Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Кхетам

Доьзал

ГIиллакх

Iелам-нах

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

 

Муха далур дара соьга иза?

 

Къинхетаме а, къинхетам беш а волчу АллахIан цIарца.

2004-гIа шарахь дара моьтту суна, Iумрат динчул тIаьхьа, Мединате веана вайн цхьа махкахо вара, гIараваьлла вевзаш волу яздархо. Цу хенахь, шозза-кхозза иза гар нисделлера сан. Нохчийн маттах а, гочдарх а лаьцна къамел долийра ас хьешаца (хIораммо шен балаберг дуьйцу олу-кх вай), шолгIа цхьанакхетарехь. Жимма со и хIума дийцар алсамдаккха воьлча, со кхин башха хIуманна пайденна ца хетта волчу хьешо (цул тIаьхьа кехат тIехь ша́ схьаэлира цо соьга и маьIна долу дешнаш, шена иштта хеттера аьлла), со кочара ваккхархьама бохург санна цхьа дешнаш элира. И дешнаш чIогIа сан дагчу дижира, хьекъале царна тIехь ойла йайтинчул тIаьхьа, уьш нийса хиларх сой билггал тешначул тIаьхьа. Цул тIаьхьа дуьйна таханлерачу хене кхаччалц, и дешнаш бакъхилар гойтуш дуккха а тешаллаш гина суна, цхьацца говзанчаша а, Iилманчаша а, Iеламнаха а хьехош-дуьйцуш. Масалийна да́ло́ догIучахь даим да́ла а до ас уьш. Цо элира: «И перевод ца йича ца Iалуш волчо йийр ю иза». И бохург хIун дара – нагахь санна хьо и гочдаран гIуллакх ца лелийча ца Iалуш, и ца дича ца Iалуш велахь, нагахь санна хьо оцу хьолехь велахь, хьоьга далур ду иза, ахь дийр а ду иза, хьан нислур а ду иза. Амма нагахь санна хьо иштта вацахь… ша́ шен яахIума яа вита бохург дара цуьнан иза.

Забар забар ю, ткъа и дешнаш, ас доьххьара ма-аллара, бакъ ду. Муьлхха гIуллакх дархьама, йа долийча чекхдаккхархьама, йа иза хьайн ницкъ ма-кхоччу дика дархьама, и ца дича ца Iалуш волчу хьолехь хила веза хьо (хIай стаг, адам бохучу маьIнехь). Хуьлийла иза дешар, хьехар, нах Бусалба дине кхайкхар, дикане кхайкхар, юкъараллехь болх бар, куьйгалла дар, бераш кхетош-кхиор, ешар, иштта кхидIа а. Нагахь санна хьо иштта вацахь, хьоьга и гIуллакх йа данне далур дац, йа дан ма-дезза далур дац. Ахь и гIуллакх доллане долор дац, йа долийча чекхдоккхур дац. ХIаъ, хьайна алапа лун дела, хьайна ахча оьшу дела, хьой и ца дича ца вуьту дела, хьайга цхьамма де аьлла дела, хьайна цунах цхьа цIерахазам йа гайтам беза дела, иштта оцу кепара долчу цхьана кхечу бахьанашна и гIуллакх лело-м гIертар ву хьо, амма и «ца дича ца Iалуш» бохург хьоьца дацахь, ахь иза дан ма-дезза дийр дац, кхачам боллуш дийр дац, Далла ма-деззара дийр дац. Ткъа, Пайхамара (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) довзийтина-кх вайна, Далла муха дина гIуллакх деза:

«Бакъдолуш, АллахIана деза (йа дика хета), шух цхьамма цхьа гIуллакх деш хилча (йа болх беш хилча), иза дан ма-дезза, уггар дикчу агIор, кхачам боллуш, хазчу куьцехь дар».[1]

Кхин а, цхьаммо ца динчу кепара, цхьа керлачу некъаца и гIуллакх дан гIортар а хир дац хьан, ткъа иза (креативность, creativity, الإبداع) хIокху заманахь къаьсттина чIогIа оьшуш ду, гIуллакхехь кхиам хилийта а, хьалхе хилийта а.

Ткъа хIун дан деза-те ша́ оцу хьолехь хилийта? Цхьаъа некъ буй-те адамехь и хьал кхолладаларна, цунна гIуллакх оццул чIогIа дезарна? Йа ша-шах иштта схьадо́гIуш хIума ду-те иза, лелош бахьанаш а доцуш?

