Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Кхетам

Доьзал

ГIиллакх

Iеламнах

Пайхамар

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Хьадис

Пайхамар

Дела хьахор

Аудио

Дерриге йозанаш

Сайтах лаьцна

 

 

 

Iамалийн дозаллаш

«فضائل الأعمال»

 

Имам ал-Макъдисий

 

 

Гочдинарг: Олхазар

 

 

 

Марха кхабар дуьйцу да́къа

 

Марха кхабаран дозалла

Рамадан беттан а, и кхабаран а дозалла

Iуьйкъанна хIума кхалларан а, иза тIаьхьататтаран а, марха сихха дастаран а дозалла

Давуд пайхамаран марханах лаьцна. Уггар деза марха ду и.

Iа́шу́ра́ъ дийнахь а, Iарафат дийнахь а, кхечу деношкахь а марха кхабаран дозалла

Мухьаррам баттахь марха кхабаран дозалла

Шавва́л беттан ялх дийнахь марха кхабаран дозалла

Нуьцкъала, сийлахь а волчу АллахIан новкъахь марха кхабаран дозалла

Оршотан а, еарин а дийнахь марха кхабаран дозалла

Батта чохь кхаа дийнахь марха кхабаран дозалла а, цуьнца весет дина хилар а

Беттан юккъера (кIайн) кхаа дийнахь марха кхабаран дозалла

ГIурбан беттан итт дийнахь марха кхабаран а, кхидолу Iибадаташ даран а дозалла

ШаIба́н баттахь марха кхабаран дозалла

Марха кхобуш хилча Iаддита дезачу къамелах лаьцна

Марха кхобучуьнга марха дастийтаран дозалла

Марха кхобург волчахь яахIума йиъча цунна хуьлуш болу ме́л

Марха кхобучо дечу доIанан дозалла

Марха стенца даьстича дика ду?

«Лайлатул-къадр» буьйсанан дозалла а, иза маца ларйан еза а

Рамада́н беттан тIаьххьарчу итт дийнахь-буса алсам къахьегар а, иIтика́ф дар а

 

 

 

Марха кхабаран дозалла

Абу ХIурайрас дийцина (Дела реза хуьлда цунна), Делан Элчано () элира аьлла: «А́даман кIанта (йоIа а) йина йолу ерриге Iамал совйоккхуш ю – цхьа дика хIума итт дика хIума санна хуьлу, йа ворхIбIаьнга кхаччалц совдоккху. Лекха хинволчу АллахIа аьлла: «Марха доцург; бакъдолуш иза Сан ду, цунна (диканца) бекхам Ас бийр бу. Шен дегIан марзонаш Iад юьту цо, яахIума а Iад юьту цо Сан доьхьа». Марха кхобучуьнан ши хазахетар ду: марха достучу хенахь (цунна хуьлуш долу) хазахетар а, иза Далла хьалха хIуттур волчу хенахь (цунна хир долу) хазахетар а. Марха долчу стеган багара йогIу хьожа Далла гергахь цIена а, хаза а ма ю миск-IатIарал».

Иштта хIокху дешнашца дийцина а ду иза: «Марха кхабар – ларвалар ду. Цундела, шух цхьаъ марха кхобуш хилахь вон къамел а ма де, вон хIума а ма де, гал волу хIума а ма де. Нагахь санна марха кхобучуьнца цхьаъ девне вуьйлуш хилахь, йа цуьнга вон вист хуьлуш хилахь, цо олийла: «Бакъдолуш, со марха кхобуш ву».

Бухарийс, Муслима дийцина иза. И дешнаш Муслима дийцинчуьнан ду. Бухарийс дийцинарг а цунах тера ду.
 

СахIл ибн СаIда (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, Пайхамара () элира аьлла: «Бакъдолуш, ялсамани чохь цхьа неI ю, «Раййа́н» цIе йолуш. Къемат дийнахь цу чухула (ялсамани чу) гIура бу марханаш кхобуш хилларш, уьш боцург кхин цхьа а вера вац цу неIарехула чу. Эра ду (цу дийнахь): «Стенгахь бу марханаш кхобуш хилларш?». ТIаккха уьш чугIура бу цигахула. Ткъа церах тIаьххьарниг чувахана ваьлча дIакъовлур ю иза, цул тIаьхьа кхин цхьа а гIура вац цигахула чу».[1] Бухарийс, Муслима дийцина иза, дешнаш Муслиманаш ду.
 

Абу Ума́мата (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, ша Пайхамаре () элира аьлла: «ХIай АллахIан Элча! Ас хьоьгара схьаэцна (лелор йолчу) цхьана Iамалца омру дехьа суна». Цо аьлла тIаккха: «Марха кхаба ахь, бакъдолуш цунах тера хIумма дац хьуна». Наса́ий.
 

Абу ХIурайрас дийцина (Дела реза хуьлда цунна), Делан Элчано () элира аьлла: «Делан некъахь шалха хIума еллачуьнга [ши хIума еллачуьнга, масала ши машен, ши хIусам, ши ахча, ши бепиг, ши духар, иштта кхидIа а, сагIийна луш йолу муьлхха ши хIума еллачуьнга] ялсаманин неIаршкара кхайкхам бийр бу: «ХIай АллахIан лай! И (ахь динарг) дика ду хьуна!». Ткъа ламазаш деш болчерах хилларг ламазан неIарехула чукхойкхур ву, гIазот деш болчерах хилларг гIазотан неIарехула чукхойкхур ву, марханаш кхобучерах хилларг Раййа́н (цIе йолчу) неIарехула чукхойкхур ву, сагIанаш лучерах хилларг сагIанан неIарехула чукхойкхур ву». Абу Бакара аьлла хилла тIаккха: «Сайн дел-ненал ас хьалхавоккхург ву-кх хьо, хIай АллахIан Элча! Цу неIарех цхьахайолчух чукхайкхинарг иэшамехь хир вац! Ткъа цу массо неIарехула шега кхайкхам бийр берг хила а хир вуй?». Цо аьлла тIаккха: «Ву, хьо церах хиларга дог а доху ас!».[2] Бухарийс, Муслима дийцина иза, шаьшшинан шина «Сахьихь» тIехь.
 

Рамадан беттан а, и кхабаран а дозалла

Абу ХIурайрас (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан Элчано () элира аьлла: «Рамадан бутт тIебеъча, стигланийн неIарш дIайоьллу, жоьжахатин неIарш дIакъовлу, шайтIанаш зIенашца дIадоьхку». Бухарийс а, Муслима а дийцина иза. Муслима дийцинчу хьадисехь иштта аьлла а ду: «…ялсаманин неIарш дIайоьллу…».
 

Абу ХIурайрас дийцина (Дела реза хуьлда цунна), Делан Элчано () элира аьлла: «Рамадан беттан доьххьара буьйса тIееъча, шайтIанаш а, хецаделла жинаш а дIадоьхку; жоьжахатин неIарш дIакъовлу, кхин цхьа а неI схьа а ца йоьллуш; ялсаманин неIарш дIайоьллу, кхин цхьа а неI дIа а ца къовлуш. Кхайкхамхочо кхойкху: «ХIай дика дезаш верг – схьаво́ла тIеверза! ХIай вон дезаш верг – вухава́ла вухаверза!». (Цу баттахь) АллахIа жоьжахатин цIерах кIелхьара бохуш цхьа нах бу, иза хIора буьйсанна хуьлуш а ду!». Тирмизий, Ибн Ма́джахI.
 

