|
Видео |
Кехат язде соьга |
Имам ГIазали – Дала къинхетам бойла цунах –
Имам ГIазалих лаьцна яздина дукха жайнаш ду. Хьалхалерачу баккхийчу Iелам-наха яздина а, тахана болчу Iелам-наха яздина а, таханлерачу университеташкахь бина талламаш а, иштта кхин дIа а. Имам ГIазали бусалба нахана массарна а воьвзина ца Iаш, дерриг дуьненна а воьвзаш Iелам-стаг ву. Цундела, бусалба наха шайн баккхийчу белхашкахь вийцина хиларал совнаха, дуккха а бусалба боцучара а яздина цунах лаьцна жайнаш: цуьнан дахарх лаьцна а, цуьнан цхьацца жайнех лаьцна а, динана Iилманехь а, философин Iилманехь а, бераш кхиоран Iилманехь а, хазаллин кхетамаш буьйцучу юкъахь а, политикин Iилманехь а, адамийн юкъараллин Iилманехь а, гIиллакхийн талламашкахь а, иштта кхин дIа а мел дукха ю агIонаш. Ткъа кхузахь и ша-дерг яздан ойла яц сан, йа и яздина вер а вацара со, йа яздалур а дацара соьга суна лиъча а, цундела хIара жайна жима хиларе терра, кхуьнан жималле а хьаьжна кIеззиг Имам ГIазалих лаьцна дийца а дийцина Iаддуьтур ду ас. КIорггера шена иза вовза луучо деша мегар ду ас лахахь хьахор долу жайнаш а, меттигаш а.
Имам ГIазалин цIе Цуьнан цIе Мухьаммад ибн Мухьаммад ибн Мухьаммад ибн Ахьмад АлгIазáлий АттIýсий ю. Ахьмадан кIента Мухьаммадан кIентан Мухьаммадан кIант Мухьаммад ву иза. Абу Хьáмид аьлча воьвзаш ву иза бусалба нахана. Бусалба наха цунна тиллина йолу кхоалгIа цIе Хьуджжатул Ислáм ю. Хьуджжатул Ислáм бохург – бусалба динан тешалла бохург ду, бусалба динца цхьаьна ца богIучарна доьхьал долу тешалла бохург ду, бусалба дин бакъхилар гучудоккху тешалла бохург ду. Хьуджжатул Ислáм аьлча бусалба Iелам-нахана воьвзаш верг цхьа ГIазали бен вац. Ткъа цунна и цIе тилларан шен бахьана ду. Ибн Таймийана а, Закариййа Ал-Ансóрийна а Шайхул Ислáм аьлла цIе тиллина Iелам-наха, цуьнан а шен бахьана ду. Амма Имам ГIазалина и цIе тилларан бахьана цо бусалба динна дина долу гIо ду, бусалба дин а, цуьнан нийса кхетам а цо кхечу харц кхетамашна тIехь тола бар ду, Къуръанан а, Суннатан а некъ цо кхечу некъашна тIехь лакхабоккхуш къахьегар ду. И муха хилла хьуна жимма лахахь хуур ду, Дала мукъа лахь. Имам ГIазали вина хан а, меттиг а, цуьнан жималла а Иза вина 450-чу шарахь, хIижратан терахьца, 1058-чу шарахь вукха терахьца. Цуьнан вар хилла ТIýс цIе йолгIу шахьарехь, таханлера Иран-пачхьалкхан Мешхад цIе йолчу гIалийна уллехь. Имам ГIазалин да шен доьзал кхаба гIерташ болх беш хилла, тIаргIа лелош. Делахь а и болх баро Iилма дезар а, шен шина кIанте – Имам ГIазалийга а, цуьнан вешига Ахьмаде а – Iилма Iамадайтар дIатосуш ца хилла цо. Цу хенахь ТIýс-гIалахь дуккха а Iелам-нах а, дика-нах а хилла, цундела Iелам-нахаца йоккха уьйр хилла ГIазалин ден. Церан доьзал бусалба дин чIогIа лелош доьзал хилла, доьзалан да ша а хилла Iилма долуш. Ша фикъхI-Iилманан Iелам-нахе ладогIа вахча доIа деш хилла Имам ГIазалин дас, шен шина кIантах цхьаъ «факъúхI»[1] вар доьхуш, ткъа ша хьехам бечу Iелам-нахе ладогIа вахча доIа деш хилла цо, шен шина кIантах цхьаъ хьехам барца говза Iелам-стаг хилийта олий. Цуьнан доIина Дала жоп делла – цхьа кIант воккха факъихI хилла, важа кIант чIогIа хьехамча а хилла. ГIазалин дас ша шен куьйга даьккхинарг бен хIумма а къобал деш ца хилла, цундела церан доьзал жимма къен хилла. ХIара ши кIант жима а волуш валар нисделла цуьнан, иштта и шиъ байлахь хьалакхиъна. Шена валар герга деъча, ГIазалин дас шен доттагI цхьа Iилманца схьа а кхайкхина, цуьнга аьлла: «Айса яздан ца Iаморна чIогIа дагахь баллам бу суна. Сайга дан ца делларг хIокху сайн шина кIантана хилийта лаьа суна. Ас даьхни дуьту хIинца сайл тIаьхьа, и даьхни дIа а эце цаьршинна Iилма Iамадар доьху ас хьоьга, и даьхни дерриг чекхдолуш хилахь а и шиъ Iамор Iад ца дуьтуш». Иштта дIавелла цо и шиъ шен доттагIчуьнга, ша дика да хиларе терра, дикчу дас шен берашна лур долу уггар дика хIума Iилма а хиларе терра. ГIазалин да велла – Дала къинхетам бойла цунах –, тIаккха хIара ши кIант Iамо волавелла цуьнан доттагI. Дикка хан яьлла цо цаьршинна шена хуург хьоьхуш. ТIаьххьар а, цаьршинан дас дитина даьхни чекхдаьлла дикка хан яьлча, цаьршима кхин дIа хьуьжарехь дешар гIолий а хетта, цо и шиъ хьуьжаре вахийтина. И бахьана долуш цаьршиннах тIаьхьа воккха ши Iелам-стаг хилла. Имам ГIазалис олуш хилла шаьшшиъ хьуьжаре вахарх лаьцна: «Iилма Iамо дIаволалучу хенахь Дела доьхьа а доцуш волавелира тхойшиъ, ткъа АллахIана ца лиира иза Шен доьхьа бен хилийта». Цу хенахь хьуьжаршкахь чоь а, даар-духар а, жиммачул ахча а луш хилла. Цу хьуьжарехь ешна Имам ГIазалис жимма фикъхI, Имам Ахьмад Аррáзакáнийца.
Имам ГIазалис Iилма Iамор а, иза лелла меттигаш а. Цу хьуьжарехь дерг дикка Iамийначул тIаьхьа, Имам ГIазали «Журжáн» цIе йолчу гIала вахна, цигарчу Iелам-стагца Имам Абу Наср Ал-ИсмáIúлийца кхин дIа а Iилма Iамо. Цуьнца дикка дешна цо, шена цуьнгара хезаш долу Iилманан пайданаш дIа а яздеш. Ша цуьнгара схьа яздина долчу пайданашна цо цIе тоьхна «АттаIлúкъахI» аьлла. Имам ГIазалис дуьйцу, ша Журжáнера шен гIала юха цIа вогIучу хенахь, новкъахь шеца хилларг: «Новкъахь тхуна доьхьал боьвлира талораш деш болу жуьйликаш. Соьгахь долу массо хIума дIа а даьккхина, дIабаха боьвлира уьш. Амма со царна тIаьхьа вахара. Цхьа хан яьлча со гира церан хьалхаваьллачунна. Цо соьга элира: «Ахь хIун леладо? ХIаллакьхила лаьа хьуна? Юхаверза!» Ас элира цуьнга: «Ахь хьайна маршо хилар доьхуш волчу Делаца доьху ас хьоьга, и сан яздарш «ТаIлúкъахI» схьалохьа, шуна цунах хила пайда а бацара». Цо хаьттира: «ХIун ю и хьан «ТаIлúкъахI»? Ас элира тIаккха: «ДIора тIоьрмиг чохь долу сан жайнаш ду. Цаьрга ладогIархьама, уьш дIаяздархьама, церан Iилма довзархьама хийра махка вахана вогIуш вара со». ТIаккха, цо вела а велла элира: «Ахь муха олу хьайна цу тIехь дерг хаа а хаьа, айхьа иза Iама а дина? Оха хьоьгара уьш схьадаьхча, Iилма а доцуш ма-висна хьо?» ТIаккха шен накъосташка уьш суна юхадалийтира цо. Дала со сайн гIуллакхехь нисвалийта, цуьнга алийтина хIума дара иза. Со сайн гIала «ТIýсе» дIакхаьчча, и айса яздинарг дагахь Iамош къахьийгира ас кхаа шарахь, тIаккха со хилира, жуьйликаша сан некъ хадийча а сан Iилма довр доцуш».[2] Иштта лаккхара лаамаш болуш хилла Имам ГIазали жималлехь дуьйна. Цул тIаьхьа Имам ГIазали Нúсáбýре вахна, цигарчу НúзáмиййахI Университетехь деша. ХIетахь цу университетан коьрта Iелам-стаг Имамул Хьарамайн Абул МаIáлú Ал-Джувайнú[3] хилла. Цигахь чIогIа къахьегга Имам ГIазалис, масийтта Iилманехь доккха дакъа а схьаэцна цо: ФикъхI Iилманехь а (къаьсттина ШафиIийн мазхIабехь), бусалба динан баххашкахь а, фикъхIан баххашкахь а, логикехь а, философехь а, къовсаман Iилманехь а, иштта кхидолчу Iилманашкахь. Цу хIора Iилманехь жайнаш яздина цо цигахь волуш, массара тешалла а деш нийса а, дика а жайнаш а хилла уьш. Цигахь гучуяьлла цуьнан говзалла а, цуьнан хьекъал а, цунна Дала делла корматалла а. Хьафиз Iабдул-ГIóфир Алфáрисийс дуьйцу цуьнан хIетахьлера хьал: «Кхиберш санна дукха хан а ца йоккхуш, кIеззигчу хенахь чекхйаьккхира цо и университет, шен нийсархошна юкъахь генна хьалхаваьллера иза. Къуръанан охIлу хилира цунах, цу замангахь массара масал лоцура цунах. Дешархоша дукха пайда эцара цуьнгара, царна хьеха а хIоттийнера иза. Шена тIехь чIогIа дукха болх бора цо, кхечарна дукха пайда а лора цо. ТIаьххьара а, ша жайнаш яздан велира иза…»[4] «Усулул ФикъхI» - фикъIхан баххаш Iилмангахь жайна яздина хилла Имам ГIазалис, ша Имам Джувайница доьшуш волчу хенахь. Ткъа Имам Джувайни цу Iилманехь воккха Iелам-стаг лоруш ву, цо яздина «Алваракъóт» цIе йолу жайна тахана а массара доьшуш лелош ду. Цо хьоьхучу хенахь, цо дуьйцург дIа а яздеш, шегара шена хетарг тIе а тухуш яздина хилла Имам ГIазалис и жайна. ТIаьххьара, иза шен хьехархочунна цо дIагайтича, Имам Джувайнис аьлла: «Дийна воллушехь дIавоьлли-кх ахь со, со валлалц жимма собар дан ца мегара ахь?!» Кхин а аьлла Имам Джувайнис цунах лаьцна: «ГIазали бух боцу хIорд бу».