Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Кхетам

Доьзал

ГIиллакх

Iелам-нах

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

 

Шеран ойланийн жамI

 

 Олхазар

ДIадаханчу 2012-чу шарахь яздинчух а, аьллачух а цхьадерг

 

https://www.facebook.com/dinulislam.org

 

26.01.2013

 

 




 

Делах тешар, Деле верзар, доIа

Хьадис

Асхьабаш

Iеламнах

Имам Бухарийн дахарера пайданаш

Ешар

Iилма, дешар

Ойла (йар), кхетам

Доьзал

Бусалба динан доьхьа къахьегаран майда

ГIиллакх-оьздангалла

МаьIна хIун ду цуьнан?

Кхидерг

 

 

 

 
 

 

 

Дог ма дилла, юха а ма вала

Цкъаъа дог ма диллалахь.. Делан къинхетам доза доцуш шорта бу хьуна. Цкъаъа юха ма валалахь.. Дела массо хIуманна тIехь ницкъ кхочуш ву хьуна.

 

 

Хастам бу Хьуна

Йа АллахI, Хьох тешна тхо, Хьуна муьтIахь а хилла тхо... Хастам бу-кх Хьуна Везан Дела!

 

 

Нийса некъа тIехь

АллахIу акбар... Хьаййа Iалал-фалахь... Дийнахь пхоьазза само йеш низам хIоттийна вайна Дала, Ша вай ойла еш долчу массо хIуманал воккха вуй дагадоуьйтуш, хIара дахар ловзар доций а, декъала хиларна хIоттийна некъ буй а хоуьйтуш. Цу некъахь дуй-те вай? Цунах само хуьлий-те вайна? Хаттий вай иза ваьшка...

 

 

Хьоьга Цхьаьнга доьху

Хьо воцург деха а вац, Хьо воцург дала а вац, Хьо воцург кхин дела а вац-кх...

 

 

Мархин баттахь дина доIа

Везан Дела, Воккха Дела, тхан къинхетаме дика АллахI Дела, Хьайн къинхетам бе Ахь тхох хIокху баттахь! Тхан Iесалле ца хьожуш, тхан гIийлалле хьаже, Хьайн оьгIазлонал хьалха Хьайн къинхетам баккхе, жоьжахатин цIарах хьалхадаха Ахь тхо хIокху баттахь!

 

 

Къинхетам бехьа

Йа АллахI! ХIора дийнахь, хIора сахьтехь, хIора минотехь, хIора доьIучу сица Ахь тхох беш болу къинхетам боккха бу, цунна Хьуна хастам а бу! Ткъа Хьан къинхетам доза доцуш боккха бу, Хьо къинхетаме верг а ву, къинхетам бийриг а ву, комаьрша верг а ву! Хьайн комаьршаллийца Хьайн къинхетам совбаккхахьа тхуна, йа АллахI!

 

 

Дуьне = эхарт

Бусалба дино, бусалба стаге, дуьне а, эхарт а лаха боху, эхарт бахьанехь дерриге дуьненах а ма хада боху, дуьне хьалха а даккхий эхарт дIа а ма тасса боху. Эхартаца йолу ойла коьрта а йолуш, алсам а йолуш, дуьненан дахар диц а ца деш хила боху.

 

 

ГIолий йолу кхане

Кханалера Iуьйре таханлера дийнал гIолий а, беркате а, ийманца а йогIийла шуна! Буьйса декъал а йогIийла шуна!

 

 

Лекха стигланаш

Делах тешар (ийман) сан уггар чIогIа совдоккхург стигланийн Iаламе хьежар а, иза довзар а ду. Шу хьоьвсиний цигахь долчу хIуманашна тIехь ойла йан?

 

 

ГIо доьху Хьоьга

Йа АллахI, Хьайн лайшца Хьой дика ву аьлларг вара Хьо, дика хилахьа йа АллахI тхоьца а, тхан бусалба вежаршца а, йижаршца а, Хьайн гIийла лайшца а.

 

 

Доккха дехар

Дала шайн цIен тIе могаш-маьрша бухаберзабойла вайн массо байнарш а, дIалийцинарш а. Белларш Дала декъал бойла, Дала церах къинхетам бойла, царна тIе гIон долчу вайна а, царна а Дала гечдойла.

 

 

Къинхетам белахь тхох, тхан дика Дела

ХIора дийнахь уггар кIезга а ткъедейттозза (34) доьшу вай хIара дешнаш: "Къинхетаме а волу, къинхетам беш а волу"... Къаьсттина и дешнаш хIиттийна АллахIа, вайга юх-юха уьш дешийта, Шен кхийолу цIе ца хIоттош.

Йа Рабби, йа АллахI, хIай къинхетаме верг, хIай къинхетам беш верг, оха доьшуш долчу оцу хьан дешнашца доьху оха Хьоьга, Хьо къинхетаме верг хиларца доьху оха Хьоьга, Хьо къинхетам беш верг хиларца доьху оха Хьоьга, Хьан къинхетам Хьан оьгIазлонал хьалха хиларца доьха оха Хьоьга, Хьан къинхетам доза доцуш боккха хиларца доьха оха Хьоьга: Хьайн къинхетам бехьа тхох а, тхан дайх-нанойх а, гIийлаллехь, халонехь болчу тхан бусалба вежарех а, йижарех а, массо бусалба нахах а!

 

 

Вайн дайшна-наношна доIа

Веза сийлахь волчу АллахIа гечдойла вайн дайшна-наношна а, йижаршна-вежаршна а, массо бусалба нахана а, махках бохуш а, баьхначул тIаьхьа а дIакхелхина болчу. Дала Шен къинхетам бойла церах. Халонаш лайначарна Дала ялсаманица кхаъ лойла. Оцу къизаллех чекхваьлларг бен билггал кхетар воцуш, яккхий халонаш, баланаш лайна хилла цара.
Хьадж дан богIуш хиллачу баккхийчу нахе масийттанга хаьттира ас, Сибрех баланаш лайна болчаьрга: "Сибрех дигар дара-те хала а, чIогIа а, луьра а, йа хIинца вайна тIебеана хилла ши тIом бара-те?" ХIораммо а жимма ойлане вужий, олура, "Сибрех дигар хала дара". ВаллахIи, ойла йина ца валлал доккха хIума ду иза, цара лайнарг...
Дала декъал бойла-кх уьш! Дала ял лойла-кх царна! Даггара доIа дийр ду-кх вай, уьш Деле боьхуш, вайн къам Деле доьхуш, вайн бусалба вежарий-йижарий Деле боьхуш, бусалба уммат дерриге Деле доьхуш.

 

 


 

 

 

 

Дала ялсаманин охIлунах дойла вай!

Пайхамара (соллаллохIу IалайхIи ва саллам) аьлла: «Ялсаманин охIлу цхьа бIе ткъа могIанехь хир ду, церах безткъа могIа хIокху (сан) умматах хир бу, шовзткъа кхидолчу умматех хир бу». Тирмизийс дийцина иза, нийса хьадис а ду иза.

Дала ялсаманин охIлунах дойла вай!

 

 

Дика стаг мила ву?

Делан Элчане (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) хаьттина хилла, уггар дика стаг мила ву аьлла. Цо жоп делла: «Дог цIена а долуш, мотт бакълуьйш а болуш волу стаг ву». Асхьабаша аьлла: «Мотт бакълуьйш хилар-м девзара тхуна, догцIена верг бохург хIун ду?» Цо аьлла: «Иза Делах кхоьруш верг ву, цIена верг ву, шеца къинош а доцуш, йа харцо а йоцуш, йа цабезам а боцуш, йа хьагI а йоцуш». (Ибн МáджахI).

 

 

Беркате баккхийнах

Пайхамара (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) аьлла: «Беркат шун баккхийчаьрца ду». Хьакима дийцина и хьадис, нийса ду а олуш; Шейх ал-Албанийс а нийса ду аьлла иза.

Беркат баккхийчаьрца ду шуна, кегийнах!

 

 

Зуда ялае ахь

Имам Бухарийс дийцина, СаIид ибн Джубайрера схьа, Ибн Iаббаса (Дела реза хуьлда цунна) цуьнга хаьттина хиллера аьлла: "Зуда ялийний ахь?". СаIида "ХIан-хIа" аьлла жоп делча, Ибн Iаббаса аьлла цуьнга: "Зуда ялае ахь. Бакъдолуш, хIокху уммат юкъара уггар дика верг уггар дукха зударий болуш хилла ву".

1. Ибн Iаббаса вуьйцург Пайхамар ву, Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна. Хууш ма-хиллара, Дала цунна магийна хилла ду йианнал совнаха зуда ялор. Иза иштта магоран шен хьекъале бахьанаш ду, цхьаболчу Iеламнаха итт бахьана дийцина уьш. Церах ду, масала, Пайхамар кхечу адамех цхьадолчу хIуманна хIуманна тIехь къаьсташ хилар гайтар, цуьнан пайхамаралла бакъ хилар хоуьйтуш. Кхин а оцу бахьанех ду Бусалба динан ахькамаш (дан дезарг а, дан ца дезарг а) цуьнан хIусамнаношка (Дела реза хуьлда царна) дуккха дийцийтар.

2. Зуда ялор дика хIума хилар а, маре дар дика хIума хилар а, иза Бусалба дино дика лоруш хилар а гойту вайна оцу хьадисо. ХIара доцург кхин а кIезга доцуш хьадисаш ду и гойтуш. Керстанаха санна, дуьненах къаьстина, зуда а ца ялош, доьзал ца кхуллуш, дахарехь дакъа а ца лоцуш, дуьнена тIехь дахар латторехь дакъа а ца лоцуш Iер дика лоруш дац Бусалба дино. Цундела аьлла Пайхамара (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна), ша марха а кхобу, ша яахIума а юу; ша буьйсанна ламазаш а до, ша дIа а вуьжу; ша зуда а ялайо; ткъа шен суннатах (шен некъах) дIавирзинарг шех вац.