Абу ХIурайрас (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, Пайхамара () элира аьлла: «Рамада́н баттахь, иза бакъ хиларх а, парз хиларх а теша а тешаш, шена ме́л хиларга дог а дохуш марханаш кхаьбначунна гечдийр ду цуьнан дIадаханчу къиношна».[3] Буха́рийс, Муслима дийцина иза шина «Сахьихь» тIехь.
 

Абу ХIурайрас (Дела реза хуьлда цунна) аьлла: «АллахIан Элчано () элира: «Рамадан бутт тIебеана шуна, беркате бутт. АллахIа парз дина тIедиллина шуна цу баттахь марха кхабар. Цу баттахь дIайоьллу стигланийн неIарш, цу баттахь дIакъовлу жоьжахатин неIарш, дIадоьхку хецаделла шайтIанаш. Цу батта чохь АллахIан цхьа буьйса ю, эзар баттал еза ю иза, цуьнан диканах ваьлларг массо диканах ваьлла». Наса́ийс дийцина иза шен «Сунан» жайнахь.
 

Ма́ликан кIанта Анаса дийцина (Дела реза хуьлда цунна), рамада́н бутт тIебеъча Делан Элчано () элира аьлла: «Бакъдолуш, шуна тIебеана хIара бутт. ХIокху чохь цхьа буьйса ю, эзар баттал дика йолу; цуьнан диканах ваьлларг – массо диканах ваьлла; ткъа цуьнан диканах ве́ра вац шеца цхьа а ирс доцург бен». Ибн Ма́джахI.

 

Iуьйкъанна хIума кхалларан а, иза тIаьхьататтаран а, марха сихха дастаран а дозалла

Ма́ликан кIанта Анаса (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, Делан Элчано () элира аьлла: «Iуьйкъе йойла (Iуьйкъанна яахIума юийла) аш, бакъдолуш Iуьйкъе (йарехь) – беркат ду». Бухарий, Муслим.
 

Iамр ибн ал-Iа́са дийцина (Дела реза хуьлда цунна), Делан Элчано () элира аьлла: «Жайнин охIлунан (жуьгтийн а, керстанийн а) мархийна а, вайн мархийна а юкъахь къастам бийриг Iуйкъанна юу яахIума ю».[4] Муслим.
 

СаIдан кIанта СахIла (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, Делан Элчано () элира аьлла: «Адамашкара дика хедар дац цара марха сихха мел досту». Бухарий, Муслим.
 

Абу ХIурайрас дийцина (Дела реза хуьлда цунна), Делан Элчано () элира аьлла: «Нуьцкъала а, сийлахь а волчу АллахIа аьлла: «Суна Сайн лайшна юкъахь уггар дукха везарг марха сихха достург ву». Тирмизий.
 

Цхьана асхьа́ба дийцина,  Пайхамар () волчу чувелира ша́ аьлла, цкъа иза Iуьйкъе еш волуш, тIаккха цо элира: «Бакъдолуш хIара АллахIа шуна делла беркат ду, ткъа аш Iад ма дуьтийла иза». Наса́ий.
 

Абу IатIиййас дийцина: «Со а, Масру́къ а вахара Iа́иша йолчу.. Охашима элира: «ХIай бусалба нехан нана! АллахIан Элчанан () асхьабех цхьа ши стаг ву.. цаьршинах цхьамма сихха марха а досту, сихха (маьркIижа) ламаз а до, ткъа вукхо марха а тIаьхьа досту, ламаз а тIаьхьа до». Цо элира: «Марха сихха достуш верг а, ламаз сихха деш верг а муьлха ву цаьршинах?». Охашима элира: «МасIу́дан кIант IабдуллахI ву». Цо элира тIаккха: «Иштта дора АллахIан Элчано а ()». Муслим.
 

Абу ХIурайрас (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, Пайхамара () элира аьлла: «(Бусалба) дин лекха лаьттар ду, наха марха сихха мел досту; жуьгташа а, керстанаша а марха дастар тIаьхьатотту дела». Абу Давуд.
 

Давуд пайхамаран марханах лаьцна. Уггар деза марха ду и.

Iамран кIанта IабдуллахIа дийцина (Дела реза хуьлда цунна): «Делан Элчане () хаийтинера, ас аьлла хилла долчу дешнех лаьцна: «АллахIаца дуй ма буу ас, дийнахь марха кхобур ма ду ас, буьйсанна ламазаш а дийр ма ду ас сой дийна мел ву». Ас элира цуьнга тIаккха: «Аьллера ас иза, сан ден-ненан меттана суна хьо хиларг». Цо элира тIаккха: «Бакъдолуш, хьоьга далур дац иза. Цундела, марха кхобуш хила, ца кхобуш а хила, наб еш а хила, ламазана гIоттуш а хила. ХIора баттахь кхаа дийнахь марха кхаба, бакъдолуш цхьа дика хIума итт дика хIума санна лоруш ду хьуна, ткъа иза ахь ерриге хенахь марха кхабар санна хуьлу». Ас элира: «Цу гIолий (алсам) дерг лелалур дара соьга». Цо элира тIаккха: «Делахь, цхьана дийнахь марха кхаба, шина дийнахь ца кхобуш Iе». Ас элира: «Цул гIолий дерг лело ницкъ кхочур бара сан». Цо элира: «Делахь, цхьана дийнахь марха кхаба, цхьана дийнахь ма кхаба. Иза Давудан марха ду, иза уггар дика (деза) марха ду». Ас элира тIаккха: «Цул гIолий дерг далур дара соьга». Пайхамара () элира тIаккха: «Цул гIолий дерг дац».[5]

Бухарийс, Муслима а дийцина иза, ткъа Муслима дийцинчахь: «иза уггар юккъера (гIолий) марха ду» аьлла ду, «иза уггар дика (деза) марха ду» бохучуьнан меттана. Кхин а, иштта хIокху дешнашца дийцина а ду иза Муслима: «Нуьцкъала а, сийлахь а волчу АллахIана гергахь уггар дика долу марха кхаба ахь, Давудан марха – цхьана дийнахь кхобуш, вукха дийнахь ца кхобуш хилла цо».
 

Iамран кIанта IабдуллахIа дийцина (Дела реза хуьлда цунна), Пайхамара () элира аьлла: «АллахIана уггар дукха дезаш долу марха Давудан марха ду – шен ах дахарехь марха кхобуш хилла цо. АллахIана уггар дукха дезаш долу ламаз а Давудан ламаз ду – ах буьйсанна дIавуьжуш хилла иза, тIаккха хьалагIоттуш хилла иза, тIаккха цуьнан чаккхенгахь (юха а) дIавуьжуш хилла иза; ах буьйса дIаяьллачул тIаьхьа, буьйсанан кхоалгIа да́къан чохь ламаз деш хилла цо».[6] Муслим.
 

