна къастийна делла долчу хIуманех а лаьцна яздина дуккха жайнаш ду. ХIара жайна царна юкъахь къаьстош дерг – хIокху юкъахь хьахош долчу массо хIуманан нийса бух хилар ду, тешаллийна далош хьадисаш дерриге нийса хилар ду.

 

  

Пайхамарш цхьаберш вукхерал базбарх лаьцна

Лекха хинволчу АллахIа аьлла Шен сийлахь Къуръан тIехь: [Уьш элчанаш бу, церах цхьаберш Оха базбина вукхарна тIехь; церах цхьаберш бу АллахI шайга вистхилла болуш; церах цхьаберш даржашкахь айбина Цо].[1]

Кхин а аьлла веза-сийлахь волчу АллахIа: [Оха базбина цхьаболу пайхамарш вукхарна тIехь; Да́ву́дана Забу́р а делла Оха].[2]

Оцу айато гойту цхьаболу пайхамарш кхечу пайхамарел беза хилар, уьш Дала цхьаберш вукхарна тIехь базбина хилар.

ХIара жайна а ду вайн Пайхамар (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) массо кхечу пайхамарел (Делера салам хуьлда царна), массо адамел, Делан дерриге кхолларан веза хилар дуьйцуш.

Ткъа цхьадолчу хьадисашкахь и хIума дан мегаш дац боху маьIна ду до́гIуш: «Пайхамарш цхьаберш вукхарна тIехь баз ма бойла аш».[3] Иштта и маьIна долуш кхечу дешнашца дийцина кхидолу хьадисаш а ду. Пайхамара (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) ша́ Юнус пайхамарал гIолий ву, веза ву ма олийла аьлла бохуш дийцина ду.

Оцу айатийн а, хьадисийн а маьIна деш Iеламнаха аьлларг дуьйцур ду вай, Дала мукъа лахь.

Хьафиз Ибн Хьаджар Iаскъоланийс аьлла (Дала къинхетам бойла цунах):

«Пайхамара (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) цхьаболу пайхамарш вукхерал базбан ца магорах лаьцна Iеламнаха аьлла: шена хетачунна тIедоьгIна цхьаъ вукхул веза ву алар ду цигахь лууш дерг, цхьана тешаллийна (далилана) тIедоьгIна олург дац. Йа цхьаъ вукхул веза ву аьлча, и шолгIаниг лахара хетар велахь ала мегар дац бохург ду иза. Йа цунах къовсам а, юкъаметтиг талхар а хир елахь мегар дац бохург ду иза. Йа, дерриге дозаллашца ваз ма ве бохург ду иза, вукхуьнан цхьаъа дозалла ца дуьтуш дерриге дозаллаш цхьанна дIа ма ло́ бохург ду иза; масала, ламазехь хьалхаволуш волу имам азан дечул веза ву вай аьлча, азан дечуьнан цо и даран дозалла дIадолу, йа гIелло бохург дац иза. Ша́ оцу пайхамараллийца баз ма бе уьш вовшашна тIехь бохург ду цуьнан маьIна аьлла а ду, лекха хинволчу АллахIа ма-аллара: [Цуьнан элчанашна юкъахь къестамаш ца бо оха].[4] Ткъа, пайхамарш шаьш вовшашлахь баз ма бе бохург дац цуьнан маьIна, хIунда аьлча лекха хинволчу АллахIа аьлла долу дела: [Уьш элчанаш бу, церах цхьаберш Оха базбина вукхарна тIехь].[5] Ал-Хьали́мийс аьлла: «Цхьаъ вукхул дика ву ма ала аьлла даьхкина долчу хьадисашкахь дерг Жайнин охIлу болчаьрца къовсучу хенахь и ма де бохург ду, церах цхьаъ вукхул дика ву бохуш уьш вовшашна юкъахь баз ма бе бохург ду. ХIунда аьлча, шина динан охIлу болчара шайна юкъахь и пайхамарш цхьаъ вукхул дика бу бохуш дуьйцуш хилахь, церах цхьана агIор болчарна цхьахаволу пайхамар ледара хета кхерам бу, иза сийсазван кхерам бу, ткъа иза керстаналла вуьгуш долу хIума ду. Амма нагахь санна уьш вовшашлахь базбар церан дозаллашка хьаьжна хуьлуш делахь, цхьаьнгахь уьш алсам долу дела олуш делахь, иза ца магийна долчунна юкъа ца догIу».[6]

Имам БагIавийс аьлла (Дала къинхетам бойла цунах):

«Абу СаIид ал-Худрийгара схьа дийцина ду нийса хьадисехь, АллахIан Элчано (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) аьлла хилар: «Пайхамарш цхьаъ вукхул дика ву ма олийла аш». Абу ХIурайрера а дийцина, Делан Элчано (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) элира аьлла: «АллахIан пайхамарш вовшашлахь цхьаъ вукхунна тIехь ваз ма войла аш». Уьш цхьаъ вукхул дика ву алар ца магоран маьIна уьш даржашкахь цхьатерра бу аьлла хетийла шуна бохург дац, хIунда аьлча нуьцкъала а, сийлахь а волчу АллахIа хаийтина ду вайна, Ша́ церах цхьаберш вукхерал базбина хилар. Массо кхачамбацарех цIена а, лекха а волчо аьлла: [Уьш элчанаш бу, церах цхьаберш Оха базбина вукхарна тIехь].[7] Мелхо а, цуьнан маьIна церах цхьаберш ледара хетачу, лахара хетачу кепара ма дойла аш иза, церан лардан деза хьаккъаш (бакъонаш) лардан ма-дезза аш лардийр доцучу кепара ма дойла аш иза бохург ду; хIунда аьлча оцу кепара аш уьш базбахь, церах цхьаболчерах лаьцна вон кхетам кхоллалур бу шун, ткъа иза керстаналла ду.

Ткъа нагахь санна цхьамма алахь, Юнус пайхамарал ша́ веза ву ма олийла цхьамма а аьлла ма ду Пайхамара (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна), иза цхьаьна муха тухур ду цуьнан хIокху дешнашца: «Со А́даман берийн эла ву» бохуш долчу?

Цуьнга эра ду: и шиъ цхьаьнатохар билггал девзаш ду. Цо ша́ А́даман берийн эла ву алар – АллахIа шен сий дар а, ша́ сийлахь вар а, олаллийца ша́ Цо вазвар а довзийтина цо вайна оцу шен дешнашца, Дала шена дина дика дийцина цо цаьрца, ткъа, кхачамбацарех цIена а, лекха а волчо аьлла ду: [Амма хьайн Дала хьайна дина долу диканаш – уьш дийца ахь].[8] Цо и дешнаш алар – шен Далла гергахь шен меттиг лекха хилар шен умматана а, ша кхайкхам бечарна а довзийтар ду, ткъа иза умматана довзийтар цуьнан декхар хилла ду, церан цунах тешар цуьнга хьаьжжина хилийтархьама. ТIаккха цул тIаьхьа аьлла цо: «Куралла (дозалла) а ца до ас»; и бохург – ас сой эла хилар довзуьйту, Дала сайна делла долу дика довзуьйтуш, куралла еш а доцуш, йа вазлуш а доцуш; йа, сайна тIедожийна декхар кхочушдеш довзуьйтуш ду ас иза, кураллаш а, дозаллаш а деш довзуьйтуш дац.

Амма цо къаьсттина Юнус пайхамар хьахор а, ша́ цул дика ву ма ала алар а – цо иза шен Далла хьалха́ эсала хуьлуш аьлла ду, Цунна хьалха́ вазлуш верг ца хила аьлла ду, ас сой цул дика ву ала до́гIуш дац бохург ду иза, хIунда аьлча суна хилла долу дозалла АллахIан комаьршалла ю, деккъа Цуьнгара кхаьчна ду суна иза, суна сайгара хилла дац иза, йа сайн ницкъаца а, гIоранца а кхаьчна дац соьга иза бохург ду иза. Ткъа, Дика хуург Дела ву, къаьсттина Юнус пайхамар хьахийна цо, цунах лаьцна Къуръан тIехь АллахIа дийцинарг бахьана долуш, шен къоман хьокъехь иза алссам собар хилла ца хилар бахьана долуш, АллахIа Шен Элчане (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) иштта аьлла долу дела: [ЧIеро лаьцна хилларг санна ма хила хьо].[9] [Собаре хила хьо, элчанашна юкъара собаран дай ма-хиллара].[10] Ткъа дика хуург АллахI ву».[11]

Керста нахаца къуьйсуш, йа цхьаболу пайхамарш ледара хеташ, йа кураллаш еш, йа къийсаме дера долчу кепара, йа Делера тешалла доцуш, шайна хетачу кепара, йа муьлхха кхидолчу вочу маьIнийца, йа вон жамI хир долчу кепара пайхамарш вовшашлахь базбар ца магийна Пайхамара (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна). Цуьнца цхьаьна, Дала хаийтина вайна, церах цхьаберш Ша́ кхечерал даржашкахь лекхабаьхна хилар а, базбина хилар а. ТIаккха Пайхамара (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) хаийтина вайна, ша массо адамел веза хилар, массо пайхамарел а, элчанел а веза хилар. Цуьнан дозаллин цхьайолу агIонаш Имам Iиззудди́на хIокху шен жайнахь юьйцуш ю.


 

 

Дозаллаш довзаран пайданаш

Делан Элчанан (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) дозаллаш довзаро иза алсам вовзуьйту вайна, ткъа иза вовзар массо бусалба стеган декхар ду. Иза вовзаро а, цуьнан дозаллаш довзаро а иза воьзуьйту вайна, ткъа иза массерал везар а, иза массерал хьалхаваккхар а массо бусалба стеган декхар ду. Цуьнан дозаллаш довзаро цунах вай тешар совдоккху, ткъа цунах тешарца бен стаг бусалба хуьлийла дац. Цуьнан дозалла довзаро иза вазвойту вайга, цуьнгахьа болу лерам алсамбоккху вайн, ткъа иза вазвар а, цуьнан лерам бар а массо бусалба стеган декхар ду. Цуьнан дозалла довзаро а, иза вовзаро а цуьнца цхьанакхетарга йолу шовкъ совйоккху вайн, цуьнгахьа болу безам совбоккху, ткъа цо аьлла ду (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна): «Стаг шена везначуьнца хир ву (Къемат дийнахь)».[12] Ткъа хьуна иза везаш хилча, хьан цуьнца йолу юкъаметтиг чIагIло, хьо цуьнан ларашца дIавоьду, хьо цунна тIаьхьава́за гIерташ хуьлу. Иштта хуьлу хьо нагахь санна хьуна цхьаьнца цхьаьна хила лаахь а – цуьнан некъаца некъ лоцу ахь, цуьнан белхаш, гIуллакхаш лелон хьожу хьо, Iуьйранна Iуьйренга ва́лар а, суьйранна суьйренга ва́лар а цуьнан некъа тIехь хуьлу хьан, хьой цунах хилийта лууш хуьлу хьо чIогIа.[13] Хьуна цхьаъ везар – хьо цуьнца чIогIа хоттавелла хиларан билгало ю, хьайн гIиллакхаш а, амалш а цуьнчерах тарйан хьо гIерташ хиларан тешалла ду.. Массо хIуманна тIехь хьо и санна ца хилалахь а, иза веза а везаш, хьайн ницкъ ма-кхоччу хьо цунна тIегIерташ хилча, хьайн ницкъ ма-ббу хьо цо бохург дан гIерташ хилча, Дала хьуна иза диканца доькхур ду, хьо цуьнца а хуьлуьйтур ву: [АллахIана а, Элчанна а муьтIахь хилларг – уьш хир бу АллахIа шайна дика динчаьрца: пайхамаршца а, уьш кхоччуш бакъбинчаьрца а, гIазотехь кхелхинчаьрца а, дикчу нахаца а; ма дика накъостий а бу-кх уьш].[14] Цундела аьлла хилла Анаса (Дела реза хуьлда цунна): «Пайхамара (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) аьлла долчу хIокху дешнех санна хазахетар хилла дацара тхуна цхьанне хIуманца: «Стаг шена везначуьнца хир ву». Суна веза АллахIан Элча а (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна), Абу Бакар а, Iумар а. Сой цаьрца хиларга дог а доху ас».[15] И хIинца вай дийцинарг нахана юкъахь лелаш долчуьнца вайна зеделла хIума а ду, цхьана стагана дика нах безаш хилча царна тIегIерташ хуьлу иза, церах ша́ тера хилийта гIерташ хуьлу иза. Амма нагахь санна цунна вон нах безахь, церах дIакхета иза, церан Iамалш а, церан хIуманаш а леладо цо.[16]