[5] Нúсáбýрехь итт шо хан яьккхина Имам ГIазалис, Имамул Хьарамайн Алджувайница доьшуш. Шен ткъе бархI шо кхаьчча, Имам Алджувайний веллачул тIаьхьа, ГIазали араваьлла Нúсáбýрера. Иза вахна Багдада уллохь йолчу Низóмул Мулк[6] Iаш волчу шахьаре. Имам ГIазали ша волчу вогIуш вуй а хууш, цо цунна ша волчара Iелам-нах схьагулбина хилла, цаьрга вовшийн Iилманан хаттарш дийцийта. Цигахь мел хиллачу Iелам-стагца хьалхе яьккхина ГIазалис. Низóмул Мулк цунах цецваьлла, цуьнан лерам а бина, цуьнан Iилма довза а доьвзина, иза Багдадехь йолчу НизáмиййахI университете хьеха хIоттийна цо. Цу шахьарехь кхин цхьа масех шо а даьккхина, шен ткъе-дейтта шо кхаьчча Багдаде веъна иза: хIетахь халифатан нана-гIала хилла Багдад. Ша Багдаде дIакхачарца, хьеха дIаволавелла иза. Цигарчу наха баккхийбеш тIелаьцна иза. Царна чIогIа дика хетта цуьнан къамелан хазалла а, цуьнан дозаллин кхачамалла а, цуьнан меттан цIоналла а, цуьнан кIорггера Iилма а. Цу университетехь иза хьоьхуш волчу хенахь шен Iилманан сийлаллин буьхье кхаьчна Имам ГIазали. Цо хьоьхучу хенахь цуьнга ладогIа вогIуш хилла баккхийчу Iелам-нахах виъ бIе стаг. Багдадехь цIе дIаяхна цуьнан, нахана гергахь дарж айделла цуьнан, цхьаболчу паччахьийн даржал а сов долуш. Массо агIор хIара дуьне цуьнан когаш хьалха дIахIоьттина. Шен мехкан Хорасанан имам хилла ца Iаш, Иракан а имам хилла цунах хIетахь. Цигахь волуш яздина ГIазалис фикъхI-жайнаш а, усýлул-фикъхI жайнаш а, хилпалонан жайнаш а, кхин масийтта Iилманан жайнаш а. ПаргIат хан боху хIума доьвзина хилла а дац Имам ГIазалина – Дала къинхетам бойла цунах –. Цуьнан дерриг дахар къахьоьгуш чекхдаьлла, хIора минотах пайда оьцуш чекхдаьлла. Бусалба динан Iилманаш Iамийна ца Iаш, Грецира схьакхаьчча йолу философи а Iамийна цо, ша волчу заманахь хьекъал долчу нахана юкъахь иза чIогIа яьржина хиларна. Хьоьхуш хьехархо а воцуш, ша церан жайнаш а доьшуш, шина шара юкъахь (485 хI/ш – 487 хI/ш) филóсофийн Iилманийн чаккхенга кхаьчча иза. Багдадехь йолчу НизáмиййахI университетехь ша хьоьхуш волчу хенахь, цу университетехь ша коьрта Iелам-стаг а волчу хенахь, кхо бIе дешархочунна хьеха дезарг дIа а хьоьхий, яздан деза жайна яз а дой, тIаккха шена оцу белхашна юкъахь паргIат хан карийча, оццу юкъахь Iамош хилла цо философи. Иштта бен Iамийна йоццушехь, шен заманахь шел чIогIа иза евзаш кхин стаг хир воцуш философи евзина цунна. Цо дуьйцу шен «Алмункъиз минаддолáл» жайни тIехь, ша иза муха Iамийна: «ТIаккха со тIевирзира и Iилма Iамо, жайнаш дешар бен кхин хьехархо а воцуш. Ас дешара уьш, ШарIан Iилманан жайна яздарх а, ШарIан Iилманаш дIахьехарх а сой паргIат вóлучу юкъахь – кхо бIе дешархочунна хьеха а, пайда бан а дезаш вара со хIетахь, Багдадехь. Сийлахь-цIена а, Лакха а волчу АллахIа суна йовзийтира церан Iилманан чаккхенаш, уггар лакхара агIонаш, оцу кIеззигчу хенахь жайнаш дешар бен ас кхин дукха и Iилма Iамийна доццушехь. Цул тIахьа, сой цунах кхеттачул тIаьхьа, ас цхьа шо гергга хан яьхьира цунна тIехь ойла а еш, иза карла а доккхуш, цуьнан вон агIонаш талла а толлуш, цу Iилманца долчу Iехаваларна сой тIекхиъалц, цуьнца долу харц хIума бакъ ду моттийтар а, бакъо гайтар а, доцург хетийтар а шеко йоцуш сайна довззалц».[7] ХIетахь, 484 хI. шарахь яздина цо шен «Макъóсидул ФалáсифахI»[8] цIе йолу жайна а, 485 хI. шарахь «ТахIáфутул ФалáсифахI» цIе йолу жайна а. Цу хенахь яздина цо «АлбáтIиниййахI»[9] - «къайлахошна» доьхьал яздина долу «Фадóихьул БáтIиниййахI» - «Къайлахойн боьхаллаш» цIе йолу жайна. Диъ бIе дезткъе борхIалгIачу (488 хI.) шарахь Имам ГIазали Багдадера ара а волий, Шема-махка воьду. Цигахь Дамаскехь ши шо хан йоккху цо, ерриг хан Iибадатана дIа а хьажийна. Дамаскан маьждигехь Iаш хилла иза, цуьнан минбар чу хьала а волий, неI дIа а къовлий, дийно-сарралц Далла Iибадат деш, шен «са а нисдеш, гIиллакхаш а туодеш, Лекха хинволу АллахI хьехош дог а цIандеш».[10] Дамаскехь ши шо даьккхинчул тIаьхьа Къудсе (Иерусалиме) воьду иза – Дала къинхетам бойла цунах –. Цигахь а иштта хан йоккху цо, Пайхамар – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – стигала хьалавоккхучу хенахь тIехIоьттина лаьттина болу тIулг чохь болчу маьждигехь Iибадат деш хIора дийнахь. Цул тIаьхьа жимма хан яьлча хьадж дан воьду иза, Хьиджáзе, Макка а, Медината а. Цигара дукха цаIIаш юхавоьрзу иза, ша винчу махка, «ойланаша а, берийн дехарша а цига дIа а озавой, дерриг адам цига юхадирзича а вуьшта воьрзур воцуш волу».[11] Иштта хан йоккху Имам ГIазалис, Багдадера араваьлчахьана дуьйна итт шарахь, шен когашна хьалха лаьтташ хилла долу хIара дерриг дуьне Iадда а дуьте, доллучу даьхнех дIа а хеде, ша-шена тIехь болх а беш, шен са а, дог а цIан а деш, Далла Iибадат а деш, Дела хьехор алсам а деш, шен дагчохь цхьа АллахI бен хIума а ца дуьтуш. Оцу юкъахь яздо цо шен «Ихьйáъ Iулýмиддúн» жайна а, «Ал-АрбаIúн» жайна а, иштта кхидолу кегий жайнаш а. 499-чу шарахь Имам ГIазали волчу вогIу вазир Фахрул-Мулк (Низамул Мулкан кIант). Цо чIогIа дехарш до цуьнга, Нисабуре НизамиййахI университете хьеха юхавагIахьара олий. Цо ша кхин ца витча, шена гонахьарчу Iелам-нахах а, дикчу нахах а дага а волий, ГIазали Нисабуре воьду, цигахь бусалба дин хьеха. Адамаш шайн динна генадоьвлла а долуш, ша-шеца кхин дIа а болх беш Iайла дац олий, юха а хьехарна тIевоьрзу иза, шел хьалха хилла болу массо Iелам-нах а, Iилманчаш а берзаре терра. Цигахь волуш яздо цо шен «Алмустасфá» цIе йолу Усулул ФикъхI Iилманан уггар доккха жайна а, «Алмункъиз минаддолáл» цIе йолу, шен дахар дуьйцу жайна а. Делахь а, Нисабурехь хьоьхуш дукха хан ца йоккху цо. Цхьа жимма хан яьлча – ши-кхо шо даьлча – ша винчу метте юхавоьрзу иза, ша Iадда витале Нисабур Iадда а юьтий. Ша шен жималлехь кхиъначу метте юхавирзича, цхьа жима хьуьжар а йо цо, шайн дахар Далла Iибадат дарна дIаделла болчу мискачу нахана цхьа жима цIа а до цо. Цига юхавирзинчул тIаьхьа, ша валлалц йолу хан – кхо-диъ шо – шен жимчу хьуьжар чохь шегара Iилма дIа а хьохуш, шен махкахь а, бусалба нахана юкъахь а хIоьттина долу хьал шега нислуччу агIор – хьехарца а, жайнаш яздарца а – нисдан а хьожуш йоккху цо. Оцу юкъахь яздо цо «Илжáмул Iавáм Iан Iилмил калáм» цIе йолу жайна а, «Дурратул ФáхирохI фú Iулýмил áхирохI» а, «МинхIáжул Iáбидúн» а жайнаш а. Ша валале цхьа кIеззиг хан хьалха Имам ГIазали волало хьадисан Iилма Iамо, Делан Элчанан – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – хьадисаш кIорггера Iамо. Шена уллера гIалара ша волчу кхайкхе цо валаво, хьадисан Iилманан да Хьáфиз Абул Футйáн Iумар бин Абил Хьасан Арруáсий, цуьнга шена хьадисан Iилма хьехийта. Цуьнгара «хезна»[12] цунна Бухарин а, Муслиман а «Сахьихь» ши жайна.[13] Сол хьалха дуккха а баккхийчу Iелам-наха ма-аллара ала лаьа суна кхузахь, и хьадисан Iилма цо жимма хьалхе Iамийна хиллехьара и саннарг цуьнан заманахь и Iилма доьвзаш хир вацара. Делахь а, цхьацца бахьанашна и Iилма Iамо тIаьххьарчу хенахь бен ца волавелла хилла иза, цундела цуьнан цхьадолчу жайнашкахь заьIап хьадисаш а, кхоьллина хьадисаш а даьхкина. Цо ша а олуш хилла - «хьадисан Iилма кхачаме дац соьца» - олий.[14] Иштта хилла иза шен дерриге дахарехь. Цунах лаьцна яз мел динчара аларал сов, суна дагадогIу, со шолгIачу шарахь доьшуш волуш тхуна Тавхьид хьоьхуш хиллачу хьехархочо Iабдурраззакъ бин Iабдул-Мухьсина цунна дина тешалла: «Ша цхьа Iилма схьалаьцча, цу Iилманца ша уггар лакхара дарже хьалакхаччалц Iад дуьтуш ца хилла цо иза. Шел лакхара стаг цу Iилманехь кхин хир воццучул Iилма Iамош хилла цо. Хьекъал а, кхетам а, Iилма а чIогIа тамашийна долуш хилла иза… Имам Бухарин «Сахьихь» жайна шен накхана тIедиллина а долуш ваьлла иза кху дуьненара ара». Имам ГIазалис ша дуьйцу, шен дахарх лаьцна ша яздинчу «Алмункъиз минаддолáл» цIе йолчу жайни тIехь, ша Iилма Iамор муха хилара: «…Сайн доьххьарчу жималлехь дуьйна – сой кхиъна валарга герга вахчахьана, ткъа шо а кхачале хьалха, хIинца хIара шовзткъе-иттолгIа шераш тIекхаччалц – хIокху (Iилманан) хIурдан кIорге гIиртина со, майраллийца цуьнан тулгIенаш юкъавийлина со, кхоьруш волу пис санна а ца лелаш. ХIора бодана юкъаводара со (иза бовзархьама), цхьа а хало ца йитара ас тIаьхьа ца кхуьуш. Ерриг тобанийн кхетамаш теллира ас, хIора тобанан некъийн къайленаш лехира ас, нийса верг а воцург а сайна вовзийтархьама, суннатца верг а, бидIатца а верг сайна вовзийтархьама. Цхьа а «къайлахо» ца витара ас, цуьнан къайлахалла сайна йовза лиъна бен, цхьа а «тIехулахо» а ца витара ас, цуьнан