|
МИЛА ВУ БУСАЛБА СТАГ?
Шейх Iалий Ат-ТIантIáвий Дала къинхетам бойла цунах 1909 - 1999 шш.
Зорбане даьккхина 1939 шарахь.
МИЛА ВУ БУСАЛБА СТАГ?
Вайн дин хIокху кхаа хIуманах хIоттаделла ду: Iилма (довзар) а, кхетам (тешар) а, Iамал (болх) а.
[Iилма, довзар, хаар] Бусалба стаг[1] – иза девзинарг ву, хиънарг ву, сийлахь а, нуьцкъала а волчу АллахIа, Ша элчанаш ца бохкуьйтуш цхьа зама яьлча, Мухьаммад (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) элча вина ваийтина хилар, даим дуьсур долчу шариIатца, массо хенаца а, меттигца а догIуш долчу. АллахIа Шена тIелаьцна, оцу шариIатана тIаьхьабаьзнарш дуьненахь а, эхартахь а ирсе хилийтар. Цо иза Iаламашна делла къинхетам бина, массо нахана куьйгалла а дина. АллахIа элчанна тIе доссийна жайна, цу юкъахь доцуш цхьаа хIума дац. Иза Къуръан ду, АллахIан хьалхалера (кхоллаза) къамел. АллахIа Исламаца кхочушдина чекхдаьхна дерриге элчаналлаш а, динаш а, цундела, пайхамарийн мохIур долчу Мухьаммадал тIаьхьа кхин пайхамар вац. Бусалба стаг – девзинарг ву, хиънарг ву, Исламан бIогIам а, цуьнан бух а, цуьнан тогар а, цуьнан серло а АллахIан Жайна (Къуран) а, Цуьнан пайхамаран Суннат а хилар. Къуръан тIехь деанарг а, Пайхамара (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) билггал аьлла дерг а Бусалба динера ду. Ткъа и доцург кхидерг – цхьацца наха юкъадаьхна долу хIуманаш, йа цхьаболчара совнаха цунна тIедиттина долу хIуманаш, йа Къуръан тIехь а доцуш, йа нийсачу хьадисехь а доцуш, йа цаьршинца дуьстина даьккхина а доцуш, йа цаьршинан маьIнех схьаэцна а доцуш, йа бусалба умматан Iеламнехан бартхилла а доцуш долу – уьш Бусалба динера хIуманаш дац, хIокху лаьтта тIехь мел болчара уьш ду бахахь а. Бусалба стаг – девзинарг ву, хиънарг ву, Ислам кхидолчу динех тера ца хилар а, иза цаьрца дусталур ца хилар а. ХIунда аьлча иза – дин а, низам а, куьйгалла а, гIиллакхаш а долу дела. Цо билгалйо Делан лайна а, цуьнан Элана а юкъахь хила еза юкъаметтиг. Цо хIиттадо наха вовшашна юкъахь лело деза низамаш. Цо билгалйо бусалба пачхьалкхана а, кхийолчу пачхьалкхаш-на а юкъахь хила езачу юкъаметтиган бакъонаш. Ислам бусалба стагца цхьаьна ду, иза Iуйьранна араваьлча а, суьйранна цIа воьрзуш а, иза лакха хьалаваьлча а, иза лаха охьавоьссича а. Иза цунах къаьсташ дац бIаьрганегIар тухучу ханна а, ког биллал йолчу меттигна а.