Ткъа ас а олу, аша а ала соьца, Анаса (Дела реза хуьлда цунна) ма-аллара: суна АллахIан Элча а веза (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна), Абу Бакар а, Iумар а, Iусман а, Iела а, Анас а веза берриге асхьабаш а беза (Дела реза хуьлда цунна), Iеламнах а беза, Делан дика лайш а беза, Цуьнан гергара нах а, эвлаяаш а беза, массо пайхамарш а беза, уьш баккъалла бакъбинарш а, гIазотехь кхелхинарш а, дика нах а беза, сайн ницкъ ма-кхоччу церах тарвала а гIоьрта со, цаьрца хила а гIоьрта со. Йа роббана, йа АллахI, хIай везан Дела, цаьрца хилийтахьа со а, сан да-нана а, сан йиша-ваша а, сан доьзал а, сан гергарнаш а, суна бевза-безарш а, массо бусалба нах а.

 

 

 

Пайхамаран дозаллаш
 

 

Къинхетаме а, къинхетам беш а волчу АллахIан цIарца.

Йа АллахI, везан Дела, тхан элана Мухьаммадах а, цуьнан охIлунах а Хьайн къинхетам бе Ахь, Хьайгара маршалла а кхачаде Ахь. Йа АллахI, везан Дела, хIокху балхехь суна гIо де Ахь, хIара суна атта а де Ахь, хIара кхочуш бан пурба а луо Ахь.

Берриге хастам бу АллахIа, Iаламийн Делана. АллахIан къинхетам а, хазчу хасторца хастор а, даккхий диканаш а, лаккхара даржаш а хуьлда дерриге кхолларан эла волчунна, пайхамарийн мохIур долчунна, Мухьаммадна; цуьнан доьзалшна а, цуьнан асхьабашна а, массарна.

Лекха хинволчу АллахIа аьлла: [АллахIа доссийна хьуна тIе Жайна а, хьекъалалла а; Цо Iамийна хьуна (хьалха) хьуна хууш хилла доцург; ткъа АллахIан дозалла (Цо хьуна дина а, делла а диканаш, Цуьнан комаьршалла) хьуна тIехь доккха хилла ду].[17]

Кхин а аьлла лекха хинволчу Дала: [Уьш элчанаш бу, церах цхьаберш Оха базбина вукхарна тIехь; церах цхьаберш бу АллахI шайга вистхилла болуш; церах цхьаберш даржашкахь айбина Цо].[18]

ХIокху айатехь доьххьара хьахийна долу вазваро ша ма-дарра гойтуш ду цхьаболу элчанаш вукхерал базбина хилар; шолгIачо гайтина даржашкахь лакхабахарца уьш цхьаберш вукхерал беза хилар. Ткъа вайн пайхамар (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) лекха хинволчу АллахIа вазвина дуккха агIор.

 

1 – Церах доьххьарниг ю, иза массеран эла хилар. Цо аьлла (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна): «Со А́даман берийн эла ву, цу тIехь цхьаъа куралла а яц».[19]

Эла – шеца лаккхара куьцаш а, дика амалш а, гIиллакхаш а долуш верг ву. ХIокхо гойту иза церал шинне дахарехь (дуьненахь а, эхартахь а) веза хилар. Дуьненахь иза веза хилар цуьнан даккхий гIиллакхаш хилла хиларна ду. Эхартахь иза веза хилар – хIунда аьлча хуьлуш болу дика бекхам дикчу гIиллакхашна а, амалшна а, куьцашна а хуьлуш болу дела; ткъа, дуьненахь иза шен куьцашкахь а, амалшкахь а, дикчу гIуллакхашкахь а церал веза хилла хилча, эхартахь а веза хуьлу иза церал шен даржашкахь а, дозаллашкахь а.

Ткъа цо: «Со А́даман берийн эла ву, цу тIехь цхьаъа куралла а яц» - аьлла, нуьцкъала а, сийлахь а волчу Далла гергахь йолу шен меттиг шен умматана йовзийтархьама. Ткъа адамо шен дикаллаш дукхах долчу хьолехь кураллийна хьехош хуьлу дела, ша иза кураллийна хьахийна аьлла цакхетам болчарна дагада́н мегачунна некъ хадош тIетоьхна цо цул тIаьхьа: «..цу тIехь цхьаъа куралла а яц» аьлла.

 

2 – Оцу дозаллех ду цо (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) аьлла дерг: «Сан керахь хир ю Къемат дийнахь хастаман байракх; цхьаъа куралла а яц».[20]

 

3 – Оцу дозаллех ду цо (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) аьлла дерг: «А́дам а, цул тIаьхьа берш а сан байракх кIелахь хир бу Къемат дийнахь; цхьаъа куралла а яц».[21]

Пайхамаран (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) хир долчу оцу къаьсттина долчу хIуманаша гойтуш ду цуьнан даржан лекхалла. Ткъа, дозаллехь веза хилар бохучуьнан маьIна – дикаллашкахь а, даржашкахь а лекха хилар ду.

 

4 – Оцу дозаллех ду, лекха хинволчу АллахIа цунна довзийтина хилар, Ша́ цуьнан дерриге къиношна гечдина хилар, хьалхарчарна а, тIаьхьарчарна а. Кхечу пайхамарех цхьаьнгга а АллахIа и аьлла хилар дийцина дац кхин. Мелхо а, дийцина долчуьнга хьаьжча гуш дерг – царна цхьанна а иза хаийтина ца хилар ду, хIунда аьлча маьхьшаран майданахь Къемат дийнахь адамаша шайгара шафаIат дехча, царна дагадогIур ду шайгара доьжна хилла цхьацца хIума, цундела церах хIораммо эра ду: «Сан са, сан са…».[22]

Церах хIоранна а хууш делхьара шегара доьжначунна гечдина хилар, иза цунах кхоьруш хир вацара оцу меттехь. Ткъа, адамаша оцу меттехь вайн Пайхамаре (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) шафаIат дехча, цо эра ду: «Со ву цунна!».[23]

 

5 – Оцу дозаллех ду, иза (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) доьххьара шафаIат дийр дерг хилар а, доьххьара шена шафаIат дан пурба лур дерг хилар. Цо гойту иза къаьсттина хилар а, вазвина хилар а.[24]

 

6 – Оцу дозаллех ду, цо (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) ша́ тIаьхьа а теттина, шен уммат шел хьалхадаьккхина хилар. ХIора пайхамарна цхьа доIа делла хилла ду Дала, Ша́ билггал цунна жоп лур долуш. Кхиболчу пайхамарша массара а и доIа дина Деле шаьш дуьненахь долуш, ткъа вайн Пайхамара (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) и доIа лардина тIаьхьатеттина, шен умматана Къемат дийнахь цуьнца шафаIат дархьама.[25]

 

7 – Оцу дозаллех ду, лекха хинволчу АллахIа цуьнан дахарца дуй биъна хилар (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна). Цо аьлла: [Хьан дахарор (хьан оьмарор), уьш шаьш бехна хилар чохь (шайн хьекъалш дахийна долу тилар чохь) хьере хилла (нийсона тIехь совцуш боцуш) лелаш ма-бу].[26]

Дала цуьнан дахарца дуй баар Далла гергахь и дахар сийлахь хилар, деза хилар гойтуш ду; цуьнан дахар (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) шеца дуй баа до́гIуш хилар гойтуш ду, цунах массарна а хилла долу юкъара беркат а, цунна шена хилла долу къаьсттина беркат а бахьана долуш. Ткъа иштта Дала и дуй баар и воцучунна хилла дац (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна).[27]

 

8 – Оцу дозаллех ду, лекха хинволчу АллахIа Ша́ цуьнга кхайкхам бечу хенахь цуьнан лерам бина хилар. Цунна уггар дукха езачу цIарца кхайкхина Иза цуьнга, цуьнан уггар сийлахьчу куьцаца кхайкхина Иза цуьнца. Цо аьлла: [ХIай Пайхамар…],[28]  [ХIай Элча…].[29]

Ткъа и хIума кхечунна хилла дац цхьанна а, мелхо а кхиболчаьрга массаьрга а шайн цIерашца кхайкхам бина хилла бу. Лекха хинволчо аьлла: [ХIай А́дам, ва́ха хьо…],[30]  [ХIай Iийса, Марйаман кIант, ахь дийца Ас хьайна дина ниIмат (дика)],[31]  [ХIай Муса, бакъдолуш Со – АллахI ву],[32] [ХIай Ну́хь, хьо охьавосса маьрша хиларца],[33]  [ХIай Давуд, бакъдолуш Оха хьо дуьнена тIехь куьйгалла деш хилийтина…],[34] [ХIай Ибра́хIи́м, (хьайна гина) гIан кхочушдина ахь…],[35] [ХIай Лу́тI, бакъдолуш тхо хьан Делан геланчаш ду…],[36] [ХIай Закариййа́, бакъдолуш Оха кхаъбоккху хьоьга…],[37] [ХIай Йахьйа́, схьаэца Жайна…].[38]

Ткъа цхьанна а къайлах дац, элано шен цхьан лайне шена цуьнгахь карош долчу уггар дикчу а, лекхачу а куьцашца кхойкхуш хилча, ткъа вукхаьрга цхьаъа куц доцуш йолчу шайн цIерашца кхойкхуш хилча, оцу уггар дикчу цIерца а, куьцашца а цо шега кхойкхуш верг цунна уггар мехала хеташ хилар, цо еккъа шен цIарца кхойкхучул а иза цунна герга хилар. Нахана юкъахь девзаш хIума ду иза, цхьаьнга цуьнан уггар дикчу гIиллакхашца а, куьцашца а цIе йоккхуш кхойкхуш хилахь – иза вазвар а, цуьнан лерам бар а гойтуш хуьлу иза.

 

9 – Оцу дозаллех ду, пайхамарш бакъ хилар гойтуш церах хIоранна а Дала делла долу тоьшаллаш[39] дIадевлла, чекхдевлла хилар, ткъа хьалхарачеран а, тIаьхьарачеран а эла волчу вайн Пайхамарна (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) делла долу тоьшалла – сийлахь-деза Къуръан – Бекхаман (Къемат) де кхаччалц дуьссур долуш ду.

 

10 – Оцу дозаллех ду, тIулго Элчане (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) салам далар а,[40] дечиго (хено) цунна сагатделла аьзнаш да́хар а.[41] И санна хIума и воцучунна кхечу цхьаъа пайхамарна хилла дац.