Iа́шу́ра́ъ дийнахь а, Iарафат дийнахь а, кхечу деношкахь а марха кхабаран дозалла

Абу Къата́дас дийцина (Дела реза хуьлда цунна), АллахIан Элчане () хаьттина хиллера аьлла ерриге хенахь[7] марха кхабарх лаьцна. ТIаккха цо аьлла хилла жоп луш: «Йа марха а ца кхаьбна цо, йа ца кхобуш а ца Iийна иза». Шина дийнахь марха кхабарх, цхьана дийнахь ца кхобуш Iарх лаьцна хаьттина цуьнга, тIаккха цо аьлла: «Хьаьнга далур ду и?!». Цхьана дийнахь марха кхабарх, шина дийнахь ца кхобуш Iарх лаьцна хаьттина цуьнга, тIаккха цо аьлла: «Дала ницкъ лур белара вайна цу хIуманна». Цхьана дийнахь марха кхабарх, цхьана дийнахь ца кхобуш Iарх лаьцна хаьттина цуьнга, тIаккха цо жоп делла: «Иза сан вешин Давудан марха ду». Оршотан дийнахь марха кхабарх лаьцна хаьттина цуьнга: «Иза со вина де ду, (пайхамараллийца) со нахана юкъахь гIаттийна де ду, соьга вахьйу (Къуръан) доссийна де ду». Цул тIаьхьа аьлла цо: «ХIора баттахь кхаа дийнахь марха кхабар а, хIора шарахь рамада́н баттахь марха кхабар а ерриге хенахь марха кхабар ду». Iарафат дийнахь марха кхабарх лаьцна хаьттина цуьнга, тIаккха цо аьлла: «ДIадаханчу шеран а, тIедогIучу шеран а къиношна гечдойту цо».[8] Iа́шу́ра́ъ дийнахь марха кхабарх лаьцна хаьттина цуьнга, тIаккха цо иштта жоп делла: «Даханчу шеран къиношна гечдойту цо».[9] Муслима дийцина иза.
 

Iаббасан кIанте IабдуллахIе (Дела реза хуьлда цаьршинна) хаьттина хилла Iа́шу́ра́ъ дийнахь марха кхабарх лаьцна, тIаккха цо аьлла хилла: «Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) кхечу деношна тIехь даздеш цхьана дийнахь марха кхаьбна хилар ца девза суна, хIокху Iашýрáъ дийнахь бен; (иштта цо кхечарна тIехь базбеш хилла бутт а ца бевза суна) хIара рамадан бутт бен». Бухарийс, Муслима дийцина иза, шаьшшина шина «Сахьихь» тIехь.
 

НуIма́нан кIанта Къата́дас дийцина (Дела реза хуьлда цунна), Делан Элчано () олуш шена хезира аьлла: «Iарафат дийнахь (гIурбан беттан иссолгIа дийнахь) марха кхаьбначунна гечдийр ду цул хьалхара шеран а, цул тIаьхьара шеран а къиношна». Ибн Ма́джахIас дийцина иза.
 

Мухьаррам баттахь марха кхабаран дозалла

Абу ХIурайрас дийцина (Дела реза хуьлда цунна), Делан Элчано () элира аьлла: «Рамадан баттал тIаьхьа уггар деза марха АллахIан мухьаррам баттахь кхаьбнарг ду, парз ламазал тIаьхьа уггар деза ламаз буьйсана (юккъахь) динарг ду». Муслим.
 

Iелийга (Дела реза хуьлда цунна) цхьамма хаьттина хилла: «Рамадан баттал тIаьхьа муьлха баттахь марха кхаба эр дара ахь соьга?» ТIаккха цо аьлла: «ХIара хаттар, со Делан Элча (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) волчахь хиъна Iаш а волуш, цуьнга цхьана стага хоттуш бен кхин цхьамма а хоттуш хезна дац суна. Цо цуьнга элира: «ХIай Делан Элча! Рамадан баттал тIаьхьа муьлха баттахь марха кхаба эра дара ахь соьга?» Цо элира: «Рамаданал тIаьхьа айхьа марха кхобуш хилахь, мухьаррам баттахь кхаба ахь, бакъдолуш иза АллахIан бутт бу хьуна, цу беттан чура цхьана дийнахь Цо цхьана нехан тоба къобал а дина, цхьаболчу кхечеран тоба къобал а до». Тирмизий.
 

Шавва́л беттан ялх дийнахь марха кхабаран дозалла

Абу Аййу́б ал-Ансо́рийс дийцина (Дела реза хуьлда цунна), Делан Элчано () элира аьлла: «Рамадан баттахь марханаш а кхаьбна, тIаккха цул тIаьхьа шавва́л беттан ялх дийнахь марханаш кхабар – дерриге дахарехь (йа: дерриге шарахь) марханаш кхабар санна ду».[10] Муслим.
 

Савба́на дийцина (Дела реза хуьлда цунна), Делан Элчано () элира аьлла: «Марха даьстинчул тIаьхьа ялх дийнахь марха кхабар дерриге шо (марха кхобуш) дузийтар санна ду. “Цхьа дика хIума дохьуш цхьаъ вагIахь – иттозза совдаьккхина хир ду цунна иза”».[11] Ибн Ма́джахI.
 

Нуьцкъала, сийлахь а волчу АллахIан новкъахь марха кхабаран дозалла

Абу СаIид ал-Худрийс дийцина (Дела реза хуьлда цунна), Делан Элчано () элира аьлла: «АллахIан новкъахь цхьана дийнахь марха кхаьбначуьнан юьхь жоьжахатийна генайоккхур ю АллахIа кхузткъе итт шарана». Буха́рий, Муслим.
 

Iа́миран кIанта Iукъбата дийцина (Дела реза хуьлда цунна), Делан Элчано () элира аьлла: «АллахIан некъахь цхьана дийнахь марха кхаьбначунна АллахIа жоьжахати генайоккхур ю бIе шарана». Наса́ий.
 

Оршотан а, еарин а дийнахь марха кхабаран дозалла

Абу ХIурайрас дийцина (Дела реза хуьлда цунна), Делан Элчано () элира аьлла: «Iамалш (АллахIана) гойту оршотан а, еарин а дийнахь. Ткъа суна сайн Iамал сой марха кхобуш а волуш гайтийта лаьа». Тирмизий.
 

Iа́ишата дийцина (Дела реза хуьлда цунна): «Делан Элча (), оршотан а, еарин а дийнахь марха кхабар лохуш, и лардеш хуьлуьра». Тирмизий, Наса́ий, Ибн Ма́джахI.
 

Iумаран йоIа Хьафсата дийцина (Дела реза хуьлда цунна): «АллахIан Элчано () кхаа дийнахь марха кхобура батта чохь: оршотан де (цхьана кIиран чохь), еарин а, оршотан а де вукха кIиран чохь а».[12] Абу Давуд, Наса́ий.
 

Зайдан кIанта Уса́мас дийцина (Дела реза хуьлда цунна): «Ас элира Делан Элчане (): «Бакъдолуш, саццаза кхобуш санна марха кхобу ахь (цкъацкъа), кхаба а кхобий-те аллал ца кхобуш а Iа хьо (цкъацкъа), цхьа ши де доцург, цу шина дийнахь марха кхобу ахь, (хьалхарчу деношкахь) хьо марха кхобуш хиллехь а, ца хиллехь а». Цо элира тIаккха: «ХIун ши де ду и шиъ?». Ас элира: «Оршотан а, еарин а ши де ду». Цо элира тIаккха: «Iаламийн Далла (вайн) Iамалш гойту де ду и шиъ, ткъа сайн Iамал сой марха кхобуш а волуш гайтийта лаьа суна». Абу Давуд, Насаий.
 

