|
Видео |
Кехат язде соьга |
Къинхетаме а, къинхетам беш а волчу АллахIан цIарца!
ХIара хьадисаш дукхах дерш «Сохьихьут-таргIиби ват-тархIиб» жайни тIера ду.
● Абу Зарра дийцина (Дела реза хуьлда цунна): «Сан доттагIчо, Делера къинхетам а, маьршо а хуьлда цунна, весет дира суна дикчу хIуманашца. Весет дира цо суна (дуьненан хIуманашкахь) сайл лакхарчуьнга ма хьажа, сайл лахарчуьнга хьажа аьлла. Весет дира цо суна миска нах безарца, царна герга хиларца. Весет дира цо суна сайн гергарло лардеш лелорца, и сох уьдуш хилча а. Весет дира цо суна АллахIа доьхьа долчу гIуллакхехь наха олучу хIуманах ца кхерарца. Весет дира цо суна бакъдерг аларца, и мел къаьхьа делахь а. Кхин а весет дира цо суна «Ла́ хьавла ва ла́ къуввата илла́ билла́хI» дуккха аларца, бакъдолуш и (дешнаш) ялсаманин хазнех цхьа хазна ю». ТIабара́нийс а, Ибн Хьибба́на а дийцина иза. ● Анаса (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, Пайхамара (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) элира аьлла: «АллахIана Шен цхьана лайна дика дан лиъча, Iамал йойту Цо цуьнга». Хаьттина цуьнга тIаккха: «Муха йойту Цо цуьнга Iамал?». Цо аьлла: «Цуьнан Iожалла хилале хьалха дика Iамал йан аьтту бо Цо цуьнан». Хьа́кима дийцина иза. ● Iамра аьлла (Дела реза хуьлда цунна): «Делан Элчано (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) элира: «АллахIана Шен цхьа лай везча, дика цIе йоккхуьйту Цо цуьнан». Асхьабаша хаьттина: «Муха дика цIе йоккхуьйту Цо цуьнан, хIай АллахIан Элча?». Цо жоп делла: «Цуьнан Iожалла тIехIоттале йолчу юкъахь цхьа дика Iамал йан аьтту бо Цо цуьнан, цуьнан лулахой цунна реза хиллалц», йа цо элира: «цунна гонаха берш цунна реза хиллалц». Ибн Хьибба́на а, Хьа́кима а, БайхIакъийс а дийцина иза. ● Абу ХIурайрас (Дела реза хуьлда цунна) аьлла: «Делан Элчано (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) элира цкъа: «Шуна юкъара уггар диканиг вийций ас шуна?». Асхьабаша элира: «ХIаъ, вийцахьа тхуна». Цо элира тIаккха: «Шуна юкъахь уггар диканаш – шайн хенаш еха а йолуш, шайн Iамалш уггар дика а ерш бу». Ахьмада а, Ибн Хьибба́на а, БайхIакъийс а дийцина иза. ● Абу Бакрата (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, цхьана стага аьлла хиллера аьлла: «ХIай АллахIан Элча! Адамашна юкъахь диканиг мила ву?». Цо элира тIаккха: «Шен хан яхйелларг а, шен Iамал дика хилларг а ву». Вукхо хаьттира юха а: «Ткъа вониг мила ву нахана юкъахь?». Цо жоп делира тIаккха: «Шен хан яхйелларг а, шен Iамал вон хилларг а ву». Тирмизийс а, ТIабара́нийс а, Хьа́кима а, БайхIакъийс а дийцина иза. ● Бусран кIанта IабдуллахIа (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан Элчано (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) элира аьлла: «Адамашна юкъахь диканиг ву шен хан яхйелларг, шен Iамал дика хилларг». Тирмизийс дийцина иза. ● Абу ХIурайрас (Дела реза хуьлда цунна) аьлла: «Делан Элчано (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) элира: «Iожалле дог ма дохийла шух цхьамма а. Нагахь иза дика деш велахь – дикаллехь сов ва́ла мега иза; ткъа нагахь иза вон деш хиллехь – тоба дарца Дела реза ван гIорта мега иза». Бухарийс а, Муслима а дийцина иза. Муслима дийцинчу хьадисехь иштта аьлла ду: «Валарга дог ма дохийла аш цхьамма а, Iожалла шена тIехIоттале хьалха иза еха а ма йоьхийла аш. Цхьа стаг велча – бакъдолуш, цуьнан Iамал дIахе́да. Ткъа, АллахIах тешаш волчу стеган оьмаро дикаллехь бен сов ца воккху иза». ● Анаса (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан Элчано (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) элира аьлла: «Шена тIе цхьа вон деъча Iожалле дог ма дохийла шух цхьамма а. Нагахь санна ша́ ца аьлча ца Iаш велахь, олийла цо: «Йа АллахI, везан Дела! Вахийта Ахь со, вахар суна дика мел ду; валар нисде Ахь суна, нагахь санна иза суна дика делахь». Бухарийс а, Муслима а, Абу Давуда а, Тирмизийс а, Насаийс дийцина иза. ● МуIа́за дийцина (Дела реза хуьлда цунна), новкъа волучу хенахь Пайхамаре (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) ша́ элира аьлла: «ХIай АллахIан Элча, хьехар дехьа суна». Цо аьлла тIаккха: «Хьайн ницкъ ма-кхоччу АллахIах кхоьруш хила хьо; массо тIулгаца а, диттаца а АллахI хьахаве ахь (1); айхьа цхьа вон хIума дахь – цунна тоба де́ ахь, къайлах хиллачунна къайлах, гучахь хиллачунна гучахь». (2) ТIабара́нийс дийцина иза дикчу исна́даца. (1) Хьой тIулга уллох во́луш, дитта тIех во́луш а Дела хьахаве ахь, даим Дела хьахош хила хьо бохург ду цуьнан маьIна. (2) Хьайн ницкъ кхочучу кепара даим Делах кхоьруш хила хьо, Цунна Iеса хиларх ларлуш хила хьо. Даим Дела хьахош а хила хьо, Дела хьахоро даим дагахь латтайтур ву хьуна Иза, Цунна Iеса ца хиларна гIо а хир ду хьуна цунах. Ткъа, хьо адам хиларе терра, адам гIийла хиларе терра, нагахь санна хьайгара цхьа гIалат да́лахь, сихонца тоба де́ ахь цунна.. Иштта и маьIна ду оцу дешнийн. Ткъа, тIаьххьара аьлла долчу хIокху дешнийн маьIна «къайлах хиллачунна къайлах, гучахь хиллачунна гучахь» - шина кепара дина карийра суна Iеламнаха: хьайгара даьлла долу вониг дагца а, сица а доьзна делахь, даьллачунна дохко а валий, оцу даге а, сине а дика Iамал йайтарца тоба де́ ахь; хьоьгара даьлларг гучахь йолчу меженашца хилла делахь, куьйгаца, когаца, бIаьргашца, лергашца хилла делахь, вониг дина йолчу межене цунна доьхьал диканиг дайтарца тоба де́ ахь. Иза цхьаъ дара. Амма шолгIаниг: нагахь санна ахь нахана ган а гуш цхьа вон хIума динехь, нахана хаа а хоуьйтуш тоба де́ ахь, хьоьгара и вон хIума гинчарна цунах масал хилийта а, ахь динчунна тIетевжина и вон хIума лелош хилларш йа вуьшта и лелош хилларш ахь тоба деш гича цунах бухабовлийтархьама а; ткъа хьайгара къайлах цхьа хIума даьллехь, нахана хьой гуча ма ва́ха ахь, къайлах тоба а дей, Деле гечдар деха ахь хьайна. Бакъду, гучахь цхьа вон хIума динчо тоба а гучахь ца дахь, цуьнан иза нийса хир дац бохург дац цуьнан маьIна, йа иштта дича бен иза Дала къобал дийр дац бохург а дац. Ткъа дика хуург АллахI ву. ● Iа́миран кIанта Iукъбата (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, Делан Элчано (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) элира аьлла: «Цкъа цхьа вон хIуманаш лелош а хилла, тIаккха дика гIуллакхаш деш волчуьнан масал ду шена тIедуьйхина готта гIагI хиларна садукъделла волу стаг; цо цхьа дика хIума дича, оцу гIагI тIера цхьа чIуг дIаястало, цо кхин цхьа дика дича – кхин цхьаъ дIаястало, иштта иза цунна тIера охьа а доьжна, иза цунах паргIатваллалц». Ахьмада а, ТIабаранийс а дийцина иза. ● Iамран кIанта IабдуллахIа дийцина (Дела реза хуьлда цунна), МуIа́за ша́ новкъа волучу хенахь аьлла хиллера аьлла: «ХIай АллахIан Элча! Хьехар (весет) дехьа суна». Делан Элчано (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) аьлла хилла цуьнга тIаккха: «АллахIана Iибадат де́ ахь, Цуьнца цхьанне хIуманца накъост а ца веш!». МуIаза аьлла: «Кхин а хьехар дехьа суна, хIай АллахIан Элча». Цо аьлла тIаккха: «Айхьа цхьа вон хIума дахь – (иза дIадойъур долу) дика хIума де́ ахь (цул тIаьхьа), хьайн амал а, гIиллакх а хаза хилийта ахь». Ибн Хьиббана а, Хьакима а дийцина иза. ● И хьадис ТIабаранийс а дийцина шен иснадаца, дийцинарш тешаме нах а болуш, Абу Саламатера схьа, МуIаза аьлла хиллера аьлла: «ХIай АллахIан Элча! Хьехар (весет) дехьа суна». Элчано (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) аьлла цуьнга тIаккха: «Iибадат де́ ахь АллахIана, хьайна Иза гуш волуш санна. Хьой беллачарна юкъахь ло́руш а хила хьо. (1) Массо тIулгаца а, диттаца а АллахI хьахаве ахь. Айхьа цхьа вон дахь, цунна уллехь (сихонца) дика хIума де́ ахь, къайлах дерг къайлах, гучахь дерг гучахь». (1) Хьой Iуьйренга во́луш, йа хьой суьйренга во́луш, хьой беллачеран тобанах хир ву алий хьесап деш хила хьо, суьйренга ва́лале хьой лийр волуш санна, Iуьйренга ва́лале хьой лийр волуш санна хьесап деш хила, айхьа деш долу дика хIума дан ма-дезза дийр ду ахь тIаккха, са а, дог а цIена лаьттар ду хьан тIаккха, ойла даим АллахIаца хир ю хьан тIаккха. ● Абу Зарра а, МуIа́за а дийцина (Дела реза хуьлда цаьршинна), АллахIан Элчано (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) элира аьлла: «АллахIах кхера хьо, хьой миччахь хилахь а. Вон хIуманал тIаьхьа дика хIума даийта (де́) ахь, и (вониг) дIадойъур долу. Нахаца хаза гIиллакх а леладе ахь». Тирмизийс дийцина иза, «дика хьадис ду» олуш. ● «Шу хIора а (цхьацца хIуманна тIехь доладеш) Iу ву, ша́ Iуналла дечух лаьцна хIоранга хаттам бийр болуш а бу. Куьйгалхо Iу ву, ша́ Iуналла дечух лаьцна цуьнга хаттам бийр болуш а бу. Стаг а шен доьзалехь Iу ву, ша́ Iуналла дечух лаьцна цуьнга хаттам бийр болуш а бу. Зуда а шен цIийнаден хIусамехь Iу ю, ша́ Iуналла дечух лаьцна цуьнга хаттам бийр болуш а бу. ГIуллакх деш волу стаг а шен долахочуьнан даьхни тIехь Iу ву, ша́ Iуналла дечух лаьцна цуьнга хаттам бийр болуш а бу. Шу массо а Iу ву, аш Iуналла дечух лаьцна хаттам бийр болуш а бу шуьга хIоранга». ● «Бакъдолуш, АллахIа хаттам бийр болуш ву хIора Iу, Iуналла дан Цо цуьнга делла долчу хIуманах лаьцна; хуьлийла цо иза лардина йа дайъина. Стаге а хоттур ду Цо цуьнан доьзалх лаьцна». ● Ибн Iаббаса аьлла: «Дуьненахь ша́ дечу гIуллакхах цхьаъ цхьамма гайтамна дахь, Къемат дийнахь Дала цуьнан кера дIалур ву иза. Цо эра ду: «Хьажа хьайна цхьа а пайда бой цо». ● Iа́ишата (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, шаьш цхьа устагI бийнера аьлла. Пайхамара (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) хаьттина хилла цуьнга тIаккха: «ХIун йиссина цунах?». Iаишас жоп делла: «ТIа доцург кхин хIумма ца йиссина». Пайхамара (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) аьлла тIаккха: «ТIа доцург берриге биссина иза». Тирмизийс дийцина иза, «дика, нийса хьадис ду» олуш. Ткъа цуьнан маьIна: цхьа тIа доцург берриге сагIийна дIасабекъна хилла цара иза. ● Абу ХIурайрас дийцина (Дела реза хуьлда цунна), АллахIан Элчано (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) элира аьлла: «Цхьана эрна арахь цхьа стаг хилла. (Стиглара) мархана юкъахь аз хезна хилла цунна, «Хьенехан бешана догIа делхаде» олуш. И марха тIаккха ша йолчура дехьа а яьлла, цхьа тIулгаш долчу лаьтта тIе шена чура догIа охьадаийтина цо. Цу меттехь цхьана тIулгаш юкъахь гулделла и дерриге хи тIаккха. ТIаккха и хи стенга доьду хьожуш, цунна тIаьхьа вахана и стаг. Цхьана бешахь и хи нисдеш воллуш цхьа стаг гина цунна. Хаьттина цо цуьнга тIаккха: «ХIай АллахIан лай! ЦIе хIун ю хьан?». Вукхо жоп делла, иштта ю шен цIе аьлла, хIокхунна оцу мархи юкъахь йоккхуш хезнарг санна. Вукхо хаьттина хIокхуьнга тIаккха: «ХIай АллахIан лай! ХIунда хеттара ахь сан цIарах лаьцна?». Цо жоп делла: «ХIара хи шена чура охьадеана йолчу мархи юкъахь олуш хезира суна, хьан цIе а яьккхина, «Хьенехан бешана хи ло́». ХIун до дийцахьара ахь суна оцу хьайн бешахь?». Вукхо аьлла тIаккха: «ХIинца ахь и аьлла хилча… ХIокху бешара схьайолург хIун ю хьожий, цуьнан кхоалгIа да́къа сагIийна дIало ас, кхоалгIа да́къа ас а, сан доьзало а дуу, диссина долу кхоалгIа да́къа хIокху бешан хьашташна хьажадо ас». Муслима дийцина иза. ● «Шен юьхь ларйойла (шух хIораммо) жоьжахатин цIерах, хурманан цхьа кIеззиг долчу да́къанца мукъане». Ахьмада дийцина иза, нийса иснадаца. ● «Ша Iуьйренга ваьлча хIара дешнаш аьлларг: «Роди́ту билла́хIи роббан, ва бил-исла́ми ди́нан, ва бимухьаммадин набиййан» - ас сайна тIелоцу иза ялсамани чукхаччалц цуьнан куьг схьалаца». ● «Делан лайн ши ког къемат дийнахь меттах дIа бер бац, диъ хIуманах лаьцна цуьнга хаттам баллалц: цуьнан оьмарх лаьцна – хIун деш яйъира цо иза, цуьнан жималлех лаьцна – хIун деш дIаяхийтира цо иза, цуьнан даьхних (ахчанах) лаьцна – стенгара даьккхинера цо иза, стенга дIа а хьажийнера цо иза, цуьнан Iилманах а лаьцна – хIун Iамал йира цо цуьнца». ● «Хьарам даьхни гул а дина, тIаккха цо иза сагIийна лахь, мел хир бац цунна цунах, цуьнан мохь а буьсур бу цунна тIехь». ● «Хьарам долчух даьхни а даьккхина, тIаккха цуьнца цо лай паргIат ваккхича а, цо цуьнца шен гергарчаьрца гергарло чIагIдича а, иза мохь хилла тIедужур ду цунна». ● «Къа долчух цхьамма даьхни даьккхича, тIаккха цо цуьнца шен гергарло чIагIдича, йа иза сагIийна делча, йа иза гIазотана Делан некъахь дIаделча, иза дерриге цхьаьне схьа а гулдина цуьнца жоьжахати чукхуссур ву иза». ● «Кавсар – ялсамани чура хи (татол) ду. Цуьнан ши йист деших ю, иза дIадоьду меттиг (цуьнан бух) жовхIарех бу, цуьнан латта миск-IатIарал хаза хьожа йогIуш ду, цуьнан хи мозал мерза ду, лайл шийла ду». ● «Малх хьалаболучу хIора дийнахь шен хIора хуттургана тIера сагIа дала деза хIора адамо. Ткъа, (юкъахь вас-дов долчу) шина стагана юкъахь ахь нийсо йар сагIа ду, хIуманна тIехууш волчу стагана ахь гIо дар а сагIа ду, йа хIума тIейоккхуш цунна ахь гIо дар а сагIа ду, хаза-дика дош а сагIа ду, ламазе воьдуш ахь боккхуш болу хIора ког а сагIа ду, некъа тIехь новкъарло еш йолу хIума ахь дIаяккхар а сагIа ду». ● Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) аьлла: «Лекхачу АллахIа аьлла: «ХIай А́даман кIант! Бакъдолуш, хьо Соьга доьхуш (доIа деш) а, Соьга догдохуш-сатуьйсуш а мел ву, хьоьгара дийлинчунна гечдийр ду Ас хьуна, иза (доккха хIума дара аьлла) кхин тидаме а ца лоцуш. ХIай А́даман кIант! Хьан къинош стигланан локхалле хьалакхаьчначул тIаьхьа а ахь Соьга гечдар дехча, гечдийр ду хьуна Ас. ХIай А́даман кIант! Бакъдолуш, дуьне дуьззина хир долчу барамехь къинош а дохьуш хьо Суна доьхьал вагIахь, тIаккха цхьаъа хIуманца Соьца накъост лаьцна а воцуш хьо Суна доьхьал хIоттахь – оцу дуьненан барамехь Сайгара гечдар хуьлуьйтур ду хьуна Ас». ● «Бакъдолуш, лекхачу АллахIа боху: «Сан лайн Соьца йолчу ойлане хьаьжжина хир ву Со цуьнца а. Со цо хьахавахь (Со цо хьехош мел ву) Цуьнца ву Со. Нагахь санна Со цо ше́лахь хьаха вахь, Ас иза а хьахор ву сайлахь. Ткъа цо Со юкъараллехь хьаха вахь, Ас иза цул дикачу юкъараллехь хьахор ву. Ткъа иза Суна цхьа ша герга вагIахь, Со цунна цхьа дол герга вогIур ву. Ткъа иза Суна цхьа дол герга вагIахь, Со цунна кхин а герга вогIур ву. Ткъа иза волавелла Суна герга вагIахь, Со цунна сихонца герга гIур ву». ● Абу СаIид Ал-Худрийс (Дела реза хуьлда цунна) дийцинчу хьадисехь деана ду, Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) элира аьлла: «ПIераскана дийнахь сурат «Ал-КахIф» дешначунна нуьро серло лур ю шина пIераскана дийнахь йолчу ханна». Уьзза хьадис Абу СаIида (Дела реза хуьлда цунна) ша́ аьлла хиллера аьлла деана ду иштта: «ПIераскана буьйсанна сурат «Ал-КахIф» дешначунна нуьро серло лур ю, цунна а, Ширачу ЦIенна (КаIбатна) а юкъахь йолчу юкъана». ● Пайхамара (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) аьлла: «Буьйсана чохь цхьа хан ю, шена чохь бусалба стага Делера дуьненан а, эхартан а диканаш дехча Дала уьш цунна луш йолу. И хан хIора буьйсанна хуьлуш ю». ● Кхин а аьлла Делан Элчано (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна): «Вайн Дела хIора буьйсанна лахарчу стигала охьавогIу, буьйсанан тIаьххьара кхоалгIа дакъа диссича. ТIаккха Цо олу: «Мила ву Соьга доIа деш, Ас цунна жоп а лур долуш? Мила ву Соьга доьхуш, Ас цунна оьшург лур а долуш? Мила ву Соьга гечдар доьхуш, Ас цунна геч а дийр долуш?». И хьадис Муслима иштта хIокху дешнашца дийцина а ду: «Буьйсанан ах дакъа дIадаьлча, йа цуьнан кхаа декъах ши дакъа дIадаьлча, беркате а, (массо кхачамбацарех) лекха а волу АллахI лахарчу стигала охьавогIу, тIаккха Цо олу: «Вуй цхьаъа дехар деш, тIаккха ша деханарг шена хир а долуш? Вуй цхьаъа доIа деш, тIаккха шена жоп а лур долуш? Вуй цхьаъа гечдар доьхуш, тIаккха цунна геч а дийр долуш?». Иштта хуьлу Iуьйренан сатассалц». Билгалдаккхар: ХIокху хьадисехь дуьйцург массо Шеца хила там боцучу кхачамбацарех цIена а, лекха а волчу АллахIан сифат ду, Цуьнан цхьа куц ду, Иза лахарчу стигала охьавогIу аьлла. Ткъа Цо деш долу цхьаъа хIума Цо кхоьллина долчу кхолларо дечух тера дац, йа иза иштта ду аьлла коьрте даийта а мегар дац. Мелхо а, АллахI – вайн ойлане хьовза йиш йолуш долчу цхьанне хIуманах тера вац. Цундела, оцу сифатах, оцу АллахIан балхах теша вай, Иза къобал а до вай, Цуьнан Элчано (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) иза вайна дийцина хиларна. Делахь а, иза иштта а хуьлу, йа вуьшта а хуьлу бохуш куц-кеп ца ло вай цунна, йа АллахI Шен кхолларх тар а ца во вай, массо кхачамбацарех Иза цIан а во вай, Иза Шен кхолларх цхьанне агIор тера воций а хаьа вайна. ТIаккха, оцу хьадисехь долу уггар коьрта маьIна: АллахIа оцу хена чохь Шен лайшка хьожуш хилар ду, цу