 

11 – Оцу дозаллех ду, Дала цунна делла долчу оцу тоьшаллаш юкъахь кхечарна деллачарначул билгал дерг, чIогIа дерг хилла хилар ду, масала цуьнан пIелгаш юккъехула хи да́р.[42] Иштта оцу кепара и хи да́лар тоьшаллехь чIогIох ду тIулгах хи даккхарал а, хIунда аьлча цхьадолчу тIулгашна юккъехула хи до́гIуш хуьлу дела. Цундела, вайн Элчанан (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) пIелгаш юккъера хи да́ларан и тоьшалла чIогIох хилла ду Мусас (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) тIулга юкъара хи да́ккхарал.[43]

 

12 – Оцу дозаллех ду, Iийса пайхамара (Делера салам хуьлда цунна) бIаьрса дайна волчуьнан бIаьрса духадерзийна хилла хилар, ши бIаьрг шен меттехь а болуш; ткъа АллахIан Элчано (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) бIарг шен метта юхаберзийна хилла, шен меттара схьа а баьлла, бесне тIехула иза охьабаьллачул тIаьхьа.[44] Ткъа цу балхехь шина кепара «муIжизат» ду: цхьаъ – бIаьрг чура схьабаьллачул тIаьхьа юха шен меттехь дIахьаар ду; шолгIаниг – цуьнан бIаьрса дайначул тIаьхьа юха иза меттахIоттар а ду.

 

13 – Оцу дозаллех ду, Iийса пайхамара (Делан салам хуьлда цунна) шайн догIмашца беллачура денбина болчу на́хал дуккха дукха хилар вайн Пайхамара (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) керстаналлера иймане ба́лорца денбина болу нах. Ткъа оцу ийманан дахарх а, догIмийн дахарх а лаьцна дерг жимма тIаьхьа кхин а до́гIур ду.

 

14 – Оцу дозаллех ду, лекха хинволчу АллахIа хIора пайхамарна язбеш болу ме́л цуьнан умматан Iамалашка а, хьелашка а, дешнашка а хьаьжжина бу, оццу барамехь бу. Ткъа вайн Пайхамаран (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) уммат ялсаманин ах да́къа хир долуш ду.[45] Лекха хинволчу АллахIа хаийтина а ду, цуьнан уммат адамашна юкъахь уггар дика уммат хилар.[46] Ткъа уьш иштта дика хилар цаьргара Iилманаш а, церан дика хьелаш а, дешнаш а, Iамалш а бахьанехь ду. Ткъа Делан Элчано (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) гайтина долу, цо довзийтина долу, цо шега кхайкхина долу АллахIана герга вуьгучу муьлхха Iилманца а, хьолаца а, Iибадатца а, олучу дашца а Къемат де кхаччалц цуьнан уммат юкъара наха Iамал мел йо, Элчанна (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) цунах хуьлуш ял ю. Ткъа оцу дарже кхочуш кхин цхьаъа пайхамар вац. Хьадисехь а деана ду: «Делан кхоллар – Цо кхиош-кхобуш ду. Оцу кхолларна юкъара Цунна уггар дукха везарг – Шен оцу кхолларна уггар пайдане верг ву».[47] Оцу кеппара, Пайхамара (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) ялсаманин ах охIлунна пайда бина хилча, кхечу пайхамаршна эхан цхьана да́къанна пайда бина хилча, АллахIана герга хиларехь цуьнан меттиг а цо бинчу пайдане хьаьжжина йоккха хуьлу. Цхьаъа хIума хууш а, девзаш а, Iилма долуш а стаг вац цуьнан умматехь, шена хуьлуш берг санна болу ме́л Пайхамарна а хилла бен, Пайхамаран (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) шен хаамашна а, Iилманашна а хуьлуш болчуьнца цхьаьна. Цхьаъа дика хьал (Делах кхерар, Цуьнга догдахар а, иштта кхидIа долу деган а, синан а дика хьелаш) долуш стаг вац цуьнан умматехь, шена хуьлуш берг санна болу ме́л Пайхамарна а (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) хилла бен, цуьнан шен хьелашна хуьлучуьнца цхьаьна. АллахIана герга вуьгуш долу цхьаъа дош аьлла дац цуьнан умматера цхьана стага, цунна цунах хуьлуш берг санна болу ме́л Пайхамарна а хилла бен, цо ша́ аьлла долчунна а, цо шен кхайкхам дIакхачорна а цунна хуьлуш болчу ме́лаца цхьаьна. Нуцкъала а, сийлахь а волчу АллахIана герга вуьгуш йолу цхьаъа Iамал яц цуьнан умматера цхьана стага йина, хуьлийла иза ламаз, закат, лай маьршаваккхар, гIазот, дика хилар, дика дар, Дела хьахор, собаре хилар, къинтIера валар, иштта кхийолу муьлхха а дика Iамал, цунах цунна хилларг санна болу ме́л Пайхамарна а (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) хилла бен, цо ша́ йинчу Iамалийн ме́лаца цхьаьна. Цо гайтарца, цо тIенисварца, цуьнан умматера цхьа стаг кхаьчна долу цхьаъа лекха дарж а, еза меттиг а яц, цунах цунна хилларг санна болу ме́л Пайхамарна а (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) хилла бен, цуьнан шен даржех а, дозаллех а цунна хиллачу ме́лаца цхьаьна. ТIаккха и ме́л кхин а совболу цунна, цуьнан умматера цхьамма цхьа диканиг де аьлча, йа цхьа дика хIума юкъадаьккхича, и хIума дина волчу оцу стагана ме́л хуьлу цунах, цуьнца Iамал еш болчарна хуьлуш берг санна, тIаккха и оццул боккха хуьлуш болу ме́л вайн Пайхамарна а хуьлу (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна), хIунда аьлча цу дикчу гIуллакх тIе и нисвинарг а, иза довзийтинарг а, иза схьакхачийнарг а иза волу дела. Цундела вилхина Муса (Делера салам-маршалла хуьлда цунна), вайн Пайхамар (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) стигала хьалавигинчу буса, цуьнан диканаш оццул дукха долу дела, цунна хир болу ме́л а оццул дукха болу дела, цуьнан уммат юкъара ялсамане гIур берш шен уммат юкъарчерал дукха болу дела. Цуьнца хьагI йолуш ца вилхина иза, цуьнгара и дика дIада́ла лууш ца вилхина иза, цхьаболчу кхетам боцучу нахана ма-моттара. Цуьнан санна дарж шена ца хиларна вилхина иза, Делера салам-маршалла хуьлда цаьршинна шинна а.[48]

 

15 – Оцу дозаллех ду, лекха хинволчу АллахIа хIора пайхамар къаьсттина шен къомана вахийтина хилла хилар, вайн Пайхамар Мухьаммад (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) массо нахана а, жинашна а ваийтина хилар. ХIора пайхамарна ме́л бу цо шега Дала белла кхайкхам шен къоме дIакхачорна,  ткъа вайн Пайхамарна (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) ме́л бу, и шайна ваийтина болчаьрга массаьрга а цуьнан кхайкхам дIакхачарна, хуьлийла иза цо ша́ дIакхачийнарг, йа цуьнан умматера наха цуьнгара дIакхачийнарг. Цундела, цунна Ша́ дика дина хилар довзийтина лекха хинволчу Дала Шен хIокху дешнашца: [Тхайна лиънехь Оха вохуьйтур вара хIора юьртана кхерам лург].[49] Цунна Ша́ дика дина хилар довзийтина Дала кхузахь, хIора юьртана и санна кхерам лург вахийтина хиллехьара АллахIан Элчанна (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) ме́л хир бацара цуьнан цхьана юьртана кхайкхам дIакхачорна бен.

 

16 – Оцу дозаллех ду, лекха хинволчу АллахIа Мусага вистхилла хилар, иза ТIу́р ломахь а, (ТIува́ цIе йолчу) Езчу ТогIенехь а волуш.[50] Ткъа вайн Пайхамарга (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) вистхилла Иза, стигланашкахь уггар лекхачу меттехь, уггар тIаьххьарчу меттехь.

 

17 – Оцу дозаллех ду, Пайхамара (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) аьлларг: «Дуьненара адамех тIаьххьарнаш ду вай (вайн уммат, сан уммат), Къемат дийнахь хьалхарнаш а ду вай, кхечу кхолларел хьалха кхел чекх а ера ю вайн, ялсамани чу доьххьара гIура дерш а ду вай».[51]

 

18 – Оцу дозаллех ду, цо шен олалла (ша́ эла хилар) мел хьахадо, цунна Къемат денца цо доза тухуш хилла хилар. Иштта, аьлла цо (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна): «Со А́даман берийн (цуьнан тIаьхьенан) эла хир ву Къемат дийнахь; каш доьххьара шена тIера дIаделлалур дерг а хир ву; доьххьара шафа́Iат дийр дерг а хир ву; доьххьара шафа́Iат дан пурба лур дерг а хир ву».[52]

 

19 – Оцу дозаллех ду, цо (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) хаийтинарг, Къемат дийнахь массо адамаш цуьнан дикане догдохуш цуьнга доьрзур хирг хилар, ИбрахIим пайхамар а тIехь.[53]

 

20 – Оцу дозаллех ду, цо аьлларг: «Васи́лат» - иза ялсаманехь цхьа меттиг ю (дарж ду), лекха хинволчу АллахIан лайшха цхьана лайна бен хила йо́гIуш йоцу. Ас догдо́ху иза со хиларга. Ткъа суна и «василат» дехначунна сан шафаIат хир ду».[54]

 

21 – Оцу дозаллех ду, цуьнан уммат юкъара кхузткъеитт эзар стаг ялсамане гIура хилар, хьесап ца деш.[55] Ткъа иза и воцучунна хир ду аьлла дац.

 

22 – Оцу дозаллех ду ялсаманехь цунна делла долу Кавсар хи (татол) а,[56] Къемат дийнан майданахь цунна белла болу Iам а.[57]

 

23 – Оцу дозаллех ду, цо (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) аьлла дерг: «Вай тIаьххьарнаш а ду, хьалхе яьккхинарш а ду».[58] Заманахь тIаьххьарнаш а, дикаллашца а, даржашкахь а хьалхе яьккхинарш а.

 

24 – Оцу дозаллех ду, цунна (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) хIонс магийна хилар, ткъа цул хьалха цхьанна а магийна хилла яц иза;[59] цуьнан умматан (ламазан) могIанаш малийкийн могIанаш санна хилийтина хилар; дерриге дуьне (латта) цунна маьждиг (ламаз ден меттиг) хилийтина хилар, цуьнан лаьттаца цунна цIано йан магийна хилар.[60] Дала къаьсттина цунна а, цуьнан умматана делла долчу оцу хIуманаш гойтуш ду цуьнан даржан лакхалла а, иза шен умматах къахеташ хилла хилар а.

 

25 – Оцу дозаллех ду, лекха хинволчу АллахIа цуьнан гIиллакхаш а, амалш а хастийна хилар: [Бакъдолуш хьо доккха гIиллакх долуш ма ву].[61] Баккхийчарна цхьа хIума доккха хетар и хIума лелориг оцу хIумангахь кIорге йолуш хилар гойтуш ду, ткъа и доккха ду аьлларг баккхийчарна юкъахь уггар Воккханиг хилча муха хир ду иза?!