Батта чохь кхаа дийнахь марха кхабаран дозалла а, цуьнца весет дина хилар а

Iамран кIанта IабдуллахI дийцина (Дела реза хуьлда цунна), Делан Элчано () элира аьлла: «ХIора баттахь кхаа дийнахь марха кхабар саццаза ерриге хенахь марха кхабар (санна) ду».[13] Буха́рий, Муслим.

 

Абу Зарра аьлла (Дела реза хуьлда цунна): «Суна дукха везаш хиллачо кхаа хIуманца весет (хьехар) дина суна, уьш цкъа́ а дуьтур а дац ас Дала мукъа лахь: цо весет дина суна духьа́ ламаз дарца а, дIавижале хьалха витр ламаз дарца а, хIора баттахь кхаа дийнахь марха кхабарца а». Наса́ийс дийцина иза.
 

● Абу Зарра дийцина (Дела реза хуьлда цунна), Делан Элчано () олуш шена хезира аьлла: «ХIора баттахь кхаа дийнахь марха кхаьбнарг – баттахь марха кхабар хьаладуьзна (цуьнан)». Йа цо элира: «…баттахь марха кхабар хир ду цунна».[14] Наса́ий, Ибн Ма́джахI, Тирмизий.
 

Абул-Iа́сан кIанта Iусмана дийцина (Дела реза хуьлда цунна), Делан Элчано () олуш шена хезира аьлла: «Дика марха кхабар ду баттахь кхаа дийнахь марха кхабар». Насаий.
 

Ийа́сан кIанта Къуррата дийцина (Дела реза хуьлда цунна), Пайхамара () элира аьлла: «Баттахь кхаа дийнахь марха кхабар саццаза ерриге хенахь марха кхабар а, дастар а (санна) ду».[15] СаIид ибн Мансура дийцина иза шен «Сунан» жайнахь.
 

Беттан юккъера (кIайн) кхаа дийнахь марха кхабаран дозалла

IабдуллахIан кIанта Джари́ра дийцина (Дела реза хуьлда цунна), Пайхамара () элира аьлла: «ХIора баттахь кхаа дийнахь марха кхабар саццаза ерриге хенахь марха кхабар (санна) ду: (беттан юккъера) кIайн денош – кхойттолгIа а, дейттолгIа а, пхийттолгIа а де».[16] Наса́ий.
 

Абу ХIурайрас дийцина (Дела реза хуьлда цунна): «ГIамар-аренца Iаш волу цхьа стаг веара Пайхамар волчу (), еттина лергаяхар (пхьагал) йохьуш. Цо иза цунна хьалха охьайиллича, Делан Элчано () ша́ ца йиира иза, делахь а кхечаьрга яа элира цо. Ткъа цу стага ца йиира. ТIаккха Пайхамара () хаьттира цуьнга: «Ахь хIунда ца юу иза?». Цо элира тIаккха: «Бакъдолуш, баттахь кхаа дийнахь марханаш кхобуш ву со». ТIаккха цо элира цуьнга: «Нагахь санна айхьа марха кхобуш хилахь, кIайн денош кхаба ахь». Наса́ий.
 

Абу Зарра аьлла (Дела реза хуьлда цунна): «Делан Элчано (), баттахь кIайн кхаа дийнахь марха кхаба элира тхоьга: кхойттолгIа а, дейттолгIа а, пхийттолгIа а денош». Тирмизий, Насаий.
 

Милхьа́нан кIанта Къата́дас дийцина (Дела реза хуьлда цунна): «Делан Элчано () омру дора тхуна, кIайчу деношкахь марха кхаба олий: кхойттолгIа а, дейттолгIа а, пхийттолгIа а дийнахь».[17] Абу Давуд, Насаий.
 

ГIурбан беттан итт дийнахь марха кхабаран а, кхидолу Iибадаташ даран а дозалла

Ибн Iабба́са дийцина (Дела реза хуьлда цунна), Делан Элчано () элира аьлла: «ХIокху деношкахь йина йолу дика Iамал санна АллахIана дукха езаш кхин Iамал яц». (ГIурбан беттан хьалхара итт дийнахь бохург хилла цуьнан и). Асхьабаша хаьттина: «ХIай АллахIан Элча! АллахIан некъахь гIазот дар а дац?». Цо жоп делла: «АллахIан некъахь гIазот дар а дац, цхьаъ доцург: шен дегIаца а, шен даьхнийца а гIазоте ара а ваьлла, тIаккха оцу хIуманех цхьа а хIума цIа ца ерзийнарг воцург».[18] Бухарий.
 

Абу ХIурайрас дийцина (Дела реза хуьлда цунна), Делан Элчано () элира аьлла: «Шена Iибадат деш долчу денош юкъахь АллахIана хIара итт де санна дукха дезаш кхин цхьа а де дац хIокху дуьненахь. Цу денойх цхьана дийнахь марха кхабар цхьана шарахь марха кхабар санна ду, цу денойн буьсанех цхьана буьйсанна (ламазаш дар) – лайлатул-къадр буьйсанна (ламазаш) дар санна ду». Ибн Ма́джахIас а, Тирмизийс а дийцина иза, гIийла хилар а довзуьйтуш.[19]
 

ШаIба́н баттахь марха кхабаран дозалла

Зайдан кIант Уса́ма цIе йолчу асхьаба дийцина (Дела реза хуьлда цаьршинна), ша́ Пайхамаре (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) элира аьлла: «ХIай АллахIан Элча! шаIбан баттахь санна кхечу беттанашкахь ахь марха кхобуш ца гина-кх суна». Цо аьлла тIаккха: «Иза – раджабна а, рамада́нна а юкъахь адамаш шех гIопул хуьлуш (ойла йодуш) болу бутт бу. Цу батта чохь хьалаойъуш ю Iамалш Iаламийн Деле (АллахIе), ткъа суна сайн Iамал сой марха кхобуш волуш хьалайахьийта лаьа». Наса́ий.
 

Марха кхобуш хилча Iаддита дезачу къамелах лаьцна

Абу ХIурайрас дийцина (Дела реза хуьлда цунна), Делан Элчано () элира аьлла: «Харц дерг дийцар а, цуьнца Iамал яр а[20] Iад ца дуьтуш верг – АллахIана оьшуш дац цо даар а, малар а Iаддитар».[21] Буха́рий.
 

Марха кхобучуьнга марха дастийтаран дозалла

Зайд ибн Халид ал-ДжухIанийс дийцина (Дела реза хуьлда цунна), Делан Элчано () элира аьлла: «Марха кхобучуьнга марха дастийтинчунна ме́л хира бу и марха кхаьбначунна санна, цуьнан ме́лах цунна хуьлуш цхьа а эшам боцуш». Ибн Ма́джахI, Наса́ий. Тирмизийс дийцинчахь иштта аьлла ду: «…марха кхаьбначуьнан ме́лана хуьлуш эшам боцуш».
 