тIехулаллин жамIаш сайна довзийтина бен, цхьа а философ а ца витара ас, цуьнан философин духе кхиъча бен, цхьа а «къамелан да» а ца витара ас, цуьнан къамелан а, къовсаман а чаккхе сайна йоьвзича бен, цхьа а суфий а ца витара ас, цуьнан цIеналлин къайле сайна йовззалц, цхьа а Далла дукха Iибадат деш верг а ца витара ас, цуьнан Iибадатах цуьнга доьрзуш дерг сайна довззалц, цхьа а динера араваьлла галваьлла стаг а ца витара ас, динера аравала а, галвала а цунна харц майралла елларг хIун ду сайна доьвзича бен. ХIора хIуманан бакъ долчу маьIне кхача лаар даим сан хилла гIиллакх дара, сан дахар дIадоладелчахьана дуьйна, ас хIара гIуллакх долийчахьана дуьйна. Дала сан синкхетам чу диллина гIиллакх дара иза, соьгара сайгара а, йа ас хаьржина а дацара. Иштта со кхечира цхьанна тIаьхьавазаран чаккхенга…»[15] АзхIар университетан Шайх хилла волчу МустIофа АлмарóгIийс аьллачу дешнаша ма-дарра хьагойту Имам ГIазалис Iилма Iаморан жамIаш муха хилла а, цуьнан Iилманан барам мел дукха хилла а: «Iелам-нехан цIерш йохуш хезча, дага догIу уьш шайца гIарабоьвлла долу Iилманийн дакъош а, хаамийн генаш а. Масала, Ибн Сúнá, йа Фáрóбий хьахийча дага вогIу Бусалба философех воккха ши философ; йа Бухари а, Муслим а, Ахьмад а хьахош хезча дагабогIу къонахий, дагахьIаморца а, бакълерца а, тешамаллийца а, нийсонца а, хьадис дийцинарш бовзарца а хьалхе яьккхина болу. Амма ГIазали хьахош хезча, и агIонаш алсам йовлу, дагчу цхьа стаг ца вогIу, муххале а масийтта стеган сурт хIутту хьалха, хIоранне а шен-шен дарж а, мах а болуш… ДагавогIу динан а, фикъхIан а баххаш доьвзаш волу, цаьрца говза волу ГIазали а, маьрша факъихI ГIазали а, «къамелан да» ГIазали а, Суннатан имам а, иза лардархо а волу ГIазали а, юкъараллин Iилманча ГIазали а, адамийн хьолаш а, церан синойн къайленаш а, церан дегнийн хаамаш а боьвзаш волу ГIазали, философ волу ГIазали, йа философина дуьхьало а йина, цуьнца дерг гучудаьккхина волу ГIазали а… Вайна хьалха хIутту шен заманан Iилманаш шена чохь гулдина волчу стеган сурт, массо Iилма довзарга хьаьгна волчу стеган сурт, Iилманийн дакъошца кхиъна ваьлла волчу стеган сурт».[16]
Имам ГIазалис Бусалба дин дендеш, Уммат туо деш хьегна къа а, цо нахана бина Iаткъам а Абу Давуда а, Хьакима а, БайхIакъийс а дийцина Делан Элчанан – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – хIара хьадис: «Бакъдолуш, хIора бIе шеран коьртехь АллахIа хIокху уммат юкъара стаг гIаттор ву, умматан дин цунна дендеш хир волу». Цу хьадисан маьIна деш Iелам-нехан тайп-тайпана дешнаш ду, цу хьадисаца богIуш болу Iелам-нах билгалбахарехь. Делахь а, массо Iелам-нехан барт хилла хIума ду, хьалхарчу бIе шеран дин дендархо Имам Iумар бин Iабдул-Iазиз хилар, шолгIачу бIе шеран дин дендархо Имам ШафиIий хилар, пхоьалгIачу бIе шеран дин дендархо Имам ГIазали хилар – Дала Шен къинхетам бойла церах массерах.[17] Иштта йоккхачу меттигца лерина иза Бусалба динан Iелам-наха. Иза цара иштта лараран бахьана цуьнан догцIеналла а ю, ихлас а ду, цо хьегна къа а ду. Имам ГIазалис хьегна къа дийца дуьйладалале хьалха довзийта деза цуьнан заманахь Бусалба динан хилла хьал а, Бусалба Умматан хилла хьал а. Имам ГIазали – Дала къинхетам бойла цунах – ваьхначу хенахь бусалба нехан дика хьал ца хилла. Галдаьлла хилла пачхьалкхан даьхнин хьал а, юкъараллин хьал а, паччахьийн хьал а, бусалба дин лелоран хьал а. Масала, нахана тIейожийна хилла хьакъ доцуш йоккхуш йолу ясакх. Мисрехь хилла болчу шииташа дIасабаха буьтуш ца хилла хьаьжой, шаьш аьлла болу мах дIа ца белча. Паччахьийн даьхни совдаьлла хилла, кхидолу адамаш мацалла а хIуттий леш хилла. Шина паччахьана юкъахь дов даьлча, вовший талораш деш хилла, эскарша нехан даьхни схьадохуш хилла, цIенош а, туьканаш а кара ерзош хилла. Махлелорхой а харцахьа лелабоьвлла, шайга хаттар дан стаг воций а хууш, цундела цара шайна луъучу хенахь мах тIетухуш хилла, шайна луъучу хенахь нахана коьрта оьшуш долу даар духкучара сацош хилла. И бахьана долуш цхьацца меттигашкахь хан йогIуш хилла цхьаьна наьрса мах цхьа деши динар болуш, цхьа гирда деман мах кхо бIе деши динар болуш. Адамаш иштта халонехь дохкучу хенахь, цхьаболчу паччахьашна кхечу мехкашкара Iежаш-кхораш дохьуш хилла, ша юкъа а дохкий. Масала, церах цхьаьнне «пхи бIе гIулкхчо стаг а хилла, пхи бIе гIулкхчо зуда а хилла, хIораннах пхи эзар деши динар а луш оьцуш вуно дукха эшарш-лекхархой хилла. Ша нахаца охьахуучу хенахь цо схьайоуьйтуш хилла пхьегIаш а, самукъа доккху гIирсаш а, ши бIе эзар деши динар мах хир болуш йолу».[18] Паччахьан йоI маре йоьдучу хенахь, бIеннашкахь говраш а, эмкалш а цхьаьна йолуш йоьдуш хилла, хIора говрана а, эмкална а тIехь дашо а, дато а горгалиш а, духарш а долуш. Паччахьех дIатарбала гIерташ галбоьвлла хилла цхьаболу къеданаш а, кхелахой а, пачхьалкхан белхалой а, харц даьхни гулдеш, нахера ахчанаш дохуш, чилланан кузаш а, эшарийн гIирсаш а оьцуш. Ткъа юкъара адамашна тIе мацаллаш хIуьттуш хилла, даарийн мехаш хьаладовлар бахьана долуш. Цхьана юкъахь, Мисрехь цхьа хан еана, новкъа йоьдуш йолу зуда ен а йоьй, тIаккха иза йара а йорий, цуьнан жижиг дууш. И хIума дан ца лууш болчара, ораматаш дууш хилла, кхин яа хIума йоцуш. Иракехь а, Iаьрбойн гIайре тIехь а Iаьржа ун даьржина хилла 440 хI. шарахь – Имам ГIазали дуьнена чу валале итт шо хьалха – и бахьана долуш кхо бIе эзар адам делла цигахь, цкъа докъа-ламаз дечу хенахь диъ бIе дакъа хьалха а дуьллий ламаз деш хилла. 470 хI. шарахь – Имам ГIазали вина ткъа шо даьлчи – дукха цамгарш яьржина Иракан йистошкахь а, Шеман махкахь а. 511 хI. шарахь юха а мехаш хьаладоьвлла хилла, даар жимделла хилла, дукха адамаш мацалла делла хилла, адамаша кхин дан хIума доцуш жIаьлеш дууш хилла.[19] И хIумнаш бахьана долуш дукхах долчу адамийн ойланаш шайн са кIелхьарадаккхар а, шаьш дузор а, шайн дегIан марзонаш кхочуш йар а бен ца хилла. ГIиллакхаш галдаьхна хилла цу халонаша, адамаш харцахьа доьвлла хилла, «диканиг а ца доьвзаш, вониг а ца доьвзаш». Маларш мийлар а, зинаш дар а даьржина хилла адамашна юкъахь, цундела совдоьвлла кхелахошна а, къеданашна а тIехкхоьхьуш хилла долу аьрзнаш.[20] 486 хI. шарахь Малик-шахI паччахь кхелхинчул тIаьхьа, цуьнан кIенташна юкъахь къовсам болабелла. И бахьана долуш, масех шо хьалха цхьаъ хилла йолу бусалба пачхьалкхе пхеа декъе екъаелла, кIенташа вовший паччахьалла къуьйсуш. Цул тIаьхьа кхин а масийтта «пачхьалкхе» кхоллаелла оцу пхеа пачхьалкха чохь. Халиф цIе йолуш стаг цхьана цIарна бен кхин пайда боцуш хилла, хIунда аьлча берриг ницкъ кегийчу паччахьашкаш болу дела, цундела цара къуьйсуш дерг «Халифан везираш» хилар хилла. Церан вовшашна юкъахь болу къовсам хилла ца Iаш, хIетахь Мисрехь хилла йолчу шиитийн пачхьалкхаца а къовсам болабелла церан. ХIокху агIор Суннатан пачхьалкх а, вукху агIор Шиитийн пачхьалкх а хилла нехан хьекъалш а, латтанаш а къуьйсуш. 450 хI. шарахь Басáсúрийс доьхьал а ваьлла, Халиф шен Iарш тIера дIаваьккхина, Багдад Шиитийн пачхьалкх ю аьлла дIакхайкхийна, делахь а лакхара охьабаьхкинчу Сельджукаша юхаерзийна цаьргара Багдад. «Къайлахой» хилла цу хенахь шаьш Шииташ бу бохуш и питанаш кегош, шайга вен лург вуьйш, ца вен лучунна дуьхьал питанаш гIиттош. ЖаIарш-лелорхой Шема-махка а, Палестине а тIелеттачу хенахь, цхьана юкъана уьш церан кера яханчу хенахь, оцу «къайлахоша» цаьрга гIо доьхуш хилла, Суннатан охIлунна доьхьал тIом бархьама. Иштта хала а, чолхе а зама хилла Имам ГIазали дуьненчу ваьлла хан, иза ваьхна хан. Пайхамаран верас ша хиларе терра, Имам ГIазалина тIедоьжна хилла и хьал шега нислуччу агIор нисдан хьажар, бусалба нехан дегнаш айдан хьажар, Делах тешар а, Делах кхерар а, Дела везар а церан дегнаш чохь дендар. Дикка хан яьккхина Имам ГIазалис нахана юкъахь, Iилма а Iамош, тIаккха иза дIа а хьоьхуш. Делахь а, муьлхха агIо лехча а, синпаргIато карош ца хилла цунна. Ша шена синпаргIато карош а ца хилла цунна, йа ша нисдан гIертош долу хьал нислуш гуш а ца хилла цунна. Цу гIулкха тIехь ойла йаро халоне вожийна хилла иза, хьере вина хилла иза. Цунна тIе цхьа хан еана, юучу яахIуманан къурд ца балуш, йа хин къурд а ца балуш. ТIаьххьара, Дала Шен нур делла Имам ГIазалин дегна, и бахьана долуш метта ван волавелла иза, дог