 

26 – Оцу дозаллех ду, лекха хинволчу АллахIа цуьнга Шен кхайкхам цуьнан кхаа некъаца белла хилар: бакъдолчу гIенаца а, юкъахь цхьаъа хIума доцуш вистхиларца а, Жабраилца а (Делера салам-маршалла хуьлда цунна).

 

27 – Оцу дозаллех ду, (Дала цунна делла долчу) цуьнан (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) Жайни (Къуръан) чохь Таврата чохь хилларг а, Инжил чохь хилларг а, Забу́р чохь хилларг а хилар а, тIаьххьара до́гIучу кегийчу сураташца иза совдаьккхина хилар а.[62]

 

28 – Оцу дозаллех ду, цуьнан (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) уммат Iамал йарехь шайл хьалха хиллачерал кIеззиг а долуш, ме́л хиларехь алсам а долуш хилар, нийса хьадисехь иза деана ма-хиллара.[63]

 

29 – Оцу дозаллех ду, нуьцкъала а, сийлахь а волчу АллахIа шега дуьненан хазнийн догIанаш а делла, тIаккха шена харжам бан бакъо елча, шена лаахь паччахь хила а, шена лаахь пайхамар а, Делан лай а хила а, Делан салам хуьлда цунна Жабраил малийкаца иза дагаваьлча, цо шега «Эсала хила хьо» аьлча, цо аьлла хилар: «Пайхамар, лай хир ву со, цхьана дийнахь меца Iийр ву со, вукху дийнахь вуьзна хир ву со. Ткъа сой мацвелча АллахIе кхойкхур ву со, ткъа сой вуьзча АллахIана (хастам барца) баркалла эра ду ас».[64] Ша́ халонехь волуш а, аттонехь волуш а, ша́ дика ловш хилча а, ша́ хало ловш хилча а АллахIаца воьзна хир ву ша́ бохург хилла цуьнан иза, Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна.

 

30 – Оцу дозаллех ду, лекха хиволчу АллахIа иза «Iаламашна къинхетам бина» ваийтина хилар, цундела Цо цуьнан уммат юкъара Iеса хиллачарна до́гIу таIзар сихдина ца хилар, уьш ларбархьама Цо иза тIаьхьатеттина хилар. Ткъа цул хьалха хиллачу пайхамаршца дерг иштта ца хилла – церан къаьмнаша уьш харцбича, харцвинчунна тIе сихонца таIзар доуьйтуш хилла.

 

31 – Амма цуьнан (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) гIиллакхаш а, цуьнан амалш а, иза кIеда-мерза хилар а, къинхетаме хилар а, къинтIера волуш хилар а, собаре хилар а, баркалла олуш хилар а, Дела доьхьа кIеда хилар а, иза шен доьхьа цкъа а оьгIаз вахана ца хилар а, иза хаза а, дика а гIиллакхаш кхочушдан веана хилар а, цуьнан эсалаллех а, иза шен Далла хьаставелла хиларх а, иза юучунна тIехь а, молучунна тIехь а, духарна тIехь а, хIусамехь а куралла йоцуш хилар а, цо юкъаметтиг лелор дика хилар а, цуьнан амал хаза а, дика а хилар а, шен умматаца иза догцIена хилар а, царна массо диканиг лууш хилар а, шен цIийнах берш иймане бахкийта цо къахьегна хилар а, АллахIан динна гIо деш, Цуьнан дош хьалаайдеш, Цуьнан кхайкхам дIакхачош цо къахьегна хилар а, шен махкахь а, махкал арахьа а, шен нахера а, уьш боцучаьргара а цо цу новкъахь халонаш ла́р а – цуьнан и дикаллаш цхьаерш АллахIан Жайни (Къуръан) тIехь йийцина ю, цуьнан гIиллакхаш а, амалш а, дикаллаш а юьйцуш долчу жайнашкахь а йийцина ю.[65]

 

32 – Амма иза кIеда хилла хилар хьахийна ду лекха хинволчу Дала хIокху Шен дешнашкахь: [АллахIера къинхетамца кIеда хилла хьо цаьрца; ткъа хьо вон (гIиллакх) долуш хиллехьара, дог шога долуш хиллехьара, уьш дIакъаьстар бара хьуна гонахара; къинтIера вала хьо цара, гечдар а деха ахь царна, дагаво́луш а хила хьо цаьрца; тIаккха (хьой церах дага а ваьлла) айхьа цхьана хIуманна тIехь сацам бича (шайн) болх АллахIан кера дIалуо ахь, бакъдолуш АллахIана бе́за (Шена) тIетевжарш].[66]

 

33 – Иза керстанахаца шога хилла хилар а, Делах тешачаьрца къинхетаме хилла хилар а хьахийна ду лекха хинволчу АллахIа хIокху айатехь: [Мухьаммад АллахIан элча ву; ткъа цуьнца берш (шайца тIом латточу) керстанахаца шога бу, шайн вовшашлахь къинхетаме бу].[67]

 

34 – Шен уммат Делах тешаш хилийта цуьнан чIогIа лаам хилла хилар, Делах тешачерах иза къахеташ хилла хилар, массерах а иза доглозуш хилла хилар хьахийна ду лекха хинволчу АллахIа хIокху айатехь: [Шуна веана элча, шух шайха волу; йазло цунна шуна хуьлу халонаш; тIаламе ву иза шуьца], шуна хало хилча хала хуьлу цунна; «тIаламе ву иза шуьца» шу Делах тешаш хилийта лууш, шу иймане дахкийта лууш; [АллахIах тешачерах (бусалба нахах) къахеташ а ву иза, (цаьрца) къинхетаме а ву иза].[68]

 

35 – Дала шега белла кхайкхам дIакхачорехь цо къахьегна хилар а, дан ма-дезза цо и декхар кхочушдеш хилла хилар а гуш ду лекха хинволчу АллахIан хIокху дашехь: [ДIаверза хьо церах (хьан кхайкхамна доьхьал буьйлучу керстанех, Iадбита ахь уьш), хьо бехке вац хьуна (Тхуна хьалха а, царна хьалха а, хIунда аьлча ахь хьайн декхар кхочушдина дела, кхайкхам ахь дIакхачийна дела)].[69] Ткъа цуьнгара цхьа кхачамбацар даьлла хиллехьара, бехк боккхийла хилла хир дара цуьнга, бехке хилла хир вара иза.

 

36 – Оцу дозаллех ду, лекха хинволчу АллахIа цуьнан уммат куьйгалхошна юкъахь нийсо йийриш санна хилийтина хилар. Лекха хинволчу АллахIа Шен лайшна юкъахь (Къемат дийнахь) кхиэл ечу дийнахь, хьалха хиллачу къаьмнаша а, умматаша а шайга кхайкхам кхаьчна хилар керстадича, Мухьаммадан (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) уммат схьакхойкхур ду Дала, тIаккха цара тешалла дийр ду, оцу къаьмнийн а, умматийн а элчанаша цаьрга кхайкхам дIакхачийна хилла хиларца.[70] Ткъа и хIума цхьаъа кхечу пайхамарна делла дац.

 

37 – Оцу дозаллех ду, цуьнан (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) уммат Дала лардина хилар, Шена гергахь нийса доцу хIуман нийса ду аьлла хетар тIехь цуьнан барт хиларх, харц долу хIума царна массарна нийса ду моттарх, хуьлийла иза динан баххаш ларалучу даккхийчу хIуманашкахь йа иштта доцучу кегийчу хIуманашкахь.[71]

 

38 – Оцу дозаллех ду цуьнан Жайна (Къуръан) Дала лардина хилар. Хьалхарнаш а, тIаьхьарнаш а цхьана а кхетта, цунна цхьа элп уьш тIетоха гIоьртича а, йа дIадаккха гIоьртича а, далур долуш хIума хир дацара иза цаьрга.[72] Ткъа, Таврат тIехь а, Инжил тIехь а хилла болу хийцамаш къайлах бац цхьанна а.

 

39 – Оцу дозаллех ду, цуьнан уммат юкъара Iамал къобал ца йинарг АллахIа хьулвеш хилар, Ша́ цуьнан Iамал къобалйина ца хилар къайладохуьйтуш хилар. Ткъа, хьалха хиллачара шаьш Далла герга дуьгуш йолу Iамалш еш хилла (масала, сагIа луш, гIурба дуьйш, иштта кхидIа а), тIаккха церах къобалйинарг цIеро юуш хилла, къобал ца йинарг яга ца йогуш юьссуш хилла, тIаккха и Iамал йинарг нахана хьалха юьхьIаьржа хIуттуш хилла. И санна долчу хIуманашна аьлла ду АллахIа: [Оха вахийтина ма вац (хьох) Iаламашна къинхетам бина бен].[73] Пайхамара (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) аьлла: «Со – совгIатана белла къинхетам бу».[74] «Со къинхетаман пайхамар ву».[75]

 

40 – Оцу дозаллех ду, Дала цунна шайн дешнаш кIеззиг а долуш, маьIна дуккха а долу дешнаш делла хилар, доцца долчу дешнашца нийсса оьшуш долу маьIна дIакхачо говзалла елла хилар,[76] мотт цIена хиларехь а, говза хиларехь а иза Iаьрбошна тIехь толаме хилла хилар.

 

41 – АллахIа иза (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) адамашна юкъара Шен пайхамаршна а, элчанашна а юкъахь вазвина хиларе терра, стигланан охIлунах долчу малийкашна юкъара Шен геланчашна тIехь а вазвина Цо иза. Ткъа, адамашна юкъара дозалла дерш беза лоруш бу малийкел а, лекха хинволчу АллахIа аьлла долу дела: [Бакъдолуш, АллахIах теша а тешна, дика Iамалш йинарш – уьш бу кхолларна юкъахь диканаш].[77] Ткъа малийкаш кхолларна юкъадогIуш ду.. АллахIах теша а тешна, дика Iамалш йиначарна юкъа ца догIу уьш кхузахь, уьш АллахIах тешна делахь а, цара дика Iамалш йина елахь а, хIунда аьлча и дешнаш лелорах девзаш хилла ду уьш адамашца доьзна хилар, хIунда аьлча и дешнаш аьлча доьххьара дагадогIурш адамаш долу дела.. Ткъа адамашна юкъахь дозалла дерш малийкел беза хилар девзича, пайхамарш (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда царна) уггар безанаш бу Делах тешначарна а, дика Iамалш йинчарна а юкъахь, хIунда аьлча пайхамарш хьахийначул тIаьхьа лекха хинволчу Дала аьлла долу дела: [Уьш хIора а Оха вазвина Iаламашна тIехь].[78] ХIокху айато гайтина уьш адамашна юкъахь уггар безанаш хилар а, уьш малийкел беза хилар а, хIунда аьлча малийкаш а Iаламашна юкъадогIуш долу дела.. Ткъа пайхамарш малийкел беза хилча, АллахIан Элча (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) пайхамаршна юкъахь уггар везаниг ву, цундела иза малийкашна юкъахь хьалхара долчерал а хьалхара ву. Оцу кеппара, малийкел шина даржехь веза ву иза, церал шина даржехь лекха ву иза, ткъа оцу шина даржан сийлахьалла а, дозалла а ша ма-дарра ца девза пайхамарийн мохIур хилла верг, элчанийн эла хилла верг дерриге Iаламашна тIехь вазвинчу АллахIана бен.

 ХIинца вай дийцинарш цхьадолу тешаллаш дара, цхьа кIеззиг долу буьртигаш дара, хьекъале волчо шайца тоам беш болу, цхьадолчерах а цунна тоам болуш долу.