 

 

Некъ хьехар-гайтар гIолий ду

Цхьана стага, Пайхамаре (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) шена даьхнийца гIо дехна хилла. Пайхамара цунна муш белла. "Оцу муьшца хьайн гихь дечиг дохьуш, и дохка" - аьлла цо цуьнга.
Китайра хьекъалчаша аьлла бохуш дуьйцу: "Суна цхьа чIара беллачо - цхьана денна яахIума елла суна; чIара лаца со Iамийначо - массо ханна кхача бели суна; чIаралоцург муха йо суна Iамийначо - хьолахо хиларга некъ гайтина суна".

 

 

Дика доIа

Имам Муслима дийцинчу хьадисехь деана ду, цхьа стаг бусалба дин тIе а лаьцна шена тIевеъча, Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) цунна ламаз Iамадора доьххьара, тIаккха хIокху дешнашца доIа де олура цуьнга: «Йа АллахI, гечдехьа суна, къинхетам бехьа сох, (нийсонна тIе) нисвехьа со, (цамгарех а, баланех а) цIанвехьа со, рицкъа а лохьа суна».

 

 

КIеззиг бен дацахь а, диканиг деш хила

«Жоьжахатин цIарах ларлойла шу, хурманан ах дакъанца мукъане а» - аьлла ду хьадисехь. Хурманан ах дакъано жоьжахатах кIелхьарадаха мега вай. Жима дара алий, дика хIума дан хьайн аьтту белахь, иза ца деш ма диталахь. «Цхьаъа дика хIума сийсаз ма хетийталахь хьайна, верлахь» - аьлла Пайхамара, Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна.

 

 

Делан дика довзар

Пайхамара (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) аьлла: «Шен сина цхьаъа кхерам боцуш, шен дегIаца могаш а волуш, цу дийнахь баа кхача а болуш Iуьйренга ваьлларг дерриге дуьне шен дола даьлларг санна ву». (Тирмизий, Ибн МаджахI). 
Сомалихь хIора дийнахь мацалла леш долчу берийн вай ойла йахь, оцу хьадисан маьIнах кхета ма-дезза кхетар ду вай. ТIаккха Далла хастам а бийр бу вай. Сомалера бусалба нахана вайн дан гIо делахь, царна гIо а дийр ду вай, мархин сахь мукъане царна дIадаларца.

 

 

Малхбуза ламазал хьалхара суннат динчунна дехнарг

IабдуллахI ибн Iумара (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) элира аьлла: «АллахIа къинхетам бойла малхбуза ламазал хьалха диъ ракаIат ламаз динчу стагах». (Абу Давуд).

Iелас дийцина (Дела реза хуьлда цунна) Делан Элчано (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) малхбуза ламазал хьалха диъ ракаIат дора аьлла, (ши ракаIат дIадаьлча) юккъехь салам а луш. (Абу Давуд).

 

 

Хьадисера доIа

«Йа АллахI! Оха Хьан къинхетам хуьлуйту хIума доьху Хьоьга, Ахь гечдаран бахьанаш а доьху Хьоьга, массо Iесаллех маьрша хилийтар а доьху Хьоьга, массо дикчу хIуманца пайда эцийтар а доьху Хьоьга, ялсаманица толам а боьху Хьоьга, (жоьжахатин) цIерах хьалхадахар а доьху Хьоьга».

 

 

ПIераскан де

Хьадисехь аьлла ду: «Бакъдолуш, шун уггар дезчу денойх ду пIераскан де. Цу дийнахь кхоьллина ву Адам, цу дийнахь дIаэцна а ву иза. Цу дийнахь зурман чу хIуп эра ду, цу дийнахь адам Iадор а ду (къемат де хIуттуш). Ткъа аш суна салават дуьллийла цу дийнахь дуккха, бакъдолуш шун салават суна тIедохьуш (гойтуш) ду». Шайга диллалуччул дукха салават дилла тахана, шайна хуучу кепара.

 

 

Зинах ларвалар

«Шина бIаьрган зина – хьажар ду, шина лерган зина – ладогIар ду, меттан зина – къамел ду, куьйган зина – куьг хьакхадалар ду, коган зина – ког баккхар ду». (Бухарий, Муслим). Цу хьадисо гойту, боьхачу хьоле далале хьалха хIора межено а зина деш хилар. Хьажа ца мегаче бIарг хьажор – бIаргийн зина ду, ладогIа ца мегачу къамеле а, озе а ладогIар – лергийн зина ду, зинана герга вуьгу къамел дар – меттан зина ду, и. кх.д.

 

 

Зуда лераме ю

«Шиъ йа кхоъ йоI, йа шиъ йа кхоъ йиша шех дIакъастталц йа ша валлалц кхаьбна волу стаг а, со а, ялсаманехь иштта хир ву» - аьлла шен хьажо пIелг а, юккъера пIелг а гайтина хилла Пайхамара (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна).

ЙоIарий а, йижарий а - ялсамане воьду некъ бу. Нана реза хилар а ялсамане вуьгу бахьана ду. Уггар дика стаг - шен доьзалца (зудчуьнца) дика верг ву. Иштта лераме ю зуда Бусалба динехь.

 

 

Жоп луш долу доIа

«Бакъдолуш, марха кхобуш волчуьнан доIа ду, марха достучу хенахь деш, духа тухуш доцу доIа». Ибн МаджахI.

Шаьш марха достучу хенахь Деле доIа дан диц ма лолаш. Уггар хьалха гечдар доьхуш, цул тIаьхьа дуьненан а, эхартан а диканаш доьхуш, гIелонехь болчу бусалба нахана гIо дар доьхуш.

 

 


 

 

 

 

ГIуллакхехь сихо йар

Хьайга тахана далург дерг кханенга ма тетта. Iуьйранна далур дерг суьйренга ма тетта. Уггар яккхийчу цамгарех цхьаъ ю иза, хIума тIаьхьатеттар. Бухарийс дийцина Ибн Iумара (Дела реза хуьлда цунна) аьлла дешнаш: "Хьой Iуьйренга ваьлча - суьйренга ма хьежа. Хьой суьйренга ваьлча - Iуьйренга ма хьежа". Iуьйре-суьйре хьайна меллалц йогIур ю ца хаьа хьуна. Хьайн дан дезарг хIинццехь де.

 

 

Дена-нанна гечдар дехар

Абу ХIурайрас (Дела реза хуьлда цунна) аьлла: "Веллачу стеган йа зудчуьнан дарж лакхадоккхур ду эхартахь. ТIаккха цо эра ду: "Сан Дела! ХIун бахьана долуш ду-те сан дарж лакхадаккхар?". Цуьнга эра ду тIаккха: "Хьан беро (кIанта йа йоIа) гечдар дехна хьуна".
Хьайн деца-ненаца хьо дика хиларх ду ахь Деле цаьршинна гечдар дехар а, цаьршинах къинхетам бар дехар а, и шиъ деллачул тIаьхьа а, далале хьалха а.

 

 

Дикчу гIуллакхан нур

Ибн Iаббаса (Дела реза хуьлда цунна) аьлла бохуш дуьйцу Iеламнаха: «Бакъдолуш, дикчу гIуллакхо дагчохь нур хуьлуьйту, юьхь тIехь серло хуьлуьйту, дегIехь ницкъ хуьлуьйту, рицкъа алсам а долуьйту, адамашна веза а волуьйту. Вочу гIуллакхо юьхь Iаьржа хуьлуьйту, даг тIехь бода а хуьлуьйту, дегIехь гIийлалла хуьлуьйту, рицкъана иэшам а хуьлуьйту, нехан дегнаш чохь оьгIазло а хуьлуьйту».

 

 

Воккхачуьнан лерам

Iумар а, Iусман а (Дела реза хуьлда цаьршинна), шаьшшиъ цхьана хIуманна тIехиъна вогIуш а волуш шаьшшинна доьхьал Делан Элчанан (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) деваша Iаббас кхетча (Дела реза хуьлда цунна), иза тIехваллалц охьавуссуш хилла и шиъ шаьшшиъ тIехиъна волчу хIуманна тIера, цуьнан лерам беш.

 

 

Вай массо дала дезаш ду-кх

Селхана цхьана маьждиге вахар нисделлера сан. Ламазал тIаьхьа, докъа-ламаз дан чуеана ши зуда йара… Дахаран гIуллакхаша мелла а дицдолуьйту вала везаш хилар. Ткъа, цIеххьана иштта хIума гича, дегIе зуз догIу. Iумара (Дела реза хуьлда цунна) олуш хилла: «ХIора дийнахь олуш хеза: «Хьенех велла, муьнех велла». Цхьана дийнахь ца аьлча ца долуш ду-кх: «Iумар велла».

 

 

 

 

 

 

 

Iеламнах Делан гергара нах бу

Шемахь (Сирехь, Дамаскехь) гIараваьлла вевзаш волчу Iеламстага Шейх Нуруддин Iитра элира АзхIар маьждиг чохь ша хьоьхуш волуш: "Хьадисан Iеламнах эвлаяаш (Далла герга болу нах) бу. Уьш эвлаяаш ца хилча, кхин мила хир вара эвлаяъ?!".

Иза тера ду Имам Нававийс дийцинчух, шина Имамо, Абу Хьанифас а, ШафиIийс а аьлла ду аьлла: "Iеламнах эвлаяаш бу. Нагахь санна Iеламнах эвлаяаш бацахь, Делан цхьаъа эвлаяъ ван а вац".

Ткъа Имам СуютIийс а, кхиболчу Iеламнаха а аьлла, и дешнаш дийцина волчу Имам Нававийх лаьцна: "Массера а бартхилла бу, Нававий уггар баккхийчу эвлаяэх хилар".

Дала къинхетам бойла церах а, кхиболчу массо Iеламнахах а, эвлаяэх а, дикачу нахах а, вайх а, вайн дайх-нанойх а.