паргIат дала доладелла цуьнан. ТIаккха цо шена хьалха Iалашо хIоттийна: сан хьал а, бусалба нехан хьал а галдаьлла ду, лар тIехь дац, цундела ас и хьал галдаларан бахьанаш лаха деза! Иштта ойла а йолуш, Имам ГIазали нахана юкъара схьаваьлла. Вай лакхахь ма-аллара, цкъа доьххьара ша-шена тIехь болх бан волавелла иза, ша нисван волавелла иза, шен са туо дан волавелла иза, ша лелийнчунна тIехь а, шен некъа тIехь а керла ойла йан волавелла иза. Иштта и болх беш – ша нисвеш, шен са нисдеш, туо деш – масийтта шо хан яьлла цуьнан. Цунна доьвзина шайгахь болчу баланан бахьанаш а, уьш нисдаран некъаш а. Цкъа нахана юкъара схьа а ваьлла, шена тIехь болх а бина, тIаккха юха а нахана юкъаваьлла иза. Имам ГIазалис шена хIиттийна йолу бакъонаш, хьал нисдеш цо лаьцна болу некъ иштта хилла: Хьалхара бакъо: Бусалба уммат хIокху дуьнена тIехь хиларан коьрта бахьана – массо Iаламе Бусалба дин дIакхачор ду. Ткъа Бусалба наха Дала шайна тIедожийна долу и гIуллакх Iад дитар бахьана долуш, хIокху дуьнена тIехь бохамаш а, питанаш а даьржина. Ткъа, бусалба нах а, кхиберш а, и бохамаш а, питанаш а бахьана долуш хIаллакьхила буьйлабелла. ШолгIа бакъо: Бусалба наха Бусалба дин нахе дIакхачо дезаш хилча, бусалба нах иза дIа ца кхачош хевшина Iаш хилча, билгалдаха деза уьш хевшина Iаран бахьанаш, Дала шайна тIедиллинарг цара кхочуш ца даран бахьанаш. Бусалба нахана юкъара кхачамбацарш билгалдаха деза. КхоалгIа бакъо: И бахьанаш билгалдаха дезаш хилча, уьш билгалдахаран коьрта Iалашо уьш довза а доьвзина, уьш талла а теллина, тIаккха царна дарба лахар хила деза. Ма-дарра и бахьанаш довза а доьвзина, тIаккха уьш нисдаран агIонаш каро еза, дарбанаш каро деза, вовшийн цIераш а етташ, вовшийн бехкаш а дохуш Iадда а ца Iаш.[21] Имам ГIазалис, Уммат дендарехь шена хьалха хIоттийна болу некъ иштта хилар бахьана долуш, цуьнан жайнаш юкъахь коьрта кхо хIума кара до вайна: 1 – Арахьарчу мостагIца тIом бар ца кхийкхадо цо, йа цара лелош йолу къизаллаш а ца хьеха йо цо, йа коьрта Iалашо арахьара мостагI хила веза а ца олу цо. 2 – Дукхах долу хаттарш бусалба нахана юкъахь хуьлу цуьнан. Бехк арара схьабеана ца лору цо, бехк ша шен лору цо, бусалба нехан шайн лору цо, хIунда аьлча и арара тIебеана болу бала чоьхьара гIийлалла бахьана долуш болу дела, ткъа бусалба нах гIийла ца хиллехьара, царна юкъахь «цамгарш» ца хиллехьара, Дала шайна тIедиллинарг цара чекхдоккхуш хиллехьара и арара бала царна тIехь сецна хилла хир бацара. 3 – Цо уггар хьалха юьхьара лаьцнарг – кхетамаш нисбар ду, хьекъалш нисдар ду, синош нисдар ду. Политикан агIонна тIера а ца волавелла иза, йа герзаца йолчу агIонна тIера а ца волавелла иза. Цо иштта агIо лаьцна хилла, шена шен шина бIаьргаца гина долу дела, политкин агIонца дIадолийна долу нисдар хилла пайда боцуш дIа муха дайна. Ткъа Имам ГIазалис иштта дIадолор, Бусалба динан баххех уггар коьрта бух бу, Къуръано бовзийтина, Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – шена тIехь чекхбаьккхина бух бу. Лекха хинволчу АллахIа аьлла: ﴾Бакъдолуш, АллахIа ца хуьйцу цхьана адамийн хьал, цара шаьш шайн синошца дерг хийццалц﴿.[22] Имам ГIазалис доьххьара цкъа шена тIера дIадолийна нисдаран гIуллакх, цкъа ша нисвина цо, тIаккха кхечарна хьехар а дина цо.[23] Имам ГIазалис Бусалба дин а, бусалба уммат а дендеш бина болу болх чулацаме гулбало хIокху агIонаш юкъахь: Хьалхара агIо: Грекийн философи Iамийна цо, шен тидамечу хьекъалца, тIаккха иза шен бухера дуьйна харц хилар гайтина цо. Цу балхехь цо хьегна къа гойту цо яздинчу шина жайно: «Макъосидул ФаласифахI» а, «ТахIафутул ФаласифахI» а. Философин Бусалба динца юкъаметтиг дIайолайалар дукха хьалха хилла, хIижратан шолгIа бIе шо доладелча дуьйна. Бусалба пачхьалкхе – хилафат – хIетахь чIогIа хилла, онда хилла, пачхьалкха чохь тIемаш ца хилла, беш болу тIом а пачхьалкхан коьрта шахьаршна геннахь хилла, дахаран гIуллакх хIора денна кхуьуш хилла. Цуьнца цхьаьне кхуьуш хилла Iилма а. Бусалба дин Iилманан дин хиларе терра, Iилма Iамор цуьнан коьрта баххех хиларе терра, бусалба нах а хилла Iилма дезаш. Бусалба динан Iилманаш Iамийна ца Iаш, дукха-дукха хьалхалерчу Iилманчийн жайнаш латинийн маттара а, грекийн маттара а, иштта кхечу меттанашкара а гочдан долийна бусалба наха. Бусалба нехан паччахьо – халифо – шен кера лаьцна хилла Iилманан гIуллакхаш. ХIора жайнина дукха ахча а, кхидолу даьхни а луш хилла цо, массо меттера жайнаш оьцуш хилла цо. Иштта кхолладелла шен заманахь уггар доккха хилла долу Багдадера жайницIа. Цара хIетахь гочдеш долчу жайнаш юкъахь Сократан а, Платонан а, Аристотелан а, иштта церал хьалха хиллачеран а, тIаьхьа хиллачеран а жайнаш хилла. Ткъа вайна ма-хаъара, уьш бусалба нах ца хилла. Цу философех цхьаберш делацахиларан кхетамаш болуш хилла, цхьаберш Делах тешаш хилла, делахь а шайн хьекъалшна Иза ма вовззара кхеташ хилла Цунах, пайхамаршкахула а, элчанашкахула а вевзина ца хилла царна Дела. Цундела, уьш галбоьвлла хилла масийтта меттигашкахь (Имам ГIазалис ма-аллара, ткъа меттехь). Ткъа церан жайнаш гочдича, бусалба наха церан меттанаш а Iамийча, бусалба нахана а девзина церан Iилманаш. Бусалба нахана юкъара а философаш боьвлла тIаккха, цу кхаа керста философийн санна кхетамаш а, Iилманан некъаш а долуш. ХIетахьлера «философи» бохучу дешан бусалба нахана юкъахь болу кхетам таханлераниг санна ца хилла. ХIетахь математика а, инженери а, логика а, астрономи а, политика а, гIиллакхийн Iилма а, Делах лаьцна долу Iилма а (метафизика) – цу ша-долчунах философи олуш хилла, Имам ГIазалис иза билгал ма-даккхара.[24] Ткъа дукхах болчу бусалба наха церан и физика а, логика а, астрономи а, инженери а нийса хилар шайна гича, дисина долу церан Iилманаш а дерриг нийса хила деза моьттуш, къаста а ца деш тIелоцуш хилла. И бахьана долуш, динан Iилманашкахь цаьргара дерриг хIума къаста ца деш тIелацар бахьана долуш, уьш Iамош болчу бусалба нехан кхетамаш галбовла буьйлабелла. Цу философийн Iилманан коьрта гIирс хьекъал хилла, хаамийн бух а хьекъал хилла. Амма Бусалба дино хьекъал а, «вахьйу»[25] а цхьаьнатухуш ду. Дала «вахьйу» доссош хилла, хьекъал цунах кхеташ хилла, хьекъал тIаьхьа ца кхуьуш дерг духа а ца тухуш къобал деш хилла, цунах тешаш а хилла. Эццахь гал-морзах баьлла хаамийн ши некъ, Iилманийн ши некъ. Цхьа некъ берриг хьекъална тIебоьгIна хилла, важа Делера схьа хоьуьйтуш долчунна а, хьекъална а тIебоьгIна хилла. ШолгIачу некъахь, Делера схьа болу хаам а, хьекъало луш берг а цхьана ца беъча (тIехула дIа хьаьжча цхьадолу хIума иштта хетадала тарло, делахь а, Бусалба динехь хьекъалца догIуш доцуш хIумма а дац), Делера схьа берг хьалха боккхуш хилла, хьекъал цунах ца кхетара аьлла иза дIа а ца тоттуш, хIунда аьлча адамийн хьекъал кхачаме доцу дела, хьекъална массо хIума довзалур доцу дела, массо хIуманан духе хьекъал кхуьур доцу дела, иштта боккха ницкъ хьекъална белла боцу дела. Хьалхарчу некъах Iаткъам хилар бахьана долуш кхоллаелла «муIтазилахI» цIе йолу тоба. Иштта кхоллаелла и санна йолу кхийолу тобанаш а. «ТахIафутул ФаласифахI» жайни тIехь Имам ГIазалис – Дала къинхетам бойла цунах – билгалдоккху философийн коьрта баххаш вовший цхьаьнадогIуш ца хилар, уьш гал-морзах хилар. Философашна юкъахь хIетахь коьрта лоруш верг Аристотель хилла, цуьнан жайнаш Iаьрбийн матте а дохуш, маьIна дина хилла шина бусалба стага: Алфáрóбийс а, Ибн Сúнáс а. Ткъа Имам ГIазалис цу шимма яздинчунна тIе а доьгIна, цара дуьйцуш долу хьекъалан коьрта баххаш вовший галморзах хилар а, бусалба динан цхьадолчу баххашца церан цхьадолу хьекъалан баххаш цхьаьна догIуш ца хилар а гайтина цу жайни тIехь. Цо и болх бар бахьана долуш нехан дегнаш чура Философи боху дош деза хетар дIадаьлла, иза лара езачул а совнаха ларар дIадаьлла, цу юкъара харц дерг бусалба нахана доьвзина, философи Делера охьадоьссина долу бакъдерг санна хетар дIадаьлла. Имам ГIазалис иштта бинчу цу балхо цхьана бусалба нахана юкъахь Iаткъам бина ца Iаш, хIетахьлерачу Европина а боккха Iаткъам бина. Цо философина иштта дуьхьало ярца Европехь дIаболабелла бакъболу Iилманан таллам.