АллахIе доьху вай Цуьнан къинхетамца а, Цуьнан комаьршаллийца а, Шен Элчанан некъана а, цуьнан суннаташна а, гучахь долчу а, къайлах долчу а цуьнан дерриге гIиллакхашна а, амалшна а тIаьхьада́зарехь вайн аьтто бар; Цо вайн цуьнан тобанах а, цунна гIо динчерах а хилийтар; бакъдолуш Иза массо хIуманна тIехь ницкъ кхочуш ву, жоп дала до́гIуш а ву. Ткъа вайн ницкъ а бац, гIора а дац, лекха а, воккха а волчу АллахIаца бен.

Йа АллахI, везан Дела, тхан эла волчу Мухьаммадах а, цуьнан охIлунах а, цуьнан асхьабех а хьайн къинхетам бе Ахь, Хьайгара царна маршалла а кхачаде Ахь, дуккха а, даиманна а.

Чекхдели жайна, хастам бу-кх АллахIана.

 


 

[1] Сурат «Ал-Бакъарат», 253 айат.

[2] Сурат «Ал-Исро́ъ», 55 айат.

[3] Бухарий, Муслим.

[4] Сурат «Ал-Бакъарат», 285 айат.

[5] Сурат «Ал-Бакъарат», 253 айат.

[6] Хьафиз Ибн Хьаджар, «Фатхьул-ба́ри́», 6/446.

[7] Сурат «Ал-Бакъарат», 253 айат.

[8] Сурат «Ад-Духьа́», 11 айат.

[9] Сурат «Ал-Къалам», 48 айат.

[10] Сурат «Ал-Ахькъо́ф», 35 айат.

[11] Имам ал-БагIавий, «Шархьус-суннахI», 13/204-206.

[12] Бухарий, Муслим.

[13] Имам Ибн Раджаб, «Ал-хьикамул-джади́рату бил-иза́IахI», 48, ал-Хьасан ал-Басрийн дешнийн маьIна.

[14] Сурат «Ан-Нисаъ», 69 айат.

[15] Бухарийс а, Муслима а дийцина иза.

[16] Шейх Iабдуррахьман ас-СаIдий, «БахIжату къулубил-аброр», 193.

[17] Сурат «Ан-Нисаъ», 113 айат.

[18] Сурат «Ал-Бакъарат», 253 айат.

[19] Ибн Ма́джахIас а, Ибн Хьибба́на а дийцина иза нийса исна́даца, хIокху дешнашца: «Со А́даман берийн эла хир ву Къемат дийнахь, цу тIехь куралла а яц; доьххьара шена тIера латта дIедаллалур дерг а, доьххьара шафа́Iат дийр дерг а хир ву со. Сан керахь хир ю хастаман байракх, цу кIелахь хир ву Адам а, цул тIаьхьа берш а».

[20] Ибн Ма́джахI.

ХIокху хьадисехь «хастаман байракх» аьлла хьахийнарг – вайн Пайхамар (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) шен Далла АллахIана уггар дукха а, уггар дика а хастам беш верг хилла дела цунна лур йолу байракх ю. ГIийла делахь а, цхьана хьадисехь деана ду: «Доьххьара ялсамане гIур берш массо хьолехь даим АллахIана хастам беш хилларш бу, байракх югIур ю царна, тIаккха ялсамани гIур бу уьш». Кхин а, гIийла иснадаца дийцина иштта хьадис а ду: «Ялсамане доьххьара кхойкхур берш дуккха хастам беш хилларш бу, шайна хазахета хIума хилча а, халахета хIума хилча а АллахIана хастам беш хилларш бу». И дешнаш СаIид ибн Джубайра (Дала къинхетам бойла цунах) аьлла хилла аьлла дийцина ду нийса иснадаца. АллахIана хастам баран и байракх вайн Пайхамарехь (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) хир ю, ткъа берриге кхиболу пайхамарш а, АллахI хестош хилла дерриге кхидолу адамаш а, доьххьарниш а, тIаьххьарниш а – уьш массо оцу байракх кIел хир бу, шайна хьалхаваьлла вайн Пайхамар Мухьаммад  а волуш (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна).
Нийса иснадаца дийцина кхин цхьа хьадис а ду, Къемат дийнахь кхел йина ца йолуш адам халчахIоттар чIагIделча, адамаш пайхамаршна тIеида доьлча, Деле кхел йина ялийтар дехахьара аьлла, тIаьххьара адамаш вайн Пайхамарна (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) тIекхочур ду, тIаккха Дала цунна хIетталц дагадаьхкина хилла доцу хастам баран дешнаш дагатосур ду, тIаккха цо цаьрца Далла хастам бийр бу сужуде вахана, тIаккха Дала цуьнан дехарийна жоп лур ду, аьлла.

Цхьаболчу Iеламнаха, хIинца вай дийцина долу и дозалла а, и санна долу цуьнан кхидолу дозаллаш а бахьанехь хир ду цунна и байракх йаларан бахьана аьлла. И дерриге дика хIуманаш шеца долу дела, Къемат дийнахь цуьнан уггар деза дарж а, уггар еза меттиг а хир йолу дела, иза и бахьана долуш хастаме волу дела, Дала цундела цунна лур йолу байракх ю иза аьлла цхьаболчу Iеламнаха. Ткъа хууш ма-хиллара, вайн Пайхамар Мухьаммад (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) санна хастаме адам дан а дац, йа хилла а дац, йа хир а дац, дуьненахь а, эхартахь а. Цигара схьа ю цуьнан цIе а, «Мухьаммад» а, «Ахьмад» а аьлла, «Дуккха хестаме верг» а, «Уггар хастаме верг» а аьлла маьIница.

Ткъа иза а, важа а хила йиш йолуш ду, нийса хила до́гIуш а ду, доьххьаралераниг чIо́гIо́ ду аьлла хеташ делахь а. И шиъ ший а цуьнан дозалла гойтуш ду, кхечеран хир доцу дарж цуьнан хирг хилар гойтуш ду.

[21] Ахьмад, Тирмизий.

[22] Пайхамара (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) доккха шафаIат дарх лаьцна Бухарийс а, Муслима а дийцинчу деха хьадисехь деана ду иза, иштта хIокху дешнашца:

«Къемат дийнахь адамийн эла хир ву со. Иза хIунда хир ду хаьий шуна иштта? АллахIа гулбийр бу хьалха хилларш а, тIаьхьа хилларш а, цхьана (йоккхачу, шуьйрачу) меттехь; бIаьрсино берриге лоцуш (гуш) хир бу уьш, кхайкхамхочо шен кхайкхам массарна цхьатерра дIахазош а хир бу царна. Малх герга балор бу (цу дийнахь), ткъа адамашка гIайгIа а, бала а хIуттур бу, цаьрга кхидIа лалур боцуш. Адамаша эра ду тIаккха: «Шайга хIоьттинарг ца го шуна?! Шайн Деле шафаIат дийр верг хIунда ца лоху аш?». ТIаккха адамаша вовшашка эра ду: «А́дам волчу даха деза шу». А́дам (Делера салам хуьлда цунна) волчу богIур бу уьш тIаккха, цуьнга эра ду цара: «Хьо адамийн да ву. АллахIа Шен Куьйга кхоьллина ву хьо, Шен долара Шен са а диллина Цо хьуна чу, малийкашка хьуна сужуд а дайтина цо, хьайн Далла хьалха́ шафаIат дехьа тхуна (тхо хIокху баланах кIелхьарадаха алий). Ца го хьуна тхоьгахь долу хьал? Цо го хьуна тхоьга хIоьттинарг?». ТIаккха А́дама эра ду цаьрга: «Бакъдолуш, сан Дела тахана оьгIаз вахана, хьалха Ша́ цкъаъа ца ваханчу кепара, йа тIаьхьа Ша́ цкъаъа гIур воцучу кепара. Цо суна ца магийнера диттана тIегIорта, ткъа со Цунна Iеса хилира. Сан са, сан са, сан са! Кхиверг волчу гIо́. Ну́хь волчу гIо́».

Ну́хь волчу богIур бу уьш тIаккха, цара эра ду цуьнга: «ХIай Ну́хь, дуьнена тIе доьххьара ваийтина элча ву хьо, АллахIа «баркалла олуш волу лай» аьлла цIе яьккхина а ву хьо, шафаIат дехьа тхуна хьайн Далла хьалха́. Тхоьгара хIара хала хьал ца го хьуна?!». Цо эра ду тIаккха: «Бакъдолуш, нуьцкъала а, сийлахь а волу сан Дела тахана оьгIаз вахана, хьалха Ша́ цкъаъа ца ваханчу кепара, йа тIаьхьа Ша́ цкъаъа гIур воцучу кепара. Ас сайн къомана доьхьал дина цхьа доIа дара сан… Сан са, сан са, сан са! Кхиверг волчу гIо́, Ибра́хIим волчу гIо́».

Ибра́хIи́м волчу богIур бу уьш тIаккха, цара эра ду цуьнга: «ХIай Ибра́хIим, хьо АллахIан пайхамар ву, дуьненан охIлунна юкъахь Цуьнан доттагIа а ву, шафаIат дехьа тхуна хьайн Далла хьалха́. Тхоьгахь долу хIара хала хьал ца го хьуна?!». Цо эра ду цаьрга тIаккха: «Бакъдолуш, сан Дела тахана оьгIаз вахана, хьалха Ша́ цкъаъа ца ваханчу кепара, йа тIаьхьа Ша́ цкъаъа гIур воцучу кепара. Доцург алар даьллера соьгара кхозза… Сан са, сан са, сан са! Кхиверг волчу гIо́ шу, Му́са́ волчу гIо́ шу».

Му́са́ волчу богIур бу уьш тIаккха, цара эра ду: «ХIай Муса, хьо АллахIан элча ву, Шен элчаналлийца а, Шен къамелаца а вазвина а ву хьо Цо кхечу нахана тIехь. ШафаIат дехьа тхуна хьайн Далла хьалха́. Тхоьгахь долу хIара хала хьал ца го хьуна?!». Цо эра ду тIаккха: «Бакъдолуш, сан Дела тахана оьгIаз вахана, хьалха Ша́ цкъаъа ца ваханчу кепара, йа тIаьхьа Ша́ цкъаъа гIур воцучу кепара. Сайга де́ аьлла доцу цхьа адам дийнера ас… Сан са, сан са, сан са! Кхиверг волчу гIо́ шу, Марйаман кIант Iийса́ волчу гIо́ шу».

Iийса́ волчу богIур бу уьш тIаккха, цара эра ду цуьнга: «ХIай Iийса, хьо АллахIан элча ву, хьо Цо Марйаме делла долу Цуьнан Дош а ду, Цуьнан долара са а ду. Бераллехь хьой жима волуш нахе вистхилла а ву хьо. ШафаIат дехьа тхуна хьайн Далла хьалха́. Тхоьгара хIара хала хьал ца го хьуна?!». Iийсас эра ду тIаккха: «Бакъдолуш, сан Дела тахана оьгIаз вахана, хьалха Ша́ цкъаъа ца ваханчу кепара, йа тIаьхьа Ша́ цкъаъа гIур воцучу кепара. Сан са, сан са, сан са! Кхиверг волчу гIо́ шу, Мухьаммад волчу гIо́ шу».

Мухьаммад волчу богIур бу уьш тIаккха, цара эра ду: «ХIай Мухьаммад, хьо АллахIан элча ву, пайхамарийн мохIур а ду (хьол тIаьхьа кхин пайхамар хир воцуш). АллахIан хьуна гечдина ду хьалха хилларг а, тIаьхьа хилларг а. ШафаIат дехьа тхуна хьайн Далла гергахь. Тхоьгахь долу хIара хала хьал ца го хьуна?!».