Марха кхобург волчахь яахIума йиъча цунна хуьлуш болу ме́л

КаIбан йоIа Умм Iама́рата дийцина (Дела реза хуьлда цунна), Пайхамара () цкъа ша́ йолчу веанера аьлла. ТIаккха, цо цунна яахIума елча, цо аьлла хилла цуьнга: «ЯахIума яа ахь а». Цо аьлла тIаккха: «Со марха кхобуш ю». ТIаккха Делан Элчано () аьлла: «Марха кхобучунна хьалха́ яахIума яар нисделча, цунна гечдар а, къинхетам а боьхуш хуьлу малийкаш, уьш йиъна бовллалц». Тирмизий. Ибн Ма́джахIас а дийцина изза маьIна долу хьадис.
 

Марха кхобучо дечу доIанан дозалла

Абу ХIурайрас дийцина (Дела реза хуьлда цунна), Делан Элчано (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) элира аьлла: «Кхо стаг ву шайн доIа духа тухуш доцуш: нийсо еш волу паччахь ву; марха кхобуш верг ву, цо марха дастталц; шена зулам хиллачуьнан доIа а ду – нуьцкъала а, сийлахь а волчу АллахIа хьалаайдо иза марханашна тIехула, стигланийн неIарш а дIайоьллу цунна, АллахIа олу: «Сайн нуьцкъаллийца ду буу Ас, цхьа хан яьлча дина а хьуна гIо дийр ма ду Ас». Тирмизий.
 

Iамран кIанта Iабдулла́хIа дийцина (Дела реза хуьлда цунна), Делан Элчано () элира аьлла: «Бакъдолуш, марха кхобуш волчуьнан доIа ду духатухуш доцуш, марха достучу хенахь цо деш». Ибн Ма́джахI.
 

Марха стенца даьстича дика ду?

Iа́миран кIанта Салма́на дийцина (Дела реза хуьлда цунна), Пайхамара () элира аьлла: «Шух цхьаъ марха достуш хилахь, хурманца достийла цо иза, ткъа шена и ца кара йахь хица достийла цо, бакъдолуш иза цIена ду». Абу Да́вуд, Тирмизий, Наса́ий, Ибн Ма́джахI.
 

Ма́ликан кIанта Анаса дийцина (Дела реза хуьлда цунна): «Делан Элчано () ша́ ламаз дале марха достура тIеда хурманашца, тIеданаш ца хилча екъачаьрца достура, екъанаш ца хилча хин къурдаш дора цо». Абу Да́вуд, Тирмизий.
 

«Лайлатул-къадр» буьйсанан дозалла а, иза маца ларйан еза а

Абу ХIурайрас (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, Делан Элчано () элира аьлла: «Лайлатул-къадр» буьйса бакъ хиларх теша а тешаш, шена ме́л хиларга дог а дохуш, цу буьйсанна Iибадат динчунна[22] гечдийр ду цуьнан хьалха хилла долчу къиношна».[23] Буха́рийс, Муслима дийцина иза шина «Сахьихь» жайни тIехь.
 

● Iумаран кIанта Iабдулла́хIа дийцина (Дела реза хуьлда цаьршинна), Пайхамаран () асхьабех цхьаболчарна гIенах «лайлатул-къадр» буьйса гина хиллера аьлла, (рамада́н беттан) тIаьххьарчу ворхI дийнахь. ТIаккха Делан Элчано () аьлла хилла цаьрга: «Шуна массарна иза гIенах гар тIаьххьарчу ворхI дийнахь нисделла хилар го суна. Цундела, и ларйан луучо тIаьххьарчу ворхI дийнахь ларйойла иза». Буха́рий, Муслим.
 

Абу СаIид ал-Худрийс дийцина (Дела реза хуьлда цунна): «Рамадан беттан юккъера итт дийнахь иIтика́ф деш дара тхо Пайхамарца (). ТкъолгIа Iуьйранна цо тхуна хьехам бира, цо элира цу юкъахь: «Лайлатул-къадр» буьйса маца ю гайтинера суна, цул тIаьхьа йицйалийтина суна иза. Ткъа аш иза ларйе тIаьххьарчу итт дийнахь, шалза деношкахь». Буха́рий, Муслим.
 

Iа́ишата дийцина (Дела реза хуьлда цунна), Пайхамара () элира аьлла: «Лайлатул-къадр» буьйса ларйе аш рамада́н беттан тIаьххьарчу итт дийнахь, шалза деношкахь». Бухарий, Муслим.
 

Со́митан кIанта Iуба́дата дийцина (Дела реза хуьлда цунна): «Пайхамар () аравелира, «лайлатул-къадр» буьйсанах лаьцна дерг тхуна довзийта. ТIаккха цигахь къийсалуш цхьа ши бусалба стаг вара. ТIаккха цо элира: «Лайлатул-къадрах» лаьцна дерг шуна довзийта араваьллера со, тIаккха хьенех а, минех а къовсавелира, цунделира иза дIаайира. Шуна дика хила а мега иза. Цундела аш ларйойла иза иссолгIа а, ворхIолгIа а, пхоьалгIа а буьйсанашкахь». Бухарийс дийцина иза. «ИссолгIа» бохург – бутт чекхбала исс буьйса юьссучу хенахь бохург ду. Изза ду ворхIолгIа бохург а, пхоьалгIа бохург а, хIунда аьлча иза иштта хилар билгалдина ду Ибн Iабба́са дийцинчу хьадисехь.[24] Ткъа и хьадис а Бухарийс дийцина ду.
 

Рамада́н беттан тIаьххьарчу итт дийнахь-буса алсам къахьегар а, иIтика́ф дар а [25]
 

Iа́ишата аьлла (Дела реза хуьлда цунна): «Рамада́н беттан тIаьхьара итт де тIедеъча, Пайхамар () верриге Iиба́датана тIевоьрзура, шен буьйса ламаз деш яккхара цо, шен доьзал а хьалагIаттабора цо». Бухарий, Муслим.
 

Iумаран кIанта IабдуллахIа дийцина (Дела реза хуьлда цаьршинна): «Рамада́н беттан тIаьхьарчу итт дийнахь иIтика́ф дора Пайхамара ()».
 

Iа́ишата а дийцина (Дела реза хуьлда цунна) и санна дешнаш долу хьадис, церал тIаьхьа догIуш иштта хIара дешнаш а долуш: «…нуьцкъала а, сийлахь а волчу АллахIа ша хIокху дуьненара дIавиггалц. ТIаккха цул тIаьхьа цуьнан хIусамнаноша а дира иIтика́ф». Бухарийс а, Муслима а дийцина хIара а, хIокхул хьалхарниг а.

 

 


 


[1] Марха кхабарх тера хIумма дац – цо дог а, кхетам а чIагIбо, кхетам совбоккху, адамехь дика амалш кхоллайолуьйту; марха кхобуш волу стаг юург а, мерг а кIеззиг лело марзло, цуьнан дегIан марзонаш жимло, цигара схьа къинойн орамаш шайн бухехь дуьйна хедий дIадовлу, массо агIор диканаша лоцу иза.

[2] Iеламнаха аьлла: Пайхамара () цхьана хIумане догдохуш хилар – и хIума хирг хилар гойтуш ду. Цундела, кхузахь цо Абу-Бакаре аьллачуьнан маьIна иштта ду: Ялсаманин массо неIаршкахула чукхойкхур болчерах ву хьо, Абу-Бакар!