Дуьненахь цхьаъа
Iамал, цхьаъа болх, цхьаъа гIуллакх дац Исламаца доьзна доцуш, шен хьокъехь
АллахIан хьукм цо билгал деш доцуш: (1) йа мегаш гIуллакх хила деза
иза, ша динчунна ХIара пхи хьукм ду (важиб а, дича дика дерг а, мегаш дерг а, Iаддитича дика дерг а, хьарам дерг) хIора гIуллакхан динца йолу юкъаметтиг билгалйоккхург. Цхьаъа болх а, гIуллакх а, Iамал а яц оцу пхеаннах цхьанна кIел ца йогIуш. Цундела бусалба стага ца олу цкъаа: «ХIара гIуллакх динан дозанел арахь ду, динца цуьнан юкъаметтиг а яц»; кхин а ша́ ца аларе терра: «Ислам пачхьалкхах къаста деза», хIунда аьлча пачхьалкх динан да́къанех цхьа да́къа ду, «Барóат» сурат Къуръанах къаста йиш йоцуш цуьнан цхьа су́рат ду, ткъа иза дерриге пачхьалкхан белхаш дуьйцуш ду. Бусалба стаг – девзинарг ву, хиънарг ву, Бусалба Низам – ШариIат – уггар кхачаме низам хилар; иза, Европин дерриге низамаш шех схьадевлла долчу Риман низамал мехала а, чулацаме а, кхачаме а хилар. Бусалба стаг – тешна верг ву, вайн дахаран низамаш, адамийн юкъаметтигца а, вочунна бекхам барца а, даьхнаца а, куьйгалла дарца а, пачхьалкхан коьрта низмца а доьзна долу дерриге низамаш а, бакъонаш а вайн ШариIатера схьадевлла хила дезаш хиларх, вайн динера схьаэцна хила дезаш хиларх. Бусалба стаг – девзинарг ву, хиънарг ву, Къуръан тIера цхьа а́йат керстадинарг (духатоьхнарг), йа динехь массарна а девзаш-гIарадаьлла долу цхьа хьукм[2] духатоьхнарг Исламера араволуш хилар. Бусалба стаг – девзинарг ву, хиънарг ву, тайп-тайпана хьелашна хьукманаш дохуш ижтихIад[3] дар ШарIехь оьшуш хIума хилар; ижтихIад дечунна, иза цу тIехь гIалат ва́лахь а ме́л хуьлуш хилар, цо къахьегарна а, шен ницкъ цунна баларна а цунна дика бекхам беш. Ткъа нагахь санна цо ижтихIад дина даьккхина хьукм нийса хилахь – кхин цхьа ме́л а хуьлу цунна, нийса хиларан ме́л. Кхин а, бусалба стаг – иза хууш верг ву, динан баххашкахь ижтихIад дар мегаш ца хилар, хIунда аьлча, и баххаш доьххьала дIа шайх лаьцна йа айат, йа хьадис долуш долу дела, ткъа нисса доьххьала дIа маьIна долуш долу айат а, хьадис а долчу хIумангахь ижтихIад дар нийса дац. Кхин а, бусалба стаг – иза хууш верг ву, баххаш ларалуш доцучу хаттаршкахь Iеламнехан бекъамаш зене ца хилар, хIунда аьлча уьш хIора а Элчанера (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) жоп лохуш волу дела, хуьлийла иза хьанафú мазхIабера, йа шáфиIú мазхIабера, йа мáликú мазхIабера, йа хьанбалú мазхIабера. Мелхо а, уьш иштта бекъабалар АллахIера къинхетам бу, умматана паргIато а ю.[4] Ткъа, зене дерг – динан баххашкахь бекъабалар ду, тешар тIехь а, кхетам тIехь, и санна долчарна тIехь а. Иштта бекъабеллачерах нийса верг цхьаъ ву, биссинарш тилар чохь бу, хIунда аьлча бакъ дерг масийтта хуьлийла дац. Ткъа нийсонна тIехь верг – иза Пайхамаран а (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна), цуьнан асхьабийн а, уггар дика хилла болчу доьххьара заманашкара бусалба нехан а некъа тIехь верг ву. Бусалба стаг – девзинарг ву, хиънарг ву, «Ла́ила́хIа иллалла́хI, Мухьаммадун росу́лулла́хI» а аьлла, Къуръанна а, Суннатна а доьхьал болу кхетам а боцуш, хьарам дерг хьанал а ца деш, хьанал дерг хьарам а ца деш верг бусалба хилар, кхиболчу бусалба нехан доллу хьукманаш цуьнан а хилар, вай цуьнца динан вежаралло цхьаьнатухуш а хилар. Бусалба стагана керста ву ала мегаш дац, динан баххех цхьа бух цо керстабеш бухатухуш бацахь, йа Iеламнаха массара а керстаналла лерина хIума цо дина дацахь. Бусалба стаг – девзинарг ву, хиънарг ву, Ислам-дин нийсачу Iилманца а, пайданечу корматаллийца а, дикачу кхиамца а бIостаналла йолуш доций, иза цунна доьхьал доций, иза атта а, паргIат а, кIеда а дин дуйла, иза готта а, шога а, хало еш а дин доций.