 

 

Делах тешаш волу стаг а, зуда а – Цуьнан гергарчу нахах ду

"Делан эвлаяаш, Далла герга болу нах даим цхьа баккхий гIарабевлла болу Iеламнах бен хир бац аьлла дац. Мелхо а, Делан гергарло долу нах – шайн къайленаш (синош) цIена йолу нах бу. Дала цундела хаьржина а бу уьш. Ткъа, АллахIах тешаш волчу хIора стеган а шен барамехь цхьа эвлаяалла (Далла герга хилар) ду". Шейх Салман ал-IавдахI.

Кхузахь ма-аллара, Iеламнах боцурш а Делан эвлаяаш хила йиш ю, уьш иштта хилла а бу. Кхин а, Шейх Салмана ма-аллара, Делах тешаш болу бусалба нах массо а Делан эвлаяаш бу, Цунна герга болу нах бу. Цунах лаьцна вай дийцира хьалха "Бусалба кхетам" цIе йолчу жайнин маьIна деш, ялсамани Дала хьанна кечйина ю дуьйцучу хенахь.

Ткъа Имам Нававийс (воккха Iеламстаг а, воккха эвлаяъ а хилла волчу) аьлла: "Имам ШафиIийс а, Имам Абу Хьанифас а аьлла: "Нагахь санна Iеламнах эвлаяаш бацахь, Делан эвлаяаш бан а бац". И бохург хIун ду? Шен Iилманца Iамал еш волу массо Iеламстаг Делан эвлаяъ ву бохург ду иза.

Оцу кеппара, ши хIума ду вай тидаме лаца дезаш: АллахIах тешаш волу хIора стаг а, зуда а шенначул (шен тешаре хьаьжжина) эвлаяалла долуш ву, Делаца гергарло долуш ву. Шайн Iилманца Iамал еш болу берриге Iеламнах Делан эвлаяаш бу. Ткъа, оцу кепара болчу баккхийчу Iеламнаха аьллачуьнга ладугIург а, цара бохург дийриг а - Iеламнаха а, эвлаяаша а бохург деш ву, оцу шинне кепара болчара бохург деш ву.

 

 

Болх бар – мехала хIума ду

Шейх Ибн База (Дала къинхетам бойла цунах) 63 шарахь гергга йолчу хенахь ша болх беш, цкъаъа мокъа де хилийтина ца хилла шен. Массо нехан пIераскан дийнахь а, шоьта дийнахь а мокъа де хилча а, Шейха оцу шина дийнахь а болх беш хилла. Ойла йича доккха хIума ду шуна иза, 63 шарахь болх беш цхьа де а балхахь воцуш ца даккхар. Цо аьлла долчу дешнех ду: "Сан садаIар балхаца ду". 

Цхьана меттехь кхаа шарахь болх бина ас, оцу кхаа шара чохь мелла алсам мокъа денош хилийта а хьожура со, белха хан чекх яларга ладоьгIуш а хуьлура со. Ткъа, Шейх Ибн База ма-аллара, айса бечу балхах сайна Далла гергахь ял хиларга со догдохуш хиллехь, цо санна болх бан хьаьжна хилла хир вара со.

 

 

ПIераскан дийнахь сагIа даларх лаьцна

ПIераскан дийнахь сагIа далар кхечу деношкахьчал деза ду аьлла Iеламнаха. Имам Ибнул-Къаййима (Дала къинхетам бойла цунах) аьлла: «И де къаьсташ ду кхечу денойл, сагIа даларца. КIиранан кхидолчу деношна юкъахь оцу дийнахь сагIа далар шеран кхечу беттанашна юкъахь рамадан баттахь сагIа далар санна ду. Суна гира Шайхул-Ислам Ибн ТаймиййахI (Дала цIандойла цуьнан са) ша́ рузбане ваха араволучу хенахьшен хIусамехь шена карош долу бепиг йа кхийолу хIума схьа а оьций, тIаккха ша новкъа дIавоьдучу хенахь къайлах иза сагIийна дIалуш. Суна хезира цо олуш: «АллахIа вайна омру дина хилла хилча, АллахIан Элчане (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) вай дистхуьлучу хенахь сагIа ло аьлла, Цуьнца Шеца вай къамеле довлале хьалха сагIа далар кхин а дезох ду, дозалла алсам долуш ду». Имам Ширби́нийс (Дала къинхетам бойла цунах) аьлла: «Цу дийнахь а, цуьнан буьйсанна а дуккха сагIа далар а, дика гIуллакхаш дар а дика лоруш ду». Кхузара схьа ду вайн наха пIераскан буьйсанна сагIийна хIума йалар а.

 

 

Хьаькамалла дезар – цамгар ю

"Власть - цамгар ю хьуна", - куьйгалхо хилла волчу цхьана стага аьлла и дешнаш дагадаьхкира суна хIинцца цхьа жайна доьшуш волуш: масех бIе шо хьалха, паччахьалла къуьйсуш байъина нанас дена бина вежарий а, кегий бераш а дара цу тIехь хьехош. Имам ГIазалий ма бакъ луьйш хилла-кх, адамца йолчу массо вочу амалийн а, сакхтийн а орам ши хIума ду олучу хенахь: ас-со (авторитет) боху хIума дезар а, даьхни дезар а.

 

 

Хьаьнга деха, хьаьнга ма деха?

Аьлла хилла Абу Бакр ал-Варракъе: "Со АллахIана а герга вуьгур долу, нахана а герга вуьгур долу хIума Iамадехьа суна". Цо жоп делла: "Хьо АллахIана герга вуьгур дерг – ахь Цуьнга дехар ду; хьо нахана герга вуьгур дерг - ахь цаьрга дехар Iаддитар ду".

Хьадисехь а деана ду: «АллахI оьгIаз воьду Шега деха ца доьхучунна».

АллахI оьгIаз воьду ахь Шега дехар Iаддитахь,
      ткъа, адам оьгIаз доьду ахь шега цхьа хIума дехахь.

 

 

Бусалба стаг тешнабехке, харц луьйш хир вац

Имам Аз-ЗахIабийс (Дала къинхетам бойла цунах) аьлла: «Бусалба стеган амале хIуъа дерза тарлуш ду, тешнабехк а, харцлер (пуьташ боттар) а доцург».

Цуьнан маьIна: муьлхха а кхидолу вон хIуманаш даим лелош хила тарло бусалба стага, делахь а бусалба стеган амал хилла дIахIуттийла дац ши хIума: тешнабехк (ямартло) а, харцдерг дуьйцуш хилар а.

 

 

Велавелла-векхавелла

Имам ЗахIабийс аьлла: «Юккъерачу барамехь самукъане хиларо дегI туодо, къанвалар меллаша до, цамгарш юха а туху. Ткъа, хьадисехь дийцина ду, сингаттамаш дукха хиллачуьнан лазарш совдевр ду аьлла».
Самукъане хуьлуьйтучу бахьанех ду велавеллла-векхавелла хилар, хаза доьшучу Къуръане ладогIар, ойла даим дикчу агIор йар, АллахIах тешар совдаккхар, дика Iамал йар, нахана дика дар, Дела хьахор, пайдане Iилма Iамор.

 

 

Цхьа фатва

Имам ГIазалийс фатва далар бахьана долуш Юсуф ибн Ташфина шен куьйгаллийна кIел ялийна хилла 12 декъе екъаелла йолу Андалус. Цул тIаьхьа а цо цунна делла долу фатва бахьана долуш, Юсуфа халифана байIат а йина, шина декъе екъаелла хилла халифат цхьанакхетта. Ши фатва ду и шиъ, бусалба нах цхьанатухуш, церан барт чIагIбеш, уьш гулбеш. Ткъа мел дукха фатваш ду, барт бохош, бекъам беш, цхьанакхеттарг даржийна дохош!

 

 

Iилма Iамо цкъаъа тIаьхьа дац

Имам Ибн Хьазм хьал долуш болчу доьзалехь кхиъна ву - цуьнан да «министар» хилла. Цхьана дийнахь докъа ламаз деш маьждиг чувахана хилла иза. Маьждига хьурмат ламаз ца деш иза охьахиъча, ламаз хIунда ца дира ахь аьлла цуьнга цхьамма. Дакъа дIадоьллинчул тIаьхьа, юха а иза маьждиг чувахча, хьурмат ламаз дан иза дIахIуттуш, IадIе охьахаа аьлла цуьнга. Цунах цакхетам кхоллабелла цуьнан, шолгIачу дийнахь дуьйна фикъхI Iамо волавелла иза. Цу дийнахь иза 26 шо долуш хилла.

 

 

Къиноша Iарждина дог

Вайна массарна ма-хаъара, къинош леторо жим-жима деш дог Iарждой бодане до. Имам ГIазалийс аьлла къиноша дог бодане даран билгало йовзуьйтуш: "Къиноша хьан дог Iарждина хиларан билгало ю хьуна – нагахь санна хьайгара даьллачу къинах хьо кхералуш вацахь/яцахь, айхьа деш долчу Iибадатах хьуна асар хуьлуш (дагчу дуьжуш) дацахь, беш болчу хьехамах хьуна пайда хуьлуш а бацахь".

 

 

Баккхийчарца лелар

Тхан цхьана хьехархочо олура: «Баккхийчаьрца, хьекъал долчаьрца хуьлуш волчуьнан хьекъал доккха хир ду. Кегийчаьрца хуьлуш волчуьнан хьекъал жима хир ду». «Хьан а, хьан вешин а оццул дика кадалар, шуьшинга иштта кхиамаш бан баларан бахьана хIун ду аьлла» - ас хаьттича, «доьшуш волчу хенахь хьо хьаьнца лела хьаьжжина хир ву хьо дешна ваьлча а» - аьлла жоп делира суна цхьана дешнастага. Хьадис дагадогIий шуна?

