|
ХIара Ийманан арканаш дуьйцу жайна ду.
ХIокху жайно хьуна дуьйцур дерг Бусалба динан уггар коьрта бух – тешар,
кхетам – бу. Кху чохь хьуна карор ду Делах тешарх лаьцна а, цуьнан коьрта
агIонех лаьцна а; малийкех лаьцна а – церан дукхалла, церан белхаш –; Дала
Шен лайшна нийсо а, куьйгалла а дина диссийна хилла долчу жайнех тешарх
лаьцна а, церах вайна доьвзаш долчеран цIерш а; Элчанех а, пайхамарех а
тешарца доьзна долу хаттарш а, церан дукхалла а, церан даржаш а; Къемат де
тIехIуттур хиларх лаьцна а, стаг каш чу диллинчул тIаьхьа, йа ялсамане, йа
жоьжахате иза кхаччалц хир долчу хьолех лаьцна а; тIаьххьара, Делан кхелах
лаьцна дерг а, Делан лаам шина кепара хилар а, Дала хирдерг дIаяздина хилар
а, вай Iамалш йар а, вайн лаам хилар а дуьхь-дуьхьал догIуш ца хилар а; иштта
кхин а дуккха бусалба стеган хила беза коьрта кхетамаш а. ХIокху тIехь дуьйцуш долчу коьрта
хIуманца цхьаьна, Къуръан тIера аят а, Суннатера хьадис а ду тешаллийна далош.
Иштта тешалла ца далийна йолу меттигашкахь деанарг, Бусалба динан баккхийчу
Iелам-наха Къуръан тIера а, Суннатера а, Бусалба динан юкъара бакъонашкара а
схьаэцца хIумнаш ду.
Ас Деле доьху хIокхунах вайна массарна
пайда бар, беркат дар, кху тIехь дерг доьвзинчул тIаьхьа вай кхин а чIогIа
Далла муьтIахь хиларца совдовлар, Дала вай Шен къинхетамца, Ша Шен лайшна кечйина
йолчу хазчу хIусамашка вай кхачор а.
|
|
|
|
|
|
|
|
|
|
|
|
|
|
|
|
|
|