[Тешар, кхетам] Бусалба стаг – иза тешнарг ву, хIокху Iаламан цхьа Дела хиларх, хьалхалера а волуш, вуьссур а волуш (цкъаъа дIавер воцуш, лийр воцуш, даим хир волуш), хезаш а, гуш а волуш, Шен кхачамаллин куьцаш а долуш, кхачамбацаран куьцех цIена а волуш. Кхин а, бусалба стаг тешнарг ву, массо хIума кхоьллинарг АллахI хиларх а, чаккхе а, дерзар а Цуьнга хирг хиларх а. Бусалба стаг – иза АллахIана цхьанна Iибадат дийриг ву, даим Иза дагахь латториг ву, Цунна ша́ гуш вуй хуург ву, пайда бийриг а, зен дийриг а Иза вуй хуург ву, дика Цуьнан керахь дуй а, Иза массо хIуманна тIехь ницкъ кхочуш вуй а хуург ву. Бусалба стага цхьаьнгга а доIа ца до Цуьнца цхьаьна, адамашка кхочуш далуш доцу цхьаъа хьашт ца доьху цо Цуьнга бен, гIо а ца лоху цо Цуьнгара бен, баккъалла долчу кхерарца кхера а ца кхоьру иза Цунах бен. Адамаш реза дархьама Иза оьгIаз а ца вохуьйту цо, Иза шена реза хилчахьана кхиверг оьгIаз вахарх бен-башха а ца хета цунна. Бусалба стаг – тешнарг ву, АллахIа тайп-тайпана кхолларш кхоьллина хиларх. Церах цхьадерг чIогIачу хIуманах кхоьллина ду, адамаш а, дийнаташ а, седарчий а санна. Церах важадерш нуьре хIуманах кхоьллина ду, малийкаш санна. Малийкаш АллахIан кхолларех цхьа кхоллар ду, уьш дуккха а ду, цара хIумма яа а ца юу, мала а ца молу, шайна АллахIа омру динчунна тIехь Цунна Iеса а ца хуьлу уьш, шайга де аьлларг а до цара. Буьйсанна а, дийнахь а тасбихь деш ду уьш, кIад ца луш. Кхин а Цуьнан кхолларех ду жинаш. Царна вай го, вайна уьш ца го. Царна юкъахь бусалбанаш а ду, царна юкъахь керстанаш а ду. Церах ду шайтIанаш а – уьш дерриге шайца вон долуш ду, царна юкъахь диканаш дац. Бусалба стаг – тешнарг ву, АллахIа, адамех къинхетам беш, царна юкъара цхьа къонахий хаьржина хиларх, даккхийчу къинойх ларбина а болуш, кхачамбацарех цIанбина а болуш. ТIаккха Цо царна Жабраил дахийтина (малийкех цхьа малийк ду иза, Делера салам хуьлда цунна), цо цаьрга дIакхачийна АллахIан кхайкхам. АллахIа царна Iамийна дуьненахь адамаш ирсе дийр долу хIума а, эхартахь уьш Iазапах кIелхьара дохур долу хIума а. Кхин а Цо царна тIедожийна хилла и кхайкхам шайн къаьмнашка дIакхачор. Уьш – элчанаш бу. Церах доьххьарниг Адам ву, церах тIаьххьарниг Мухьаммад ву, АллахIан къинхетам-маршалла хуьлда царна массарна. АллахIа, Шена лиънехьара деккъа цхьа жайна а доссийна, массо нахах цхьа