[26] ШолгIа агIо: Бусалба динан кхетамаш а, цуьнан коьрта баххаш а Имам ГIазалис хьекъалан маттаца дIадовзийтина, хьекъалан Iилманийн агIор уьш нийса хилар гайтина, тIейогIучу хенахь цхьанна цу кхетамашна хьекъалан агIор йан духьало ца юьтуш. Кхин а цо довзийтина ШарIо хIиттийначу хьукманийн а, Iибадатийн а бахьанаш, хьекъале церан тидар, уьш цхьацца агIор пайданаш болуш хилар. Оцу цо бинчу балхо нахана Бусалба динах лаьцна нийса кхетам белла, цо церан дегнаш чу хIуьттуш хилла шеконаш дIаяьхна, Бусалба дин хьекъалан бустаме диллича чекх ца дала мега аьлла йолу.[27] Цу белхан цхьа масала ду Имам ГIазалис шен «Алмункъизу минаддолал» цIе йолчу жайни тIехь седарчийн Iилманчашка деш долу хабар. КхоалгIа агIо: Бусалба нахана юкъахь хIетахь хилла йолу ерриг тобанаш теллина цо, кIоргге Iамийна цо церан аларш, кхетамаш, баххаш. ТIаккха бакъонца – далилаца – билгалдаьккхина цо бусалба стаг бусалба волчура валаран бакъонаш а, муьлхачу гIуллакхо стаг бусалба волчура воккху а. Кхин а цо билгалбаьхна Бусалба динан коьрта кхетамаш, арахьара царна юкъадеънарг цу юкъара доций а гойтуш. Имам ГIазалис бинчу цу Iилманан балхо шор дина нехан хIума гар а, цунах кхетам хилар а. Вовшийн керстаналлаш деш, чучча гIерташ йолчу тобанийн карара коьрта герз дожийна цо,[28] и бахьана долуш бусалба нахана юкъара дукха питанаш дIаайделла. Цу агIор Имам ГIазалис бинчу уггар ларамечу белхах ду цуьнан «ФайсалуттафрикъахI байнал ислами ваззандакъахI» цIе йолу жайна. ЙоьалгIа агIо: Адамашкахь болу динан кхетам керлабаьккхина цо, даг чохь хаалуш хийцам а боцуш дин леладо бохуш берш и дин довза ма-дезза доьвзаш ца хилар гайтина цо. Элира-бахара бохучунна тIаьхьабозучарна чIогIа дуьхьало йина цо, нехан тIалам Къуръане а, Суннате а берзийна цо, Iелам-нахе иджтихIад дайтаран агIонаш нисйан гIерташ къахьегна цо. Шен заман чохь хилла йолчу хIора тобанан харцо а, гIийло а гучуяьккхина цо, уьш шайна юкъахь хийцамаш баре кхайкхина цо.[29] ПхоьалгIа агIо: Хьехаран низам дикчу агIор хийцина цо. ХIетахьлерачу хьехаран низамана юкъахь доккха ши гIалат хилла, хила деза жамIаш цу низамца ца хуьлуьйтуш долу. Цу шиннах хьалхарниг – динан Iилманаш дуьненан Iилманех дIакъастийна хилла. Дуьненан Iилманаш динах дIакъасторо дин дуьненах дIакъасто тарло, ткъа, дин дуьненах къастор Бусалба динца цхьанне агIор а догIуш дац. Цу шиннах шолгIа хIума – бусалба динан Iилманаш ду аьлла юкъадаьхкина Iилманаш хилла хьехаран низамехь, уьш ца Iамийча бусалба динан Iилманаш кхочуш доцуш санна а хеташ. И санна долу Iилманаш бусалба динан Iилманаш ца хилла, уьш ца Iамийча галдолуш хIумма а ца хилла. И санна долу Iилманаш бахьанаш долуш бусалба нахана юкъахь тобаналла чIагIделла, вовшашца къийсам алсамбаьлла, бакъонах генабовлар совдаьлла. Имам ГIазалис и ший а хIума хадийна, керла хьехаран низам юкъадаьккхина. Цкъа доьххьара дуккха а нах дуьхьал хилла цо хьехаран низамехь бинчу хийцамашна, делахь а, иза дуьнена чура дIа а валале массара а тIелаьцна цара и низам нийса хилар, пайда алсам болу низам хилар. Цул тIаьхьа хIоттийна долу бусалба хьехаран низам дерриг Имам ГIазалис болийначу белхан бух тIехь дIахIуттуш хилла.[30] ЯлхолгIа агIо: Массо кепара долчу адамийн гIиллакхаш кIорггера теллина цо, тIаккха церах Бусалба динца догIуш дерг билгал а дина, Бусалба динан гIиллакхийн кхетам хIоттийна цо. Шена гонахьарчу массо нехан – Iелам-нехан а, хьаькамийн а, паччахьийн а, кхечу нехан а – гIиллакхаш талла аьтту хилла Имам ГIазалин, массаьрца иза ваьхна хилар бахьана долуш. Цул совнаха, дукха дIасалелла а хилла иза. Цундела цунна гина ша юкъахь Iаш волчу юкъараллин вон гIиллакхаш а, дика гIиллакхаш а. ТIаьххьара а, и шен талламан жамI цо гулдина шен «Ихьйау Iулумиддин» жайни тIехь: тайп-тайпана долчу массо адамийн вон гIиллакхаш дуьйцу цо, церан бахьанаш а дуьйцу цо, уьш муха нисдан деза а дуьйцу цо.[31] ВорхIолгIа агIо: Шен заманахь хилла долу паччахьаллин низаман харцонашна дуьхьало йина цо, йоккхачу майраллица. Ша валлалц паччахьашка кехаташ яздеш, дIаолуш Iийна иза, дикчу агIор хийцамаш бан безаш хилар, зулам а, харцонаш а цара шайх дIакъасто езаш хилар. Адамашна юкъахь майралла гIаттийна цо зуламана дуьхьало йайта, кхера а ца кхоьруш харцонна хийцам байта. Масала, «Ихьйау Iулумиддин» тIехь бах цо: «ХIокху заманара паччахьийн дерриг даьхни, йа дукхах долу даьхни хьарам даьхни ду». Кхечу меттехь а бах цо: «Оцу паччахьашна шен юьхь гайта ца еза бусалба стага, йа церан юьхь ган а ца еза цунна. Церан зулам цадезар важиб ду цунна тIехь, уьш цу паччахьаллехь бисар ца дезар а важиб ду цунна тIехь. Церан гIуллакхех а, церан хьолех а воьзна хила ца веза бусалба стаг, церах шайх дIакъаьстина ца Iаш, царна тIелелаш болчу нахах а дIакъаста веза иза».[32] Имам ГIазалин цхьа а жайна дац и паччахьийн харцонаш а, уьш галбовлар а, церан зулам доккха хилар а ца хьахош. Имам ГIазалис шен заманан хьал теллича, цунна хиъна, юкъараллин хьал галдаларан бахьана паччахьаш галбовлар хилар, ткъа паччахьаш галбовларан бахьана Iелам-нах галбовлар хилар. Цундела, тахана а дуккха а пачхьалкхашкахь Имам ГIазали ца везаран бахьана иза ду дукхачу хьолехь, хIунда аьлча иза паччахьийн зуламана-харцонна дуьхьал уггар воккха къийсамхо хилла волу дела. Имам ГIазалис Бусалба дин карладаккхарехь а, бусалба уммат дендарехь а хьегна долу къа а, цо бина болу белхаш хIара лакхахь берш хилла ца Iа. Цуьнан белхийн хIора балхах лаьцна къаьсттина талламаш бан мегар долуш а, беш болуш а даккхий белхаш дина цо. Цу хьокъехь бина талламаш а, яздина цхьадолу жайнаш а дезачунна карор ду хIокху сайта тIехь.
Имам ГIазалис бусалба боцучу нахана юкъахь бина Iаткъам Лакхахь хьахийна болу бусалба нахана юкъахь хийцамаш бина ца Iаш, Имам ГIазалис бинчу Iилманан белхаша а, жайнаша а яздина 50 шо а далале Iаткъам бина бусалба боцучу нахана юкъахь а. Цуьнан жайнийн доккха асар дисина Керста-Европина (христианашна) тIехь а, царначул кIоргге жуьгтийн динна тIехь а.[33] Грегорин терахьца 11-чу бIешарахь а, къаьсттина дукха 12-чу бIешарахь а Iарбийн маттара Iилманан жайнаш гчдан долийна латинийн матта. Хьесапан жайнаш а, астрономин а, химин а, лоьраллин а, филисофин а, динан а жайнаш гочдина хилла. Имам ГIзалин масийтта жайна а гочдина хилла латинийн матта, царна юкъахь къаьсташ хилла «Ихьйау Iулумиддин» а, «Макъосидул ФаласифахI» а, «ТахIафутул ФаласифахI» а, «Мúзáнул Iамал» а цIерш йолу жайнаш. Масийтта Европин баккхийчу ойланчашна Iаьрбийн мотт хууш а хилла, царна йоьвзина хилла Имам ГIазалин ойланаш цуьнан жайнаш тIера.[34] Латинан Iаламна Имам ГIазалис бина Iаткъам буьйцуш, Мануэль Алонсос цIе йоккху шовзткъе пхеа латинийн философийн а, динан Iилманчийн а, Имам ГIазалин дешанш дийцина болчу, цуьнан жайнашна тIетовжарш дина болчу.[35] Имам ГIазалин ойланийн а, кхетамийн а Iаткъам чIогIа дика къаьсташ бу Грегорин терахьца Юкъарчу заманан а, Керла заманан дуьххьаралерчу шерийн а философаша а, Iилманчаша а бинчу белхашкахь. Царна юкъахь уггар гIарабоьвлла хилла болу цхьаберш хIорш бу: Томас Аквинас (Thomas Aquinas 1225-1274), Данте (Dante 1265-1321), Давид ХIйум, Отрекуртера Николас (Nicholas of Autrecourt), Декарт (Descartes 1596-1650), Паскаль (Pascal).[36] Уггар чIогIа иза хаало Томас Аквинаса динчу яздаршкахь: «Макъосидул ФаласифахI» жайна 31-зза хаьахадо цо шен белхашкахь.[37] Цуьнан «Summa Theologiae» тIехь гуш бу Имам ГIазалин «Ихьйáу Iулýмиддúн» а, «КúмийассаIáдахI» а, «АррисалахI АлладуниййахI» а цIе йолчу жайнаш тIера кхетамаш.[38] Декарта динчу яздаршкахь а гуш ду чIогIа, Имам ГIазалин а, цуьнан яздарш а цхьатера хилар. Декарта шен Iилманан талламан некъ Имам ГIазалигара схьаэцца хилар гойту цуьнан шен жайницIа чохь, тIехь цо дина билгалдахарш а долуш карийначу латинийн матта даьккхина долчу Имам ГIазалин «Алмункъизу Минаддолал» жайно.[39] Паскала динчу яздаршкахь къаьсташ бу Имам ГIазалин Iаткъам, Данте цIе йолчу философо динчу белхашкахь а къаьсташ бу бусалба Iаткъам, Имам ГIазалигара а, МаIаррийгара а хилла болу.[40] Керста-Европин Iилманчашна бинарг санна Iаткъам бина Имам ГIазалис жуьгтийн Iилманчашна а. Юккъерачу заманан дуккха а жуьгтийн динан Iилманчаш Iаьрбийн мотт хууш хилла, цара гочдина Имам ГIазалин цхьадолу жайнаш Iибрин матта.[41] Имам ГIазалин «Мúзáнул Iамал» цIе йолу жайна дукха доьшуш хилла ду, Юккъерачу заманан жуьгташа. Масийтта гочдар дина хилла цунна, юкъара Къуръанан айаташ Товрат тIера аларшца хийца а хуьйцуш. Имам ГIазалигара Iаткъам хиллачу уггар гIарабоьвллачу жуьгтийн Iилманчех хилла Муса ибн Маймун (Iибрин маттахь: Моше бен Маймон, латинийн маттахь: Maimonides). Цуьнан Iаьрбийн маттахь дина долу яздар «Далáлáтул Хьáирúн» хIетахьлера жуьгтийн уггар коьрта долчу динан жайнех хилла.[42] Кхин а Имам ГIазалигара асар хиллачех бу жуьгтийн Iилманча ЙехIуда ХIалеви (Yehuda Halevi) а, Андалусера Раймонд Мартин (Raymond Martin of Spain) а.[43]
