Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

 

 

ИIТИКАФ ДАР

 

 

Къинхетаме а, къинхетам беш а волчу АллахIан цIарца!

АллахIан къинхетам а, маршалла а хуьлда Цуьнан Элчанна

Мухьаммадна а, цуьнан охIлунна а, цуьнан асхьабашна а.

 

 

 

1. ИIтикáфан хадам хIун бу? ИIтикаф дар бохург хIун ду?

ИIтикáф – нуьцкъала а, сийлахь а волчу АллахIана Iибадат дан ниййат а дина, цхьана юкъана маьждигехь Iар ду, хуьлийла иза дийнахь йа буьйсанна.

 

2. ИIтикáфан хьукм хIун ду?

ИIтикáф дар муьлхха хенахь а суннат ду. Рамадан баттахь иIтикáф дар кхийолчу хенахьчал а чIогIа суннат ду, ткъа рамадан беттан тIаьххьарчу итт дийнахь иIтикáф дар кхийолчу массо хенел а чIогIа суннат ду. Нагахь санна цхьамма иIиткáф дар шена чIагIо йина тIедожадахь, и чIагIо кхочушйеш важиб а хуьлу иIтикáф. Иштта, вайна билгалдели иIтикáф даран кхаа хьолехь кхо хьукм хилар:

Хьалхарниг: Суннат хилар, мелехь хилар. Иза массо хенахь а долу хьукм ду.

ШолгIаниг: ЧIагIдина суннат хилар. Иза Рамадан беттан тIаьххьарчу итт дийнахь ду. Оцу деношкахь иза чIагIдина хиларан бахьана – цу денойн буьйсанех цхьаъ «лайлатул-къадр» (дозаллин буьйса) хилар ду, ткъа «лайлатул-къадр» буьйса уггар еза буьйса а, эзар баттал еза а ю. Шена чохь «лайлатул-къадр» буьйса йоцуш долчу эзар баттахь Iибадат дарал деза ду цу буьйсанна Iибадат дар. Лекха хинволчу АллахIа аьлла: [Дозаллин буьйса дика ю эзар баттал].[1]

КхоалгIаниг: Важиб хилар. Иза цхьамма иIтикáф дийр ду аьлла чIагIо йина шена тIедожийнехь хуьлуш долу хьукм ду.

 

3. ИIтикáф дар дика хиларан тешалла хIун ду?

Иза дика хиларан коьрта тешалла Къуръан тIера айаташ а, суннатера хьадисаш а ду.

АллахIа Къуръан тIехь хьахийна а долуш, вайн Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – ша лелийна а долуш, дезчу Iибадатех цхьаъ ду иIтикаф.

• ИIтикáф деш волчо иза чекхдаллалц зударшца юкъаметтиг яийтар мегаш ца хилар хоуьйтуш лекха хинволчу АллахIа аьлла: [Шу царна герга ма гIойла шаьш маьждигашкахь Iибадатана севцна Iаш (иIтикаф деш) долуш].[2]

• ИIтикáф дар таханлера вайн шариIатал а хьалха хилла долчу Делан шариIаташкахь девзаш хилла ду, лелош хилла ду. Иза вайна девза нуьцкъала а, сийлахь а волчу АллахIан хIокху дашца: [Оха омру дира ИбрахIимана а, ИсмаIилана а: ашшимма цIандойла Сан цIа (КаIбат), тIаваф дечарна а, иIтикаф дечарна а, рукуI дечарна а, сужуд а дечарна а].[3]

• Iáишас – Дела реза хуьлда цунна – дийцина, Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – иIтикáф дора аьлла, рамадан беттан тIаьххьарчу итт дийнахь, тIаккха цул тIаьхьа цуьнан хIусамнаноша а дора аьлла.[4]

 

4. ИIтикафан хьекъале бахьанаш а, коьрта пайданаш а, Iалашонаш а хIун ю?

ИIтикаф даран дуккха хьекъале бахьанаш а, пайданаш а ду. Церах цхьадерш хIорш ду:

- ИIтикаф дечо шен дерриге дегI а, са а, ойла а АллахIана Iибадат дарна дIало;

- АллахIана герга кхачарна новкъарло хуьлуьтуш йолчу дуьненан ойланех а, цуьнан баланех а цIена хуьлу иIтикаф дечуьнан са, цундела иIтикаф – АллахIана гергарлоне вуьгучу уггар дикчу некъех цхьа некъ бу;

- ИIтикаф деш верг даим ламаз деш верг санна ву, хIунда аьлча иIтикафан коьрта Iалашонех цхьа Iалашо – жамаIатехь ламаз лардар а, цуьнан хан ларйар а ю;

- ИIтикаф дийриг малийкех тарлуш ву, бIаьрга негIар тухучу юкъана а АллахIана Iеса а ца хуьлуш, Цо шайна тIедиллинчунна муьтIахь долуш, дийнахь-буса а кIад ца луш, даим шайн Далла Iибадат деш долчу, Иза хестош, Иза вазвеш, Цунна тасбихь деш долчу.