уммат дина хир дара, делахь а, Цуьнан хьекъалаллийца хила дезна Цуьнан кхайкхаман кхачамалла жим-жима кхуьуш кхиар, «цивилизацин» кхачамалла кхиар санна. Цундела, хIора (керла) кхайкхам шел хьалхарниг хийца а хуьйцуш, иза кхочуш беш богIуш хилла. Ткъа, тIаьххьара а Мухьаммадан (АллахIан къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) кхайкхам тоьллачу кхачамаллехь беана, шел тIаьхьа шена тIеоьшуш кхин цхьаъа хIума доцуш. Иза иштта бáран ши бахьана ду: Хьалхарниг: Мухьаммадана беллачу кхайкхаман а́мал шеца кIедалла йолуш ю, иза шен кегийчу хьукманашкахь хан-зама кхиарца хийцалуш кхиа йиш йолуш бу; цундела массо хенахь керла болуш санна гуш хуьлу иза, хьалха девзаш хилла доцу маьIнаш а, керла агIонаш а гучуюьйлу цуьнан хIорозза, къаьсттина уьш гучуюьйлучу заманна иза боссийна болуш санна. ШолгIа бахьана – адамийн дахаран а́мал а, Ислам доладелчахьана дуьйна таханенга кхаччалц, адамаш цхьанакхетарга таьIна хилар ду. Тахана вайна ма-гарра, адамашна юкъахь зIе хилар паргIатда́ларо уьш цхьаьна доьзалан бераш санна хилийтина, малхбаленан чаккхенгахь аьлла дош малхбузенан чаккхенгахь хаза а хезаш. И бахьана долуш, кхайкхам дIакхачор аттачу даьлла, къаьмнийн дукхалла бахьана долуш элчанаш совба́ха оьшуш доцуш. Бусалба стаг – тешнарг ву, «вахьйу» (АллахIа пайхамараллийца Шегара луш болу хаам) бохучуьнан маьIна элчанна тIе малийк доссар хиларх. Иза, байтахошна (поэташна) а, яздархошна а бевзаш болу, синна луш болу хаам бац. Бусалба стаг – тешнарг ву, «вахьйу» адамо бахьанаш лелорца цунна кхочуш ца хиларх. Мелхо а, иза АллахIа луш долу хIума ду, къахьегарца хуьлуш доцу, талламца а, Iилманца а, ойла йарца а шена тIекхачалуш а доцу. Цундела ца олу пайхамарна, иза доккха похIма долу стаг ву, йа байтахо ву, йа философ ву. ХIунда аьлча и дерриге хIуманаш пайхамараллех къаьсташ ду, цунах тера дац, пайхамараллин даржал дуккха а лахара гIуллакхаш ду уьш. Бусалба кхетамана доьхьал догIуш а ду иза иштта алар. Бусалба стаг – тешнарг ву, АллахIа Шен виъ элчанна тIе жайнаш диссийна хиларх. Мусанна тIе Таврат доссийна Цо, Давудана тIе Забур а, Iийсанна тIе Инжил а, Мухьаммадана тIе Къуръан а доссийна Цо, АллахIан къинхетам-маршалла хуьлда царна массарна. Ткъа хIора къомо шайн жайнаш хийца а хийцина, талхийна, цхьа Къуръан доцург, иза ша охьа ма-доссора диссина, хIунда аьлча АллахIа