Имам ГIазалин жайнаш Имам ГIазали жайнаш дукха яздинчу Iелам-нахах хилла ву, Ибн Жарúр АттIабарий а, Ибн Аннакъúб а, Нававий а, Субкий а, СуйýтIий а, Ибнул Къаййим а санна болчу. Ша волчу хенахь доьвзаш хилла долчу дукхах долчу Iилманашкахь жайнаш яздина цо. Хьалхалерачу Iелам-наха цуьнан жайнаш дийцина цуьнан дахарх лаьцна яздинчу жайнаш тIехь. Масала, Имам Субкийс шен «ТIабакъóт АшшáфиIиййахI» жайни тIехь, шовзткъе иттанал сов цуьнан жайни цIе яьккхина. ГIарабоьвллачу нехан дахарш дуьйцуш яздинчу шен «Ал-АIлáм» жайни тIехь Заркалийс цуьнан ши бIе гергга жайна ду аьлла. Таханлера цхьаболчу Iилманан талламхоша къастийна жайнаш яздина, Имам ГIазалин жайнех лаьцна. Цу жайнех уггар диканиг Iабдуррахьман Албадавийс яздина долу, «Муаллафáтул ГIазалий» цIе йолу жайна лору. Цо цу тIехь юьйцу Имам ГIазалин жайнийн цIерш а, церах тахана зорба тоьхна дерш а, зорба стенгахь–хьан тоьхна а, зорба тохаза долчу жайнийн куьйгаяздарш дуьненан муьлха жайницIа чохь ду а, баккъалла а ГIазалис яздинарг муьлха ду а, цо яздина а доцуш, цуьнан ду олуш долу жайнаш муьлха ду а. Кхузахь ас хьахор дерш Имам ГIазалин уггар чIогIа гIарадоьвлла доьвзаш долу, зорба тоьхна долу жайнаш ду, муьлха жайна муьлха Iилмангахь яздина ду билгал а доккхуш. «Ихьйáу Iулýмиддúн». Массо нахана уггар дукха доьвзаш дерг а, Iелам-наха дукха хестийна а, дукха теллина а, дукха шена тIехь белхаш бина а долу Имам ГIазалин жайна «Ихьйáу Iулýмиддúн»[44] цIе йолу жайна ду. «Ихьйау Iулумиддин» - ши Iилма цхьаьнатухуш жайна ду: тIехула гуш йолчу меженийн Iамалийн Iилма а, къайлах йолчу деган Iамалийн Iилма а. И жайна «эхартан Iилма» дуьйцу жайна ду, хьекъалца доьзна долчу Iилманашна а, эхартан Iилманна а юкъахь йолу юкъаметтиг гучуйоккху жайна ду. Шен заманахь дуккха а наха и ши Iилма дIасакъастийна хилла дела яздина а ду Имам ГIазалис и жайна. Кхечу дешнашца аьлча, Iилма Iамалх дIакъасто мегар ца хилар гойту жайна ду иза, Iилма а, Iамал а ший цхьаьна хилча бен эхартахь декъал хир воций гойту жайна ду иза. Делаца лелош йолу юкъамметиг цIенчу даггара, баккъалла а лело езаш хилар гайтар Iалашо йолуш жайна ду иза. «Динан Iилманаш дендар» цIе йолу и жайна, шен хIора дакъа кхечу декъаца хадалур доцуш хоттаделла жайна ду. Цундела, цу жайнах юкъарчу чулацамца кхетархьама, цуьнан дерриг дакъошка хьажа веза, хIора дакъанах Имам ГIазалина лиънарг хIун ду а хьаьжна, тIаккха и дерриг цхьаьна а тоьхна кхета веза. Имам ГIазалис шен дахаран тIаьххьарчу хенахь яздина жайнаш чIогIа «довха» жайнаш ду. Къаьсттина «довха» дешнаш долу ду «Ихьйáъ Iулумиддúн». Шена пайда хила а лууш и жайна дешнарг дикчу агIор Iаткъам ца хуьлуш вуьсур вац. Ткъа иза иштта хиларх цецвала хIума дац – цо иза шен хаамаш бовзийта яздина жайна а дац, йа доьшуш волчунна цхьа керла хIума дIа а кхачийна иза Iадда вита яздина а дац, йа ша нахана юкъахь гIаравалийта яздина жайна а дац. Цо иза яздаран бахьана Iамал йайтар ду, галбоьвлларш нийсонна тIеберзор ду, дин лардар ду, диканиг де алар ду. «Суна иза (Имам ГIазали) хетало, шегахь болчу берриг ницкъаца нахе кхерам луш мохь хьоькхуш: жоьжахати, жоьжахати… бохуш».[45] И жайна – цуьнан цIе ешча гуш ма-хиллара – дуккха а Iилманаш чулоцуш жайна ду. Цу юкъахь цо дуьйцу, масала, кхетаман Iилманах дерг а, Iилма Iаморан некъах доьзна дерг а, Дела хьахорах лаьцна дерг а, йохка-эцарх а, зуда ялорх-йитарх а лаьцна дерг а, адамийн дегнийн Iилма а, дегнийн цамгарш йовзарх лаьцна дерг а, царна дарба муха дан деза а, Делах кхерарх а, тоба дарх а, догцIеналлех а, иштта кхин дIа а долчу Iилманех лаьцна дерг а. Имам ГIазалис шен и жайна деа декъе декъна: - Iибадатийн дакъа а; - Iадатийн дакъа а; - хIаллаквеш долчу хIуманийн дакъа а; - хIаллакьхиларх кIелхьара воккхуш долчу хIуманийн дакъа а. И хIора дакъа итт-итт жайна деш декъна цо, цундела шовзткъа дакъа хилла цунах. Имам ГIазалис шен и жайна «Iилманан жайна» цIе йолчу декъаца дIадолийна, Имам Бухарис шен «Сахьихь» цIе йолчу жайни тIехь аьллачуьнна тIе а тайна: «Iилма, олучу дашал а, дечу гIуллакхал а хьалха хила дезаран жайна».[46] Ибнул Мунúра – Дала къинхетам бойла цунах – аьлла: «Бухарис иштта аьлча, цунна лиънарг – олуш долу дош а, деш долу гIуллакх а нийса хиларан биллам Iилма хилар гайтар ду. Iилма хилча бен и шиъ тергал деш доций хаийтар ду…».[47] Имам ГIазалис и жайна яздеш лаьцна хилла некъ иштта бу: хIора дакъа ша дIадолош, хIора хаттар дийца ша волалуш, цо доьххьара даладо цу хаттарх доьзна долу Къуръан тIера айаташ, тIаккха Делан Элчанан – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – хьадисаш, тIаккха асхьабашкара схьа деана дерг, тIаккха церал тIаьхьа хиллачу дикчу нахера схьа деана дерг. И ша-дерг хьахийначул тIаьхьа, Имам ГIазали дIаволало цу хаттаран агIонаш йийца, шегахь дерг довзийта. Ша дуьйцучуьнах доьшуш верг гIолий кхетийтархьама, Имам ГIазалис дукха масалш даладо шена ала лууш долчу хIуманна. Адамана хаалуш доцу хIума дуьйцучу хенахь, адамана хаа а луш, цунна хьалха сурт а хIотталуш долчу хIуманца масалш дала до цо, цакхетаме генара маьIнаш кхетаме долчу куьце дерзош. Цуьнан и жайна чIогIа нийса къепе йолуш яздина ду, иштта дикчу къепехь яздина кхин жайна кIеззиг бен хир доцуш, цундела цу жайница болх бар а, цу тIехь оьшург лахар а чIогIа атта хуьлу.[48] Имам ГIазалис цу жайни тIехь – и санна долчу кхечу жайнашкахь санна – вуно дукха хьадисаш даладо. Цу хьадисаш юкъахь дуккха а заьIап а, кхоьллина а долу хьадисаш ду. Лакхахь хьахийна ма-дарра, Имам ГIазали хьадисан Iилма Iамо шен дахаран тIаьххьарчу хенахь бен ца волавелла, цундела цхьадолу йа заьIап долу, йа кхоьллина долу хьадисаш далийна цо шен жайнаш юкъахь. Цундела, иштта хьадисашна тIе а тевжина Имам ГIазалис доккхуш долу хьукм, цул тIаьхьа хиллачу Iелам-наха тидаме лоцуш дац. Цуьнан масал ду Имам Нававийс – Дала къинхетам бойла цунах – «СолáтуррогIóиб» цIе йолу ламаз бидIат ду аьлла духатохар, хIунда аьлча цу ламазах лаьцна даьхкина хьадисаш кхоьллина а, заьIап а долу дела. Шега цу ламазах лаьцна хаьттинчунна цо жоп ло иза бидIат ду оле, «Ихьйáъ Iулýмиддúн» тIехь иза хьахийна делахь а.[49] Иштта заьIапчу хьадисаца а, кхоьллинчу хьадисаца а доьзна долу кхидолу хIуманаш а, Iелам-наха терго ца еш Iадда дитина, билгал даккха дезарг билгал а доккхуш, нийса доцург нийса дац а олуш. Ткъа и хьадисаш цу жайни юкъахь хиларо цу жайнин мах лах бо, делахь а цуьнан меттиг ша-ерг йоха ца йо. Бакъдолуш, баккъалла а дика хир дара Имам ГIазалис иштта хьадисаш цу жайни юкъа ца дахийтинехьара, цу тIехь шеко яц. Делахь а, и жайна санна долчу кхечу жайнашкахь кхечу Iелам-нахана а цкъацкъа нислуш хилла хIуманаш ду уьш, хIунда аьлча гал ца волуш цхьа а стаг вац, кхачамалла цхьана АллахIаца бен а яц. Масала, Имам Ибнул Джавзийс а – Дала къинхетам бойла цунах – дукха нийса доцу хьадисаш далийна шен хьехаме жайнашкахь, «Заммул хIавá» тIехь санна. Ткъа Имам Ибнул Джавзий хьадисан Iилмангахь воккха Iелам-стаг хилла ву, «АлмавдýIáт» а, «АлIилалул МутанáхIийахI» а цIе йолу хьадис Iилмангахь яздина ши жайна а долуш, хIетте а шен хьехаме долчу жайнашкахь заьIап хьадисаш далийна цо. Имам ГIазалин и «Ихьйáъ Iулýмиддúн» жайна дац дина Имам Ибнул Джавзийс, «МинхIажул Къóсидúн» аьлла цIе а тоьхна, цу юкъара заьIап хаьдисаш а, кхоьллина хьадисаш а дIа а дохуш, тIаккха Имам Ибн Къудáмас кхин а дацдина иза, керлачу жайница, хIетте а, цу жайни тIехь а нисло тешаллийна далош заьIап хьадисаш. И шиъ воцучара а, кхечу баккхийчу Iелам-наха а далийна шайн цхьацца жайнашкахь заьIап хьадисаш, масала Ибнул Къаййима шен «ИгIóсатул-лахIафáн» жайни тIехь тешаллийна далийна заьIап хьадисаш а, кхоьллина хьадисаш а.