[3] ХIара санна долчу хьадисашкахь «къиношна гечдийр ду» бохучух лууш дерг дукхах болчу Iеламнаха «кегийчу къиношна гечдийр ду» бохург ду аьлла, хIунда аьлча цхьадолчу кхечу хьадисашкахь «даккхий къинош доцург» аьлла деана ду. Цундела, хIара санна йолу Iамалш дерриге кегийчу къиношна гечден бахьана хуьлу. Амма даккхий къинош – царна тоба дан деза, уьш тоба дарца гечдо. Ткъа дика хуург АллахI ву.

[4] Жайнин охIлунах хиллачу нахана (жуьгташна а, керстанашна а) магийна хилла дац наб йинчул тIаьхьа буьйсанна яахIума яа. Иштта мегаш хилла дац иза бусалба нахана а, доьххьара марха кхабар тIедожийначу хенахь. Цул тIаьхьа АллахIа магийна бусалба нахана, буйьсанна шайна луъучу хенахь яахIума яар, Iуьйра хан хилале йолчу хенахь. Цундела, Iуьйкъанна юуш йолу яахIума – Дала къаьсттина хIокху вайн умматана делла хIума ду аьлла Iеламнаха. Оцу хьадисехь ма-дарра, бусалба нехан марха керстанехан марханах къаьсташ долу хIума а ду иза, шеца беркат долу хIума а ду иза, кхечу хьадисашкахь Пайхамара () ма-дийццара.

[5] Саццаза марханаш кхобур ду ша́, хIора буьйса ламазаш деш а йоккхур ю ша́ аьлла хилла IабдуллахIа, Дела реза хуьлда цунна. Ткъа иза цуьнга далур доций хууш хилла волчу Пайхамара () ма де аьлла цуьнга иза. Хьо санна волчунна уггар диканиг – шега кхабалурриг кхабар ду, дукха кхаба ца гIертар ду аьлла цо цуьнга. Ткъа Iанне ца Iийча, цхьана дийнахь кхаба, вукха дийнахь ма кхаба аьлла цо цуьнга, иза уггар дика марха ду, иза Давуд пайхамара кхобуш хилларг а ду аьлла цо. Кхоно цхьа хан яьлча, IабдуллахI къанвелча, гIорасиз хилла иза, кIелвисина хилла иза, цундела дохковаьлла хилла бохуш дуьйцу иза, Пайхамара () шена динчу хьехаре ша́ ла ца догIарна, шега лелалур ду моьттуш ша́ дукха хала хIуманаш лелорна.

Иштта и маьIна дина дукхах болчу Iеламнаха хIокху хьадисан а, хIара санна долчу хьадисийн. Цара аьлла: нагахь санна стагана зен хиларна кхерам белахь, йа цо шен декхарш дан ма-дезза кхочуш дийр ца хиларна кхерам белахь, дика лорур дац цо саццаза марханаш кхабар. Ткъа нагахь санна цунна зен хиларна кхерам бацахь, цу кепара марха кхобуш хилча а цо шен декхарш дерриге дан ма-дезза кхочуш дийр делахь, цо саццаза марханаш кхабар, «шеран марханаш» кхабар дика хIума ду, ме́л алсам хуьлуш хIума ду аьлла цара. Бакъду, шара чохь пхи де ду кхаба мегаш доцуш, цу пхеа дийнахь марха кхабар хьарам долуш: марха досту Iийд де а, гIурбан Iийд де а, гIурбан Iийдал тIаьхьара кхо де а. Цундела, цу деношкахь кхаба мегар дац цхьамма а марха, цхьанне агIор. Цундела аьлла цхьаболчу Iеламнаха, «ерриге хенахь кхаьбначуьнан марха – марха дац» боху хьадисехь а, «марха а ца кхаьбна цо, ца кхобуш а ца Iийна иза» бохучу хьадисехь а, иштта и санна долчу хьадисашкахь а лууш дерг – и пхи де юкъа а лоцуш дуьззина шарахь кхабар ду. Ткъа и пхи де юкъарадаьккхича, зен хиларна кхерам бацахь, декхаршна тIехь ледарло йарна кхерам бацахь, кхабалучо, шена луучо дерриге кхидолу деношкахь марха кхабар вон хIума дац аьлла цара. ХIунда аьлча кхечу хьадисашкахь и хIума магийна долу дела, цхьаболчу асхьабаша а и хIума деш хилла дела.

Ткъа цхьа а шеко йоцуш хIума ду, дукхах болчу нахана шел диканиг кхин доцуш, уггар диканиг – Давуд пайхамаран марха хилар, хIокху хьадисашкахь ма-аллара. Дукхах болчу нахана уггар диканиг и делахь, цхьаболчара кхаба мегар ду дерриге шеран марханаш, Iеламнаха хьахийна болу и кхо биллам ларбеш хилчахьана: хьарам долу деношкахь ца кхабар, зен хиларна кхерам ца хилар, декхаршна ледарло йийр хиларна кхерам ца хилар.

Шинне кепара долу хьадисаш а, Iеламнаха цу хьокъехь аьлла дерг а алссам дийцина Имам Нававийс (Дала къинхетам бойла цунах) «Ал-Мажму́I» жайни тIехь (6/388-390). Ткъа дика хуург АллахI ву!

[6] Иштта дийцина а ду и хьадис: «АллахIана уггар дукха дезаш долу ламаз Давудан ламаз ду, АллахIана уггар дукха дезаш долу марха а Давудан марха ду. Ах буьйсанна наб еш хилла цо, буьйсанан кхоалгIа да́къа ламаз деш доккхуш хилла цо, (тIаккха) буьйсанан ялхолгIа да́къа (диссича юха а) наб еш хилла цо. Цхьана дийнахь кхобуш, вукху дийнахь ца кхобуш (цхьацца де юкъа а дуолуьйтуш) марха кхобуш а хилла цо». Буха́рий, Муслим. Иштта и маьIна ду цу лакхара хьадисан.

[7] Марха кхабар хьарам долчу деношкахь доцург, кхечу деношкахь саццаза марха кхабар бохург ду кхузахь «ерриге хенахь» марха кхабар бохучух лууш дерг.

[8] Iарафат(ан) де - гIурбан беттан иссолгIа де ду. ГIурбан бутт – зул-хьиджа цIе йолу бутт бу, нах хьадж дан боьлху бутт бу. Хьадж дийриш цу беттан иссолгIа дийнахь «Iарафа(т)» олучу меттехь хуьлу, малх чубуззалц йолчу ханна. Цундела олу цу дийнах Iарафатан де.

ТIаккха, гIурбан беттан оцу иссолгIа дийнахь марха кхабар дика хилар хьадж деш воцучунна ду. Хьадж дихкина а волуш цу дийнахь Iарафатехь воцучо марха кхабар дика лоруш ду. Ткъа, хьадж дихкина волчо цу дийнахь марха ца кхабар дика ду, хIунда аьлча, цкъа делахь Пайхамара () цу дийнахь марха кхаьбна ца хилла дела; шолгIа делахь Iарафатехь волчунна доIанаш дан гIора оьшу, цундела цо марха ца кхаьбча дика ду. Ткъа цу иссолгIа дийнал тIаьхьа догIу иттолгIа де – бусалба нехан дезаде ду, Iийд ду, доккха де ду, цу дийнахь марха кхабар хьарам ду, цу дийнахь марха кхаба мегаш дац цхьамма а.

