|
Видео |
2012-чу шеран тIаьххьара де
Къинхетаме а, къинхетам беш а волчу АллахIан цIарца. Тахана 2012-чу шеран тIаьххьара де ду (вайх дукхах берш иштта и терахь лелош бу, цхьаболчара бусалба терахь а леладо). Вайн дахаран йоккха кийсак ю тахана чекхйолуш. Суьйранна, паргIат охьа а хаий, кехат а, къолам а схьаэций, хIокху шара чохь айхьа дина дика хIума дIаязде. Мас болх чекхбаьккхина, мас гIуллакх хьалхадаьккхина, мас дика хIума дан делла. Хаттам бе хьайга, цхьа шо муха дIадахана хьайн алий. 10-ах хIоттош хилча, муьлха лоьмар хIоттор йара ахь хьайна, муха мах хадор бара ахь хьайн оцу дерриге шарахь хиллачунна-диначунна. ТIедогIучу шарахь айхьа дан леринарг а дIаязде. Мас жайна деша ниййат ду хьан, стенгахь хIун керла хIума Iамо ойла ю хьан, муьлха-мас-хIун гIуллакх-болх бан лерина ахь, хьайн лаамех хIун кхочуш хилийта лаьара хьуна тIедогIучу шарахь, иштта кхидIа а. ТIаккха, оцу шеран дохаллехь сих-сиха цу тIе хьожуш хила, хIора баттахь оцу хьайн белхашкахь хьой мича кхаьчча хьожуш хила, хIора баттахь иштта хьайга хаттам беш хила. Ахь иштта и хIума дар, хьайн ойланаш а, хьайн лаамаш а, гIуллакхаш а дIаяздан хьо Iамар - хьо кхиаме хиларна гIо ду хьуна иза. Говзанчаша тIечIагIдеш ду: яздина долу хIума санна дика ца хуьлу еккъа ойланца дерг, дIаяздаза дерг. Дала аьтту бойла шун а, сан а, массо бусалба нехан а, Шена муьтIахь хиларехь, Ша реза варехь, дуьненахь а, эхартахь а пайде долчу хIумангахь тIедогIучу шарахь яккхий гIулчаш яхарехь. 31.12.2012 = 18.02.1434
|