 

 

Зуда йитарехь сихвала ца веза

Вайн махкахь гIараваьлла вевзаш хилла волчу Iеламстага Къаима (Дала къинхетам бойла цунах) олуш хилла боху, шега - «Тоба дича къиношна гечдийр дуй?», - аьлла хаттар дича: «Дийр ду, нагахь санна зуда йитина стаг санна дохко валахь».

 

 

Вай ваьш доцучо вайн гIуллакх кхин цхьамма а дийр дац

«Стиглара малийк охьадоссарга а ма хьежа, хьеха чура МахIдий араваларга а ма хьежа. Буьртигаш лаьттах дIаде, стиглара догIа дарга дог а даха, айхьа дIайийначу хIуманан тIалам беш, цуьнан бала кхочуш а хила». Шейх Салман ал-IавдахI.

Далла тIе болх а буьллуш, къахьега деза вай, хьалха хиллачух пайда а оьцуш, хир долчуьнан ойла а еш. Доьшучо доьшуш, болх бечо болх беш, бераш кхиочо бераш кхиош.

 

 

Лаккхара лаам хилча иштта хуьлу

«ХIорш 40 гIала ю, оцу гIаланашкахь хьадис Iамийна цо, ас ца хьахош йитинчу кхечу меттигашкахь а Iамийна цо». И дешнаш Имам Ибн Хьаджар ал-Iаскъоланийс аьлла ду, Имам Ибн ТIахIир ал-Макъдийсийх лаьцна. Шовзткъа сов йолчу гIаланашкара Iеламнахера хьадис Iамийна хилла цо, кеманаш а, цIерпошт а, машенаш а йоцучу хенахь. Бакъду, паспорташ, визанаш оьшуш-м ца хилла царна.

 

 

Нах Iадбита

Iеса стаг гича а хьайн сине хаттам беш хила олу вайга Iеламнаха. Iеса волчу стеган Iесалла юьйцучул а, хьайгахь сакхт дуй хьажа олу вайга Iеламнаха. Вайна ваьшкахь цхьа сакхт а карийна, иза дIадаккхар тIехь вай ойла йар дуккха а гIолий ду нехан Iесалла йийцарал а. Ткъа нагахь санна вайна ваьшкахь цхьаъа сакхт карош дацахь – иза кхин а доккха сакхт ду.

 

 

Юха а лаккхара лаам

Имам Ат-ТIабаранийс хьадисан Iилма а, кхидолу Iилманаш а шайгара схьаэцна болу Iеламнах цхьа эзар сов хилла боху! Доьххьара и хезча цецволу, ткъа оцу Iеламнаха цхьа хьадис бахьанехь гIаш масех баттахь некъ беш хилла хилар девзича, ма лаккхара ойланаш йолуш хилла-кх уьш олий дагадогIу. «Яйначу тIаьхьено дай хестор бу» - иштта тIаьхьенах вай хилийтархьама ца дуьйцу вай хIара, вайна церан дахарх масал хилийта дуьйцу.


 

 

Имам Бухарийн дахарера пайданаш

 

Беттасан серлонехь

Имам Бухарий буобер долуш кхиъна ву. Iаьрбо хилла а вац иза. Бусалба дине веана хилларг цуьнан кхоалгIа да ву. Хьадис Iамо иза шен итт шо кхаьчча волавелла, ша хьуьжарехь доьшуш волчу хенахь. Шен доьххьара жайна цо 18 шо кхаьчча яздина, Мединатехь, беттасан серлонехь.

 

Ненан дикалла

Имам Бухарий жима волуш бIаьрзе хилла. Цуьнан нана дика стаг хилла, Iамал-Iибадат дукха долуш хилла. ГIенах ИбрахIим-пайхамар (Делера салам хуьлда цунна) гина цунна цкъа, - «Ахь дукха доIанаш дарна АллахIа юхаделла хьан кIантана цуьнан бIаьрса», - олуш. Iуьйранна шен кIентан бIаьрса юхадеана карийна цунна.

 

ХIума дагахь Iаморна молха

ХIума дика дагахь Iамийта цхьаъа молха дуй аьлла хаьттина хилла, бIе эзарнашкахь хьадисаш дагахь хууш хилла волчу Имам Бухарийга. «ЧIогIа бала кхачарал а, дуккха тIехьежарал а дика молха ца девза суна хIума дагахь Iаморна», - аьлла жоп делла цо. Хьайн дешарехь хьайна уггар диканиг хила лаахь – хьайн дешаран дикка бала а кхача, дуккха Iамош къа а хьега. Хьайн балха тIехь уггар хьо диканиг хила лаахь а уьзза де́.

 

Дика амал, хаза гIиллакх

Делла дош лардар хаза гIиллакх ду. Хаза гIиллакх долуш хилла Имам Бухарий а. Цхьа хIума хилла цуьнан дIайохка езаш, кхечу махкара яийтина. Пхеа эзарх и хIума йохкахьара шайна аьлла баьхкина болу совдегарш дIабахийтина хилла цо, кхана юхадуьйлийша аьлла. Iуьйранна итт эзарх и хIума оьцурш баьхкича, царна а ца юхкуш селхана баьхкинчарна пхеаннах дIаелла цо иза. "Сайн ниййат дохо ца лаьа суна", - аьлла цо цаьрга.

 

Делаца къамел диний ахь?

Цкъа цхьана бешахь суннат ламаз деш хилла Имам Бухарий. Ламаз дикка дахделла цуьнан. Ша ваьлча, шен духар хьала а айина, цу бухахь хIумма юй хьажахь аьлла цо шен накъосте. ВуьрхIийтта меттехь зIугано ю йиттина карийна цунна, цуьнан дегI дистина хилла. Доьххьара ю тоьхча ламазера дIа хIунда ца велира хьо аьлча, долийна цхьа сурат дара шен, иза чекхдаккха лиира шена аьлла цо. Делаца къамел дар иштта чIогIа хилла цуьна.

 

Ламазо Iесаллех ларво

Имам Бухарийс ламаз лардаран масал дийцира вай... Цундела (хIаъ, иштта дика цо ламаз деш хилла дела), Iесаллех ларвалар а чIогIа хилла цуьнан. Цо аьлла: «ГIийбат дар хьарам хилар сайна девзинчу хенахь дуьйна цкъаъа гIийбат дина дац ас». «Айса цхьанна гIийбат дина аьлла суна хьесап дийр доцуш АллахIана доьхьал вахарга догдохуш ву со».

 

Дика хIума цкъаъа жима дац

Имам Бухарийн дахарера цхьацца пайдане хIуманаш дуьйцуш дара вай... Цхьана дийнахь, хьадис хьоьхуш хилла иза маьждиг чохь. Цуьнгара хьадис Iамош болчу нахах цхьамма шен маж тIера цхьа нехалг схьа а эцна, лаьтта охьатоссуш гина цунна. Жимма собар а дина, ша цхьанна а гуш вац аьлла хетачу хенахь Имам Бухарийс и нехалг схьа а эцна, шен кисана йиллина. Араваьлча дIакхоьссина цо иза. Маьждиган сий дина цо иштта.

 

Нахаца дика ойла хилийта

«Со уьш болчу веъча, цаьрга салам дала эхь хетара суна» - бохуш дуьйцу Имам Бухарийс, ша бера долчу хенахь Iеламнахана юкъалеларх лаьцна. Цкъа цхьамма хаьттина хилла цуьнга: «Мел Iилма яздина ахь?». «Ши хьадис яздина ша», аьлла цо. Гонаха берш бийлабелла. Цхьана Iеламстага аьлла тIаккха: «Дийла ма дела шу, цхьана дийнахь иза шух вела а тарло шуна». Цо ма-аллара хила а хилла иза. Иштта ду-кх дахар, ца моьттарг хуьлуш.

 

Iилманан лерам иштта беш хилла хьалха

Iилманан а, Суннатан а лерам беш хилла Имам Бухарийс. Бухара́ра паччахьо, хьайн Сахьихь жайна а дохьуш, шена а, шен берашна а иза хьеха ша волчу схьавола аьлча, Имам Бухарийс иштта жоп делла цунна: «Ас Iилма сийсаз дийр дац, адамийн неIаршка ас иза кхоьхьур дац. Нагахь санна хьайн иза дезахь – со волчу сан маьждиге йа сан хIусаме схьавола». И бахьана долуш цунна доьхьал бевлла уьш, махках а ваьккхина цара иза.

 


 

 

 

 

КIеззиг йоьшу вай

Бусалба динан Iилма Iамийна болчу а, Iамош болчу а сайна бевзачу 7-8 дешархошка хIокху шеран апрель баттахь иштта смс яхьийтинера ас: «ХIара шо доладелчахьана, мас жайна дешна ахь доьххьара дуьйна чекхдаллалц?». Доьхьал жоп цхьамма а ца даийтира.
ХIинца шуьга, Динул-Исламан доттагIий, хатта лаьа: хIокху шеран 5 батта чохь, доьххьара дуьйна чекхдаллалц мас жайна (йа киншка) ешна аш?

 

 

«Оьрсаша язйинарг бен шайн истори ца евза нохчашна». А. Айдамиров

Хууш ма-хиллара, истори массара шайна луъ-луучу агIор язйеш хилла ю даим. ХIоьттина лаьтташ долчу Iедалца йогIуш йолчу кепара хуьйцуш хилла а ю. Цундела, ма-дарра хIума муха хилла довза хала ду историн говзанча воцучунна. Вайн къоман истори юьйцуш жайна дан а дуй-те, хIокхарна а, вукхарна а яздина а доцуш, хилларг-лелларг Iилманан бакъонаш ларйан а гIоьрташ дуьйцуш, яздина долу? Шуна девзий иштта хила тарлуш долу жайна? Йа иштта цхьа жайна дацахь (ткъа и ца хилар кIезга хIума дац), и куц долуш масех жайна мукъане а карор дарий-те, ерриге хенаш чулоцуш хир долчу кепара?

 

 

Вай мас жайна арахоьцу?