ТIаккха, кхузахь а, хIара санна долчу кхечу хьадисашкахь а дуьйцург, дукхах болчу Iеламнаха ма-аллара, кегий къинош ду. Ткъа даккхийчу къиношна Делера гечдар хилийтархьама тоба дан деза. Ткъа нагахь санна къинош доцуш цхьаъ хилахь, нагахь санна ишттаниг нислахь, даржашкахь лакхавоккхур ву иза къинхетаме волчу АллахIа, цо динарг дойъур дац Цо.

[9] Мухьаррам беттан иттолгIа де ду иза. Мухьаррам бутт – гIурбан баттал тIаьхьа богIу бутт бу, бусалба терахьца керла шо долало цу баттаца. Iа́шу́ра́ъ де – цу беттан иттолгIа де ду, къаьсттина цу дийнахь марха кхабар деза лоруш ду. Ткъа и бутт берриге бу марханаш кхабар дика долу бутт, кхечу хьадисашкахь деана ма-дарра.

[10] ХIокху хьадисехь деана долу «ад-дахIр» бохучух лууш дерг цхьаболчу Iеламнаха «шо» ду аьлла, ткъа вукхара иза «дахар» ду, «оьмар» ю аьлла. Ишта а, вуьшта а хила йиш йолуш ду иза, хIунда аьлча «дерриге шарахь марха кхаьбнарг санна ву» аьлла хьадисаш а долу дела, шен дерриге дахарехь хIора шарахь рамада́н баттахь а, цул тIаьхьа шавва́л беттан ялх дийнахь а марханаш кхобуш хилча  дерриге дахарехь кхаьбча санна нислуш а долу дела. Ткъа иза иштта совдо́луш хилар муха хуьлу хIокхул тIаьхьа догIучу хьадисехь билгалдина ду.

ТIаккха, и ялх де шавва́л бутт болабелча а, юккъе баьлча а, чекхбалале йолчу хенахь а, муьлхха деношкахь кхаба мегаш ду. Кхин а, и ялх де тIаьхьий-хьалхий кхаьбча мелехь а ду, дика а ду, ткъа шена иштта кхаба ца луучо юккъе денош а дохкуьйтуш кхаба а мегаш ду, масала цхьана дийнахь марха кхобуш, тIаккха масех дийнахь ца кхобуш, тIаккха юха а кхобуш, иштта кхидIа а.

[11] Цхьа дика хIума дохьуш цхьаъ вагIахь – иттозза совдаьккхина хир ду цунна иза - «Ал-АнIа́м» сурат юкъара 160 айат ду иза. Цхьа дика итт дикане совдоккхуш ду бохучу маьIнийца, марханаш иштта совда́хар муха нисло довзуьйту цу дешнаша. Рамадан цхьа бутт итт бутт санна нисло, цул тIаьхьа кхобу ялх де – кхузткъа де санна нисло, ткъа иза ши бутт бу. Иттанна тIе шиъ тоьхча шийтта бутт хуьлу – цхьа шо. Кхечу хьадисашкахь иштта цу кепара дийцина а ду иза. Хастам бу-кх веза-сийлахь волчу АллахIана, Иза вайца иштта дика хиларна, ткъа Цуьнан диканаш дагар дина ца валлал дукха ду.

[12] Муслима дийцинчу хьадисехь деана ду, Iа́ишате хаьттина хиллера аьлла (Дела реза хуьлда цунна), Пайхамара () батта чохь кхаа дийнахь марха кхабарий, муьлха меттера (муьлха денош) кхабара цо? Цо жоп делла хилла иштта: «Батта юкъахь миччара (муьлхха де) кхаьбча а бе́н ца хетара цунна». Муьлхха меттера кхобура цо бохург ду цуьнан маьIна, доьххьара а, юккъера а, тIаьххьара а, цхьа де цхьана кIирнах а, важа ши де вукху кIирнах а, иштта кхидIа а, кхечу хьадисашкахь деана ма-дарра. Цундела, цу асхьабаша шайна гин-гинарг дийцина, цхьаволчо цхьа деношкахь кхобура аьлла дийцина, вукхо кхечу деношкахь кхобура аьлла дийцина, ткъа Iа́ишатана массарначул дукха девзина хилла цуьнан хьал, цо массо кепара кхобуш гина хилла цунна, цундела аьлла цо: «муьлхха де кхаьбча а бен ца хетара цунна, муьлхха дийнахь кхобий а кхо де кхобура цо». Iеламнаха аьлла: кхечу денойл гIолий дерг – цо кхаба аьлла хьехнарг а, весет динарг а ду, хIета а муьлхха де кхаба мегаш а ду. Ткъа Пайхамара () и гIолий долу денош а ца кхобуш, вукху деношкахь кхаьбна хилар – иза цо шен аьттоне хьаьжжина дина хилла хир ду, цу деношкахь кхаба йиш йоцуш цхьа гIуллакх нисделла дела дина хир ду, йа иштта кхаба а мегаш дуй хоуьйтуш дина хир ду, ткъа и ший а хIума цуьнан хьокъехь гIолий дерг ду.

[13] ХIора баттахь кхаа дийнахь марха кхаьбча саццаза ерриге хенахь марха кхаьбча санна хуьлу, хIунда аьлча, кхечу хьадисехь ма-аллара, Дала цхьа дика иттанга совдоккхуш долу дела. Кхо марха ткъеитт марха санна хуьлу, ткъеитт де цхьа бутт бу.

[14] Цхьа дика итт дика санна хуьлуьйтуш долу дела АллахIа. Ткъа, кхо де – ткъеитт де санна хуьлу.

[15] Ерриге хенахь марха кхабар санна ду иза цхьа де итт де санна совдоккхуш долу дела. Даим дастар санна, йа даим марха ца кхобуш Iар санна а ду иза, хIунда аьлча цхьана батта чохь кхо де дукха хан йоцу дела, и кхо де ца кхобучара деш дерриг кхобучуьнга а далуш долу дела, цара санна болх а, шен гIуллакх а цуьнга а дало дела. Йа вуьшта аьлча, цу кхаа дийнах цунна хуьлуш цхьа а новкъарло йоцу дела, ткъа ме́л – берриге баттахь марха кхаьбча санна боккха болу дела.

[16] Цу денойх «кIайн денош» аьлла, церан буьйсанашкахь стиглара бутт буьзна а болуш, ерриге буьйсанна кхетта Iаш хуьлу дела, и бахьана долуш церан буьйсанаш сирла хуьлу дела. Цундела аьлла цхьаболчу Iеламнаха, и кхо де марха кхабарна къастийна хиларан бахьанах лаьцна: цу денойн буьйсанаш беттасан серлоно нуьре еш хилча, цу буьйсанийн денош Iибадатан серлонца нуьре дан до́гIуш ду. Ткъа дика хуург АллахI ву.

 Ткъа кхузахь дуьйцурш маьлхаца доьзна денош доцуш, баттаца доьзна денош ду, бусалба терахьан беттанаш ду. Масала, церах  доьххьара бутт – мухьаррам бу, тIаьххьарниг – зул-хьиджа бу, гIурбанаш дойъу бутт бу. Кхабар парз долу рамада́н – бусалба терахьера иссолгIа бутт бу, цул хьалхара бархIолгIаниг – шаIба́н бу. Масала, цу баттахь хIокху хьадисехь дуьйцу марханаш кхобуш хилча, шаIбан бутт юккъе боьдучу хенахь кхобур ду уьш: шаIбан беттан кхойттолгIа а, дейттолгIа а, пхийттолгIа а дийнахь. Иштта кхидIа а.