 

5. ИIтикафан билламаш хIун бу? ХIун лардан деза иза нийса хилийта?

Хьалхара биллам: ниййат дар. ИIтикаф дIадолочу хенахь ниййат хила деза, «АллахIана Iибадат дан маьждиг чохь хан яккха ниййат до ас» аьлла, хенан барам билгал а беш. Нагахь санна АллахIа доьхьа а доцуш, цхьана дуьненан гIулкхана маьждиг чуводахь, йа чувоьдучу хенахь дагчохь цхьаъа лаам ца хилахь, ишттачу хьолехь маьждигехь Iар иIтикаф лорур дац.

ХIокху билламца доьзна ду иIтикаф дийриг хьекъалх воьхна воцуш кхетам чохь хила везар а, хIуманна къастам балуччул кхиъна хила везар а, хIунда аьлча кхетам чохь воцучуьнга а, хIуманна къастам бан ца хуучу бере а ниййат ца дало.

ШолгIа биллам: ИIтикафан хан маьждигехь яккхар. ИIтикаф ден меттиг маьждиг хила деза, маьждигехь доцуш кхечанхьа дина иIтикаф нийса хир дац. Гуттар дика ду иIтикаф рузбанан маьждигехь дар.

ХIокху билламна юкъадогIу маьждигехь Iен мегаш хиларан билламаш: эвхьаза юкъаметтиг хилар бахьана долуш лийчар тIедоьжна ца хилар а; зуда, беттан денош лардеш йоцуш, ламазана цIена хилар а; дегI а, духар а маьждиг бехдийр долчу боьха (наджас) лоручу хIуманах цIена хилар а.

Амма йоккхучу хенах лаьцна аьлча – иIтикаф деш яккха мегачу хенан барам бац, кIеззиг бен йоцучу хенахь дичи а нийса лору иза, масала, хуьлийла иза 10 минот, йа ах сахьт, йа ах де, иштта кхидIа. Рамадан баттахь дечу иIтикафан евзаш йолу хан а, ларйича дика йолу хан а тIаьххьара итт де ду.

 

6. ИIтикаф муьлха хенахь дан мега? Билгалдина денош а, беттанаш а дуй цуьнан?

ИIтикафан билгалдина денош а, беттанаш а дац. Муьлхха дийнахь а, баттахь а, хенахь а дича нийса лору иза. Масала, шена луъучу хенахь, иIтикаф дан ниййат а дина, 10-15 минотана, йа эха сохьтана маьждиг чу ваха мега, иза нийса иIтикаф а лору.

Ткъа, рамадан беттан тIаьххьарчу итт дийнахь иIтикаф дар кхечу хенахьчул чIогIа чIагIдина суннат ду.

 

7. ХIуманна къастам балла кхиъна долчу беран иIтикаф нийса хуьлий?

Хуьлу. Ша дийриг хIун ду а хууш, ниййат далучу беран иIтикаф нийса хуьлу. Ткъа шерашкахь иза билгалдан хьаьжча – уьш тайп-тайпана хир ду, массарна а цхьана шеран барам хIоттабойла дац. Масала, бер къастам балуш хила мега итт шо кхаьчча а, йа цул хьалха а.

 

8. Зудчо дан мегий иIтикаф?

Мега. ИIтикаф дар мелехь ду зударшна а, божаршна а. Iáишас – Дела реза хуьлда цунна – дийцина, Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – иIтикáф дора аьлла, рамадан беттан тIаьххьарчу итт дийнахь, тIаккха цул тIаьхьа цуьнан хIусамнаноша а дора аьлла.[5]

 

9. Майрачуьнгара пурба доцуш иIтикаф дан мегаш дуй зудчунна?

Майрачуьнгара пурба доцуш иIтикаф дан мегаш дац зудчунна, хIунда аьлча иIткаф дар суннат ду, ткъа майрачуьнан хьакъ лардар важиб ду.

Майрачо пурба а делла, масала, маьждиге ламазана йоьдучу хенахь зудчо иIтикаф дан ниййат дахь, иза нийса хир ду.

