Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Кхетам

Доьзал

ГIиллакх

Iелам-нах

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

Ийман, валар, баккхийнаш
 

 Ийман, Делах тешар совдаккхарх лаьцна доьшуш вара со... Цу юкъахь дуьйцуш дара, валар дагахь латтор - Ийман совдоккхучу бахьанех ду бохуш. Ткъа валар дагахь латторна гIо дечу хIуманех цхьаъ ду аьлла дара, кечдина марчу хилар. Цхьацца Iеламнехан а, дикачу нехан а масалш а дара далош.

Суна сайн денана дагаеара. Цхьа масех де хьалха, чIогIа сагатделлера сан цуьнан каш тIехIотта (Эртанахь дIайоьллина ю иза), иштта хIума цкъаъа хилла а дацара суна. Дала гечдойла цунна, Дала къинхетам бойла цунах.

Со кхеттал хилчахьана дуьйна, хIума дагадогIучу хене со ваьлчахьана дуьйна (иза йалале цхьа 25 шо хьалха хир дара иза), наг-наггахь гойтура цо суна шен чамда. Цу чохь цуьнан марчу дара, лийчорна сабанаш дара, доьхканаш дара... адам деллачул тIаьхьа иза дIадоллалц оьшуш долу массо хIума дара. Цкъа, массо хIума стенна оьшуш ю билгалдеш гайтира, со хьуьжаре лела волавелча.

Доьххьара суна Iаьрбийн йоза Iемичахьана дуьйна, хIорозза олура цо, "Со елча суна Йеса деша хир ву...", олий.

ХIетахь, сайн жима хиларна, со дукха хIуманах ца кхетара. Тахана дукха ойланаш йойту цо соьга.

Церах ю, масала, оццул чIогIа йолу атеизм-коммунизм тIетаьIна йоллушехь, вайн кхетамца-ойланца-хьежарца догIуш доцу дукха хIуманаш вайн юкъараллийна юкъахь даржош хиллашехь, и Делах тешар, и Ийман, и Дин, муха ларделла-те цаьрга? Тахана, царна хилла йолу хало вайна дукхах болчарна хилла йоццушехь, "сериалаш" а, "телефонаш" а, "интернет" а бахьанехь вай иштта сиха хийца хIунда делла-те?

Вайн баккхийнаш вай шайх дозалла дан дезачу кепара чекхбевлла шайн дахаран муьрехь. Дала гечдойла-кх царна, Дала къинхетам бойла-кх церах.
 

14.07.2012 = 24.08.1433