[17] «Омру дора» бохучух схьдолург – уьш кхабар парз хуьлу бохург дац. Уьш кхабар мелехь ду шуна, деза ду шуна, кхабалаш уьш, аьлла, тIекаре йар ду, хьехар дар ду. Рамада́н бутт боцург кхин парз дина тIеэгийна марханаш дац, кхечу хьадисашкахь деана ма-дарра. Цундела, кхузара дерриге кхидолу марханаш – суннат марханаш ду, ме́лан марханаш ду, кхаьбча дика а долуш, деза а долуш, ме́л а болуш, ца кхаьбча къа а доцуш.

[18] «Оцу хIуманех цхьа а хIума цIа ца ерзийнарг» бохург – иза ша́ гIазотехь кхалхар а, цуьнан даьхни гIазотехь дIадахар а бохург ду.

ГIурбан беттан хьалхарчу итт дийнахь йеш йолу дика Iамал уггар еза Iамал ю, цул еза цхьа а Iамал яц, шен даьхнийца а, шен дегIаца а гIазоте ара а ваьлла, цигахь и даьхни Делан некъахь дIадахар а, и стаг ша́ цигахь дIакхалхар а доцург. И цхьа хIума доцург, кхин цхьа а хIума дац оцу деношкахь динчу дикачу гIуллакхел деза. Ткъа, цу деношкахь дар дика долчу дикачу хIуманна а, дикачу Iамална а юкъадогIу марха кхабар,  ламазаш дар, сагIа далар, Дела хьехор, Къуръан дешар, деца-ненаца дика хилар, гергарчаьрца шен уьйр чIагIйар, лулахошна диканиг дар, адамашна диканиг дар, царна пайде долу хIума дар, иштта кхидIа долу массо дика хIума а.

[19] ХIокху хьадисан доьххьара а́лам, доьххьара да́къа – нийса ду. ШолгIаниг гIийла ду. И девзаш хилчахьана, гIийла хьадис дийцарх а, Iамал йаран дозалла дуьйцучу меттехь цуьнца Iамал йарх а хIумма дац. Ткъа хIара хьадис чIогIа гIийла дац, йа кхоьллина хьадис а дац, цул совнаха, цу итт дийнахь марха кхабар дика хилар а, церан буьйсанашкахь Iибадат дар дика хилар а кхечу нийса хьадисашкахь бух болуш ду.

[20] Харц долчуьнца, къилахь долчуьнца, вочу хIуманца Iамал йар, вон хIума лелор боху маьIна ду кхузахь лууш дерг.

[21] АллахIана оьшуш дац вай хьийзор, йа вайна хало йар. Марха кхабарх АллахIана лууш дерг – вай Шех кхоьруш хилийтар ду, вайна оцу мархано дика Iаткъам бар ду, дика лар йитар ду, вай дикачу агIор хийцадалар ду. Мархин бутт – иза хIора шарахь карлайолуш йолу Iемийла ю, стага ша́ массо вон хIума Iаддита Iамош йолу. Ткъа марха кхабарх нагахь санна и пайда хуьлуш бацахь, цо кхин деш асар дацахь, боьха къамел дар, пуьташ боттар, гIийбат дар, вочу метте бIаьргаш хьежор Iаддуьтуш дацахь – мацалла а, хьогалла а бен кхин хуьлуш пайда бац марха кхобучунна. Цундела, АллахI Далла муьтIахь хуьлуш ша́ юург-мерг йитаре терра, массо вон хIума шех дIакъасто гIорта веза марха кхобург. Марха дохочу хIуманех а, хьарам долчу хIуманех а ларвалар – и ду марха кхобучо дан дезарг. Хьарам долу хIуманаш лелош кхаьбна долу марха Дала къобал дийр хилар йоккха шеко йолуш хIума ду. ХIета а, кхаба дезаш а ду иза, со харц ца луьйш Iелур вац аьлла ца кхобуш Iен мегаш дац иза, хIунда аьлча иза шозза къилахь хуьлу дела: харц лер ца дитаран къа а, марха ца кхабаран къа а.

[22] «И буьйса Iибадат деш яьккхинчунна» аьлла маьIна дина а ду цуьнан Iеламнаха. ТIаккха, Iеламнаха аьлла: цу буьйсанна Iибадат дарх уггар кIеззиг дерг пхьуьйра ламаз жамаIатца дар а, Iуьйра ламаз жамаIатца дар а ду. Иза уггар кIеззиг дерг ду, хIетте а, хьадисан доьххьала дIа долчу маьIно гойтург цу буьйсанна шортта Iибадат дар ду, дуккха ламазаш дарца, Къуръан дешарца, Дела хьахорца.

[23] ХIара санна долчу хьадисашкахь «къиношна гечдийр ду» бохучух лууш дерг дукхах болчу Iеламнаха «кегийчу къиношна гечдийр ду» бохург ду аьлла, хIунда аьлча цхьадолчу кхечу хьадисашкахь «даккхий къинош доцург» аьлла деана ду. Цундела, хIара санна йолу Iамалш дерриге кегийчу къиношна гечден бахьана хуьлу. Амма даккхий къинош – царна тоба дан деза, уьш тоба дарца гечдо. Ткъа дика хуург АллахI ву.

[24] «Лайлатул-къадр» буьйса билгалйаран хьокъехь даьхкина тайп-тайпана а долуш дуккха нийса хьадисаш ду. Цхьадолчу хьадисашкахь иза билгаляьккхина ала тарлуш ду, масала ткъа марха дIадаьлча йолалуш йолу 21 буьйса, йа ткъе ворхIолгIа буьйса. Вукха хьадисашкахь иза рамада́н беттан тIаьххьарчу итт дийнахь ю аьлла ду, кхин билгалдина терахь доцуш. Кхечу хьадисашкахь иза тIаьххьарчу итт буьйсанан шалза буьйсанашкахь ю аьлла ду, цу буьйсанашкахь иза хуьлуш хилар чIогIа а ду. ХIокху хьадисехь бутт чекхбала исс буьйса йиссича, йа ворхI йа пхи буьйса йиссича ларйе аьлла ду. Хууш ма-хиллара, бутт 29 де хила а тарло, 30 хила а тарло, цундела, доьххьара дуьйна схьадогIучу терахье хьаьжча хийцайала йиш ю иза. Цундела аьлла цхьаболчу Iеламнаха, тIаьххьарчу итт буьйсана юкъахь хийцалуш хуьлу иза, цкъа цхьаъ хуьлу, тIаккха цхьа кхин хуьлу, тIаккха цхьа важа хуьлу; шалза буьйсанаш шалха буьйсанел герга а йолуш и хиларна. Цундела, хIокху хьадисел тIаьхьа догIучу хьадисашкахь ма-дарра, мархин беттан тIаьхьарчу итт дийнахь-буса Iибадат дар совдаккхар а, кхечу хенахьчул алсам къахьегар а дика лоруш ду, хIунда аьлча и еза буьйса муьлхха буьйсанна нисйала тарлуш йолу дела.

[25] ИIтикáф – АллахIана Iибадат деш маьждиг чохь Iар ду, хуьлийла иза дийнахь йа буьйсанна.