Шена тIелаьцна долу дела иза лардар: [Бакъдолуш, Оха Тхаьш досса а дина Къуръан, Оха лардеш а ду иза]. («Ал-Хьижр», 9 айат). Бусалба стаг – тешнарг ву, АллахIа массо адамаш Къемат дийнахь гулдийр хиларх. Веллачуьнан са цуьнга юхадерзор ду Цо, иза па́на хилла дIаваьллехь а, цунах латта хиллехь а, цуьнан дегI да́га а дина цунах чим хиллехь а, иза акхароша диъна хиллехь а, йа олхазарша дIасадаьккхина хиллехь а. ТIаккха Цо хьесап дийр ду царна, дуьненахь цара лелийначунна – дика хиллачарна диканца бекхам а бина даиманна ялсамани бохуьйтур бу Цо уьш, вон хиллачарна таIзар деш жоьжахати бохуьйтур бу Цо уьш. Бусалба стаг – тешнарг ву, АллахIа гечдеш ца хиларх, Iиба́дат дарехь Шеца накъостий барна; Цо гечдеш хиларх иза доцучунна, Шена луучунна. Бусалба стаг – тешнарг ву, ша валале хьалха тоба динчуьнан къа дIадойъур хиларх, цкъаъа иза дан а ца дича санна, нагахь санна цу тобанца цхьаьна къа Iаддитар а хир делахь, ша́ кхин цу тIе юхавоьрзур вац аьлла хадам болуш сацам а бийр белахь, хьалха хиллачунна дохко а вер велахь. Иштта долу тоба ду и къа дIадойъуш долу бакъдолу тоба. ТIаккха, цул тIаьхьа иза юха а оцу къа тIе юхаверзахь, юха а цо бакъдолу тоба дича юха а АллахIа гечдийр ду цунна, цуьнан и къинош хIурдан чопа санна дукха хилахь а: [Ахь ала: «(Къинош леторца) шаьш шайна зен дина долу Сан лайш! Ма дилла дог АллахIан къинхетамах; бакъдолуш, АллахIа гечдо массо къиношна]. («Аз-Зумар», 53). Ткъа, шен къина тоба а дина, делахь а цу тIера ца волуш верг, йа юха а цу тIеверза ойла йолуш верг – иза шен Делаца ловза гIертарг санна ву. Дала лардойла вай цу балхах. Бусалба стаг – тешнарг ву, массо хIума АллахIан хIоттамца, Цуьнан кхиэлаца лелаш хиларх; АллахIа Шен хIора лайна цуьнан ирс а, цуьнан дакъазалла а, цуьнан рицкъа а декъна даьлла хиларх. Хьуна хIоттийна хилларг дIакхочур ду хьоьга, хьо мел гIийла хиларх а, кхечунна хIоттийнарг цуьнгара даккха а лур дац хьоьга. Хьан дахарехь диссина цхьа де делахь, хIокху дуьнена тIера массо нах вовшах кхетча а цаьрга вен лур вац хьо. Хьан Iожаллин хан тIекхачахь, валар тIекхочур ду хьуна, хьо лекхачу бIов чохь хилахь а. Къоламаш хьалаайдина девлла, тептарш дакъаделла а девлла. АллахIа хIоттийна кхел юхатоха цхьаъа вац, Цуьнан лаам сацо а цхьаъа вац. ХIетте а, АллахIа вайна омру дина (тIедожийна) Iамал йар а, къахьегар а (бахьанаш лелор).