 

10. Зудчо иIтикаф ден меттиг дIакъевлина хила езий?

Маьждиг чохь зударша ламаз ден а, иIтикаф ден а меттиг дIакъевлина хир ю, божарийн бIаьрг тIехIуттур боцучу кепара, хуьлийла иза доьхьал хIума олларца, йа къастош пен барца, йа къаьсттина зударшна шолгIа тIегIана тIехь меттиг кечйарца. Божаршна шаьш гур доцучу кепара иIтикаф деш хилла Пайхамаран – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – заманахь Iаишата а, Хьафсата а, Зайнаба а – Дела реза хуьлда царна.   

 

11. ИIтикаф даран уггар коьрта суннаташ а, гIиллакхаш а хIун ду?

1) ИIтикаф дечо шен хан лекха хинволчу АллахIана Iибадат деш яккхар дика ду, Дела хьахош, Къуръан доьшуш, Iилма карладоккхуш, ламазаш деш, иштта кхидIа а. ХIунда аьлча, и хан Iибадат деш яккхар герга ду иIтикаф дарх лууш долу маьIна кхочуш хиларна.

2) Дуьззина дийнахь иIтикаф деш хилча, йа цхьана дийнан дукхах йолчу хенахь иIтикаф деш хилча марха кхабар дика ду, хIунда аьлча марха а кхобуш дина иIтикаф кхечул деза ду. Цул совнаха, мархано гIо а до дегIан марзо юхатоха а, ойла тIеерзарна а, са цIандаларна а. Ткъа, рамадан баттахь а доцуш, кхийолчу хенахь марха а ца кхобуш иIтикаф дича нийса хуьлий аьлча – иза нийса хуьлу, хIунда аьлча иIтикаф деш марха кхабар суннат ду, важиб дац.

3) Дика хабар доцург кхин хIумма а ца дийцар дика ду. Цхьанна а лен а ца луьйш, гIийбат а ца деш, эладита а ца дуьйцуш, шен бала боцу къамел а, эрна къамел а ца деш дан деза иIтикаф.

 

12. ИIтикаф дечу хенахь ца дича дика долу хIуманаш хIун ду?

ИIтикаф дечу хенахь ца дича дика долу хIума шиъ ду:

- ЦIий даккхар (хьижама йар). Иза, маьждиг бехлур дацахь а ца даьккхича дика ду, амма маьждиг бехлур делахь хьарам ду.

- Дуьненан белхех цхьа болх лелор. Масала хIума тегар, тIаргIа къажбар, йохкар-иэцар, иштта кхидIа а.

- Лакхахь ма-аллара, эрна къамел дар а, пайдане доцу къамел дар а, совнаха къамел дар а, йа иIтикафан коьрта Iалашонашна новкъарло ен муьлхха а хIума лелор а.

 

13. ИIтика́ф деш хилча кечвала мегий?

ИIтикаф дечо – хуьлийла иза стаг йа зуда – керла духар духа а, хаза духар духа а, IатIар тоха а, маIар хадо а мега.

 

14. ИIтикаф дохон хIуманаш хIун ду? ХIун дича духу иза?

- Зудчуьнца эвхьаза юкъаметтиг яийтар. ИIтикáф деш волчо иза чекхдаллалц зударшца юкъаметтиг яийтар мегаш ца хилар хоуьйтуш лекха хинволчу АллахIа аьлла: [Шу царна герга ма гIойла шаьш маьждигашкахь Iибадатана севцна Iаш (иIтикаф деш) долуш].[6]

- Аравала магош долчу бахьанийна а, хьаштана а доцуш, кхечу хIуманна шен лаамца маьждигера аравалар. Иштта араваьлча иIтикаф духу.

- Бусалба динах юхавалар а, кхетам чура валар а, вахар а (корта бахар).

- Зудчуьнан хIора баттахь йолу, йа бер динчул тIаьхьа йолу тIуналла араялар. Зудчунна и хьал тIехIоьттича иIтикаф духу, кхидIа маьждигехь Iан а ца мега цунна.

 

15. Генадаьлла эвхьаза гIулкх а доцуш, зудчунна бартбаккхаро а, и санна долу хIума хилийтаро а дохадой иIтикаф?

Зудчунна бартбаккхаро а, иштта цуьнан маьIнехь долу хIума хилийтаро а иIтикаф ца дохадо, нагахь санна и бахьана долуш оралла ца яьллехь. И бахьана долуш оралла ялахь иIтикаф духу.

 

16. ГIенах цхьа бахьана а хIоьттина оралла яьлча духий иIтикаф?