хена чохь динчу доIийна Цо жоп луш хилар ду, и хан доIийна жоп лучу хенех цхьаъ хилар ду, цу хена чохь вай Деле доIа дар а, дехар дар а, гечдар дехар а алсамдаккхар ду. ● Пайхамаре (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) хаьттина хилла: «Муьлха доIа ду уггар дика дIахезаш (жоп луш)?» Цо жоп делла тIаккха: «Буьйсанан шолгIа дакъа юккъе дахча деш долу доIа а ду, парз ламазел тIаьхьа деш долу доIа а ду». ● Кхин а аьлла Пайхамара (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна): «Делан лай, нуьцкъала а, сийлахь а волчу шен Делана уггар герга хуьлу хан – иза сужудехь волуш ю шуна; доIа дар совдоккхийла аш (оцу хьолехь)». ● Абу ХIурайратера схьа (Дела реза хуьлда цунна) дийцина ду, Делан Элчано (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) элира аьлла: «Бакъдолуш, нуьцкъала а, сийлахь а волчу АллахIа боху: «Сан лайн Соьца йолчу ойлане хьаьжжина хир ву Со цуьнца. Соьга цо доIа дича цуьнца хир ву Со». ● Абу ХIурайрас (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, Делан Элчано (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) элира аьлла: «Халонашкахь шена АллахIа жоп далар дика хеташ волчо ша аттонехь волуш дуккха доIа дойла». ● Кхин а аьлла Абу ХIурайрас (Дела реза хуьлда цунна): «АллахIан Элчано (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) элира: «ДоIанал АллахIана сийлахь а, деза а хеташ цхьаъа хIума дац». ● Анас ибн Малика (Дела реза хуьлда цунна) аьлла: «Делан Элчано (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) неIалт аьлла къаьркъанах Iоттавеллачу итт стагана: иза доккхучунна а, иза доккхуьйтучунна а, иза молучунна а, иза хьуш воьдучунна а, иза шена доуьйтучунна а, иза дуттучунна а, иза духкучунна а, цуьнах даьлла ахча дуучунна а, иза оьцучунна а, иза оьцуьйтучунна а». ● «АллахIа неIалт аьлла къаьркъанна (маларна) а, иза молучунна а, иза дуттучунна а, иза духкучунна а, иза оьцучунна а, иза доккхучунна а, иза доккхуьйтучунна а, иза хьуш волчунна а, иза шена доуьйтучунна а». ● Абу ХIурайрас (Дела реза хуьлда цунна) дийцина: «Цхьана дийнахь со Делан Элчанца (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) вогIуш волуш, цунна цхьана стага доьшуш хезира: «Къул хIувалло́хIу ахьад. Алло́хIус-сомад. Лам йалид ва лам йу́лад, ва лам йакул-лахIу́ куфуван ахьад», - тIаккха цо элира: «Хили цунна!». Ас хаьттира цуьнга: «ХIай АллахIан Элча, хIун хили?». Цо элира: «Ялсамани». И стаг волчу ваха лиира суна, цуьнга кхаъ баккха, делахь а Делан Элчанца (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) яахIума яарх сой тIаьхьависсарна а кхеравелла сецира со. ТIаккха, цул тIаьхьа со и стаг волчахьа вахча, иза дIавахана карийра суна». ● Абу ХIурайрас (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан Элчано (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) элира аьлла: «Схьагулло, бакъдолуш ас шуна доьшур ду Къуръана кхоалгIа да́къа». ТIаккха, схьагуллуш верг схьагулвелча, Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна), шен хIусамера ара а ваьлла, «Къул хIуваллохIу ахьад» дийшира. ТIаккха юха чувахара иза. ТIаккха оха элира вовшашка: «Стиглара цхьа хабар деанчух тера ду цуьнга, цундела чувахана иза (и сурат бен кхин хIумма ца доьшуш)». ТIаккха АллахIан Пайхамар (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) аравелира, цо элира: «Бакъдолуш, ас шуьга элира айса Къуръанан кхоалгIа да́къа доьшур ду аьлла. Бакъдолуш, и (ас дешна долу сурат) Къуръанан кхолгIа дакъа санна ду шуна!». ● Абу Дардаэра (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) элира аьлла: «Цхьана буьйсанна Къуръанан кхоалгIа да́къа дешалур дарий шуьга цхьаьнгга?». Асхьабаша элира: «Муха доьшур дара и Къуръанан кхоалгIа да́къа?». Цо элира: «Къул хIуваллохIу ахьад» Къуръанан кхоалгIа да́къа санна ду». Кхечу хьадисехь деана ду цо элира аьлла: «Бакъдолуш, нуьцкъала а, сийлахь а волчу АллахIа Къуръан кхаа декъе декъна, «Къул хIуваллохIу ахьад» Къуръанан да́къанехь цхьа да́къа а дина Цо». ● Абу Аййу́ба (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) элира аьлла: «Цхьана буьйсанна Къуръанан кхоалгIа да́къа дешалур дарий шуьга цхьаьнгга? «АллохIул-вахьидус-сомад» (Ал-Ихлас сурат) дешначо – Къуръанан кхоалгIа да́къа дешна». ● Абу СаIид ал-Худрийс (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, цхьана стагана хезна хиллера аьлла цхьана кхечу стага юх-юха «Къул хIуваллохIу ахьад» доьшуш. ТIаккха, ша́ Iуьйренга ваьлча, Пайхамар (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) волчу а веана, и шена хезнарг дийцина цо цуьнга, и сурат цхьа жима сурат хеташ а хилла цунна. ТIаккха Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) аьлла: «Сайн са Шен керахь долчу (АллахIаца) дуй ма буу ас, бакъдолуш Къуръанан кхоалгIа да́къа санна ма ду иза». ● Iа́ишата (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) цхьа стаг вахийтина хиллера аьлла, тIемалойн цхьана тобанан куьйгаллехь. Ша́ шеца болчу накъосташца жамаIатца ламаз дечу хенахь, «Фатихьатал» тIаьхьа сурат дешначул тIаьхьа даим «Къул хIуваллохIу ахьад» дешарца дIадерзош хилла цо. Шаьш оцу гIазотера юхабирзича, цара и хIума Пайхамаре (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) дийцина. Цо аьлла: «И хIума иштта хIунда дора цо хатта цуьнга». Цара цуьнга иза хаьттича, цо жоп делла: «ХIунда аьлча иза къинхетаме волчуьнан (АллахIан) сифат (Иза вуьйцуш-вовзуьйтуш долу куц) ду, иза дешар (дукха) де́за суна». Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) аьлла тIаккха: «АллахIана иза везаш хилар дIахаийта цуьнга!». ● И хьадис кхечу дешнашца а дийцина ду, цуьнан чаккхенгахь деана ду, Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) оцу стаге хаьттина хиллера аьлла, «хIора ракаIатехь и сурат ахь дешаран бахьана хIун дара?», - аьлла. Оцу стага жоп делла хилла: «Бакъдолуш, суна дукха дезаш сурат ду иза». ТIаккха Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) аьлла цуьнга: «Хьуна иза дезаро ялсамани чу вигина хьо!». ● IабдуллахI ибн МасIуда (Дела реза хуьлда цунна) аьлла: «Къайлах дерг дуьйцу ша бохуш верг волчу веанчо а, бозбунчалла лелориг волчу веанчо а, хирдерг дуьйцу ша бохуш верг волчу веанчо а, цара бохучуш тешаш а волуш - цо керстдина (духатоьхна) Мухьаммадана (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) тIедоссийнарг». ● IабдуллахI ибн МасIуда (Дела реза хуьлда цунна) аьлла: «Къайлах дерг дуьйцу ша бохуш верг волчу а веана, йа бозбунчалла лелориг волчу а веана, йа хирдерг дуьйцу ша бохуш верг волчу а веана, церах цхьаьнга цхьа хаттар а дина, цара аьлларг (цунах тешарца) бакъдинарг - цо керстдина (духатоьхна) Мухьаммадана (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) тIедоссийнарг». ● «Къайлах долу хIума а, хир долу хIума а дуьйцу ша бохуш волчу шина стагах цхьанна тIе а веана, цо бохург бакъдинчо керстдина (духатоьхна) Мухьаммадана (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) тIе доссийна дерг». ● «Къайлах дерг хаьа шена бохуш волчунна тIе а веана, цуьнга цхьана хIуманах лаьцна хаттар а дина, тIаккха цо аьлларг бакъдинчуьнан ламаз къобал хир дац шовзткъа дийнахь». ● «Хирдерг дуьйцу ша бохуш волчунна тIе а веана, цо аьлларг бакъдинчо керстдина (духатоьхна) Мухьаммадана (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) тIе доссийна дерг». ● «Вайх вац олхазарш тIемадовлийтарца некъ товр бу йа бац хьожуш верг а, шен некъе оцу кепара хьажа олург а, хирдерг хаа гIерташ верг а, хирдерг довза лууш хоьттуш верг а, бозбунчалла лелош верг а, бозбунчалла леладойтург а. Хирдерг хаьа бохуш волу стаг волчу а веана, цо бохург бакъдинарг – бакъдолуш цо керстадина (духатоьхна) Мухьаммадана (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) тIе (АллахIа) доссийна дерг». ● «Бусалба стаг цомгаш волу бусалба стаг волчу Iуьйранна хьажа-хIотта гIур вац, кхузткъеитт эзар малийк цунна сарралц гечдар доьхуш а, доIа деш а хиллий бен. Суьйранна а гIур вац иза цига, кхузткъеитт эзар малийк цунна Iуьйрралц гечдар доьхуш а, доIа деш а хиллий бен. (Цул совнаха) ялсаманехь беш а хир ю цунна». ● «(Шегара даьлла долчу) къинна тоба динарг – шен цхьаъа къа доцург санна ву». ● «Адаман бераш (массо божарий а, зударий а) гIалатдовлу (къа латорца), ткъа, гIалат бовлучерах уггар