Иштта хаттар а хIоттийна, ойла йан гIоьртича, цунна жоп – оцу гIулкха тIехь ойла йар хилар карадо. Муха? Цхьа хIума ца дича хьо ца Iавалар хьан цхьана хIуманца бала кхочуш хиларх схьадаьлла ду. Йа и шиъ ший а цхьа маьIна долуш ду аьлча а харц ца хила тарло. КхоалгIа дош а ду оццу маьIнийца лелон мегар долуш: цхьа хIума лууш хилар. Цхьамма шега цхьа хIума ца дало аьлча, йа шена цхьацца бехказлонаш леха хIоьттича, «ХIан-хIа, хьайна и дан ца лаьа, лаа ма-деззара ца лаьа алахьа; хьуна иза чIогIа, дикка лаахьара, и дан некъ карор бара хьуна» алар нисло сан сих-сиха. Ткъа цхьана хIуманца хьан балакхачар а, цхьа хIума лаар а стенгара схьадолуш ду? Иза хьуна и хIума чIогIа маьIне хетар тIера дIадолалуш ду. Ткъа и хIума хьуна маьIне хетар – ахь оцу хIуманна тIехь цкъа доьххьара ойла йар тIера дIадолалуш ду.

Ахь шена тIехь дикка ойла еш долу хIума хьан дахарехь кхуьур ду, шор лур ду. Ахь шена дикка тIе тидам бохуьйтуш долу хIума, ахь шена тIехь дуккха ойла еш долу хIума алсам де́ра ду хьан дахарехь. Цундела, хьайн дахарехь баккъалла а хьайна хилийта лууш долчу хIуманашна дикка тIе тидам бахийта беза, царна тIехь дикка ойла еш хила веза/еза хьо.
Масала, хьуна Къуръан дагахь Iамо лаьа, йа хьайн бере уггар дикчу доьшийлахь дешийта лаьа, йа финансийн агIор хьой возуш воцуш хилийта лаьа, йа цхьана шара чохь 50 жайна деша лаьа… ХIун дан деза ахь? Баккъалла а хьайна хилийта лууш долчу оцу хIуманна тIехь дикка ойла еш хила веза/еза хьо, даим и дагахь латтош хила веза/еза хьо. Цу балхо и хIума кхочуш дан некъаш леладойтур ду хьоьга, цу тIехь хьан кхиам а хир бу, хьоьга иза дан а лур ду, Делан пурбанца, Делан гIоьнца.

 Муьлхха гIуллакх вай схьалаьцча, жимма хьалха дийцинчу кепара, Далла дезачу кепара иза дархьама, цуьнца балакхочуш хила беза. Балакхочуш хир бу хьан, нагахь санна хьуна и гIуллакх маьIне (йа чIогIа маьIне) хилар довзахь, хьо цунах дикка кхетахь. Ткъа цхьа хIума довзаран а, цунах кхетаран а уггар коьрта некъ хIун бу? Ойла йар бу.

Оцу кеппара, хьайна цхьа гIуллакх дан лаахь, йа и ца деш Iийначул тIаьхьа иза до́ло́ лаахь, йа долийнарг чекхдаккха лаахь, йа иза дан ма-дезза дикка дан лаахь, цунна тIехь ойла а ей, иза маьIне (важный, important, مهمّ) ду йа дац хьажа. Нагахь санна иза маьIне делахь, иза оьшуш хиларх хьо кхетахь, хьан чIогIа лаам кхоллалур бу и дан, хьан цуьнца даим балакхочуш хир бу. Ткъа нагахь санна хьуна иза деккъа маьIне хилла ца Iаш, чIогIа маьIне ду, ца хилча ца долуш ду, иза уггар коьртаниг ду, массо кхечул хьалхадаккха дезарг ду аьлла хетахь, хьо иза иштта хиларх кхета а кхетахь, хьо оцу гIулкхаца а, оцу гIулкхана а вехар ву, хьо и ца дича ца Iалуш верг а хир ву, Дала мукъа лахь.

Хьайн «Дахаран проект» билгалйан а, иза харжа а, цу тIехь сацам бан а уггар дика некъ хила а мега и вай хIинца бийцинарг.

07.01.2013

 


[1] БайхIакъий, Абу ЙаIла́, ТIабара́ний. Шейх Алба́нийс нийса ду аьлла иза.