Iаьмиркехь цхьана шара чохь 85 000 (дезткъе пхийтта эзар) керла цIе йолуш жайна (киншка) арахоьцу. Японехь - 35 000 (ткъе пхийтта эзар) керла жайна арахоьцу цхьана шара чохь.
Нохчийчохь-м эра дацара вай, дерриге дуьнена тIера нохчаша мас жайна арахоьцу-те цхьана шара чохь?

 

 

Ца ешар – вайн къоман проблема ю

Вай йоьшуш ца хилар а, йоьшучара йоьшург хила ма-езза дика ца хилар а вайн уггар яккхийчу проблемех ду. Вайн къоман тIаьхьло муха хир ю гойтучу хIуманех а ду иза.

  

 

«Еша, хьайн Делан цIарца…» - доьххьара дош

Сийлахь АллахIа вайн Пайхамаре (соллаллохIу IалайхIи ва саллам) доьххьара аьлла дош хIун ду? Къуръанах доьххьара доьссина дош хIун ду? Кхидерг доцуш, къаьсттина и дош доьххьара хилар мел маьIне ду? Цо гойтург хIун маьIна ду? Ойла йиний аш цу тIехь? Хьовсий вай, и дош вай мел кхочуш до? 

 

Со хIокху хаттаро еша волавалийтира

Дийцарехь, юкъарчу чулацамца схьалаьцча, ингалсхой уггар алсам йоьшуш къам ду. Мас жайна (пайдан книга) доьшу аш цхьана шара чохь?

 

 

Ешар – Iиба́дат ду, дика гIуллакх ду, ме́л хуьлу хIума ду

Тахана дуьйна дIа вайн хила еза ойла а, кхетам а иштта бу: бусалба стага а, зудчо а шена пайдехь йолу хIума ешар - Iибадат ду! Iибадат - АллахIана герга воьдуш деш долу дика гIуллакх ду. Ешар - Iибадат ду!

 

 

Ойла йар, кхета гIортар – хIунда, хIун, муха, стенгахь, маца.

«Ойла а ца еш ешар - Iовша а ца Iовшуш яахIума яар санна ду» - аьлла цхьана хьекъалчас. Шаьш эха сахьтехь ешча, ешначунна тIехь ойла йан еза пхеа-итт минотехь. Цхьаболчу Iеламнаха цхьа айат доьшуш ерриге буьйса ламаз деш йоккхура бохучуьнан маьIна и ду, оцу цхьана айатана тIехь кIорггера ойла еш хилла цара.

 


 

 

 

 

 

 

Iехор – доккха къа ду

Доьшучахь хIилланаш лелор а, экзаменашкахь Iехор а вон ду. Ткъа динца доьзна долу Iилма Iамочара и лелор - боьха ду.

 

 

Ешар + ойла йар + (къахьегар) = кхетам

Мало ца еш, дуккха къахьега деза ахь, хIума Iаморца а, алссам ешарца а, дикка ойла йарца а. ХIума Iамор тIехь а, кIорггера ойла йар тIехь а ахь дикка къахьегахь и шиэ хIума кхуьур ду хьан, совдер ду хенан йохалла. Ахь алсам еша мел йоьшу хьуна хууш-девзаш долу хIума а совдер ду, ткъа хьоьгахь «информаци» алсам мел хуьлу ойла йар а, кхетам а кIоргера хир бу хьан. Иштта и кхо хIума – Iамор а, ойла йар а, ешар а – цхьаьне дIадахьа дезаш ду, цу кхаанне тIехь дикка къахьега дезаш а ду.

 

 

Сайна цхьа элп Iаморца бина а пайда бинчунна баркалла олу ас

Хьехархой! Дала массо дикчу хIуманна тIехь аьтту бойла шун! Дала гIо дойла шуна! Дела реза хуьлда шуна!

 

 

Мотт хаар – ницкъ бу

Мухьаммад Фатихьана 5 мотт хууш хилла: туркой, Iаьрбийн, фарси, латинийн, грекийн. Хьуна мас мотт хаьа?

 

 

«Iилма Iамор декхар ду массо бусалба стагана а, зудчунна а тIехь». Хьадис

Хууш ма-хиллара, Бусалба динан Iилма Iаморан юкъара хьукм - иза «фард кийайахI» (цхьаболчара дича тIерадолуш долу декхар) хилар ду. ХIетте а, тахана вайн нахехь долчу хьоле хьаьжча, тахана вайна Iеламнах оьшуш хиларга хьаьжча, лаккхарчу тIегIана тIера Iеламнах вайна юкъахь ца хиларга хьаьжча, иштта Iеламнах вайн вешан хиллалц вай даим кхечерах доьзна хирг хиларга а, цунах вайна дуккха а зенаш хила тарлуш хиларга а хьаьжча, Iилма Iамо корматалла а йолуш Iилма Iамо волавелла волчу дешархочунна тIехь иза «фард Iайн» (стагана къаьсттина тIедоьжна долу декхар) хиларх тешна ву со. Уьзза хьукм хир дара оцу кепара вайна оьшуш долу кхидолу Iилманаш Iамочу иштта дешархочунна а аьлча харц хир дацара иза. ТIаккха кхузахь божарий а, зударий а цхьатера бу аьлча а харц хир дацара аьлла хета суна.

 

 

Даим керланиг довза гIортар

Вайна ца хуург дуккха дукха ду вайна хуучул. Цо гойту вайна, вай даим ваьшка хаттам беш хила дезар, вайна вай «чIогIа» хета мегар ца хилар. Ткъа цу балхо, дукха къамел дойтур дац вайга, эрна къамел дойтур дац вайга, вайна ца хуург а дийцайтур дац вайга.

 

 

ГIиллакх, Пайхамаран дахар

Бусалба динан Iилманаш Iамочу дешархоша наггахь хотту, муьлха жайна Iамийча, муьлха жайна хьехча дика хир дара-те олий. Вай даим доьшург а, Iамориг а фикъхI жайнаш ду, IакъидахI (тешар, кхетам) жайнаш а ду. И ши Iилма цхьаъа шеко йоцуш оьшуш, коьрта долчерах а ду. Делахь а, и шиъ вай Iамо ма-дезза Iамош дац, йа нахана хьеха ма-дезза дIахьоьхуш а дац. Ткъа и шиъ доцург а вайна чIогIа оьшуш долчех ду Пайхамаран (соллаллохIу IалайхIи ва саллам) дахар Iамор а, гIиллакх а, дахарх кхетар а, нийса ойла йар а, «истори» а, и.кх.дI. Уьш вайна ваьшна Iамо а деза вай, тIаккха нахана дIадовзийта а деза. Шейх Iабдул-Фаттахьана «Бусалба динан гIиллакхех (цхьадерг)» цIе йолу жайна а, Шейх Нуруддин Iитра Пайхамаран (соллаллохIу IалайхIи ва саллам) дахарх лаьцна яздина жайна а, вай Iамо а дезаш, вай хьеха а дезаш жайнаш ду.

 

 

Мотт Iамо хала дац

Доьххьара вайн ненан мотт Iамабо вай, тIаккха вай дехачу махкара мотт Iамабо вай, тIаккха Iаьрбийн а, ингалс а, оьрсийн а мотт Iамабо вай, тIаккха шена луучо туркойн мотт Iамабо. Кхин а сов Iамийча кхин а дика ду. Мотт Iамо хала дац шуна, жимма къахьегчахьана.

 

 

Iилма хIун ду?

Iилма – иза бусалба стагана дуьненахь а, эхартахь а пайде хир долу хаарш ду, оьрсийн маттара аьлча: любое полезное знание, как в сфере духовной, так и мирской. Iилма бохучух вайна лууш дерг оцу дешан нохчийн маттара маьIна ду, деккъа шариIатан Iилма бохург дац. Цундела, цхьаболчу Iеламнаха Iилма дуьненан Iилма а, динан Iилма а олий бекъам беш бац, пайдане долу Iилма а, пайдане доцург а олий къастош ду, пайдане дерг дерриге динан Iилма ду а олуш, оцу Iилмано Iамориг дуьненан хIума делахь а.

 

 

«ЧГУ»-хь дешар дика дац?

Со доьххьара хьуьжаре лела волавелча, 10-12 шо долуш, ишколера дешарах гIеххьа хервелира со. Суна моьттура-те хIетахь, хьуьжарехь дерг (Къуръан деша Iамор) ишколехь долчунна тоам беш ду? Йа хIара Iамийчахьана цигарниг Iамо ца деза? Хаац...
Тахана цхьаболчу кегийчу наха шаьш Бусалба динна тIебирзича шайн дуьненан дешар Iаддуьтуш нисло, цуьнца бала ца кхочуш нисло, иза дIатоссуш нисло. Лоьралла а, экономи а, истори а, политика а, инженери а, хьехархо хилар а, иштта кхидолу и дешарш а, говзаллаш а Бусалба динан Iилманца а, Бусалба дин лелон ма-дезза лелорца а догIуш дац олий хетачух тера ду царна. Ткъа иза, цхьаъа шеко йоцуш, нийса дац. Мелхо, Бусалба динан Iалашонашца а, кхетамца а, кIоргенаца а догIуш дац иза. Бусалба дин дуьне а, эхарт а туодеш дин ду. Дуьненан Iилма Iамош волчунна цунах ме́л хир бу, цо дика ниййат дичахьана, Дала мукъа лахь.

 

 

Уггар дикчу меттехь

Шайн берашка уггар дикчу меттехь дешийта гIорта. Вайн тIаьхьло и ю шуна. Оьрсийн маттара аьлча: «долгосрочная стратегическая перспектива».

 


 

 

 

 

 

Соьца воцург суна доьхьал ву?

Йа кIай, йа Iаьржа. Йа кхузахь, йа дIогахь. Йа тхоьца, йа цаьрца. Йа тхоьгахьа, йа тхуна доьхьал. Йа ах даьсса стака, йа ах дуьзна.

Буьйса декъал йогIийла шун!