диканиш – тоба дийриш бу». ● «Стигланашка хьалакхаччал дукха аш гIалаташ (къинош) дийлийтина хилча а, тIаккха аш АллахIе а дирзина, тоба дича, АллахIа къобал дийр ма-дара шун тоба». ● «Малхбузехьара малх хьалабалале хьалха тоба динарг – цуьнан тоба АллахIа къобал дийр ду». ● «Делан лайно ворхIозза доьхур ма дац, ша́ жоьжахатин цIарах ларве аьлла, цу жоьжахато аьллий бен: «ХIай сан Эла! Бакъдолуш, Хьан лайно хьенехо сох ша́ ларвар дехна-кх (Хьоьга), ларвехьа иза сох!». Делан лайно ворхIозза ялсамане а йоьхур ма яц, оцу ялсаманино аьллий бен: «ХIай сан Эла! Бакъдолуш, Хьан лайно хьенеха со ехна-кх (шена Хьоьга), ялсамани чувахийтахьа иза!». ● «Цхьана стага, ша дуьненчу ваьллачу дийнахь дуьйна, ша къанваларца велла дIаваллалц юьхь тIе оьхьаиэгаш (Iибадат дича), нуьцкъала а, сийлахь а волчу АллахIана муьтIахь хила гIерташ – цу (къемат) дийнахь иза кIезга хетар ма дара цунна, ша мелехь кхин а сов валайтархьама дуьнена тIе юхаверзавайта а луур ма дара цунна». ● Цхьана асхьабана моьттина хилла, шел гIийла болчу асхьабашна тIехь шен дозалла ду аьлла. ТIаккха Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) аьлла: «АллахIа хIокху умматана гIо дар – цунна юкъара гIийлачаьрца ду: цара доIа дарца а, цара ламаз дарца а, уьш (шаьш дечу массо хIуманна тIехь) догцIена хиларца а». ● Ибн Iумара (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, Делан элча (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) цхьана стагана тIехволуш хиллера аьлла, шен вешийна дов деш волчу, эхь дукха хета хьуна бохуш. ТIаккха АллахIан элчано (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) аьлла хилла цуьнга: «Iадвита иза. Бакъдолуш, эхь хетар ийманах (Делах тешарх цхьа да́къа) ду». ● «Эхь хетаро диканиг бен ца дохьу». Муслима дийцинчу хьадисехь деана ду: «Эхь хетар дерриге дика ду». ● «Ийман (АллахIах тешар) – дезткъа ца кхоччуш, йа кхузткъеитт ца кхоччуш да́къа ду. Церах уггар дезаниг «ла́ила́хIа иллалла́хI» (АллахI воцург кхин бакъволу дела вац) алар ду; уггар лахарниг – новкъара хIума дIаяккхар ду. Эхь хетар а ийманан цхьа да́къа ду». ● «Эхь хетар – ийманах ду, ткъа, ийман ялсаманехь ду (цига вуьгуш ду). Боьха къамел дар – кIоршамаллих а, талхарх а ду, ткъа, кIоршамалла а, талхар а жоьжахатехь ду (цига вуьгуш ду)». ● «Эхь хетар а, боьха къамелах ларвалар а – ийманан ши да́къа ду. Эхь доцуш хилар а, мегаш доцу къамел дар а – муне́пакъаллин ши да́къа ду». ● «ХIора динан шен гIиллакх ду. Исламан (Бусалба динан) гIиллакх – эхь хетар ду». ● «Бусалба стага цхьа дитт дIа а дийна, йа йалта дIа а дийна, тIаккха цу тIера цхьана адамо, йа олхазаро, йа цхьана кхечу хIумано цхьадерг диъча, (и дийна волчу бусалба стагана ме́л хир бу цунах». ● «Цхьамма цхьа йалта дIадийча, цу тIера цхьана олхазаро, йа рицкъа лохуш кхечу хIумано цхьадерг диъча, цунна сагIа хир ду иза». ● Абу Дарда́ъ (Дела реза хуьлда цунна) хилла Дамаскехь цхьа дитт дIадугIуш. ТIехволучу цхьана стага бехк баьккхина цуьнга, «Пайхамар (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) ган а гина, цуьнан асхьаб волчу ахь муха до и хIума?» - аьлла. Цо аьлла цуьнга тIаккха: «Сих лой бехк ма баккхахьара ахь соьгара. Суна хезна АллахIан Элчано (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) олуш: «Цхьамма цхьа дитт дIадийча, цу тIера стом буур ма бац цхьанне адамо а, Дала кхоьллинчу цхьан кхечу кхолларо а, и доьгIна волчунна цунах сагIа хиллий бен». ● «Цхьана бусалба стага дитт дIадийча, цу тIера диъна долу хIума цунна сагIа хир ду, цу тIера лачкъийна долу хIума а цунна сагIа хир ду, иза цхьаммо иэшийча а цунна сагIа хир ду, къемат де кхаччалц». ● Делан Элчано (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) аьлла: «АллахIана цхьана адамана дика дан лиъча, динехь кхетам ло Цо цунна». ● «ХIай адамаш! Дешарца бен хир дац Iилма, Iаморца бен хир бац (динехь) кхетам а. АллахIана цхьана адамана дика дан лиъча, динехь кхетам ло Цо цунна. Ткъа, АллахIан лайшна юкъахь Цунах кхоьрурш Iеламнах бу». ● АллахIан Элчано (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) аьлла: «Iилма Iамор парз ду хIора бусалба стагана тIехь». ● Делан Элчано (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) аьлла: «А́даман бер (стаг а, зуда а) делча, цуьнан Iамал соцу, кхо хIума доцург: даим лелаш долу сагIа, йа шех пайда оьцуш (цо дитина долу) Iилма, йа цунна доIа деш волу дика доьзалхо». ● АллахIан Элчано (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) аьлла: «Кхо адам ду, шайн бIаьргашна жоьжахати гур йоцуш: Делан некъахь гIарол деш хилла долу бIаьргаш а, Делах кхерарна дилхина долу бIаьргаш а, Дала хьарам динчух духакхетта долу бIаьргаш а». Ал-Мунзирий – Ал-Албаний, «Сохьихьут-таргIиби ват-тархIиб». ● Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) аьлла: «Шайца ялх хIума лардар тIелаца аш суна, ас шуна ялсамани хилийтар тIелоцу шуна: шаьш къамел дечу хенахь бакъ луьйш хила, шаьш ваIд дича (дош делча, барт бича, чIагIо йича) иза кхочуш де, шайга тешамаллийна елла йолу хIума юха а ерзайе, (хьарам долчух) шайн бехкеметтигаш а лар йе, шайн бIаьрса а ларде, шайн куьйгаш а ларде». Ал-Мунзирий – Ал-Албаний, «Сохьихьут-таргIиби ват-тархIиб». ● ГIамар-аренца Iаш волчу цхьана стага Делан Элча (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) волчу а веана, аьлла хилла: «ХIай АллахIан Элча! Дика хIума Iамадехьа суна». Цо цуьнан куьг схьа а лаьцна, аьлла цуьнга: «Ахь ала: «Субхьа́налло́хI, валхьамдулилла́хI, ва ла́ ила́хIа иллалла́хI, валло́хIу акбар. (Массо кхачамбацарех цIена ву АллахI, берриге хастам а бу АллахIана, АллахI воцург кхин дела а вац, АллахI массо хIуманал воккха а ву)». ТIаккха шен куьйгаца и диъ хIума дагар а дина, дIавахана иза. Цул тIаьхьа ойла а йина, юхавеана иза. Иза юхавогIуш гича, Пайхамар (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) велавелла, цо аьлла: «Ойла йина мискано». Оцу стага тIе а веана, аьлла: «ХIай АллахIан Элча! «Субхьа́налло́хI, валхьамдулилла́хI, ва ла́ ила́хIа иллалла́хI, валло́хIу акбар» - хIара АллахIана дерг ду. Ткъа суна хIун ду?». Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) аьлла цуьнга тIаккха: «Ахь «Субхьаналло́хI» (Массо кхачамбацарех цIена ву АллахI) аьлча, АллахIа олу: «Бакъ лоь хьо». Ахь «алхьамдулилла́хI» (берриге хастам бу АллахIана) аьлча, АллахIа олу: «Бакъ лоь хьо». Ахь «лаила́хIа иллалло́хI» (АллахI воцург кхин дела вац) аьлча, АллахIа олу: «Бакъ лоь хьо». Ахь «Алло́хIу акбар» (АллахI массо хIуманал воккха ву) аьлча, АллахIа олу: «Бакъ лоь хьо». Ткъа нагахь санна (цул тIаьхьа) ахь: «Алло́хIумагIфир ли́ (Йа АллахI, гечдехьа суна)» - аьлча, АллахIа олу: «Ди Ас». Ахь: «Алло́хIумархьамни́» (Йа АллахI, къинхетам бехьа сох) - аьлча, АллахIа олу: «Би Ас». Ахь: «Алло́хIуммарзукъни́ (Йа АллахI, рицкъа лохьа суна)» - аьлча, АллахIа олу: «Дели Ас». ТIаккха оцу стага шен куьйга ворхI хIума дагар дина, тIаккха дIавахана иза. Ал-Мунзирий – Ал-Албаний, «Сохьихьут-таргIиби ват-тархIиб». ● Абу ХIурайрас – Дела реза хуьлда цунна – дийцина, Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира аьлла: «Нуьцкъала а, сийлахь а волчу АллахIа олу (малийкашка): «Сан лайна цхьа вон хIума дан дагадагIахь, иза дIа ма яздойла аш цунна цо иза даллалц. Нагахь санна цо и (вон хIума) дахь – тIаккха дIаяздойла аш иза ша ма-дарра. Ткъа нагахь санна цо иза Сан доьхьа ца деш Iаддитахь – цхьа дика дIаяздойла аш цунна. Нагахь санна цунна цхьа дика хIума дан дага а деана, цо иза ца дахь – цхьа дика санна дIаяздойла аш иза. Ткъа нагахь санна цо и (дика хIума) дахь – итт диканна тIера ворхI бIена тIекхаччалц долу дика санна дIаяздойла аш иза цунна». Ал-Мунзирий – Ал-Албаний, «Сохьихьут-таргIиби ват-тархIиб». ● Абу ХIурайрас – Дела реза хуьлда цунна – аьлла: «Суна хезира Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – олуш: «Шен бIаьргара хен бицлой, шен вешин бIаьргара ченалг го шух цхьаболчарна». Ал-Мунзирий – Ал-Албаний, «Сохьихьут-таргIиби ват-тархIиб». ● Абу ХIурайрас – Дела реза хуьлда цунна – аьлла: «Суна хезира Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – олуш: «Шен бIаьргара хен бицлой, шен вешин бIаьргара ченалг го шух цхьаболчарна». Ал-Мунзирий – Ал-Албаний, «Сохьихьут-таргIиби ват-тархIиб». ● Абу ХIурайрас – Дела реза