ТIаккха со дIаволалур ву, тIаккха Iарша кIел вогIур ву со. ТIаккха, нуьцкъала а, сийлахь а волчу сайн Далла суждане вужур ву со. Цул тIаьхьа АллахIа суна довзуьйтур ду Ша́ хесторан а, Ша́ вазваран а дешнаш, сол хьалха Ша́ цхьанна а довзийтина доцу. ТIаккха эра ду: «ХIай Мухьаммад! Хьалаайбе хьайн корта! Де́ха – дехнарг лур ду хьуна! ШафаIат де́ – шафаIат тIелоцур ду хьан!». ТIаккха ас сайн корта хьалаайбийр бу, тIаккха ас эра ду: «Сан уммат, хIай сан Дела! Сан уммат, хIай сан Дела! Сан уммат, хIай сан Дела!».

ТIаккха эра ду: «ХIай Мухьаммад! Хьайн уммат юкъара шайна тIехь хьесап дийр доцурш ялсаманин неIарех аьтту агIор йолчу неIарех чубахийта, кхечу неIаршкахула кхечу нахаца чубаха йиш йолуш а бу уьш».

И дийцинчул тIаьхьа, Пайхамара (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) аьлла: «Сайн са Шен керахь долчуьнца дуй ма буу ас, ялсаманин неIаран шина эха юкъахь йолу меттиг (ялсаманин неIаран шоралла) Маккийна а, Хьимйарна а юкъахь йолу меттиг санна, йа Маккийна а, Бусро́на а юкъахь йолу меттиг санна шуьйра ма ю». Чекхдели и хьадис. Хьимйар – Йеменехь таханлера СанIа́ъ гIала йолу меттиг ю. Бусро́ – таханлера Ше́махь (Сирехь) цхьа меттиг ю.

[23] Уьзза хьадис.

[24] Муслим, кхиберш а.

[25] Бухарийс а, Муслима а дийцина иштта хьадис: «ХIора пайхамаран доIа хилла ду, шена жоп луш долу. Цо и доIа дича, оцу доIийна жоп луш хилла ду, тIаккха цо дехнарг луш хилла ду цунна. Бакъдолуш, ас сайн доIа лардина хьулдина, Къемат дийнахь сайн умматана цуьнца шафаIат дархьама».

Хьалха хилла болчу пайхамарша массара и доIа дуьненахь дина хилла, цхьаболчара шайна дика доьхуш, вукхара шайна доьхьало йина шайн къаьмнаш хIаллакдар доьхуш, вукхара цхьа кхин хIума доьхуш. Ткъа вайн Пайхамара (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) и доIа шена ца деш лардина, Къемат дийнахь оцу доIанца шен уммат Деле дехархьама кхоийна. Цо гойту цуьнан дозалла доккха хилар а, цуьнан хьакъ цуьнан умматана тIехь доккха хилар, АллахIера къинхетам а, маршаллаш а, массо беркаташ а, диканаш а, лаккхара даржаш а, хестораш а хуьлда-кх цунна.

[26] Сурат «Ал-Хьиджр», 72 айат.

[27] Имам Ибн Каси́ра (Дала къинхетам бойла цунах) аьлла хIокху айатан тафсир (маьIна) деш: «Лекха хинволчу АллахIа дуй биъна Шен пайхамаран дахарца, АллахIан къинхетам а, массо диканаш а, беркаташ а, Цуьнан маршалла а хуьлда цунна. Ткъа иза – доккха сийдар ду, лекха меттиг а ю, боккха лерам а бу. Ибн Iабба́са (Дела реза хуьлда цунна) аьлла: «АллахIа цкъаъа кхоьллина дац цхьаъа хIума Мухьаммадал (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) чIогIа Шена гергахь сийлахь долуш. И воцучуьнан кхечуьнан дахарца Цо дуй бууш а хезна дац суна». «Мухтасар тафсир Ибн Касир», 2/315, Мухьаммад Iалий ас-Собуний.

[28] Къуръан тIехь 13 меттехь ду иштта айаташ, масала «Ал-Анфал» суратан 64, 65, 70 айаташкахь, иштта кхечу сураташкахь а ду.

[29] Сурат «Ал-Маидат» чохь шина меттехь бу Делера иштта кхайкхам, 41, 67 шина айатехь.

[30] Сурат «Ал-Бакъарат», 35 айат.

[31] Сурат «Ал-Маидат», 110 айат.

[32] Сурат «Ал-Къасас», 30 айат.

[33] Сурат «ХIуд», 48 айат.

[34] Сурат «Сод», 26 айат.

[35] Сурат «Ас-Соффат», 105 айат.

[36] Сурат «ХIуд», 81 айат.

[37] Сурат «Марйам», 7 айат.

[38] Сурат «Марйам», 12 айат.

[39] Тоьшалла бохучух кхузахь лууш дерг – Iаьрбийн маттахь «муIжизат» олург ду. Адамашка далуш доцуш, церан ницкъ кхочуш доцуш, Дала пайхамаршка дойтуш, йа царна хуьлуьйтуш долу хIуманаш ду уьш, масала Iийса пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) велларг денвар а, бIаьрзечуьнан бIаьрса юхадерзор а, иштта кхидIа. Вайн Пайхамаран (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) и тешаллаш вуно дукха ду, церах уггар доккханиг Сийлахь Къуръан ду. Оцу тешаллех лаьцна, уьш дерриге гулдеш Iеламнаха яздина жайнаш ду.

[40] Имам Муслима а, Тирмизийс а, кхечара а дийцина, Жабирера схьа (Дела реза хуьлда цунна), Делан Элчано (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) элира аьлла: «Бакъдолуш, Маккахь цхьа тIулг бевза суна, соьга элчаналла далале хьалха соьга салам луш хилла болу. Бакъдолуш, хIинца а бевзаш бу суна иза (стенгахь бу хаьа суна иза)».

Чохь са доцу хIума вайна хаарехь йист хуьлуш яц. Дала Ша́ хаьржина болчу Шен лайшна тешаллийна а, оцу тешаллашца уьш чIагIбархьама а, Шена луъучу кепара Шена луъург хуьлуьйтуш хилла ду, вайн кхетамехь иза хила йиш йолуш дацахь а. Цунах ду оцу тIулго Пайхамаре (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) салам далар. Ткъа вуьшта, Дала Къуръан тIехь боху вайга, массо хIума Ша́ вазвеш ду, Шена хастам беш ду, Шена тасбихь деш ду: [Иза вазвеш, Иза хестош, Цунна тасбихь деш ю стигланаш а, латта а, царна чохь дерг а. Цхьаъа хIума дац Иза хесторца Цунна тасбихь деш бен, делахь а шу ца кхета церан вазварх (церан тасбихьах). Бакъдолуш, Иза КIеда-мерза а, Гечдеш а верг ву]. Сурат «Ал-Исро́ъ», 44 айат.

[41] Пайхамаран (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) маьждиган бIегIий хурман диттан ханнашха дина хилла. Рузбан дийнахь ша́ хутIба дечу хенахь, оцу ханнех цхьана хена улло дIа а хIуттий, хьехам беш хилла цо. ТIаккха, цхьана зудчо аьлла цуьнга, хьо тIе дIахIоттийта минбар йийр ю оха хьуна, аьлла. ТIаккха и минбар схьаеъча, Пайхамар (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) цу тIехь хьехам бан хьалаволучу хенахь, эмкало шен жимчу кIорнийна сахьевзича аз доккхуш санна, оцу хено (хурман дечиго) боьлхуш санна аз даккха долийна, шена уллера Пайхамар (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) дIава́ларна, цо кхин шена уллехь Дела хьехор ца хиларна. ТIаккха Пайхамар (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) минбар тIера охьа а воьссина, оцу дечигана тIе а вахана, иза маралаьцна. Цо ша маралаьцча узамаш бечура сецна и хен. Пайхамара (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) аьлла тIаккха: «Ша́ иза мара ца лаьцнехьара Къемат де даллалц узамаш беш Iийр бара иза». И хьадис Бухарийс а, кхечара а дийцина ду, дуккха асхьабашкара схьа. Оцу дечиго Пайхамарна (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) сахьевзина, цо шена уллехь Дела хьехош хиларна сагатделла иштта узамаш бар – Пайхамаран (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) пайхамаралла бакъ хиларан тешалла а ду, цунна бен кхечунна хилла доцу хIума а ду, цундела цуьнан дозаллех цхьа дозалла ду иза.

[42] АллахIан Элчанан (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) пIелгаш юккъехула хи да́р дуккха болчу асхьабашкара дуккха хьадисашкахь дийцина ду, и хIума тайп-тайпана йолчу дуккха меттигашкахь хилла а ду, Шейх Алба́нийс ма-аллара. Церах цхьадерг Бухарийс а, Муслима а дийцина ду. Анаса (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, шаьш Элчанца (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) цхьанхьа гIазоте дахана новкъахь а долуш, малхбуза ламазан хан тIехIоьттира шайна аьлла. ТIаккха наха ламаз эца хи лехна шайна гонаха, амма царна иза ца карийна. ТIаккха, цхьана хIуман чохь Пайхамарна (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) хи деана хилла цара, шайгахь хиллачух, цуьнга ламаз эцийта. Цо тIаккха оцу хIуманчу шен куьг диллина, тIаккха цу чура хица ламаз эца аьлла цаьрга. Кхузткъеитт стаг хилла уьш цигахь хилларш, цара массара а оцу жимчу хIуманчура ламаз эцна. Анаса боху: «Цуьнан пIелгаш бухара хи хьаладуьйлуш гира суна. Наха ламаз а ийцира массара, тIаьххьарчуьнга кхаччалц».

[43] Кхузахь дуьйцург Дала Мусанна делла хилла и тоьшалла ду. Мусас (Делера салам хуьлда цунна) Деле шен нахана хи дехна хилла. Дала цуьнга хьайн керара гIаж цхьана тIулгах тоха аьлла, тIаккха цо и дича, цу юкъара шийтта шовда доладелла. Сурат «Ал-Бакъарат» тIехь 60 айатехь ду и дийцар. Муса (Делера салам хуьлда цунна) пайхамар хилар гойтуш Дала цунна цуьнан нахана хьалха́ делла долчу тоьшаллех цхьаъ хилла иза.

Цундела боху Имам Iиззудди́на, тIулгаш юккъехула хиш дуьйлуш хилар вайна хууш девзаш ду, Мусас гIаж тоьхначунна юккъера иза цо и тохале до́луш ца хиллехь а. Ткъа пIелгашна юккъера, адаман дегIах оцу кепара хи до́гIуш дац, цундела, и хи да́ларан тоьшалла Мусанна а, вайн Пайхамарна а цхьатерра делла хиллехь а, вайн Пайхамарниг чIогIох ду Мусанна деллачул а. Делера салам-маршалла хуьлда цаьршинна шинненна.

[44] Абу ЙаIла́с а, Абу НуIайма а дийцина, Къата́датера схьа (Дела реза хуьлда цунна), цхьахаболчу тIамехь цуьнан бIаьрг лазийна хиллера аьлла. Кхеттачу чIуно цуьнан йоIбIаьрг (зрачок) бIаьрг болчу меттера араяьккхина хилла, бесне тIехула охьаоллаелла кхозуш хилла иза. ТIаккха иза дIахадо дагадеана царна. Делахь а, цкъа доьххьара Пайхамарна (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) гайта веза иза аьлла, цунна тIевигина цара иза. ТIаккха, Пайхамара (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) шен куьйгаца шен метте чунисбина цуьнан бIаьрг. Цул тIаьхьа, ур-атталла шен муьлха бIаьрг лазийна хиллера а хаалуш ца хилла цунна, цхьаъа хIума хила а ца хилча санна цуьнан бIаьрг туобелла дела.

