Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Кхетам

Доьзал

ГIиллакх

Iелам-нах

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

 

 

Босни, ингалс мотт, лаккхара ойла

 

 

ХIокху чура ши бер (ши йоI) ал-АзхIар цIе йолчу университетаца йоьзна йолчу ишколехь доьшуш ду, юьхьанцарчу классашкахь. Оццу ишколехь доьшуш ву сан лулахь Iаш волу Боснера цхьа жима ши кIант а. И шиъ а, юьхьанцарчу классашкахь доьшуш ву. ХIара ши йоI а, и ши кIант а оцу ишколе Iуьйранна цхьаьне дIа а дуьга, юха суьйранна схьа а даладо, шен машенахь, цхьана дикачу гIалгIай бусалба вешо. Цуьнан шен диъ бер а ду оццу ишколехь доьшуш.

Дукха хан йоццуш, гIурбанан Iийд дийнахь, оцу ишколехь даздарш хиллера. Бусалба нехан деза де даздеш бара уьш. ДIахIоттийна КаIбатан макет яра, Сафа а, Марват а шина ломан макеташ а йара, тIедуьйхина духарш хьаьжойн санна а дара. 4-5 шо кхаьчча дуьйна, Исламан и ялхолгIа бIогIам Iамош бу берашна цигахь. ХIокху шарахь, гIурбанна далийна бежана а дара. Ишколехь гIурба доь олуш хезний шуна цкъаъа?

ХIан-хIа, оцу ишколийна реклама еш вац со. Йа тхо дика дай-наной ду бохуш дозалла дан гIерташ а вац со. Йа тхайн бераш дийца гIерташ а вац со.

Со дийца гIертарг хIун ду хаьий шуна? Со оцу Боснера шина кIантах цхьаннах – жимачух – лаьцна дийца лерина ву. Оцу кIанта, гIурбанан дийнахь хиллачу даздаршкахь хьалхара меттиг яьккхина. Массарна юкъахь къаьсташ ву аьлла тоьшалла а делла цунна, ишколан куьйгалхочо. Фейсбук чохь, ишколан агIона тIехь цуьнан суьрташ гича, суна чIогIа хазахийтира (и хьалхара меттиг яьккхинарг сайн йоI хиллехь кхин а чIогIа хазахетар дара суна; Дела реза хуьлда цунна, Iумарна а лиъна ма-хиллера шен кIант IабдуллахI дикачунна тIехь хьалхеяьккхина хилла хила). Цхьана хIуманан ойла а йайтира цо соьга…

Оцу кIанта хьалхара меттиг стенна тIехь яьккхина ца хотту аш соьга? ЦIена Iаьрбийн мотт бийцарна а, Iаьрбийн маттахь говза къамел дарна а, уггар дика назма ешарна а! Теший шу? Iаьрбой боцуш, кхечу къомах болу дешархой мел дукха а 5% бен хир боцуш, Iаьрбойн махкахь, Iаьрбошна йина йолу, ал-АзхIарца йоьзна йолчу ишколехь Боснера кIанта хьалхара меттиг яьккхина, цIена Iаьрбийн мотт бийцарехь!

«Хаза а, дика а хIума-м дара ахь дуьйцург, делахь а цуьнан доьхьа яздеш ду-те ахь хIара?», аьлла, дагадан мега шуна. Жимма хьалха ма-аллара, цо сайга йайтина йолу ойла шуьга йийцара доьхьа яздеш ду ас хIара…

Германехь вина а волуш, да-нана Боснера а долуш волчу оцу кIанта Iаьрбошна юкъахь хьалхара меттиг яьккхина хиларца ша-шах дозаделира сан, нохчийн дешархошна (мутаIеламашна) шаьш доьшуш йолчу университетехь Iамо хIоттийна болу ингалс мотт Iамо ца лаар, «Суна иза оьшуш бац, ас сайн юьртахь хьаьнца буьйцур бу иза?» бохуш бахьана а далош.

Германи, Босни, Миср… Боснийн мотт, немцойн мотт, Iаьрбийн мотт, тIаккха ишколехь хьоьхуш болу ингалс мотт, цхьа масех шо даьлча хьеха болор болу французийн мотт… Кхоъ-йиъ пачхьалкхе, 5 мотт… Иштта шен «биографи» йолуш ву-кх и кIант. Иштта васт ду-кх вайн таханлера заманан а. Дуьненаюкъараллин васт долуш ю вайн хIара зама. ДIасавахар атта ду, зIе атта хилар-м хIокху заманахь санна цкъаъа хилла а дац. Ткъа, таханлера бусалба стаг заманца вогIуш хила веза. Йа и кIант еккъа «шен юьртахь» ойла еш Iийнехь дика дара-те?

