|
Видео |
Кехат язде соьга |
КЕГИЙРАХОШНА
Шун некъ серлабоккху йозанаш
Др. Iабдул-Карим Бакка́р
Шуна ма-хаъара, сан кIентий, сан йоIарий, хIара дуьне халонийн, проблемийн хIусам ю. Цхьа а доьзал бац, йа доьшу меттиг яц, йа юкъаралла яц цхьацца халонаш тIе ца Iитталуш. И халонаш-новкъарлонаш цхьаерш белхан амал бахьана долуш ю, дахарехь хуьлуш дерг а, гуонахара хьелаш а бахьана долуш ю. Церах цхьайолчеран бахьана адаман шегара кхачамбацарш ду, цуьнан гIалаташ, цо йан ма-езза ойла ца йар ду… Ткъа вайна массарна хууш ду хIора меттехь цхьацца дика адамаш хилар, кхечара талхийнарг нисдан, кхечара дохийнарг туодан гIерташ, шайн доьзалшкара, шайн юкъараллера, шайн мехкашкара цхьаболу мохь шайна тIелаьцна дIабахьа гIерташ. Цу кепара болу и кIеззиг нах – цу юкъараллин стом бу, цуьнан нур ду, цуьнан IатIар ду. Царна шайн юкъараллин, шайн нехан проблемаш евза, шаьш цу проблемийн цхьа да́къа ду аьлла а ца хета царна, цундела уьш листа гIерташ хуьлу уьш, уьш цхьалхаяха гIерташ хуьлу уьш. И довзуьйтуш цхьацца масалш далор ду вай. l Цхьана кIоштара дукхах болу нах жамаIат ламазе богIуш бац. Ткъа иза жима йоцуш, тоъал проблема ю. Маьждиге богIучара кхечарна ламазе бахкар хаздича, и хьал хийцадаллалц цара вукхарна тIекаре йича, цу кепара шаьш деш долчу беркатечу гIуллакхца и проблема цхьалхаяккхарехь да́къало́цу цара. l Доьзалера цхьа а балхахь цахилар бахьана долуш хало ловш доьзал бу. Иза финансийн тIегIанара проблема ю. Церах цхьаъ болх лахарна тIаьхьаваьлча и проблема цхьалхаяккхаран новкъаваьлла хуьлу иза, и листарехь да́къало́цуш а хуьлу иза. l Дешарехь кхиамаш лахара болуш цхьа класс ю, низам лардар ледира хиларна, йа дешархойн деша лаам гIийла хиларна. Классера цхьаболчу дешархоша хьехархочунна гIо до низам лардарехь а, классан цхьана къепехь латторехь а. Иштта цара и хIума дича, цу классан проблема цхьалхаяккхарехь декъашхой хуьлу уьш. Юкъарчу чулацамца аьлча, хIун ала мегар ду вай кху хIуманах лаьцна кегийчу-нахе? 1. Хьал туодеш-нисдеш болчарна юкъавогIуш хилар, цу хIуманна кийча хилар доккха дозалла а, сий а ду вайх хIоранна а. Муьлхха меттехь вай хиларх дикаллин геланча хила веза вайх хIора а. 2. Проблема цхьалхаяккхарехь декъашхо хилалалур вац нагахь санна гонаха болчарна юкъахь дикаллийца совва́ла гIерташ вацахь, дика агIо кхечерачул алсам яцахь. Цундела вайх хIорамма а къахьега деза цу тIехь, цкъа доьххьара ша́ дика хиларехь. 3. ШайтIано дагатуьйсучу ойланашна къера ма хила шу – хьо цу балхе кхочуш вац, хьоьга дикачуьнгахь да́къа лацалур дац бохуш шеконаш дагатуьйсур ю шуна цо. Дикчу гIуллакхехь шайх лаьцна йолу ойла дика хилийта аш, АллахIера гIо а лаха аш цу тIехь. 4. Проблемин цхьа да́къа а доцуш, проблема цхьалхаяккхарехь декъашхой шаьш хилар билггал хууш хила деза шуна. 5. Нагахь санна проблема цхьалхаяккхарехь декъашхой шу ца хилахь, дукхах долчу хьолехь проблемин декъашхой нислуш хуьлу шуна шу. 6. Проблемаш цхьалхаяхарехь сихо йан еза, уьш гул ца ялийта, тIаккха лело дарба доцуш ца йиссийта.
|