[45] Бухарийс а, Муслима а дийцина, Делан Элчано (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) элира аьлла: «Ас догдоху, шу ялсаманин доьалгIа да́къа хиларга». Асхьабаша «Алло́хIу акбар» аьлла тIаккха. Пайхамара (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) аьлла: «КхоалгIа да́къа хиларга». Асхьабаша юха а «Алло́хIу акбар» аьлла. ТIаьххьара, Пайхамара (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) аьлла: «Ялсаманин ах да́къа хиларга догдоху ас шу». Асхьабаша юха а такбир дина, «Алло́хIу акбар» олуш.

[46] Сурат «А́л Iимро́н», 110 айат.

[47] ХIара хьадис чIогIа гIийла хьадис ду аьлла Шейх Алба́нийс. Цуьнан меттана кхузахь хьахо мегар долуш ду аьлла цо нийса хьадис, уьзза маьIна долу: «Адамашна юкъахь уггар диканиг – адамашна уггар пайде верг ву». Иза нийса хьадис ду, Шейх Албанийс ма-аллара.

[48] Пайхамар (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) стигал хьалаваккхарх лаьцна Бухарийс а, Муслима а дийцинчу хьадисехь деана ду иза: «…тIаккха со ялхолгIачу стигала хьалавигира… тIаккха со цига хьалакхаьчча, Муса вара цигахь. Жабраила элира: «ХIара Муса ву», тIаккха цуьнга салам делира цо, аса а салам делира цуьнга, цо салам схьаийцира. ТIаккха элира цо: «Марша вогIийла дика ваша, дика пайхамар». Тхо шена тIехдевлча, вилхира иза. Хаьттира цуьнга, «хIунда воьлху хьо?» аьлла. Цо элира: «Со воьлху, хIунда аьлча со тIаьхаь ваийтинчу жимчу стеган умматера ялсамане гIур берш сан умматера ялсамане гIура болчерал дукха хиларна».

[49] Сурат «Ал-Фуркъон», 51 айат.

[50] И лам а, тогIе а Мисрехь (Египтехь) ду, Синай цIе йолчу ахгIайре тIехь.

[51] Муслим, Насаий, Ибн Ма́джахI.

[52] Муслим. Пайхамаран (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) олалла дуьненахь а, эхартахь а ду, доьххьаралера дозаллехь Имам Iиззудди́на ма-дийццара. Ткъа, Пайхамара (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) ша и олалла хьахочу хенахь иза даим Къемат дийцана дузуш хилла хилар цуьнан дозалла доккха хилар гойтуш ду, хIунда аьлча бакъдолу олалла эхартахь дерг долу дела, иза уггар доккханиг а, уггар дезаниг а, уггар коьртаниг а долу дела.

[53] Кхиэл йина ялийта аьлла цо Доккха шафаIат дарга догдохур хилар ду кхузахь луург, цунах лаьцна долчу деха хьадисехь ма-дарра.

[54] Имам Муслима дийцина иза, иштта хIокху дешнашца: «Шайна моллакхойкхуш хезча, цо ма-аллара цунна тIаьхьара ала аш, тIаккха суна салават дилла аш, бакъдолуш суна цкъа салават диллинчунна Дала иттозза салават дуьллур ду (къинхетам бийр бу цунах). ТIаккха, суна «василат» (ялсаманера еза меттиг) еха аш суна, бакъдолуш иза ялсаманехь цхьа меттиг ю…».

[55] Цунах лаьцна даьхкина дуккха хьадисаш ду, шина «Сахьихь» тIехь а, вукху жайнашкахь а, масийтта асхьабера схьа, шейх Албанийс ма-аллара. Церах ду, масала, Абу Ума́матера схьа (Дела реза хуьлда цунна) дийцинарг, Пайхамара (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) элира аьлла: «Сан Дала суна ваIда дина (хуьлуьйтур ду аьлла), сан уммат юкъара кхузткъеитт эзар стаг хьесап доцуш, Iазап доцуш ялсамане вохуьйтур ву аьлла; церах хIора эзарца кхин кхузткъеитт эзар хир ву. Кхин а (оццул) кхозза сан Дала чубохуьйтур берш а хир бу». Тирмизийс а, Ибн МаджахIас а, Ахьамада а дийцина ду иза; ткъа цуьнан тIаьххьарчу аламах лууш дерг Iеламнаха иштта ду аьлла: и 70 эзар а, церах хIора эзарца хир волу 70 эзар а, церал сов кхин багарбина ца валлал дуккха берш а хир бу уьш.

[56] Къуръан тIехь уггар жима сура оцу хин цIарца ду, сурат «Ал-Кавсар». Цуьнан хьалхара айатехь аьлла лекха хинволчу АллахIа: [Бакъдолуш, Оха хьуна делла Кавсар]. Кавсар бохучу оцу дешан маьIна шина кепара деана ду хьадисашкахь, цхьаъ Пайхамарера схьа (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна), шолгIаниг Ибн Iаббасера схьа (Дела реза хуьлда цунна).
Бухарийс дийцина, Пайхамара (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) элира аьлла: «Со ялсамани чохь воьдуш волуш, цхьа хи (татол) гира суна, цуьнан шина агIонашкара четарш жовхIарех дина дара. Ас хаьттира: «ХIара хIун ю, хIай Жабраил?» Цо жоп делира: «ХIара хьан Дала хьуна делла долу Кавсар ду». Ткъа цуьнан латта чIогIа хаза хьожа йогIучу миск-IатIарх дара».

Тирмизийс а, Ибн МаджахIас а дийцина, Пайхамара (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) элира аьлла: «Кавсар – ялсамани чура хи (татол) ду. Цуьнан ши йист деших ю, иза дIадоьду меттиг (цуьнан бух) жовхIарех бу, цуьнан латта миск-IатIарал хаза хьожа йогIуш ду, цуьнан хи мозал мерза ду, лайл шийла ду».

Кхин а дийцина Бухарийс, Ибн Iаббаса (Дела реза хуьлда цунна) аьлларг: «Кавсар – иза АллахIа цунна делла долу дуккха дика ду». Ибн Iаббасера Iилма схьаэцна волчу СаIиде хаьттина хилла: «Цхьана наха иза ялсамани чохь хи (татол) ду ма боху?!». СаIида (Дала къинхетам бойла цунах) аьлла: «Ялсамани чохь долу хи АллахIа цунна деллачу дуккха диканах ду».

[57] Дала вайн Пайхамарана (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) белла болу Iам – иза боккха Iам бу, хи молу меттиг ю. Къемат дийнан майданашкахь хир бу иза, ялсамани чура Кавсар хих хIоьттина а хир бу иза. Мухьаммад пайхамаран (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) умматера нах богIур бу цу тIе, цуьнан хи мала. Цуьнан куц иштта ду: шуьрел кIай бу иза, лайл шийла бу иза, мозал мерза бу иза, миск-IатIарал хаза хьожа йолуш бу иза, чIогIа боккха а бу иза. Шораллехь а, бахаллехь а цхьатерра бу иза. Цуьнан хIора агIо баттахь некъ балла ю. Ялсамани чура хи тIедогIуш йолу шиъ хидогIийла ю цуьнан, ткъа цуьнца йолу хи молу пхьегIаш стигларчу седарчел дукха ю. Цу чура цкъа хи мелларг цул тIаьхьа цкъаъа хьаглур вац. Вайн Пайхамара (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) аьлла: «Сан Iам баттахь некъ балла бу, цуьнан хи шуьрел кIай ду, цуьнан хьожа миск-IатIарал хаза а, цIена а ю, цуьнан кIудалш стиглара седарчий санна дукха ю, цу чура хи мелларг цкъаъа хьаглур вац». Бухари.

[58] Муслим.

[59] Имам Ахьмада дийцина, Пайхамара (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) элира аьлла: «Пхи хIума делла суна (Дала), сол хьалхара цхьаъа пайхамарна делла доцу. ЦIечунна а, Iаьржачунна а (беснаш, тайпанаш, къаьмнаш, мехкаш ца къестош, дерриге адамашна элча а, пайхамар а вина) ваийтина ву со; (дерриге) латта ламаз ден меттиг хилийтина а, цIена лерина а ду суна; хIонс хьанал йина магийна ю суна, сол хьалха цхьанна а магийна хилла а яц иза; цхьа бутт хьалха кхерам тасарца гIо дина а ду суна – цхьана баттахь некъ бечу барамехь мостагI кхерало сох; «Дие́ха – дехнарг лур ду хьуна» аьлла а ду соьга, ткъа ас сайн дехар кхоийна сайн умматана Къемат дийнахь шафаIат дархьама, АллахIаца цхьанне хIуманца накъост ца винчунна шуна кхочур долуш а ду иза, лекха хинволчу Дала мукъа лахь». И доцург кхин а ду и маьIна долу нийса хьадисаш, шейх Албанийс ма-аллара.

[60] Муслима дийцина Хьузайфатера схьа (Дела реза хуьлда цунна), Пайхамара (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) элира аьлла: «Адамашна тIехь кхаа хIуманца даздина ду вай: вайн могIанаш малийкийн могIанаш санна хилийтина ду, дерриге дуьне (латта) вайна маьждиг (ламаз дан мегаш йолу меттиг) хилийтина ду, цуьнан лаьттаца вайна цIано йан магийна ду, вайна хи ца карийча». Лаьттаца цIано йар бохург – тема дар ду, тайаммум дар ду. Оцу хьадисехь латтанах лаьцна долчу лаьцна Iеламнаха аьлла: «Хьалха хиллачу умматашна мегаш ца хилла лаьтта тIехь муьлхха меттехь ламаз дан. ХIунда аьлча и хIума къаьсттина АллахIан Элчанна (Мухьаммадна) (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) делла ду, цунна а, цуьнца цхьаьна цуьнан умматна а. Хьалха хилла болчу пайхамарша а, умматаша а ламаз дар нийса лоруш ца хилла къаьсттина Iибадат дечу меттигашкахь бен, хуьлийла уьш килсанаш, йа кхийолу къаьсттина меттигаш. Дерриге лаьтта тIехь ламаз дан бакъо елла ца хилла царна. ТIаккха хIара уммат деана, цуьнан ламаз нийса лерина ламазана динчу маьждигашкахь дича а, лаьтта тIера муьлхха меттехь дича а. Цундела, муьлхха стагана тIе ламазан хан хIоттахь, хуьлийла иза новкъа воьдуш волуш, йа цхьанхьа Iаш волуш, тIаккха цунна маьждиг ца карадахь – цунна (Дала) делла долу маьждиг ду цуьнан: лаьттан букъ. Нагахь санна цунна (ламаз иэца) хи ца карадахь – латта ду цунна (тайаммум дарца) цIано йан, шена тIехь ламаз а дан. Цуьнан маьIна: ламаз ца деш кIелхьара волуьйтуш вац цхьаъа; ма олийла цо «маьждиг дац», хIунда аьлча маьждиг долуш ду цунна; ма олийла цо «ламаз иэца хи дац», хIунда аьлча цIано йен (латта) долуш ду цунна. Иштта, цхьаъа бехказло яц цхьанна а, иза миччахь хиларх, ламаз ца дан, хIоьттина лаьтташ маьждиг дацара аьлла, йа цIано йан хи дацара аьлла. Иза мичча меттехь хиларх маьждиг а ду цунна: лаьттан букъ; цIано йийриг а ду цунна: вайна гуш йолу лаьттан тIехуле». Шейх IатIиййахI Са́лим, «Шархь булугIил-маро́м», 34/5.