хуьлда цунна – аьлла: «АллахIан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира: «Бакъдолуш, АллахI шун догIмашка а, шун куцошка а хьожуш вац, муххале а, шун дегнашка хьожуш ву Иза». Ал-Мунзирий – Ал-Албаний, «Сохьихьут-таргIиби ват-тархIиб». ● Ибн Iаббаса – Дела реза хуьлда цунна – дийцина, Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира аьлла: «Бакъдолуш, АллахIа дIаяздина диканаш а, вонаш а, тIаккха Шен Жайнахь билгал а дина Цо уьш. Ткъа цхьанна цхьа дика дан дага а деана, иза дар ца нисделлачунна АллахIа иза дIаяздийр ду Шена гергахь кхоччуш долу цхьа дика санна. Нагахь санна цхьанна цхьа дика дан дага деанчул тIаьхьа, цо и дика дахь, АллахIа иза дIаяздийр ду Шена гергахь иттанна тIера ворхI бIе диканна тIеккхаччалц санна дукха, йа кхин а дукха. Ткъа цхьанна цхьа вон хIума дан дагадеанчул тIаьхьа, цо иза ца дахь, АллахIа дIаяздийр ду иза Шена гергахь кхоччуш долу цхьа дика санна. Нагахь санна цунна и дагадеанчул тIаьхьа цо иза дахь, АллахIа дIаяздийр ду иза цхьа вон санна». Ал-Мунзирий – Ал-Албаний, «Сохьихьут-таргIиби ват-тархIиб». ● МусIаб ибн СаIда дийцина – Дела реза хуьлда цунна – шен дена моьттина хиллера аьлла, Делан Элчанан – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – кхиболчу асхьабел ша гIолий ву аьлла. ТIаккха Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «АллахIа хIокху умматана гIо дар хIокху умматан гIийлачаьрца ду: церан доIанца а, церан ламазца а, церан ихласаца а». Ал-Мунзирий – Ал-Албаний, «Сохьихьут-таргIиби ват-тархIиб». Ихлас – массо хIума цIенчу даггара цхьана АллахIа доьхьа деш хилар ду. ● Абу Ад-Дарда́а дийцина – Дела реза хуьлда цунна – Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира аьлла: «Дуьне (АллахIана гергахь) неIалтаца генадаьккхина ду, дуьнена тIера (АллахIана генавоккхуш) долу хIума а неIалтаца генадаьккхина ду, лекха хинволчу АллахIан юьхьа доьхьа деш долу хIума доцург». Ал-Мунзирий – Ал-Албаний, «Сохьихьут-таргIиби ват-тархIиб». ● Хьузайфата – Дела реза хуьлда цунна – аьлла: «АллахIан Элчанца – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – цхьаьна яахIума яар тхан нисделча, тхох цхьаммо а юучунна тIе куьг ца кховдадора Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – куьг кховдоле хьалха. Цкъа цхьана дийнахь, Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – (бисмиллайца) яахIума дIайолоре хьоьжуш Iаш тхо а долуш, аренца вехаш волу цхьа стаг веара тхуна тIе, цхьамма тоьттуш валийча санна. Вахана цо юучунна тIе куьг кховдийча, Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – цуьнан куьг схьалецира. Цул тIаьхьа, цхьа жима йоI еара тхуна тIе, цхьаммо тоьттуш ялийча санна. Цо юучунна тIе куьг кховдийча, АллахIан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – цуьнан куьг схьа а лаьцна, элира: «Бакъдолуш, шайтIано шена хьанал до Делан цIе яккхаза долу даар. Цо (шайтIано) хIара стаг валийра кхуза, шена хIокхуьнга и даар хьанал дайта, ткъа ас кхуьнан куьг схьалецира. ТIаккха хIара йоI а ялийра цо, кхуьнца шена хIара яахIума хьанал хилийта, тIаккха ас кхуьнан куьг а схьалецира. Сайн са Шен керахь долчуьнца дуй ма буу ас, кхаьршинан шина куьйгаца цхьаьне цуьнан куьг сан куьйгахь (схьалаьцна) ма ду». Ал-Мунзирий – Ал-Албаний, «Сохьихьут-таргIиби ват-тархIиб». ● IабдуллахI ибн Iумара – Дела реза хуьлда цаьршинна – дийцина, Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира аьлла: «Шух цхьаьнга тойне кхайкхахь – гIойла иза цига». Ал-Мунзирий – Ал-Албаний, «Сохьихьут-таргIиби ват-тархIиб». ● Жабира – Дела реза хуьлда цунна – дийцина, Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – олуш шена хезира аьлла: «Стага ша шен хIусам чуваьлча а, ша шен кхача буучу хенахь а лекха хинволу АллахI хьахийча (бисмиллахI олуш), шайтIано олу (шен накъосташка): «Буьйса яккха меттиг а яц шуна, баа кхача а бац шуна». Цо ша шен хIусам чуволуш Делан цIе ца яьккхича, шайтIано олу: «Буьйса яккха меттиг хили шуна». Ткъа цо ша яахIума юуш Делан цIе ца яьккхича, шайтIано олу: «Буьйса яккха меттиг а хили шуна, яа яахIума а хили шуна». Ал-Мунзирий – Ал-Албаний, «Сохьихьут-таргIиби ват-тархIиб». ● IабдуллахI ибн МасIуда – Дела реза хуьлда цунна – аьлла: «Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира: «ТIаьхьий-хьалхий хьадж а, Iумрат а деш хила шу, бакъдолуш цаьршимма къелла а юхатуху, къинойх а дIацIанво, цIаро аьчках а, деших а, детих а боьхалла дIацIанйаре терра». Ал-Мунзирий – Ал-Албаний, «Сохьихьут-таргIиби ват-тархIиб». ● Жабира – Дела реза хуьлда цунна – дийцина, Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира аьлла: «Къобал хилла долчу хьаджан бекхам ялсамани бен бац». Ал-Мунзирий – Ал-Албаний, «Сохьихьут-таргIиби ват-тархIиб». ● Ма́Iиза – Дела реза хуьлда цунна – дийцина, Пайхамаре – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – хаьттина хиллера аьлла: «Уггар дика Iамалш муьлхурш ю?». Цо жоп делла тIаккха: «АллахIах (Иза цхьаъ хиларх) тешар ду, тIаккха джихIад ду, тIаккха къобал хилла долу хьадж ду – уьш еза ю кхийолчу Iамалел, малхбаленна а, малхбузенна а юкъара юкъ санна». Ал-Мунзирий – Ал-Албаний, «Сохьихьут-таргIиби ват-тархIиб». ● «Массо гIийлачеран джихIад хьадж ду». Ал-Мунзирий – Ал-Албаний, «Сохьихьут-таргIиби ват-тархIиб». ● Ибн Iумара, Дела реза хуьлда цунна, дийцина, Жабраил-малийко вайн Пайхамаре, Делера салават а, салам а хуьлда цунна, хаьттира аьлла: «Ислам бохург хIун ду?». Пайхамара, Делера салават а, салам а хуьлда цунна, жоп делла: «Ислам – иза АллахI воцург кхин дела а вац, Мухьаммад АллахIан элча а ву аьлла ахь тешалла дар а ду, ахь ламаз дар а ду, ахь закат далар а ду, ахь хьадж-Iумрат дар а ду, эвхьаза гIуллакх хилча хьо лийчар а ду, кхачам боллуш ахь ламаз иэцар а ду, рамадан баттахь ахь марха кхабар а ду». Жабраила хаьттина тIаккха: «Иштта и хIума ас дича, со бусалба хуьлий?». Цо жоп делла: «Хуьлу». Жабраила аьлла тIаккха: «Бакъ лоь хьо». Ал-Мунзирий – Ал-Албаний, «Сохьихьут-таргIиби ват-тархIиб». ● "Къеначуьнан а, гIийлачуьнан а, зудчуьнан а гIазот – хьадж а, Iумрат а дар ду". Ал-Мунзирий – Ал-Албаний, «Сохьихьут-таргIиби ват-тархIиб». ● "Цкъа дина Iумрат каффарат ду (гечдойту бахьана ду) шолгIаниг даллалц йолчу юкъахь дийлинчу къиношна. Ткъа, къобал хилла долчу хьаджан бекхам – ялсамани ю". Ал-Мунзирий – Ал-Албаний, «Сохьихьут-таргIиби ват-тархIиб». ● Делан Элчане – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – хаьттина хила: "Уггар еза Iамал хIун ю?" Цо аьлла тIаккха: "АллахIах а, Цуьнан Элчанах а тешар ду". Юха а хаьттина цуьнга: "ТIаккха хIун ю?". Цо аьлла: "АллахIан некъахь джихIад дар ду". Юха а хаьттина цуьнга: "ТIаккха хIун ю?". Цо аьлла: "Къобал дина долу хьадж ду". Ал-Мунзирий – Ал-Албаний, «Сохьихьут-таргIиби ват-тархIиб». ● «Бакъдолуш, беркате а, (кхачамбацарех) лекха а волчу АллахIа (жоьжахатин цIарах) кIелхьара бохуш цхьа нах бу, (рамадан беттан) хIора дийнахь а, буса а. Бакъдолуш, хIора бусалба стеган хIора дийнахь а, буса а цхьа доIа ду (АллахIа) шена жоп луш долу». Ал-Мунзирий – Ал-Албаний, «Сохьихьут-таргIиби ват-тархIиб». ● Iамр ибн МуррахI цIе йолчу асхьаба – Дела реза хуьлда цунна – дийцина, цхьана асхьаба Пайхамар – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – волчу а веана, элира аьлла: «ХIай АллахIан Элча! Ас тешалла дича, АллахI воцург кхин дела а вац аьлла, хьо АллахIан элча а ву аьлла, ас пхи ламаз а дича, ас закат а делча, ас рамадан баттахь марханаш а кхаьбча, ас и бутт ламазаш деш а баьккхича, муьлхачу нахах хир ву со?». Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – жоп делира цунна: «Хьо хир ву, баккъалла бакълуьйш а болуш, бакъдерг бакъдеш (тIелоцуш) хиллачерах а, гIазотехь кхелхинчерах а». Ал-Мунзирий – Ал-Албаний, «Сохьихьут-таргIиби ват-тархIиб». ● «Даим тешаме а, даим бакълуьш а хилла волу бусалба совдегархо (махлелорхо) гIазотехь кхелхинчаьрца хир ву къемат дийнахь». («Сохьихьут-таргIиби ват-тархIиб», Ал-Мунзирий – Ал-Албаний). ● «Даим бакълуьш а, даим тешаме а хилла волу совдегархо (махлелорхо) пайхамаршца а, уьш кхоччуш бакъбинчаьрца а, гIазотехь кхелхинчаьрца а хир ву». (Тирмизи). ● «Со а, буоберан доладеш, цуьнга хьожуш, иза лелош верг а ялсаманехь иштта хир ву» - иза а олуш, Пайхамара – АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна – шен хьажо-пIелг а, юкъара пIелг а хьалаайбира. (Бухари). ● Абу ХIурайрас – Дела реза хуьлда цунна – аьлла: «Пайхамара – АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна – элира: «Йиссина Iаш йолчу зудчуьнан а, мискачуьнан а гIуллакхе хьожуш лелаш верг тера ву АллахIан некъахь гIазот деш волчух». Кхин а цо иштта аьлча санна а хета суна: «кхин а иза тера ву кIад ца луш дуккха а ламаз деш волчух а, дастар доцуш марханаш кхобуш волчух а». (Бухари, Муслим). ● «Ма тамашийна ду-кх АллахIах тешачуьнан гIуллакх – дикачу агIор ду-кх цуьнан гIуллакх дерриг, АллахIах тешачунна бен кхечунна иштта дан а дац иза: шена хазахета хIума хилча АллахIана баркалла олу (шукр до) цо, тIаккха иза дика хуьлу цунна; шена халахета хIума хилча собаре хуьлу иза, тIаккха иза а дика хуьлу цунна». (Муслим). ● «Дуьненаца йолу ойла кIеззиг йолуш, эхартаца ерг алсам йолуш хила хьо – АллахIана везар ву хьо; нехан керахь долчу хIуманца а, церан даьхница а йолу ойла кIеззиг йолуш хила хьо – нахана везар ву хьо». (Ал-Албани, «Ас-Силсилатус-СохьихьахI»). ● «АллахI реза хилар да (нана) реза хиларехь ду, АллахIан оьгIазло а ден (ненан) оьгIазлонца ю». (Ал-Албани, «Ас-Силсилатус-СохьихьахI»). ● Цхьана стага, Пайхамарна – АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна – тIе а веъна, аьлла хилла: «ХIай АллахIан элча! Цхьа доккха къа латийна ас, тоба къобал хир дарий-те сан?» Пайхамара – АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна – хаьттина цуьнга: «Нана юй хьан?» Цо аьлла: «Яц». Цо – АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна – хаьттина тIаккха: «Ненайиша юй хьан?» «Ю» - аьлла жоп делла цо. ТIаккха Делан Элчано – АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «Делахь, цуьнца дика хила хьо массо агIор». (Тирмизи). ● Савбáна – Дела реза хуьлда цунна – дийцина, Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира аьлла: «(Рамадан беттан) марха даьстинчул тIаьхьа ялх дийнахь марха кхабар шарахь марха кхабар санна ду. Цхьа дика динчунна иза совдоккхур ду итт дика долуш санна». (Ибн МаджахI). ● «Рамадан баттахь а, Шаввал беттан ялх дийнахь а марха кхаьбначо цхьана шарахь марха кхаьбна». (Ибн Хьиббан). ● Абу Аййуба – Дела реза хуьлда цунна – дийцина, Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира аьлла: «Рамадан баттахь марханаш а кхаьбна, тIаккха цул тIаьхьа Шаввал беттан ялх дийнахь марха кхаьбнарг дерриг дахарехь марханаш кхаьбнарг санна хир ву». (Муслим). ● «ИбрахIиман жайнаш рамадан беттан хьалхарчу буса диссийна, Таврат рамадан беттан ялх де дIадаьлча доссийна, Инжил рамадан беттан кхойттолгIачу дийнахь доссийна, Къуръан рамадан беттан ткъе доьалгIачу дийнахь доссийна». (Ахьмад). ● «Рамадан беттан доьххьара буьйсанна шайтIанаш а, хецаделла жинаш а дIадоьхку, жоьжахатин неIарш дIа а къовлу, цхьа а неI кхин хьа а ца йоьллу (цу баттахь), ялсаманин неIарш схьа а йоьллу, цхьа а неI кхин дIа а ца къовлу, кхайкхархочо кхойкху (цу буса): «ХIай дика дан луург, тIеверза диканна! ХIай вон дан луург, вухавала вочух!» (Цу беттан) хIора буьйсанна АллахIа жоьжахатин цIерах кIелхьара бохуш нах бу». (Бухари, Муслим). ● «Бакъдолуш, (рамадан беттан) хIора буьйсанна, хIора марха достучу хенахь АллахIа цIерах кIелхьарабохуш нах бу». (Ибн МаджахI). ● «Пхи ламаз а, цхьа рузба вукха рузбанна тIекхаччалц а, рамадан бутт а, шайна юкъахь дийлина къинош гечдаран бахьанаш ду, даккхийчу къинойх ларвелчахьана». (Муслим). ● «Рамадан баттахь, иза бакъ хиларх а, парз хиларх а теша а тешаш, шена мел хиларга дог а дохуш, цу беттан буьйсанашкахь ламазаш динчунна гечдийр ду цуьнан дIадаханчу къиношна». (Бухари, Муслим). ● Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – шен асхьабашка олуш хилла, цаьрга кхаъ боккхуш, мархин баттахь Iамал йар цаьрга совдаккхийтархьама: «Рамадан бутт тIебеана шуна, беркате бутт. Нуьцкъала а, сийлахь а волчу АллахIа парз дина тIедиллина шуна хIокху баттахь марха кхабар. ХIокху баттахь дIайоьллу стигланийн неIарш, хIокху баттахь дIачIогIу жоьжахатин неIарш, дIадоьхку хецаделла шайтIанаш. ХIокху батта чохь буьйса ю, иза эзар баттал еза ю – цуьнан диканах ваьлларг массо диканах ваьлла». (Насаий, Ахьмад). ● «Рамадан баттахь, иза бакъ хиларх а, парз хиларх а теша а тешаш, шена мел хиларга дог а дохуш марханаш кхаьбначунна гечдийр ду цуьнан дIадаханчу къиношна». (Бухари, Муслим). ● «(Къемат дийнахь) терзан тIехь уггар деза (хир) долу хIума – хаза гIиллакх ду». (СуйутIи – Ал-Албани, «Сохьихьул-ДжамиIис-СогIир») ● «ХIора стаг (къемат дийнахь) шен сагIанан IиндагIехь хир ву, нахана юкъахь кхел йина яллалц». (Ахьмад, Хьаким, Ибн Хьиббан, Ибн ХузаймахI). ● «Бакъдолуш, сагIа луш хиллачарна сагIано дIайойъур ю кошан йовхо, ткъа, АллахIах тешаш хилларг къемат дийнахь шен сагIанан IиндагIехь хир ву». (ТIабараний, БайхIакъий). ● «ХIара дешнаш аьлларг: «АшхIаду ал-лáилáхIа иллаллóхIу вахьдахIý лá шарúка лахI, ва анна Мухьаммадан IабдухIу ва росýлухI, ва анна Iúсá IабдуллóхIи вабну аматихI, ва калиматухIу алкъóхIá илá Марйама ва рýхьун минхI, ва аннал-джанната хьаккъ, ва аннаннáра хьаккъ» - ялсаманин бархI неIарех шена луъучу чухула ялсамани чувохуьйтур ву иза АллахIа». Уьзза хьадис деана, и дешнаш аьлларг, АллахIа «цуьнан Iамале хьаьжжина ялсамани чувохуьйтур ву» аьлла. (Муслим) Дешнийн маьна: "Ас тешалла до АллахI воцург кхин дела ца хиларца – ша цхьаъ ву Иза, накъост а вац Цуьнан – Мухьаммад Цуьнан лай а, элча а хиларца, Iиса АллахIан лай а, Цуьнан лайн кIант а, Цо Марйаме делла долу дош а, Цуьнан омрунца чу са кхоьллина а хиларца, ялсамани а бакъ хиларца, жоьжахати а бакъ хиларца". ● «Бакъдолуш, лекха хинволчу АллахIана ца веза вон мотт болуш верг а, боьха мотт лиебеш верг а». (СуйутIи – Ал-Албани, «Сохьихьул-ДжамиIис-СогIир») ● «Цхьа бIе бусалба стага шена тIехь докъан ламаз динчунна (Дала) гечдийр ду». (Ибн МáджахI) ● «Ша Iуьйренга ваьлча сунна итт салават диллинчунна а, ша суьйренга ваьлча сунна итт салават диллинчунна а къемат дийнахь сан шафаIат хир ду». (ТIабараний) ● «Суна цхьа салават диллинчунна Дала итт салават дуьллур ду». (Ахьмад, Муслим, Абу Давуд, Тирмизий, Насáий) ● «Суна цхьа салават диллинчунна Дала итт салават дуьллур ду, цунна тIера итт гIалат а дIадоккхур ду, итт даржехь иза сов а воккхур ву». (Ахьмад, Бухарий «Ал-Адаб», Насаий, Хьаким) ● «Дийнахь а, буса а (деш долу) шийтта ракаIат суннат ламазаш динчунна Дала ялсамани чохь цIа дугIур ду». (Ахьмад, Муслим, Абу Давуд, Насаий, Ибн МаджахI) ● «Дийнахь а, буса а шийтта ракаIат (суннат ламазаш) динчунна Дала ялсамани чохь цIа дийр ду: делкъа ламазал хьалха диъ ракаIат а, цул тIаьхьа ши ракаIат а, маьркIижа ламазал тIаьхьа ши ракаIат а, пхьуьйра ламазал тIаьхьа ши ракаIат а, Iуьйра ламазал хьалха ши ракаIат а». (Тирмизий) ● «Делкъа ламазал хьалха а диъ ракаIат (суннат ши ламаз) динарг, цул тIаьхьа а диъ ракаIат (суннат ши ламаз) динарг Дала (жоьжахатин) цIарна хьарам вийр ву». (Ахьмад, Тирмизий, Насаий, Ибн МаджахI) ● «Делкъа ламазал хьалха долу диъ ракаIат (ши суннат ламаз) а, цул тIаьхьа долу диъ ракаIат (ши суннат ламаз) а лардеш (дита ца дуьтуш) динарг жоьжахатин цIарна хьарам вина ву». (Абу Давуд, Насаий, Тирмизий, Ибн МаджахI, Хьаким) ● «Делан доьхьа жамаIатца шовзткъа дийнахь ламаз ламаз динчунна – доьххьара такбир имамаца а деш – иза шина хIуманах цIанвалар яздийр ду цунна: (жоьжахатин) цIарах цIанвалар (кIелхьара валар) а, мунепакъаллех цIанвалар а». (Тирмизий) ● «Ламаз а дина, юха шолгIа ламаз тIекхаччалц собар деш хиъна Iаш верг ламаз деш волуш сана ву, шолгIа ламазан хан тIекхаччалц». (Насаий) ● «Халонашкахь а, сингаттамехь а Дала шена жоп далар хазахеташ волчо, ша паргIатонехь волуш Деле доIа дар совдоккхийла». (Тирмизий, Хьаким) ● «Дала шен рицкъ сов даккха лууш волчо а, шен хан яхйалийта лууш волчо а шен гергарлонаш чIагIдойла». (Ахьмад, Абу Давуд) ● «Ша дика дича хаза а хеташ, ша вон хIума дича хала а хеташ верг – иза муъмин (Делах тешаш стаг) ву». (ТIабараний) ● «Шена Дела а, Цуьнан Элча а веза лууш волчо Къуръанна тIе а хьожуш Къуръан доьшийла». (Абу НуIайм, БайхIакъий «ШуIабул-Ийман», Ал-Албани «Ас-Силсилатус-СохьихьахI») ● «Кхозза Деле ялсамане ехначунна ялсаманис олу: «Везан Дела, ялсамани чу ваийта Ахь иза»; кхозза жоьжахатин