 

 

Ойла йаран некъаш дукха ду

Цхьана хьехархочо, кIайн кехат тIе Iаьржа тIадам а биллина, и кехат шен дешархошна хьалха а лаьцна, хаьттина:

- ХIун го шуна?

Дешархоша хIораммо шена гин-гинарг аьлла:

- ТIадам го.

- Iаьржа тIадам го.

- Боккха Iаьржа тIадам го...

Хьехархочо хаьттина:

- Цхьанна а доккха кIай кехат ца го шуна?! Иштта мах хадабо вай стеган, иштта хIума олу вай стагана. Цуьнгахь долу гIалат го вайна, цуьнан кхийолу дика агIонаш ца го вайна.

 

 

Лаккхара ойла

«Дуьненаюкъара шолгIа тIом болалучу юкъахь, Японера а, Мисрера (Египтера) а дахар цхьана тIегIана тIехь дара. Ткъа тахана муха ду?» - иштта хаттар до Москохара Экономикин лаккхара ишколин профессоро, Л. Сюкияйнена.

И санна долу хаттар сан коьрте хьийза масийтта шо хан ю. ХIун бахьана ду-те, вай, бусалба нах, иштта тIаьхьадиссина хиларан?

Шуна дагадеаний иштта хаттар? Аш ойла йиний цуьнан? ХIун жоп ду аьлла хета шуна цунна? Бахьанаш дуккха хир ду да-м, делахь а уггар коьрта дерш муьлхарш ду аьлла хета шуна?

 

 

Валарна тIехь ойла йар

«Бакъдолуш, хьо лийр волуш ву, уьш а лийр болуш бу...». «ХIора адамо Iовшур ду валар...». (Шина айатан маьIна).

Ойла йича доккха хIума ду шуна иза, кхин хIокху дуьнена юхадогIур доцуш дIадовла дезаш ду-кх вай. Дала ялсамани дохийтийла-кх вай.

 

 

Хенаца богIучу кхетамах лаьцна

Дахаран оьмарехь шен цхьана бараме кхаьчча бен ца девзаш хIуманаш ду. Хан яларца бен тIекхиа йиш йоцуш хIуманаш а ду. 40 шо кхаьчча бен хьекъал кхоччуш кхиъна даьлла ца хуьлу бохуш дуьйцуш а ду тахана, ткъа Пайхамарна (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) пайхамаралла 40 шо кхаьчча бен делла ца хилар а шен цхьа маьIна долуш ду. Цхьаболчу Iеламнаха олуш хезна суна, Iилманан цхьадолчу халчу хеттарш тIехь талламаш бойтур бацара шаьш 40 шо кхаьчна воцучуьнга, олий. Цундела, воккхачо хьайна деш долу хьехар атта ма хеталахь цкъаъа, верлахь. Ткъа нагахь санна ахь и хьехар тIе а ца лаьцна, ахь хьайна хетарг а дина, цунах хьан гIулкх ца хилахь, йа цунах хьуна зен хилахь, хаийла хьуна иза хьан хьайн бехках хилар. ТIейогIучу ханна ойла а йойла ахь цу тIехь, пайда а оьцийла ахь оцу айхьа динчух а, хьайна хиллачух а.

 

 

Лаккхара, геннара ойла

Суна хетарехь, таханлера бусалба стаг (къасттина нохчо а, хуьлийла иза стаг йа зуда) шен сатийсамаш лаккхара болуш хила веза, дуьнене хьежар геннара долуш хила веза, еш йолу ойла кIорггера йолуш хила веза, таханлера цхьана денца йа цхьана шарца вехаш воцуш, шовзткъеитт шо хьалха долчуьнга сатуьйсуш волуш хила веза (японахошна мегаш хилча, 200 шо хьалха йолчу ханна «стратеги» хIотто, нохчашна а, бусалбанашна а ца мега иза?!). Иштта оцу кепара хилар – хIора бусалба стеган а, зудчун а декхар ду. ТIаккха шайн бераш иштта кхиор а цаьршинан шолгIа декхар ду. Къаьсттина чIагIлуш ду и декхар нохчашна тIехь, вайнахана тIехь.

 

 

Нийса ойла йан Iа́ма

Хьайн ойла пайдане ца йоьрзуш, жамI доцуш, эрна йовр йолчу кепара ца хилийтархьама, нийса ойла йан Iама.

 

 

Цхьана гIуллакх тIехь дикка ойла йар, иза тидаме лацар

Ахь шена тIехь дикка ойла еш долу хIума хьан дахарехь кхуьур ду, шор лур ду. Ахь шена дикка тIе тидам бохуьйтуш долу хIума, ахь шена тIехь дуккха ойла еш долу хIума алсам де́ра ду хьан дахарехь. Цундела, хьайн дахарехь баккъалла а хьайна хилийта лууш долчу хIуманашна дикка тIе тидам бахийта беза, царна тIехь дикка ойла еш хила веза/еза хьо.

Масала, хьуна Къуръан дагахь Iамо лаьа, йа хьайн бере уггар дикчу доьшийлахь дешийта лаьа, йа финансийн агIор хьой возуш воцуш хилийта лаьа, йа цхьана шара чохь 50 жайна деша лаьа… ХIун дан деза ахь? Баккъалла а хьайна хилийта лууш долчу оцу хIуманна тIехь дикка ойла еш хила веза/еза хьо, даим и дагахь латтош хила веза/еза хьо. Цу балхо и хIума кхочуш дан некъаш леладойтур ду хьоьга, цу тIехь хьан кхиам а хир бу, хьоьга иза дан а лур ду, Делан пурбанца, Делан гIоьнца.

Дикка, даим ойла йеш хилар…

 

 

ДегIана а, синна а, хьекъална а кха́ча оьшу

Адам кхаа хIуманах хоттаделла ду: дегIах, синах, хьекъалх. Цундела, шен дахар дика хилийта лаахь, цу кхаанне а Iуналла дан деза цо.

ДегIана Iуналла дан деза, спортаца а, дикчу юучуьнца а, хенан низам лелорца а. 

Синна Iуналла дан деза Делах тешар совдаккхарца: АллахI вовзарца а, Iибадат дарца а. 

Хьекъалан а Iуналла дан деза, нийса ойла муха ян еза Iаморца а, ойла яран гIалатех ларваларца, пайдане дерг дешарца а.

 

 

КIоргера ойла

Со хьан кхоьллина? ХIунда кхоьллина со, хIун ду соьгара лууш дерг? Мича кхача веза (еза) со, чаккхе мичахь хир ю сан?

Хьайн дерриге дахарехь цкъа мукъане, кIорггера ойла а еш, хаьттиний ахь айхьа хьайга и кхо хаттар?

 

 

Ойла йе вай

Зама (хан ларйар)... Ийман (тешар)... Дика Iамал йар (къахьегар)... Бакъонца весет дар (даим бакъонца хилар)... Собарца весет дар (халонна собаре хилар)... 

"Ал-Iаср" сурато вайна деш долу хьехар ду иза. Ойла йе вай: оцу пхеа хIумано мел меттиг дIалоцу вайх хIоранне а дахарехь, мел лору вай и пхи хIума?

 

 

Дог – жима, хьекъал – доккха

Бусалба стеган а, зудчуьнан а дог жима хила деза, хьекъал доккха хила деза.

 

 

3 хаттар

Вай тIаьхьа хIунда диссина? (Массо хIума туоделла, дика долуш Iаш дуй-те вай? Дацахь, кхидIа а иштта Iойла а ма-даций вай). Ткъа тахана вай муьлхачу хьолехь ду? (Хийцадала дезаш хилча, вайгахь долу таханлера хьал довза а ма-деза вайна). Дика ду, хьал девзича, (массо агIор дика хьал ду-м цхьамма а эра хир дац), оцу хьолера арадовла, дикачу хьоле дерза хIун дан деза вай? 3 хаттар ду-кх вайна хьалха...


 

 

 

 

 

 

Доьзалан дахарца а зуьйш ду адам

"Массо маренаш а, зудаялораш а ирсе ду. Кхоно, цхьаьна хан яккхаро, дахарехь цхьаьна Iеро хуьлуьйтуш ю халонаш, проблемаш". (All marriages are happy. It's the living together afterward that causes all the trouble. Raymond Hull).

Зуда ялочу хенахь а, маре йоьдучу хенахь а ирс долуш хета массарна шаьш. Моз тарлуш болу ши-кхо бутт дIабаьлча, баккъалла долу доьзалан дахар доладелча, тайп-тайпана долуши адам цхьаьна Iе доладелча, дахаран муьлхха а кхечу агIонашкахь (ур-атталла деца-ненаца а тIехь) хуьлуш проблемаш тIехIитта юьйлаелча... тIаккха хе́та адамана ша́ ирс доцуш, йа шен захало декъаза. Хьалххе дуьйна цунна хаахьара, доьххьаралера моз санна болу ши-кхо бутт дIабер буй, цул тIаьхьа дуьйна долчахь Дала ша зуьйш дуй, шен доьзал боха ца бохуьйтуш латторехь шегара собар оьший, кхетар оьший, къинхьегам оьший, халонаш лар оьший, къахьегар оьший, дикалла оьший, къинхетаме хилар оьший, доглазаме хилар оьший, ас-со бохург духатохар оьший... ХIора дийнахь пхи ламаз тIедожорца зуьйш хиларе терра, доьзалан дахарца а зуьйш ду адам Дала. Доьзалан дахарехь хьо муха хуьлу хьаьжжина хир ду хьан хIокху дахарехь ирсе хилар а, эхартан дахарехь ирсе хилар а.

 

 

Бусалбалла а, нохчалла а матта тIехь хила езаш яц

«Чеченский вариант» ю боху соьга цхьамма, йоI шен дега а, нене а ца хоттуш, и шиъ тергал ца деш, ара а яьлла дIайахар, маре йоьду аьлла.

И хьенна «вариант» елахь а, вон а, ирча а вариант-м ю иза.