[61] Сурат «Ал-Къалам», 4 айат.

[62] ТIабаранийс а, ТIайа́лисийс а, ТIахьа́вийс а, Ибн МандахIас а дийцина нийса иснадаца, АскъаIан кIантера Ва́силатера схьа (Дела реза хуьлда цунна), Пайхамара (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) элира аьлла: «Тавратан меттана (Къуръан тIера) ворхI деха сурат делла суна, Забуран меттана шайн айаташ цхьа бIе йа кхин а сов долу сураташ делла суна, Инжилан меттана (дехачерал дукха) юх-юха доьшуш долу сураташ делла суна, тIаьххьара догIуш долу кегий сураташ совдахарца ваз а вина со». ХIара хьадис нийса ду аьлла Шейх Албанийс. Ткъа оцу хьадисехь дуьйцучу суратех лаьцна аьлча, Къуръанан сураташ диъ декъе декъалуш ду аьлла Iеламнаха.

1. Хьалхара да́къа – деха ворхI сурат ду: «Ал-Бакъарат», «А́л Iимро́н», «Ан-Ниса́ъ», «Ал-Ма́идат», «Ал-АнIа́м», «Ал-АIро́ф»; уьш ялх ду, ткъа ворхIолгIаниг цхьаболчу Iеламнаха «Ал-Анфа́л» ду аьлла «Ат-Тавбат» суратца цхьаьне, хIунда аьлча цаьршинна юкъахь «бисмилла» доцу дела, ткъа вукхара и ворхIолгIаниг «Юнус» цIе йолу сурат ду аьлла.

2. ШолгIа да́къа – оцу ворхIаннал тIаьхьадогIуш долу сураташ ду, айатийн барамехь церал кIеззиг долу, шайн айаташ цхьа бIе йа кхин а сов, йа цхьажимма кIеззиг долу. «БIе айат дерш» олу церах.

3. КхоалгIа да́къа – церал тIаьхьа догIу, бIе айатал кIеззиг айаташ долу сураташ ду. Уьш юх-юха дешар дехачерал алсам хуьлу дела, «юх-юха доьшурш» олу церах.

4. ДоьалгIа да́къа – церал тIаьхьа догIурш ду, шайл хьалхарчаьрца дуьстича кегий сураташ ду. «Ал-Хьужуро́т» сурат тIера дуьйна Къуръан чекхдаллалц дерш ду уьш, Имам Нававийс ма-аллара. Оцу хьадисехь Пайхамара (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) шена совнаха даларца ша́ вазвина ву бохурш хIорш ду. Сураташ кегий хиларна, уьш доькъуш юкъадалош долу «бисмилла» хIокху да́къана юкъахь дукха хиларна, «декъна долу» да́къа йа сураташ олу церах. Ткъа хIокху тIаьххьарчу да́къана юкъара сураташ а кхаа де́къе декъалуш ду: деханаш а, юккъера барамехь дерш а, доцанаш а. Деханаш «Ал-Хьужуро́т» тIера «Ал-Буру́ж» тIекхаччалц дерш ду; юккъера барамехь дерш «Ат-ТIо́рикъ» сурат тIера «Ал-Баййинат» тIекхаччалц дерш ду; доцанаш «Иза зулзилат» тIера Къуръан чекхдаллалц дерш ду.
Шейх Хьасан Аййуб, «Ал-хьадис фи Iулумил-къуръани вал-хьадис», 19 агIо; иштта кхидолу жайнаш а.

[63] И маьIна долу хьадис дийцина Бухарийс.

[64] И маьIна долу хьадис дийцина Тирмизийс, иза дика (нийса) ду а олуш.

[65] Оцу кепара долчу жайнех уггар гIарадаьлла девзаш дерг а, Iамош дерг а Имам Тирмизийн жайна ду, «Аш-шама́илул-мухьаммадиййахI» (Мухьаммадан амалш, гIиллакхаш, дикаллаш) цIе йолуш долу.

[66] Сурат «А́л Iимро́н», 159 айат. Ухьудехь тIом хиллачул тIаьхьа, цхьаболчу наха Пайхамара (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) аьлларг лар ца дар бахьана долуш царна юкъахь байъарш хиллачул тIаьхьа доьссина ду и айат. И хала хьал тIехIоьттича, иштта кIеда хилира хьо цаьрца, дика хилира хьо цаьрца, ткъа иза Делан къинхетамах дара, иза нийса дерг а дара, иштта ца хиллехьара вон хир дара. Цундела, кхидIа а иштта дика хила хьо, царна гечдар доьхуш а хила хьо, хьо Мединатал арахь тIом бан лууш хилла воццушехь, церах хьо дагаваьлча царна тIом арахь бан а лиъна, хьо цара аьллачунна тIе а веана, тIаккха церах цхьаболчара ахь бохург лар а ца дина, шуна хилларг хиллашехь, кхидIа а дагаволуш хила хьо цаьрца, дагавалар Iад ма дита ахь цаьрца, цаьрца хьой цкъа дагаваьлча, ахь цкъа цара бохург дича хьуна ма-хетта и гIуллакх ца нисделлера алий тIейогIучу хенахь дага ца волуш ма Iе хьо. Иштта и маьIна ду оцу айатан.

[67] Сурат «Ал-Фатхь», 29 айат.

[68] Сурат «Ат-Тавбат», 128 айат.

[69] Сурат «Аз-За́рийа́т», 54 айат.

[70] Абу СаIид ал-Худрийс (Дела реза хуьлда цунна) аьлла: «АллахIан Элчано (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) элира: «(Къемат дийнахь) пайхамар вогIур ву шеца ши стаг волуш; кхин пайхамар вогIур ву шеца кхоъ волуш, йа цул сов волуш, йа кIеззиг волуш.. ТIаккха цуьнга эра ду: «ДIакха́чийрий ахь (кхайкхам) хьайн нахе?». Цо эра ду: «ХIаъ, кхачийра». Цуьнан нах схьакхойкхур бу тIаккха, цаьрга хоттур ду: «ДIакха́чийрий цо шуьга?». Цара эра ду: «ХIан-хIа». Цуьнга эра ду тIаккха: «Теш мила хIуттур ву хьуна?». Цо эра ду: «Мухьаммад а, цуьнан уммат а». ТIаккха схьакхойкхур ду Мухьаммадан уммат, тIаккха хоттур ду цаьрга: «ДIакхачийний хIокхо?». Цара эра ду тIаккха: «ХIаъ, кхачийна». Хоттур цаьрга тIаккха: «Шуна стенгара девза иза?». Цара эра ду тIаккха: «Тхан пайхамара дийцина иза тхуна, элчанаша (шайн кхайкхам) дIакхачийна аьлла, тIаккха оха бакъдина тIелаьцна иза». И ду и лекха хинволчу АллахIа аьлларг: [Иштта Оха шу хилийтина юккъера уммат (нийсона тIехь долуш, харцахьа доцуш); адамашна тIехь шу тешаш хилархьама а, Элча шуна тIехь теш хилархьама а]». Ахьмада а, Наса́ийс а, Ибн Ма́джахIас а дийцина иза, нийса хьадис а ду иза, Шейх Албанийс ма-аллара.

[71] И маьIна долу хьадис дийцина Тирмизийс а, Хьакима а.

[72] ТIехь хийцамаш бина долу Къуръан цхьаьнга арахецалур дац бохург дац цуьнан маьIна. Къуръанан нийса бух ца буьссуш, Таврат а, Инжил а санна шен бухехь дуьйна хийцинарг бен кхин Къуръан доцуш хир дац цкъаъа бохург ду иза. Оцу кепара хийцарх Къуръан лардар Дала Шена тIелаьцна ду, цундела Дала Пайхамарна (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) тIе ма-доссора лаьттар долуш ду хIара вайн уммат дуьнена тIехь кхачоллалц, Къемат де даллалц.

[73] Сурат «Ал-Анбийа́ъ», 107 айат.

[74] Хьакима дийцина иза, нийса хьадис а ду иза. Iеламнаха аьлла цуьнан маьIна деш: АллахIа массарна совгIатана белла къинхетам бу иза, дерриге кхолларна Дала белла къинхетам бу иза АллахIах тешаш волчу бусалбанна а, цунах тешаш воцучу керстанна а, цуьнан къиношна хьесап дар тIаьхьататтарца а, цунна таIзар дар сих ца дарца а, иштта кхидIа а. Оцу кеппара, АллахIа къинхетам бина цуьнца массо нахана, бусалбанех а, керстанех а. Ткъа совгIат бохург – ишттанехьа деш долу хIума ду, Далла Ша́ цунах и совгIат дарца цаьргара Шена дезаш цхьаъа хIума дац, хIунда аьлча Цо иза къинхетам бина делла ду, цунах шех къинхетам хилийтина делла ду. Пайхамар (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) ша́ шен хиларца къинхетам хилла бу, цуьнан дерриге куьцаш къинхетам хилла бу, цуьнан дерриге гIуллакхаш къинхетам хилла бу, иза ша́ верриге къинхетам хилла бу.

Ур-атталла цо тIом бар а, цунна Дала тур далар а къинхетам хилла бу, хIунда аьлча туьро а, тIамо а адамаш дерриге хIаллак ца до, ткъа хьалха хилла болу пайхамарш харцбинарш берриге хIаллакбина дIабохуш хилла цкъа тIедоуьйтуш долчу таIзарца. Цуьнца дуьстича иза къинхетам хилар билггал гучудолу Пайхамара (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) динчу дерриге тIемашкахь мас адам делла хьаьжча: бусалба нахах 317 (кхобIе вуьрхIийтта) адам, керстанахах 439 (диъбIе ткъе-ткъесна) адам, тешнабехк бар бахьана долуш байъина болу жуьгтий ца лерича; оцу кеппара, бусалба а, керста а цхьаьнатоьхча – 756 (ворхIбIе шовзткъе-ялхийтта) адам. И ду оцу 10-11 шарахь хиллачу дерриге тIемашкахь шинне агIор деллачу адамийн жамI. (Оцу терахьах лаьцна: «ШубухIатул-мушаккикин», Визаратул-авкъофил-мисриййахI).

[75] Къайсан кIанта IабдуллахIа дийцина: «АллахIан Элчано (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) тхуна шен цIерш ехира, церах цхьаерш тхуна дагахь а лаьттира. Цо элира: «Со Мухьаммад ву, со Ахьмад ву, со ТIаьхьа вогIург ву, Тоба даран пайхамар а ву, Къинхетаман пайхамар а ву». Муслима дийцина иза. «ТIаьхьа вогIург ву» бохург – сайл хьалха хиллачу пайхамарийн ларшна тIахьа вогIург ву со, церал тIаьхьа вогIург ву со, тIаьххьара пайхамар ву со бохург ду.

[76] И маьIна долу хьадисаш ду дийцина, Бухарийс а, Муслима а, БайхIакъийс а, ДарукъутIнийс а, Абу Давуда а, Iабдурразза́къа а, кхечара а; цхьаболчара доьххьарниг дийцина, вукхара шолгIаниг дийцина.

[77] Сурат «Ал-Баййинат», 7 айат.

[78] Сурат «Ал-АнIа́м», 86 айат.