цIарах ларвеллачунна жоьжахато олу: «Везан Дела, жоьжахатах ларве Ахь иза». (Тирмизий, Насаий, Хьаким) ● «Некъа тIера тIулг дIаайъинчунна мел язбина, ткъа шен мел хилларг ялсамане вахана». (ТIабараний) ● «Къинхетам беш волчунах – цо жимчу хьозанна бен къинхетам ца бахь а – Дала къинхетам бийр бу цунах къемат дийнахь». (Бухарий [Ал-Адабул-муфрад], ТIабараний) ● «Шен (бусалба) вешин сий лардинарг – Дала къемат дийнахь цуьнан юьхьах цIе юхатухур ю». (Ахьмад, Тирмизий) ● «Шайна гергахь со хьахавахь (шайна со хьахош хазахь) суна салават диллалаш, бакъдолуш, суна цхьа салават диллинчунна Дала итт салават дуьллур ду шуна». (Тирмизий) ● "Iуьйра ламаз а дина, малх хьалабаллалц Дела хьахош (маьждиг чохь) хиъна а Iийна, тIаккха ши ракаIат ламаз динчунна мел хир бу хьадж а, Iумрат а дича санна, кхачаме долу, кхачаме долу, кхачаме долу". (Тирмизий) ● "Iуьйра ламаз динарг Делан керахь хир ву суьйренга валлалц". (ТIабараний) ● "Пхьуьйра ламаз жамаIатца динарг – ах буьйсанна ламазаш динарг санна ву, Iуьйра ламаз жамаIатца динарг – ерриг буьйсанна ламазаш динарг сана ву". (Муслим, Ахьмад) ● Абу ХIурайрас – Дела реза хуьлда цунна – аьлла: Пайхамар – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – волчу веара цхьа бIаьрзе стаг. Цо элира: «ХIай Делан Элча! Со маьждиге вуьгуш цхьа а гIоьнча (вигархо) вац сан». ТIаккха цо дийхира Пайхамаре – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – шена шен цIахь ламаз дан магор. Цо магийра цунна тIаккха, ткъа иза дIаволавеллачу хенахь цо элира: «(Ламазе) кхайкхам хезий хьуна?» Цо элира: «ХIаъ». Цо элира тIаккха: «Делахь жоп ло». (Муслима дийцина иза). ● Iаишатера – Дела реза хуьлда цунна – схьа деана, Пайхамарера – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – схьа (цо аьлларг): «Вахош долу массо малар хьарам ду». (Барт хилла хьадис ду иза). ● Абу ХIурайрас – Дела реза хуьлда цунна – аьлла: Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира: «ХIокху сан маьждигехь дина ламаз дика ду кхечу маьждигехь динчу эзар ламазал, Хьарам маьждиг доцург». (Бухарис а, Муслима а дийцина иза). ● Ибн Iумара – Дела реза хуьлда цунна – аьлла: «Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира: «Шайн зударий маьждигах буха ма бетта аш; (делахь а) церан хIусамаш дикахо ю царна». (Абу Давуда дийцина иза). ● IабдуллахI ибн МасIуда – Дела реза хуьлда цунна – аьлла: «Ас хаьттира Делан Элчане – Делера салават а, салам а хуьлда цунна –: «АллахIана уггар дукха еза Iамал хIун ю?» Цо элира: «Шен хенахь дина ламаз ду». Ас элира: «ТIаккха муьлхур ю?» Цо элира: «Деца-ненаца дика хилар ду». Ас элира: «ТIаккха муьлхур ю?» Цо элира: «Делан некъахь гIазот дар ду». (Бухари, Муслим). ● Абу Марсад Ал-ГIанавийс – Дела реза хуьлда цунна – аьлла: «Суна хезира Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – олуш: «Кешнашна тIедерзе ламаз а ма де, царна тIе охьа а ма ховша». (Муслима дийцина иза). ● Абу ТIолибан кIанта Iалийс – Дела реза хуьлда цунна – аьлла: «Бакъдолуш, Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – дари схьа а эцна, иза шен аьтту куьйга диллира, деши схьа а эцна, иза шен аьрру куьйга диллира, тIаккха цо элира: «Бакъдолуш хIара шиъ хьарам ду сан умматан божаршна». (Ахьмада а, Абу Давуда а, Насаийс а дийцина иза). ● Iусмана – Дела реза хуьлда цунна – аьлла: Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира: «АллахIа доьхьа маьждиг диначунна АллахIа ялсамани чохь цIа дийр ду». (Муслима дийцина иза). ● «Делан доьхьа эсала хир вац цхьа а, Дала (массо агIор) иза лакхаваьккхиний бен». (Муслим). ● Абу ХIурайрас – Дела реза хуьлда цунна – аьлла: Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира: «Сан цIенна а, сан минбарна а юкъахь йолу меттиг ялсаманин бошмашха цхьа беш ю». (Бухари, Муслим) ● Жабира аьлла – Дела реза хуьлда цунна: Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира: «Аьрру куьйга яахIума ма яа аш, бакъдолуш шайтIано юу аьрру куьйга яахIума». (Муслима дийцина иза). ● «Шега чекхъяккхалушшехь шен оьгIазло юхатоьхнарг – къемат дийнахь АллахIа иза кхойкхур ву массо нахана юкъара: хьурул-Iийн мехкарех шена еззарг схьахоржуьйтур ю цуьнга». (Тирмизи). ● Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла Iаишате – Дела реза хуьлда цунна – : «ХIай IаишахI! Бакъдолуш АллахI кIеда-мерза ву Ша кхоьллинчу хIуманца, кIеда-мерза хилар деза а деза Цунна. КIеда-мерза хиларца Цо ло шогаллийца ца луш дерг а, кхечу хIуманца ца луш дерг а». («Сахьихьул-джамиIис-сагIир», СуйутIи – Ал-Албани). ● «Бакълер тIедуьллу ас шуна, бакъдолуш бакълеро дикаллийна тIе вуьгу, ткъа, дикалло ялсамане вуьгу». («Сахьихьул-джамиIис-сагIир», СуйутIи – Ал-Албани). ● «ВорхI хIума ду, стаг веллачул тIаьхьа иза шен каш чохь волчу хенахь а цунна мел хуьлуьйтуш: йа Iилма дIахьехар, йа татол (хи) далор, йа гIу яккхар, йа хурманан дитт дIадер, йа маьждиг дар, йа шел тIаьхьа (дешийта) Къуръан дитар, йа ша веллачул тIаьхьа шена гечдар доьхуш долу бер дитар». («Сахьихьул-джамиIис-сагIир», СуйутIи – Ал-Албани). ● «Цхьамма цхьа (стоьман) дитт дIадехь, цу тIера стом буур бац адамо а, йа Дала кхоьллинчу цхьа а кхечу хIумано а, и доьгIначунна цунах сагIа хилла бен». (Бухари). ● Абу ХIурайрас – Дела реза хуьлда цунна – аьлла: Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира: «Ницкъ болу муъма стаг (АллахIах тешаш верг) АллахIана гергахь дика а, алсам везаш а ву гIийла муъма-стагал а…». (Муслима дийцина иза). ● Абу ХIурайрас – Дела реза хуьлда цунна – аьлла: Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира: «Салам жимачо воккхачуьнга ло, тIехволучо хиъна Iачуьнга ло, кIеззиг болчара дукха болчаьрга ло». (Бухари, Муслим). ● Анаса – Дела реза хуьлда цунна – дийцина, Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира аьлла: «Кхо хIума доьду веллачунна тIаьхьа: цуьнан охIлу а, цуьнан даьхни а, цуьнан Iамал а. Шиъ юхадоьрзу, цхьаъ дуьссу: цуьнан охIлу а, цуьнан даьхни а юхадоьрзу, цуьнан Iамал (цуьнца) юьссу». (Бухари, Муслим). ● «Къемат дийнахь шух уггар суна герга хир верг дуьненахь шух уггар хаза гIиллакх долуш хилларг ву». ("Сахьихьул-ДжамиIиссагIир", СуйутIи - Албани). ● «Бусалба нехан некъа тIера царна новкъарло ен хIума дIаяьккхинчунна Дала цунна и бахаьана долуш дика яздийр ду, ткъа Дала Шена гергахь дика яздинарг Цо ялсамане вохуьйтур ву». ("Сахьихьул-ДжамиIиссагIир", СуйутIи - Албани). ● «Нахана новкъарло йийр йолу хIума некъа тIера дIаяккха ахь, бакъдолуш иза - ахь сагIа далар ду хьуна». ("АссилсилатуссахьихьахI", Албани). ● «Хазчу гIиллакхал деза хIумма а дац терзана тIехь». ("Сахьихьул-ДжамиIиссагIир", СуйутIи - Албани). ● «Къемат дийнан баланех хьалха вала лууш волчо декхаран халоно лаьцнарг Iадвуьтийла (аттонга валлалц), я и декхар Iаддуьтийла цунна». (ХIара хьадис Муслима дийцина). ● «Бусалба стаге шозза декхар деллачунна мел хир бу цо и декхар цкъа сагIийна делча санна». (Ибн МаджахI). ● «Уггар езчу Iамалех ю ахь хьайн бусалба вешин дагчу хазахетар кхоллар, я цуьнан декхар дIадалар, я цунна юург ялар». ("Сахьихьул-ДжамиIиссагIир", СуйутIи - Албани). ● «Шен бусалба вешица ара а ваьлла, цуьнан хьашт кхочуш деш цуьнца леллачу бусалба стеган когаш Дала чIагIбийр бу когаш галдоьвр долчу (къемат) дийнахь». ("АссилсилатуссахьихьахI", Албани). ● «Сайн бусалба вешин хьашт кхочуш дан цуьнца вахар дукха деза суна, маьждиг чохь цхьана баттахь иIтикаф дарал а». ("АссилсилатуссахьихьахI", Албани). ● «Шен вешин хьашт кхочуш деш хиллачуьнан - Дала хьашташ кхочуш дийр ду». ("Сахьихьул-ДжамиIиссагIир", СуйутIи - Албани). ● «Шух уггар диканиг - шена а, кхечарна а Къуръан Iамийнарг ву». (Бухари) ● «Массо дика хIума сагIа ду, диканиг де олуш верг, диканиг гойтуш верг иза динарг санна ву». ("Сахьихьул-ДжамиIиссагIир", СуйутIи - Албани). ● Ибн Iумара - Дела реза хуьлда цунна - дийцина, Делан Элчано - Делера салават а, салам а хуьлда цунна - элира аьлла: «Делан некъахь волчуьнан корта лаза баьлча, цо шена мел хиларга догдахахь, цул хьалха хилла долчу къиношна гечдийр ду цунна». (ХIара хьадис ТIабаранийс а, Ал-Баззара а дийцина). ● Абу Зарра - Дела реза хуьлда цунна - дийцина, Делан Элчано - Делера салават а, салам а хуьлда цунна - элира аьлла: «Хьой миччахь велахь а Делах кхера хьо, айхьа динчу вуонал тIаьхьа