ХIунда хила веза-те нохчо (стаг йа зуда) тахана а еккъа шен юьртахь бен кхин ойла еш воцуш? Жимма гена хьовса ца мега-те вай? Жимма лекхо хьовса ца мега-те? Сатийсамаш жимма баккхий хила ца мега-те вай? Мединатехь тхуна хьоьхуш хиллачу цхьана профессоро (устазо) олуш дара, дуьнена тIехь дIасавахаран пайда буьйцучу хенахь (жуьгтийн динах лаьцна дарсаш дара уьш, 4-гIа курсехь; ткъа тIаьххьара юьйцург Базелехь хилла йолу жуьгтийн конгресс йара, цара цу тIехь къахьегар муха хилла а дара, керахь ахча а хилча, паспорт а хилча паргIат дIасаваха аьтту хуьлу бохуш чIагIдора цо хIетахь): «Цхьана юьртара аравалаза волчунна хIара дуьне шен юрт бен дац моьтту. Цхьана гIалахь Iар бен, кхин дIасавахаза волчунна и шен гIала бен кхин дуьне дац моьтту. Даим цхьана махкахь Iийна, кхин аравалаза волчунна и шен мохк бен кхин дуьне дац олий хета». Кхин а олура цхьацца хьекъале а, пайдане а долу дешнаш. Ткъа вай цхьадерш тахана масийтта эзар чакхарма (километар) гена дIасадахча а, еш йолу ойла жимчу юьртан барамехь бен йоцуш хуьлу.

Суна хетарехь иза гIалат ду. Суна хетарехь, таханлера бусалба стаг (къасттина нохчо а, хуьлийла иза стаг йа зуда) шен сатийсамаш лаккхара болуш хила веза, дуьнене хьежар геннара долуш хила веза, еш йолу ойла кIорггера йолуш хила веза, таханлера цхьана денца йа цхьана шарца вехаш воцуш, шовзткъеитт шо хьалха долчуьнга сатуьйсуш волуш хила веза (японахошна мегаш хилча, 200 шо хьалха йолчу ханна «стратеги» хIотто, нохчашна а, бусалбанашна а ца мега иза?!). Иштта оцу кепара хилар – хIора бусалба стеган а, зудчун а декхар ду. ТIаккха шайн бераш иштта кхиор а цаьршинан шолгIа декхар ду. Къаьсттина чIагIлуш ду и декхар нохчашна тIехь, вайнахана тIехь.

Ткъа таханлера мутаIелам, масийтта шо хьалха соьга Шейх Ахьмад Хьамзас ма-аллара, бийца хууш биъ-пхиъ мотт болуш, хьаьнцца а муьлхха теманехь дийца хIума а долуш, бусалба дешар дешна хиларал совнаха цхьа дуьненан дешар а долуш хила веза. Нагахь санна вайн сатийсамаш а, вайн хьежамаш а, вайн ойла а кхин генара а, кхин лакхара а, кхин кIорге йолуш а ца хилахь, вайн хьал дикачу агIор хийцалур ду олийла дац, йа вай – хуьлийла вай бусалба уммат, йа оцу уммат юкъара цхьа дакъа «нохчийн къам, вайнехан къам» - дуьнена къаьмнаша буьгучу цIерпоштан цIоганера хьалхадевр ду олийла а дац, йа дуьненахь дахар латторца вайна Дала тIедожийна долу декхар вайга кхочуш далур ду олийла а дац.

Цундела, хьоме мутаIеламаш, географи оьшуш ю шуна, социологи оьшуш ю шуна, экономика оьшуш ю шуна, «стратегически планировани» а оьшуш ю шуна, ингалс мотт а оьшуш бу шуна, оьрсийн мотт а оьшуш бу шуна, Iаьрбийн мотт а оьшуш бу шуна, нохчийн мотт а оьшуш бу шуна. Ткъа уггар галдаьлларг ду шуна, вайна оцу пхеа маттах цхьаъ мукъане а хаа ма-безза лартIехь хууш ца хилар.

Вай хийцадала ца гIортахь, вайна мел дукха лаарх, вайн хьал ша-шах хийцалур дац шуна, йа Дала а иза ишттанехьа хуьйцур дац шуна.

05.11.2012 = ‏20‏.12‏.1433