Бусалбалла а, нохчалла а матта тIехь хила езаш яц, леларца а, деш долчу гIуллакхца а хила езаш ю.

 

 

Захало муьлш бу хуучу нахаца де́

Зуда ялош хьой велахь, йа хьайна тIе цхьамма захало деанехь, хьайна хьалхе дуьйна бевзаш болчу нахаца де захало, йа бевзаш ца хиллехь – дикка хатта, массо агIо талла, хIу-ду ма-ду хьажа, цул тIаьхьа бен сацам а ма бе.

 

 

Проблема дIаера ю

Коьрта дерг бехк хьена бу дац, коьрта дерг проблема хьоьга листайалар ду. ХIумма дац хьуна, хьо бехке ву аьлла хетарх, коьрта дерг ахь и проблема гена ца ялийтар ду. Проблема кхана Iуьйранна дIаер ю, мел дукха масех шарахь яхлур ю, цул тIаьхьа дерг хIумма а хила а ца хилча санна дIахIуттур ду (масийтта шарахь луьра а, буьрса а тIом ца лаьттина вайна?). Ткъа хьо оцу проблеми юкъахь оьздангаллих ца вухуш чекхвалахь, чаккхенгахь лераме а, толаме а хир ву хьо. Ткъа ахь сихвелла, цхьа хьашт доцург алахь йа дахь, сийлахь хир вац хьо.

Кхиниг сонта хиларх, хьо сонта хила мегар дац. Пайхамара (соллаллохIу IалайхIи ва саллам) аьлла ма ду, хьой бакъ велахь а къийса ца валар дика ду аьлла.

 

 

Проблемийн пайданаш?

Доьзалехь хуьлуш йолчу проблемийн (цакхетамийн, девнийн) пайданаш ду бохуш дуьйцу Iилманчаша. Хуьлуш ерш проблемаш ю, ца хилча а мегар дерг ду, хьашт доцург ду, ткъа цунах схьахуьлуш пайданаш а ду. Жимма тамашийна хIума ду, дуй?

 

 

Зуда ялош ши агIо реза хила еза

Кхидолу массо хIума шен бухехь дуьйна хьанал дина ду, ШариIато мегар дац аьлла доцург. Цу юкъара къастийна бу зударий, уьш шайн бухехь дуьйна хьарам бина бу, ШариIато магийначу кепара балийна бацахь. Цундела, ШариIато зударийн агIо дуккха кхераме лоруш ю, даьхнин агIонал. Оцу кеппара, даьхни духкуш-оьцуш ший а агIо реза хила езаш хилча, зуда ялорехь ший а агIо реза хила езар кхин а чIогIа ду.

 

 

Сий лардар – Бусалба динан Iалашо ю

Бусалба динан уггар коьрта йолчу яккхийчу пхеа Iалашонех цхьа Iалашо ю сий лардар. И сий дойъуш, сий дохош долу уггар доккха бахьана зина ду. Цундела, и Iалашо талхош долу зина хьарам дина ца Iаш, оцу зина́на тIевуьгу некъаш а хьарам дина Бусалба дино, и зина́ ца дожийта дуккха декхарш тIе а иэгийна цо, уггар хьалха бусалба зудчуьнан сий лардархьама, тIаккха бусалба доьзалан сийн лардархьама.

 

 


 

 

 

 

 

Олучуьнга дукха ма хье́жа

Шена хIума ца олуш виссина цхьаъа Iеламстаг вац. ХIумма деш воцучунна ца олу хIума. Ткъа цхьаъ деш верг хIума ца олуш ца вуьссу. Коьрта дерг – ахь айхьа дийриг нийса деш хилар ду, Делан лайшна пайдане хир долчу кепара, Делера йоле догдохуш, деккъа Цуьнан доьхьа. Цул тIаьхьа дерг АллахIан керахь ду, болх Цуьнга дIалуш бу, тIетовжийла а Цунна ду, гIо лахар а Цуьнгара ду, догдахар а Цуьнгара ду.

 

 

Къа ца хьегахь хир дац хIумма а

Бусалба динан мостагIий (массо кепара берш) ткъес детташ бойъур бу, йа олхазарша схьалуьйцуш дIахьур бу..

ХIаъ, уьш массо хIаллакьхир бу, бусалба нах цаьрга хьоьжуш хIиттина Iашшехь, бусалба наха цхьаъа къахьега а ца оьшуш, кечам бан а ца оьшуш, ойла йан а ца оьшуш, хIумма лелон ца оьшуш.. хIунда аьлча уьш керста болу дела, ткъа вай.. вай бусалба долу дела. 

Хир дуй иза иштта?

 

 

Сих ма лолахь, верлахь

Дахаран оьмарехь шен цхьана бараме кхаьчча бен ца девзаш хIуманаш ду. Хан яларца бен тIекхиа йиш йоцуш хIуманаш а ду. 40 шо кхаьчча бен хьекъал кхоччуш кхиъна даьлла ца хуьлу бохуш дуьйцуш а ду тахана, ткъа Пайхамарна (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) пайхамаралла 40 шо кхаьчча бен делла ца хилар а шен цхьа маьIна долуш ду. Цхьаболчу Iеламнаха олуш хезна суна, Iилманан цхьадолчу халчу хеттарш тIехь талламаш бойтур бацара шаьш 40 шо кхаьчна воцучуьнга, олий. Цундела, воккхачо хьайна деш долу хьехар атта ма хеталахь цкъаъа, верлахь. Ткъа нагахь санна ахь и хьехар тIе а ца лаьцна, ахь хьайна хетарг а дина, цунах хьан гIулкх ца хилахь, йа цунах хьуна зен хилахь, хаийла хьуна иза хьан хьайн бехках хилар. ТIейогIучу ханна ойла а йойла ахь цу тIехь, пайда а оьцийла ахь оцу айхьа динчух а, хьайна хиллачух а.

 

 

Фейсбук тIера цхьа хаттар (оьрсийн маттахь)

Вопрос: Ассаламу алайкум ва рахьматулЛахIи ва бракатухIу. Уважаемый Брат, есть такой спорный вопрос, в нашей мечети, а точнее вопрос не спорный, просто ситуация сложная. В нашей мечети, имам установил низам, делать тасбихь только после суннат намазов и только вместе с имамом.. есть братья которые делают тасбихь сразу после фарза намаза, и имам из-за этого устраивает большой скандал, и просит все делать понизаму и т.д. Вопрос: в такой мечети, что является приоритетным делать тасбихь (который является сунной) после фарза или по низаму установленным имамом? Дела реза хийла.

Ответ: Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!
Как мы уже говорили раньше в одном из ответов на вопрос, сунной является делать тасбихь сразу после фард намаза: 

http://dinulislam.org/xattar/xattar_tasbih_mawdi1.htm
 

Касательно вашего случая, если соблюдение тасбихьа после фарда приведет к конфликтной ситуации, спорам и раздорам, то лучше сторониться этого, то есть лучше делать тасбихь вместе с имамом, после суннат намазов. Не надо делать из этого вопроса конфликт и противостояние. Потому что сам тасбихь является всего лишь желательным действием, а конфликт и раздор из-за него приводит к более большим и ненормальным последствиям, и вреда от таких раздоров происходит больше чем польза от соблюдения одной сунны. 

По мере возможности, в будущем, следует постараться объяснить этому имаму, что согласно словам ученых шафиитского мазхаба и не только, сунной является делать тасбих после фарда и по отдельности, если все знают как его делать. Но тот кто будет объяснять ему это, должен быть не молодым пацаном, к которому тот не будет прислушиваться, а человеком, которого он уважает.

Таких вопросов, которые в своей основе являются лишь желательными действиями, но из которых делаются трагедии, в нашем обществе очень много. А причиной тому является отсутствие знания, и эго некоторых людей. Поэтому, следует иметь очень осторожный и тщательно продуманный подход в исправлении этой ситуации, поскольку в целом ее исправить удастся только после кропотливой и долгой работы по ликвидации религиозной безграмотности в обществе. Если делать из таких маленьких многочисленных вопросов трагедии, и переводить их на конфликтный уровень, то пользы от этого будет мало, даже наоборот, вреда будет намного больше. Мы когда-то прошли этот этап, и нельзя наступать на одни и те же грабли по несколько раз. ВаллохIу аIлам.

 

 

Нахера баркаллий доьхьа ма де айхьа дийриг

Айхьа нахана деш долчу дика хIуманах Делера бен баркалла а ма леха хьайна; адамаша хьайна баркалла аларга догдохуш ма хила, Делера хьайна хуьлуш йолчу йоле догдохуш хила. Ахь иза иштта дахь, оцу адамаша ахь шайна динчу диканна инкарло йича а девр дац хьан иза.

 

 

Пайхамарна гIо дарх ду буоберана гIо дар

Пайхамар (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) буобер долуш кхиъна. Иза дуьненчу валале хьалха да велла цуьнан, ялх шо кхаьчча нана а елла цуьнан, бархI шо кхаьчча деда а велла цуьнан. Цул тIаьхьа дуьйна йолчу хенахь девешо кхиийна хилла ву иза. Буобералла дерриге девзина цунна жималлехь дуьйна. Цундела, нагахь санна хьайна тахана Пайхамарна гIо дан лаахь, цхьана буоберана гIо де, иза хьайна тIелаца, йа цхьана кхечу кепара хьайга далурриг де царна.

 

 

Ахь дийриг – да́къала́цар ду

Бусалба динан хIусам цхьана стаге йалур яц цкъаъа. Делахь а, и хIусам еш болчаьрца да́къа лацалур ду цуьнга. Далла хьалха бехказло хиларга догдохуш, и да́къа лаца гIертар ду вай лелориг. Ткъа цунах беркат дар – иза Делан керахь ду

 

 

Коьрта бакъо

Бахьанаш лелор важиб ду. Бахьанаш лелор Iаддитар, бахьанаш ца лелор - Iесалла ю, къилахь ду. Царна тIетовжар а, болх царна тIебиллар а - ширк ду, Делаца накъост вар ду.