иза дIадойъур долу дика де ахь, нахаца дика гIиллакх а леладе ахь». (ХIара хьадис Тирмизийс дийцина, "дика, нийса хьадис ду" а олуш). ● Абу ХIурайрас – Дела реза хуьлда цунна – аьлла: «Делан Элчано - Делера салават а, салам а хуьлда цунна - элира: «Имамо "гIойрил-магIдуби IалайхIим валаддоллин" аьлча, аш ала "Амин", бакъдолуш малайкаша олучуьнца шен алар цхьанадеанчунна гечдийр ду цуьнан дIадахана долчу къиношна». (ХIара хьадис Бухарис дийцина). ● Абу ХIурайрас – Дела реза хуьлда цунна – аьлла: «Делан Элчано - Делера салават а, салам а хуьлда цунна - элира: «Салам жимачо воккхачуьнга а, воьдуш волчо хиъна Iачуьнга а, кIеззиг болчара дукха болчаьрга а лойла». (ХIара хьадис Бухарис а, Муслима а дийцина). ● Ан-Наввас ибн СимIана - Дела реза хуьлда цунна - аьлла: «Ас Делан Элчане - Делера салават а, салам а хуьлда цунна - хаьттира дикаллех а, воллех а лаьцна, тIаккха цо суна жоп делира: «Дикалла - хаза гIиллакх хилар ду; волла - хьан даго тIе ца лоцуш, хьуна синтем ца хуьлуьйтуш, хьуна нахана довзийта ца луург ду». (ХIара хьадис Муслима дийцина). ● Абу ХIурайрас – Дела реза хуьлда цунна – аьлла: «Делан Элчано - Делера салават а, салам а хуьлда цунна - элира: «Цхьана бусалба стага кхечу бусалба стеган лардан деза декхар ялх ду: хьайна иза гича цуьнга салам ло ахь, иза хьайга кхайкхича цунна жоп а ло ахь, цо хьайгара хьехар дехча хьехар а де ахь цунна, цо хьоршам тоьхча "АлхьамдулиллахI" алахь "ЙархьамукаллахI" ала ахь, иза цомгаш хилча цуьнга хьажа а гIо хьо, иза веллачул тIаьхьа дIавуллучу хенахь иза дIаволла а гIо хьо». (ХIара хьадис Муслима дийцина). ● Барáъ ибн Iáзиба – Дела реза хуьлда цунна – дийцина: «Цхьана дийнахь тхо Пайхамарца – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – кешнашка дахара, Ансарашна юкъара велла волу цхьа стаг дIаволла. ТIаккха цунна даьккхина долчу каш тIе дIакхечира тхо. Иза каш чу виллале хьалха Делан Элча – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – охьахиира, тхо а тIаккха охьахевшира цунна гонах. Тхо хевшина Iаш дара, тхешан кортош тIехь олхазарш долуш санна (дIатийна, меттах ца хьеш). Делан Элчанан – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – керахь цхьа гIаж йара, лаьттах Iуьттуш. ТIаккха корта хьала а айъина, цо элира: - «АллáхIаца ларло шу кошан Iазапах» - шозза йа кхозза элира цо иза. ТIаккха кхин дIа элира цо: «Бакъдолуш, Делах тешаш хилла волу Цуьнан лай хIокху дуьненах дIакъаста герга вахча, эхарта верза хан тIехIоьттича, стиглара малийкаш дуьссу цунна тIе, малх санна къегина кIайн яххьаш а йолуш, шайца цхьаьна ялсамани чура марчу а долуш, ялсамани чура марчуна тоха деана IатIарш а долуш. ТIаккха уьш охьаховшу, цуьнан бIаьрго лоццучул генахь. Цул тIаьхьа валаран малийк схьадогIу – Делера салам хуьлда цунна – цуьнан коьрте охьа а хуий, олу цо: «ХIай дика са! Арадала Делан гечдаре, Дела реза хиларе!» ТIаккха цуьнан са арадолу, гIумгIи чура хи арадолуш санна атта. Валаран малийко схьаоьцу цуьнан са. Цо иза схьаэцначул тIаьхьа, вукха малийкаша бIаьрга негIар тоххал юкъа хан ца йолуьйтуш цуьнгара иза схьа а оьций, шайца деанчу марчуна юкъахьарчадо иза, шайгарчу IатIаршна юкъадуьллу иза. ХIокху дуьнена тIехь йолу уггар хаза хьожа санна дика а, хаза а хьожа хуьлу цуьнан. ТIаккха уьш хьаладоьлху, хIора малийкийн тоба шайна дуьхьал мел-кхета цара хеттарш а деш: «ХIара хьенан дика цIена са ду?» - олий, тIаккха хIокхара жоп а луш: «ХIара хьенеха кIант хьенех ву» - олий, цуьнан дуьненахь йоккхуш хиллачу уггар дикчу цIерашца иза царна вовза а вовзуьйтуш. ТIаккха вайна уггар герга йолчу стигала хьалакхочу уьш иштта, и стигал дIаеллар доьху цара, иза дIайиллинчул тIаьхьа кхин дIа а хьала доьлху уьш ворхIолгIачу стигала кхаччалц, малийкашна и са хеста а деш. ТIаьххьара, Нуьцкъала а, Сийлахь а волчу АллахIана герга кхочу уьш, тIаккха Цо олу: «ДIаязде Сан лайн жайна лаккхарчу даржашкахь! ТIаккха дуьнена тIе охьа а дерза де цуьнан са, бакъдолуш Ас латтанах кхоьллина а бу уьш, цуьнга юхаберзор болуш а бу уьш, тIаккха кхин цкъа а цунах схьабохур болуш а бу уьш». ТIаккха цуьнан са цуьнан дегIе юхадерзадо. Цул тIаьхьа ши малийк догIу цунна, цаьршимма иза охьахааво. Цаьршимма хотту цуьнга: «Хьан Дела мила ву?» Цо олу: «Сан Дела АллахI ву!» Цаьршимма хотту: «Хьан дин хIун ду?» Цо олу: «Сан дин Ислам ду!» Цаьршимма хотту: «И шуна юкъахь ваийтина волу стаг мила ву?» Цо олу: «Иза Делан Элча ву – Делера салават а, салам а хуьлда цунна –». Цаьршимма хотту цуьнга: «Хьуна муха хиъна иза?» Цо олу: «Ас АллахIан Жайна (Къуръан) дийшира, тIаккха со АллахIах тийшира, ас иза бакъ а дира!» ТIаккха стиглара схьа кхайкхар до: «Бакълуьйш ву Сан лай! Ялсаманин кузаш таса цунна буха, ялсаманин духар а духа цунна тIе, ялсаманин неI а елла цунна дIа!» ТIаккха ялсаманин хазчу хьожанех хьожа йогIу цунна, цуьнан бIаьрго лоццучул гена шор а до цуьнан каш. Цхьа хаза юьхь а йолуш, хаза духарш а долуш, йогIуш хаза хьожа а йолуш волу цхьа стаг вогIу цунна тIе тIаккха, цо олу: «Хьо воккхавийр волу кхаъ бу хьоьга! ХIара ду, хьуна хир ду аьлла долу де». ТIаккха цо хотту цу стаге: «Хьо мила ву? Хьан юьхь диканца вогIучуьнан юьхь ма ю!» Цо жоп ло: «Со хьан дика Iамал ю!» ТIаккха цо олу: «Сан Дела! Къемат дийнан сахьт тIехIоттадехьа, сайн доьзале а, сайн даьхни тIе а юхавоьрзур вара-кх со!» Бакъдолуш, керста хилла волчу Делан лайн хIокху дуьненах дIакъаьста герга вахча, эхарта верза цуьнан хан тIехIоьттича, стиглара малийкаш дуьссу цунна тIе, Iаьржа яххьаш а йолуш, шайца цхьаьна шога кIадеш а долуш. ТIаккха уьш охьаховшу, цуьнан бIаьрго лоццучул генахь, валаран малийк схьа а деана, цуьнан коьрте иза охьахаъалц. ТIаккха цо олу: «ХIай боьха са! Арадала Делан оьгIазлоне!» ТIаккха цуьнан са цуьнан дегIаца дIасадаьржа, тIаккха озадой арадоккху иза, тIеда тIаргIи юкъара хьабоккхуш болу баI санна. Валаран малийко схьаоьцу цуьнан са. Цо иза схьаэцначул тIаьхьа, вукха малийкаша бIаьрга негIар тоххал юкъа хан ца йолуьйтуш цуьнгара иза схьа а оьций, шайца деанчу шогачу кIадешна юкъахьарчадо иза. ХIокху дуьнена тIехь йолу уггар боьха хьожа санна хьожа хуьлу цуьнан. ТIаккха уьш хьаладоьлху, хIора малийкийн тоба шайна дуьхьал мел-кхета цара хеттарш а деш: «ХIара хьенан боьха са ду?» - олий, тIаккха хIокхара жоп а луш: «ХIара хьенеха кIант хьенех ву» - олий, цуьнан дуьненахь йоккхуш хиллачу уггар вочу цIерашца иза царна вовза а вовзуьйтуш. ТIаккха вайна уггар герга йолчу стигала хьалакхочу уьш иштта, и стигал дIаеллар доьху цара, делахь а, иза дIа ца йоьллу царна». И аьллачул тIаьхьа Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – дийшира хIара айат: ×Стигланийн неIарш йеллане а дIайоьллур яц царна, механ Iуьргахулу эмкал чекхяьлча а ялсамани а бохуьйтур бац уьшØ. [Сурат «Ал-аIрóф» 40 айат]. Кхин дIа элира Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна –: «ТIаккха Дала олу: «ДIаязде Сан лайн жайна уггар лахарчу дуьненахь уггар лахарчу даржашкахь!» ТIаккха цуьнан са охьакхуссу». Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – юха а дийшира айат: ×Делаца накъост веш верг – стиглара охьавоьжна стаг санна ву, олхазарша лоций дIахьо иза, йа мохо генарчу кIорге чувожаво изаØ. [Сурат «Алхьадж» 3I айат]. Кхин дIа элира цо: «ТIаккха цуьнан са цуьнан дегIа чу юхадерзадо, цул тIаьхьа ши малийк догIу цунна, цаьршимма иза охьахааво. Цаьршимма хотту цуьнга: «Хьан Дела мила ву?» Цо олу: «Аааъ… Ааааъ… ХIааъ… Ца хаьа суна». Цаьршимма хотту: «Хьан дин хIун ду?» Цо олу: «Аааъ… Ааааъ… ХIааъ… Ца хаьа суна». Цаьршимма хотту: «И шуна юкъахь ваийтина волу стаг мила ву?» Цо олу: «Иза… Аааъ… Ааааъ… ХIааъ… Ца хаьа суна». ТIаккха стиглара схьа кхайкхар до: «Харцлуьйш ву! ЦIеран кузаш таса цунна буха, жоьжахатин неI а елла цунна дIа!» ТIаккха жоьжахатин боьхачу хьожанех хьожа йогIу цунна, каш гатдо цунна, цуьнан меженийн хуттургаш чура йовллалц. Боьха юьхь а йолуш, боьха духарш а долуш, йогIуш боьха хьожа а йолуш волу цхьа стаг вогIу цунна тIе тIаккха, цо олу: «Ирча кхаъ бу хьоьга! ХIара ду, хьуна хир ду аьлла долу де». ТIаккха цо хотту цу стаге: «Хьо мила ву? Хьан юьхь вонца вогIучуьнан юьхь ма ю!» Цо жоп ло: «Со хьан вон Iамал ю!» ТIаккха доьху цо Деле: «Сан Дела! Къемат де ма хIоттийтахьа!». [Тирмизий, Ахьмад, и дешнаш Ахьмада дийцина ду]
|