[50] Ткъа хIара ши воккха Iелам-стаг хьадисан Iилма шаьшшингахь дукха хилла воллушехь, цаьршингара а нисделла иштта хIума, кхечаьргара а нисделла. Иштта и масалш далорца суна ала луург церах цхьаъ кхечул лакхаваккха гIертар дац – Дала ларвойла со ишттачух – делахь а, и хьадисаш бахьана долуш нахана хьалха Имам ГIазалин вон куц хIиттош болчарна бакъдерг довзийтар ду, Имам ГIазалих лаьцна а, йа цхьана кхечу Iелам-стагах лаьцна а вочу агIор мотт лебеш стаг велахь, цу стаге ладегIа ца дезий хьекъал долуш волчунна хаийтар ду. Цундела масал далош, маьIна гIолий кхетош хьуна хаийта бах ас: масала цу шина Iелам-стага и хьадисаш далийна аьлла цаьршинна луьйш карор бац хьуна, Имам ГIазалис и хьадисаш далийна бохуш цунна луьйш берш. Ткъа иза – хьуна ма-гарра – шалхо ю. Хьадисех лаьцна дерг дIадерзо лаьа суна, Имам Ибн Касúра – Дала къинхетам бойла цунах –«Ихьйаъ Iулýмиддúн» жайнах а, цу юкъара заьIап хьадисех а лаьцна аьллачу дешнашца: «Цу хенахь яздина цо шен «Ихьйáъ Iулýмиддúн» жайна. Иза чIогIа тамашийна (дика) жайна ду. ШариIатан дукха Iилманаш ду цу юкъахь. Тасаввуфах а, дегнийн Iамалех а лаьцна дика пайданаш а бу цу юкъахь. Делахь а, цу тIехь дукха заьIап а, кхоьллина а хьадисаш ду, хьанал-хьарам дуьйцучу кхечу жайнаш юкъахь хиларе терра. Ткъа гIиллакхаш а, Iамал йар а дуьйцуш, диканиг дойтуш, вониг ца дойтуш яздина долчу жайни юкъахь уьш хилар иштта доккха хIума дац, кхечу жайнаш юкъахь уьш хилар санна».[51] Дукха Iелам-наха хестийна и жайна, дукхамма а болх бина цу тIехь, йа цуьнан маьIна деш, йа иза дацдеш, йа цуьнан хьадисаш дийцина долу кхидолу жайнаш билгалдохуш. Масала, цуьнан хьадисаш дийцина долу жайнаш билгалдаьхна волчу хьадисан а, фикъхIан а Iелам-стага Хьáфиз АлIирóкъийс аьлла – Дала къинхетам бойла цунах –: «Бакъдолуш, и жайна хьанал-хьарам довзарехь бусалба динан уггар дезчу жайнех ду. Хьукманийн тIехуленаш а, хьекъалшна къайлах йолу къайленаш а цхьанатоьхна цо шена чохь. Хаттарш а, кегий агIонаш а йийцина ца Iийна иза, йа дукха генадаьлла, хIурда юкъе дIа а ца дахна иза… ТIехула йолчу Iамалийн Iилма а, къайлах йолчу (деган) Iамалийн Iилма а гулдина цо шена чохь. Церан маьIнаш кховдийна цо уггар дикчу меттигашкахь. Деза дешнаш нисдина цо, аттачу маттахь. Юккъара некъ лаьцна цо цу жайнахь, Iелас аьллачу дашна тIе а тайна – Дала юьхь сийлахь йойла цуьнан –: «ХIокху умматан уггар дика агIо – юккъара некъ бу, тIаьхьависнарг тIаьхьа а кхиош, тIехваьлларг юха а верзош болу».[52] И жайна хестийна болчу кхечу Iелам-нехан дешнаш ца даладо ас кхузахь, сайна уьш хьахо чIогIа луъушехь, даккхий пайданаш цаьрца доллушехь, церах уггар воккхачу Iелам-стага Хьафиз АлIирóкъийс аьллачуьнца тоам хиларга догдохуш. Цу жайнин маьIна динчерах ву, хьадисан а, фикъхIан а Iелам-стаг Имам Аззабúдий – Дала къинхетам бойла цунах –, цо яздина «Итхьáфус-сáдатил муттакъúн бишархьи ихьйáи Iулýмиддúн» цIе йолу жайна, 12-13 муьжалт юкъахь. И жайна дацдинчерах ву лакхахь хьахийна волу хьадисан а, фикъхIан а Iелам-стаг Имам Ибнул Джавзий – Дала къинхетам бойла цунах – цо дацдина иза «МинхIáжул Къóсидúн» цIе йолчу жайница. Кхин а масийтта маьIна дар а, дац дар а ду цуьнан. Усýлул ФикъхI Iилманан жайнаш: «Алмустасфá» - хIара жайна фикъхIан баххаш дуьйцу жайна ду. ФикъхI а, Усулул ФикъхI а ши Iилма Iамош волчунна и жайна ца доьвзаш хуьлийла яц. Цу Iилмангахь уггар коьрта долчу жайнаш юкъахь доккха жайна ду иза, «цу Iилманан жайнех цхьа бух бу иза».[53] Имам ГIазалин хьехархо хилла волчу Имамул Хьарамайн Алджувайнийн «АлбурхIáн» жайна а, хIара «Алмустасфá» жайна а оцу Iилманан беа баххех ши бух лоруш бу.[54] Имам ГIазалил тIаьхьа баьхкинчу Iелам-наха дукха пайда эцца а, цу тIера дукха хаттарш хьехийна а жайна ду иза. Цуьнан дозалла а, цуьнан меттиг а кхин а йовзало, иза Имам ГIазалис ша валале ши-кхо шо хьалха яздина хиларца, цу Iилманан баккхийчу Iелам-нехан некъ и бахьана долуш цу жайно шена чулаьцца хиларх. Кхин а цуьнан меттиг йовзало, Имам ГIазалис иза нисдина йолчу тамашийна къепе хьаьжча, шел хьалха цхьамма а иштта нийса нисйина йоцуш йолчу. Ткъа Усулул ФикъхI Iилманан жайнаш мел доьшучунна паргIат къаьсташ ду и жайна кхечу жайнех къастар а, цо цу Iилманна делла долу керла куц а, цо цу Iилманна хIоттийна болу бух а.[55] Цуьнан меттиг йовзуьйтуш масал дало мегар ду хIокху жайница а – тахана, Мединатехь йолчу Бусалба дин Iаморан Университетехь, ШариIатан факультетехь Усулул ФикъхI Iилмангахь мутаIеламаша Iамош дерг «Ровдотуннáзир» цIе йолу жайна ду, Имам Ибн Къудáмас – Дала къинхетам бойла цунах – «Алмустасфá» тIера схьаяздина долу, шена хийца деза аьлла хетарг шен Хьанбалий мазхIабца хийца а хийцина. «Алмустасфá» жайнина тоьхна долу уггар дика зорба, Мединатерчу Университетан ШариIатан факультетера хьехархочо Хьамзат ибн ЗухIайр Хьáфиза и жайна зорбанна кеч а дина тоьхна долу зорба ду. «Алманхýл» - хIара жайна Имам ГIазалис ша Имамул Хьарамайн Алджувайнийца доьшуш волуш яздина ду, цо дуьйцург нис а деш, цхьана къепе а дерзош. И цо яз а дина, шена гайтича аьлла хилла Имам Алджувайнийс: «Дийна воллушехь дIавоьлли-кх ахь со! Со валлалц собар дан ца мегара ахь?!» «Шифáул гIолúл» - хIара жайна Усулул ФикъхI Iилмангахь толлуш болчу фикъхIан цхьана бухах – «Къийáсах» – лаьцна ду. Хьамзат ибн ЗухIайр Хьáфиза ма-аллара, «иза оза а оьзна, цуьнан дозалла санна деши а делла эца мегар долуш ду иза».[56] ФикъхI Iилманан жайнаш: Имам ГIазалис ФикъхI Iилмангахь яздина жайнаш а, Усулул ФикъхIехь санна уггар коьрта баххаш лоруш ду. ШафиIийн мазхIабехь йолчу фикъхI жайнийн зIе юкъахь тIаьхьий-хьалхий кхо жайна Имам ГIазалис яздина ду. Цу хIумано гойту цуьнан оцу кхаэ жайнийн дозалла а, меттиг а. «АлбасúтI» - хIара жайна Имам ГIазалис шен хьехархочуьнан Имамул-Хьарамайн Алджувайнийн «НихIáйатул матIлаб» цIе йолу жайна дацдеш яздина ду. ХIокхул тIаьхьа догIур долу ши жайна санна гIара ца даьлла хIара, цхьацца хIетахьлерчу заманан бахьанашна. «АлвасúтI» - хIара жайна Имам ГIазалис, лакхахь вай хьахийна долу, шен «АлбасúтI» жайна дацдеш яздина ду. ХIара а, хIокухл хьалха дерг а, хIокхул тIаьхьа дерг а, хIара кхо жайна ШафиIийн мазхIабехь коьрта баххаш хиларал совнаха, хIокхуьнан а, хIокхул тIаьхьа долчуьнан а меттиг йовзало Имам Нававийс – Дала къинхетам бойла цунах – аьллчу дешнашца а, цо хIара жайна туодина хиларх а. Имам Нававийс аьлла – Дала къинхетам бойла цунах – шайн заманахь ШафиIийн мазхIаб довзуьйтуш долчу жайнашна юкъахь уггар коьрта жайнаш муьлхарш ду билгалдохуш: «…тIаккха, вайн мазхIабера жайнаш яздеш болчу Iелам-наха – Дела реза хуьлда царна массарна а, бусалба нехан массо Iелам-нахана а – дукха жайнаш яздина (фикъхI Iилмангахь) вай хьалха ма-аллара, церан яздаран некъаш тайп-тайпана а хилла вай хьалха ма-аллара. Цу жайнаш юкъара хьехарца а, тIехь болх барца а гIарадаьлла ши жайна: «АлмухIаззаб» а, «АлвасúтI» а. И ши жайна доккха-деза ши жайна ду, и шиъ сийлахьчу шина Iелам-стага яздина а ду: Абу Исхьáкъ ИбрóхIúм Ашшúрóзийс а, Абу Хьамид Мухьаммад ибн Мухьаммад АлгIазалийс а – Дела реза хуьлда цаьршинна –. Комаьрша волчу АллахIа аьтту бина вайн мазхIаберчу Iелам-нехан – Дала къинхетам бойла церах – цу шина жайни тIехь болх байта. Ткъа уьш цу шина жайни тIе ца бирзина и шиъ сийлахь хиларна а бен, цаьршинан пайда дукха боккха хиларна а бен, цу шина Имаман ниййат дика хиларна а бен. ДIаяханчу заманашкахь цу шина жайница хилла ду хьехархойн дарсаш а, билггал долчуьнга кхача лууш болчеран талламаш а, терго еш болчу дешархойн дагахь Iамор а».[57] Имам Нававийс и жайна дацдина шен «Аттанкъúхь» цIе йолчу жайница. «АлвасúтI» жайна зорба тоьхна ду. «Аттанкъúхь» жайнийна а зорба тоьхна, Мединатера Университетера ШариIатан факультетера хьехархочо Найиф АлIамрийс зорбанна иза кечдинчул тIаьхьа. «Алваджúз» - хIара жайна а Имам ГIазалис «АлваситI» дацдеш яздина ду. Лакхахь ас хьахийначул совнаха, хIокху жайнин меттиг йовзало, Имам РóфиIийс хIокху жайнин маьIна деш яздинчу нана-доккха жайница, «АлIазúз шархьул Ваджúз» цIе йолуш долчу. Имам РóфиIийс – Дала къинхетам бойла цунах – яздина шен и доккха жайна, хIокху «Алваджúз» жайнин маьIна деш. ХIинца юха-юха ца дийцича, кхин дийца ца оьшуш доккха жайна ду и Имам РóфиIийс яздинарг. Цу шинне а жайнин дозалла довзало, Имам Нававийс – Дала къинхетам бойла цунах – и «АлIазúз» жайна шен «Ровдатут-тIóлибúн» цIе йолчу жайница дацдина хиларца. Ткъа и ГIазалин а, Нававийн а ши жайна ШафиIиийн мазхIабехь уггар коьрта долчу жайнех ду, амма Имам РóфиIийн жайна «АлIазиз» диъ мазхIаб чулоцуш долу жайна ду.