[Iамал йар, къахьегар] Оцу массо хIуманал тIаьхьа, бусалба стаг – къера а хуьлуш, тешалла дийриг ву, шена Iибадат дан хьакъ долуш АллахI воцург кхин дела ца хиларца, Мухьаммад АллахIан элча а хиларца. Бусалба стаг – дан ма-дезза ламаз дийриг ву, шен-шен хенахь, цуьнан ва́жибаш а, суннаташ а лар а деш, АллахIана хьаста а луш. Бусалба стаг – рамадан баттахь марха кхобург ву, АллахIах теша а тешаш, цуьнгара ял хиларга дог а дохуш. Бусалба стаг – дог реза а долуш, шен даьхни тIера закат луш верг а ву, шен ницкъ кхачахь хьадж динарг а ву. ТIаккха, бусалба стаг харц а ца лоь, цо гIийбат а ца до, йа нахана юкъахь мотт-эладита а ца леладо, цхьанненна а новкъарло а ца йо, йа цхьанна а зулам а ца до. Иза шен бIаьрг а, куьг а, бехкеметтиг а вочунах цIена латтош хуьлу. Иза уггар дикачу гIиллакхашка кхача гIерташ хуьлу. Хьекъале дерг миччахь делахь а схьаоьцу цо. Ша́-шена дезарг шен бусалба вешийна а дезаш хуьлу иза. Боьхачу гIуллакхана а, лартIехь доцучунна а генахь Iа иза. Дикаллийна а, АллахIах кхерарна а тIехь гIоьнча ву иза хьанна а; къа латорна а, дозанал тIехваларна а гIоьнча вац иза цхьанна а. Вон хIума шен куьйга сацадо цо, иштта сацо ницкъ ца кхачахь шен маттаца сацадо цо, и дан а ницкъ ца кхачахь шен дагца духатуху цо иза, ткъа дагца мукъане а вониг духатохар ийманан уггар гIийла да́къа ду. Бусалба нехан хьаккъаш кхочуш до (церан бакъонаш ларйо) цо: церах гIийлачунна накъосталла до цо, мискачунна гIо до цо, цомгачуьнга хьажа воьду иза, церан зударех шен бIаьргаш духатуху цо, церан сий а лардо цо. Бусалба нахана юкъара хIора воккха-стаг шен да лору цо, хIора жима-стаг шен ваша лору цо, хIора жима бер шен кIант а, шен йоI а лору цо, хIора зуда шен йиша лору цо. ТIаккха, къаьркъанах ларло иза, риба́ ца леладо цо. Шеконаш йолчу хIуманех лар а ло иза, цаьрга ша хьарам долчу хIуманна тIе ца вигийтархьама; дихкина долчу дозанна уллехула а ца хьийза иза, ша цул тIех ца валийтархьама. И массо хIума АллахIа доьхьа до цо, шен ма-хуьллу иза шен дегIа а, сина а доьхьа хилийтарх гена а волуш; ша, шеца цхьаьна дегIан а, синан а лаамаш болу адам дуй а, ша церах къастийла доций а хууш; ткъа АллахIа цуьнга хаттам бийр бац цуьнан ницкъ кхочуш хиллачунна бен. Иштта ву бакъволу бусалба стаг а, зуда а… Везан Дела, йа АллахI, бакъдолу бусалба нах де Ахь тхо!
[1] Кхузахь а, кхидIа а «бусалба стаг» бохучух лууш дерг бусалба адам ду, стаг а, зуда а. [2] Масала, ламаз-марха парз хилар; корта бахош долу малар хьарам хилар, зина́ хьарам хилар, и. кх. дI. [3] ИжтихIа́д – бусалба Iилманаш Iаморехь лаккхара гIулч яьккхина кIоргене кхаьчна волчу Iеламстага шена хьалха нисделла долчу гIуллакхан хьокъехь Бусалба дино бохург билгалдан гIортар ду, Бусалба динан баххаш тIе а тевжаш. Iеламстага шен Iилманца цхьана гIуллакх тIехь къахьегар ду иза, оцу гIуллакхах дерг Бусалба динехь билгалдан гIортар ду = иза. Адамо (Iеламстага) беш болу болх бу иза, цундела иза нийса хила а йиш ю, гIалат хила а йиш ю; йа вуьшта аьлча, Iеламстаг оцу балха тIехь нийсачунна тIенисвелла хила а тарлуш ду, гIалат ваьлла хила а тарлуш ду. Иза гIалат хиллехь, цхьа ме́л бу цунна, цо къахьегарна. Иза нийса хиллехь, ши ме́л бу цунна, къахьегарна а, нийса хиларна а, хьадисехь деана ма-дарра. [4] Цхьа хало хилча, йа цхьа цаторийла хилча кхечу мазхIабехь долчунна тIетовжа аьтту бу, ткъа иза къинхетам бу, атто ю, хало дIаайъар ду. |