Лелийна бахьана а доцуш, лаамза оралла яларо иIтикаф ца дохадо, хуьлийла иза гIенах, йа вуьшта. Делахь а, мелла а сиха лийча а лийчина цIанвала веза.

 

17. Суннат иIтикаф шена луъучу хенахь сацо мегий?

Суннат иIтикаф шена луъучу хенахь сацо мега, шена луъучу хенахь юкъаравала а мега. Суннат иIтикафана ниййат дина хилча, ниййат дина йолу хан чекхйаллалц иIтикаф деш Iар важиб дац, и хан чекхйалале хьалха иIтикаф сацор къа а дац.

 

18. ИIтикаф доха а ца деш, аравала магош долу бахьанаш хIун ду?

ИIтикаф доха а ца деш, аравала магош долу бахьанаш хIорш ду:

- Нишка вахарна а, тIедоьжна лийчар тIерадаккхархьама а, шен бедар йа шен дегI наджас (боьха) хIуманах дIацIанйархьама а, Iетто дог хилар бахьана долуш а аравалар. Оцу бахьанашна маьждигера аравала мегаш ду, иштта араваьлча иIтикаф доха а ца духу. Делахь а, шен гIуллакх чекхдаьлча арахь дукха хьевелча иIтикаф духу.

Ткъа нагахь санна, деккъа ламаз иэцар бен кхин бахьана а доцушнишка ваха везаш воцуш - тIаккха иза маьждиг чохь, йа цуьнца хIоттаелла йолчу чоьна чохь иэцалуш делахь аравала мегар дац.

- ЯахIума яа а, хи мала а аравалар. Нагахь санна маьждиг чохь хи дацахь хи мала а, яахIума яа а маьждигера аравала мега иIтикаф дечунна, иштта араваьлча цуьнан иIтикаф доха а ца духу.

- Цомгаш хилча аравалар. Цомгаш хилла аравала дезаро иIтикаф ца дохадо.

- Шен лаамца а доцуш аравала дезар. Масала, цхьа бахьана а хIоьттина, Iедало маьждиг чура нах арабохуш хилча, церан иIтикаф доьхна ца лору, и бахьана дIадаьлча юха чу баха мега царна, керла ниййат а ца деш.

 

19. КIеззиг йолчу ханна маьждигера араваьлча иIтикаф духий?

Муьлхха ханна а маьждигера араваьлча иIтикаф духу, хуьлийла иза кIеззиг йа дуккха йолу хан.

 

20. Шен дегIан цхьадолу дакъа арадаьккхича иIтикаф духий?

Маьждигера шен дерриге дегIаца араваьлча бен ца духу иIтикаф. Масала, коьртан йа ах дегIан барамехь корах арахьаьжча, йа неIарх аракъедча иIтикаф ца духу. Iаишата – Дела реза хуьлда цунна – дийцина, Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – ша иIтикаф деш волуш, дегI маждиг чохь а дуьтуш корта шен чоьна чу а боккхий, шега ша́рбойтура аьлла.[7]

 

21. Аравала магош долчу бахьанийна араваьлча, и бахьана чекхдоккхуш сихонца лела везий?

Сихонца лелар тIехь дац, муххале а, ша кхечу хенахь ма-леллара юкъарчу боларца лелча тоаьш ду.

 

22. Вицвелла маьждигера араваьлча иIтикаф духий?

Дагахь доцуш, вицвелла маьждигера араваьлча иIтикаф ца духу, хIунда аьлча Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла долу дела: «Сан умматана бехке лоруш дац (галваьлла) гIалат дина хIума а, вицваларца динарг а, ца луъушехь нуьцкъах дайтинарг а».[8]

 

23. Хьашт доцуш аравалар бахьана долуш иIтикаф доьхча, кхидIа а иIтикаф дан лууш хилча хIун дан деза?

Бахьана а доцуш ара а ваьлла шен иIтикаф дохийначо, шена кхидIа а иIтикаф дан лаахь, керла ниййат дан деза. Ниййат карла а даьккхина, керла иIтикаф дIадоло мегар ду цунна.

 

 


[1] Сурат «Ал-Къадр», 3 айат.

[2] Сурат «Ал-Бакъарат», 187 айат.

[3] Сурат «Ал-Бакъарат», 125 айат.

[4] Бухарий, Муслим.

[5] Бухарий, Муслим.

[6] Сурат «Ал-Бакъарат», 187 айат.

[7] Бухари, Муслим.

[8] Ибн Ма́́джахI.