 

 

Массарна пайде хила мегаш дац?

Хьо цхьанна луьш хилча чIогIа хазахета-кх цхьаболчу кегийчу нахана (уьш боцучарна а). Хьо цхьанна а ле а ца луьш, массарна дика долу, массарна пайдане долу хIума дан гIерташ хилча хьуна лоь, шаьш санна хIунда вац хьо бохуш. Ма тамашийна хIума ду иза! Цхьанна ле а ца луьш, тIемаш ца деш, девнаш ца деш, дин лардеш ву со бохуш нахана гIийбаташ-бухIтанаш ца деш, нахана юкъахь бекъамаш ца беш лело мегаш дац-те Бусалба дин?

 

 


 

 

 

 

ГIиллакх-оьздангалла – Бусалба динан доккха да́къа ду

Хьарам-хьанал боху хIума хиларал совнаха, Бусалба динехь оьздангалла боху хIума а ду, гIиллакх боху хIума а ду, эхь хетар боху хIума а ду, яхь хилар боху хIума а ду. Хилла ца Iаш, гIиллакх-оьздангалла дацахь Бусалба дин дан а дац, хIунда аьлча Бусалба дин дахаран некъ бу, ткъа гIиллакх доцу дахар дахар дац.

 

 

Дика ниййат, нахана диканиг дар

Ниййат дика хилча бен, Дела доьхьа хилча бен, еш йолчу Iамална а, гIуллакхна а ме́л хир бац, ша и Iамал дика елахь а. Вон лаамца, вон Iалашонца дика Iамал йича, цунах ял хир яц.
Бакъду, цхьаболчу Iеламнаха аьлла, нагахь санна деш долу хIума Делан кхолларна дика хуьлуш долу хIума делахь, къаьсттина цу балхана ниййат дина ца хилча а ме́л хир бу цунах. Масала, цхьана машен тIехь воьдуш волуш, хьой хьала а гIаьттина ахь воккханиг охьахиийтича, оцу дикачу хIуманна ахь къаьсттина ниййат дина ца хилча а ме́л хир бу хьуна цунах, Делан комаьршаллийца, Дала мукъа лахь.

 

 

ГIиллакхе дерг

Чу-ара волуш воккханиг хьалхавалийтар дика ду, жима велахь а аьтту агIор верг хьалхавалийтар дац суннат дерг. Иза вай алссам шен тешаллашца дийцира Шейх Iабдул-Фатта́хьа яздинчу «Бусалба динан гIиллакхех (цхьадерг)» цIе йолчу жайнин маьIна деш.

 

 

ПIераскан де – деза де

Дала къобал дойла шун рузба а, дешна Къуран а, диллина салават а! Тахана шайн берашна цхьана кепара хазахетар дан хьовса! Тахана шайн гергарчерах цхьаьнца зIене довла хьовса! Тахана, шайгахь мел сингаттам белахь а, шайл халонгахь волчуьнан ойла а ей, Далла хастам а бей, деладелла-декхаделла хила хьовса!

 

Воккхачуьнга ладогIча  зен хир дац

Воккхачо бохург дича эхь дац шуна, кегий нах. Аш хIинца дан гIертош дерг, цо - воккхачо – шул хьалха масийттозза дина хила мега шуна, и хIума даран нийса некъ бевзаш хила мега шуна, цундела, шайна хетарг хьалха а ца тоттуш, воккхачо шайна деш долу хьехар хьалхадаккха. Къаьсттина чIагIло шуна и хьехар тIелацар, шуна хьехар дийриг дуьненахь дикка хIума зеделла воккханиг велахь.

 

Адам сийлахь ду Далла гергахь

Дала Шен кхидолчу массо кхолларшна юкъахь къастийна ду АДАМ, сийлахь дина ду иза, Шен кхечу кхолларшна цхьанна а ца делла долу хIуманаш делла Цо цунна. Цундела, мухха делахь а, милла делахь а, адам адам ду, цуьнца адамаца санна хила а веза. И адам шен адамаллех доьхча а, адамалла долуш хила еза цуьнца лелон юкъаметтиг. И ду вайна вайн Дино хьоьхург.

 

Къаьркъано адамах хьайба до.

 

Нехан хьакъ

«Собаре хиллачарна ме́л дIакхачор ма бу (АллахIа), барам боцуш». Сурат «Аз-Зумар», 10 айат.
Эха сахьтехь чекхдаккхалур долу цхьана кехатан гIуллакх нисса 5 сахьтехь деш хилча, мел доккха собар оьшу. ВаллахIи, нехан цхьа гIуллакх деш болх беш волчо, шен болх бан ма-безза цо ца бахь, нехан лерам цо ца бахь, и нах адамаш цунна ца хетахь, ма доккха дукъ ду цо шена тIелоцуш дерг, АллахIана хьалха ма доккха жоьпалла а ду цо шена тIелаьцнарг. Къемат дийнахь оцу хIора адаман хьесапах кIелхьара вера вуй-те балха тIехь и хIума лелориг?

 

 


 

 

 

 

Къуръан = ?

Къуръан – хIокху вайн умматан жайна ду. Мухьаммад (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) – хIокху вайн умматан пайхамар ву. Мухьаммадан (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) умматана шен дин нийса довза лаахь, иза Къуръане а хьажа деза, Мухьаммад пайхамаран (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) дахаре а хьажа деза.

 

Суннат = ?

- Даим суна Iиттарш еш хуьлура уьш, ахь и зуда вон ялийна, ахь хьайна Iазап далийна, хьан бераш цигонаш санна кхуьур ду бохуш. Суна халахетара иза, новкъа догIура, но ас хIумма а ца алара цаьрга. Иштта дIахедира-кх со церах. Суннат кхочуш деш, суннат лардеш, суннатехь болуш, вежарий бара уьш ба-м.

- Муха дара церан суннатехь хилар? ХIун дора цара суннатехь хила? ХIун бохург ду хьан иза? Маж лелор хир ду иза...?

- ХIаъ, маж лелайо цара, хечи когаш до щиколоток ду церан. Маж ю церан, хечи когаш ду церан.. суннатехь бара-кх уьш.

- ...шайн бала боцург дийцара цара, Iиттарш йора цара, хьуна хала а хетайтара цара.. иза а хир ду-кх суннат лардар... Бусалба дин Iамош, йоьшуш хIума дорий ахь а, хьан хIусамнанас а?

- Дора.

- ХIун ешара аш? Цхьаа жайнин цIе дага йогIий хьуна?

- Суна хIинца дага-м ца догIу.

***

Оцу, суннатехь болчу вежарех дIахаьддачул тIаьхьа, шен хьалха хиллачу замойшца долу гергарло керла а даьккхина, наг-наггахь таблетка молуш, шайн кадаьлча са а къоьруш, дIаволавелла иза. И бахьана долуш доьзал боьхна цуьнан.

Тховса сан цхьана жимчу стагца хилла къамел а, цуьнан хьал а ду иза.

***

Суннат - маж лелор а, хечикогаш хьаладахийтар а дац! Суннат – Имам Нававийн "Шовзткъа хьадис" а, "Риядуссолихьин" а, "ал-Азкар" а ду.

 

 

Дела цхьаъвар, Элча бакъвар

«Ла илахIа иллаллахI» (АллахI воцург кхин дела вац) бохучун маьIна – цIена а, лекха а волу АллахI воцург Iибадат дан кхин цхьа а хьакъ вац бохург ду.

«Мухьаммадун расулуллóхI» (Мухьаммад АллахIан Элча ву) аьлла тешалла даран маьIна – цо де́ аьллчунна муьтIахь хилар ду, цо дийцинарг бакъдар ду, цо ма де аьллачух вухавалар ду, цо беанчу некъаца бен Далла Iибадат ца дар а ду.

 

 

 

 

 

 

 

Марха кхабар – мотт ларбар ду

Марха кхобург ларвала веза гIийбат дарх а, эладита дийцарх а, иштта Дала хьарам динчу кхечу дешнех а. ХIора бусалба стага а, зудчо а шен мотт ларбан беза хьарам долу хIумнаш дийцарх а, кхечу нехан сий дойъу хIума аларх а.

 

Сахь даларх лаьцна

Таханлерачу хьолехь, хьалха санна хьаьжкIаш наха куьркахь йатта а йоттуш, тIаккха хьерахь ахьа а охьуш, церах шайна ахьар а деш, тIаккха цунах шайна чохь баа кхача а беш доцучу хьолехь... КIа а тахана вайн наха шаьш иштта лелош ца хилча... ХIинццалц схьа вай саьхьашна кIа а, хьаьжкIаш а луш хиллехь а, таханлерачу хьолехь церан меттана дуга далар а, кхоьш йалар а, "гречка" далар а, наха шайна кхачанна лелош долу иштта уьш санна долу даар далар гIолий ду.

 

Зудчо лоцу да́къа коьрта ду

Хьуна а, хьан махкана а, хьан къомана а тIехь мостагIашка толам ца баккхабаларехь уггар коьрта да́къа ненан (зудчуьнан) ду аьлча, муха туьдур дара аш иза?

 

Iеламнехан бартхилла хIума ду, лачкъийна хIума иэца мегаш ца хилар.

 

«Кхиверг» къобал варх лаьцна

Къуръан тIехь уггар дукха хьехош волу пайхамар мила ву хаьий шуна? Муса ву, Делера салам хуьлда цунна. 140-зза хьахош ву иза. Цул тIаьхьа ИбрахIим ву, тIаккха Нухь ву, тIаккха Iийса ву (36-зза хьахош ву Iийса). Ткъа, Мухьаммад 5-зза бен хьахош вац. Делера уггар дика къинхетам а, маршалла а хуьлда царна массарна. Вай «кхиверг» къобал вар санна, вай къобал деш мила ву хIокху дуьнена тIехь?

 

Сийлахь Къуръан даим хезийла шун.. дегнашна.