[58] Философех лаьцна жайнаш: «Макъóсидул ФалáсифахI» - хIара жайна Имам ГIазалис ша Багдадехь волчу хенахь яздина. Кху жайни тIехь цо нахана бовзийтина философийн лаамаш а, церан Iалашонаш а, цара Iамош хилларг а, цара толлуш хилла хаттарш а. «ТахIафутул фалáсифахI» - хIокху жайни тIехь Имам ГIазалис теллина философи, шен бухера дуьйна схьалаьцца. Философин коьрта баххаш дохийна цо хIокху жайни тIехь, цунна юкъахь Бусалба динан кхетамца догIуш доцург хIун ду а билгалдаьккхина цо, керстаналла дойтуш дерг хIун ду а, гIалат хуьлуьйтуш дерг хIун ду а, харц доцуш дерг хIун ду а билгалдина цо хIокху тIехь. «Михьаккунназар» - «МиIйáрул Iилм» - хIара ши жайна бусалба динца йогIуш йолу логика (диалектика) юьйцу ши жайна ду. Цаьршинна тIехь Имам ГIазалис кIорггера толлу логикан хаттарш, и Iамо луучунна деша а, Iамо а атта хилийта. Кхетамийн хаттарш дуьйцу жайнаш. «Файсалут-тафрикъахI байнал ислами ваззандакъахI» - хIара жайна Имам ГIазалис шега динчу хаттарна жоп луш яздина ду. Кху тIехь цо билгалдаьккхина, кхетаман хаттаршкахь галваьлча, стаг керста маца хуьлу, маца ца хуьлу. Цо масала далийна «муIтазилахI» цIе йолчу тобанца: уьш гал боьвлла белахь а, церан кхетам цхьадолчу хаттаршна тIехь нийса бацахь а, хIетте а уьш керста лоруш бац. Кхетаман хаттарш тIехь хилпалонаш хилла йолчу тобанашна а, Iелам-нахана а керста бу ала ца магар довзуьйту цо кху жайни тIехь. Цо билгалбоккху, цара динарг керстаналла лара мегар хиларан барам: нагахь санна цара шаьш олуш дерг Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлларг харцдеш, цунах ца тешаш, иза шайн дегнашца духа тухуш аьлла делахь, тIаккха церан галбовлар керстаналла лара мегар ду. Нагахь санна уьш Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлларг шайн дегнашца харц деш бацахь, уьш керста лара мегар дац, муххале а уьш бусалба нах хуьлу, нийсачу некъа тIера уьш галбовларна Дала Шена лаахь Iазап дийр ду царна, Шена ца лаахь дийр дац. Дела реза хилла Имам ГIазалина, бакъдолуш цо хIокху жайни тIехь санна и хаттар талла а теллина, кхечу Iелам-стага иштта цу хаттарна жоп делла гина дац суна. Дуккха а таханлерачу «Iакъидатан» тобанаша деша а дешна, пайда эца безаш жайна ду иза, делахь а, ша-шега бен ладугIуш воцучу стагна пайда бац-кх цхьанне хIуманах а. «Илджáмул Iавáм Iан Iилмил калáм» - хIокху жайни тIехь Имам ГIазалис – Дала къинхетам бойла цунах – кхоччуш тешаллаш а, баххаш а даладо Делан цIерех лаьцна къамелаш деш болчу нахана, массо адамашка церах лаьцна къамелаш деш болчу нахана, Делан сифатийн а, цIерийн а маьIнеш иштта ду, иштта дац бохуш массо адамашка дийца мегаш ца хиларна. Масала, Дала Шен цхьадолу кхоллар Шен куьйга кхоьллина аьлла хьадисехь деъча, и куьг бохучуьнан маьIна хIара ду, йа важа ду бохуш массо нахе дийца мегаш дац, йа Делан юьхь ю бохучуьнан маьIна хIара ду, йа важа ду бохуш массо адамашка церан маьIнаш (таъвил) дан а мегаш дац. Делах лаьцна долу хаттарш бусалба Iилма Iаморехь кIорге бахана боцучу нахана юкъахь хьехо а, дийца а мегаш ца хилар дуьйцу цо кху тIехь, хIунда аьлча и хаттарш адамашка хьехийча, цу хаттарша адамашка ца оьшу эрна ойланаш йойту дела, ткъа Делах лаьцна ойланаш йарца боккха кхерам бу, хIунда аьлча Дела ма-варра Ша Шена бен вовзалур волуш вац, вай хьекъалш а, йа Цо кхоьллинчу цхьанне хIуманан хьекъал а Дела ма-варра вовза ницкъ кхочуш дац. Цундела, Делах лаьцна ойланаш йан ваьлла стаг, шена хаа а ца хууш керстаналлийна чу вужур ву, Дела Цо кхоьллинчу цхьана хIуманах тарвина, йа Цо аьлла йолу Цуьнан сифаташ а, цIерш а харцйина. Цундела, Имам ГIазалис массо кепара масалш далош кхетаво ца кхеташ верг, делахь а, шечунна тIера вала ца лууш верг, ша бен нийсонна тIехь ца хеташ верг АллахIе бен нислур вац, бусалба динан Iелам-наха – пайхамарийн верасаша – цунна дан гIо а хир дац. Тахана и ГIазалис мегар дац бохуш долу хIума юьхьар лаьцна лелаш цхьа кегий-нах бу шина тобана юкъара, нехан хьекъалш а талхош, нахана юкъахь хедар боцу къастамаш а баржош, чекхдевр доцу питанаш а гIиттош. И ши жайна яздина Имам ГIазалис, стагна керста ву аларна а, Делах лаьцна хеттарш дарна а жоп луш, Делан Элчанан а – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – цуьнан асхьабийн а некъ бовзуьйтуш, бусалба умматна а, бусалба динна а цу шина хаттарца боккха кхерам буй а хууш. ХIорш доцург а кхин дукха жайнаш ду Имам ГIазалин – Дала къинхетам бойла цунах –. Кхузахь хьахийна дерш а, хIара ахь доьшур долу жайна а цуьнан жайнаш юкъахь уггар гIарадоьвлларш ду, уггар дукха нахана а, бусалба динна а пайда бинарш ду. Дела реза хуьлда цунна, цо хьегна долчу къина.
Имам ГIазалих а, цуьнан жайнех а, цо аьллачух а лаьцна яздина жайнаш. Ас доьххьара ма-аллара, Имам ГIазалих лаьцна яздина дукха жайнаш ду, цо аьллачу цхьадолчу дешнех лаьцна а масийтта жайна ду, цуьнан жайнаш тIехь маьIна деш яздина а дукха жайнаш ду. Кхузахь ас церан цхьадолчеран цIераш ялор ю. Бусалба динан Iелам-нах буьйцучу жайнашкахь а, бусалба динан терахь дуьйцучу жайнашкахь а массо Iелам-наха яздина Имам ГIазалих лаьцна, цхьаболчара дуккха, вукхара кIеззиг. Ишттачу жайнийн масала ду: «ТIабакъóтуш-шáфиIиййа», Имам Субкий; «Сийар аIлáмин-нубалáъ», Имам ЗахIабий; «Табйúну казибил муфтарú», Имам Ибн Iасáкир; «Албидáйату ваннихIáйахI», Имам Ибн Касúр; «Риджáлул фикри ваддаIвати фил ислам», Абул Хьасан Аннадавий; иштта д. кх. Имам ГIазалис аьллачу цхьацца дешнех лаьцна яздинчу жайнийн масала ду Имам СуйýтIийс яздина жайна, «Ташйúдул аркáн» цIе а йолуш. И санна кхин цхьаъ яздина Имам Субкийс а. Имам ГIазалин жайнех лаьцна жайна ду, «Муаллафáтул ГIазали» цIе йолуш, Iабдуррохьман Албадавийс яздина. Цо цу тIехь Iилманан таллам бина цуьнан жайнех лаьцна, цуьнан дерг а, доцург а билгал а доккхуш, хIоранне цIе а хьахош, цуьнан куьйгаяздарш долу меттигаш а хьахош. Имам ГIазалин дахарх лаьцна таханлерачу талламхоша а, Iелам-наха а яздина масийтта жайна. Церах ду: «Ал-Имам Ал-ГIазали», Солихь Ахьмад Ашшамий; «АлгIазали», Ашширбáсий; «Ал-Имамул ГIазалиййу байна мáдихьúхIи ва къóдихьúхI», Шейх Юсуф Ал-Къардавий. ХIара жайнаш а, Имам ГIазалин Iаьрбийн маттахь долу жайнаш а, ингалс маттахь а, францин маттахь а гочдина долу цуьнан жайнаш а, цу меттанашкахь цунах лаьцна яздина кхидолу жайнаш а, бина болу талламаш а, кхин дуккха а яздарш а хьуна карор ду хIокху сайта тIехь: www.ghazali.org
Имам ГIазалин цхьаболу хьехархой: Имамул-Хьарамайн Ал-Джувайни цуьнан уггар воккха хьехархо хилла, цуьнца Iамийна цо Iилманан коьрта баххаш; Ахьмад Аррóзакáний, Абу Аннаср Ал-ИсмáIúлий, Алфадл бин Iалий Алфáрмадий, Абу СахIл Алмирвазий, Мухьаммад бин Йахьйá Аззавзаний, Алхьáким Наср Алхьáкимий, IабдуллахI Алхавáрий, Шейх Наср бин ИбрóхIúм Алмакъдисий, иштта дI. кх.
Имам ГIазалис хьехна болу цхьаболу Iелам-нах: Цо хьехна нах чIогIа дукха хилла, цо ша ма-аллара, цхьа эзар сов дешархочунна хьехна цо, церах цхьаберш ша Имам ГIазали санна баккхий Iелам-нах хилла тIаьхьа. Церан масала ду: Имам Абу Бакр Ибнул Iарабий, Мáликийн мазхIабехь хилла а волуш, Бусалба Малхбузенан воккха Iелам-стаг; Имам Ибн Iакъúл, Хьанбалий мазхIабера.
Имам ГIазалис аьлла долу цхьадолу маьIне дешнаш. «Нагахь санна хьуна цхьа стаг гахь, Делан лайшца ойла дика йоцуш, нехан гIалатлонаш лоьхуш, церан кхачамбацарш лоьхуш, хьуна хаийла цуьнан къайле боьха хилар. Баккъалла а Делах тешаш волу стаг массо нахаца догцIена хир ву». «Уггар Iовдала стаг – ша уггар дика а, веза а хеташ верг ву. Уггар хьекъале стаг – уггар чIогIа шен сине хаттарш деш верг ву». «Дерриг ирс шеца долуш ву шен са керахь латта луш волу стаг. Ерриг дакъазалла шеца йолуш ву шен сино кераверзийна стаг». «Хьайн са ахь цхьадолчу мегаш долчу хIуманех духа ца тохахь, мегаш доцучу хIуманашна тIегIертар ду иза». «ШайтIанан мекарлонаш а, синойн цамгарш а ца йоьвзина волчу стеган дукхах долу Iибадат йайна хало ю: дуьне а ца хуьлу цунна, эхартахь а эшаме хуьлу иза». «Хьекъалан Iилманаш а, ШариIатан Iилманаш а цхьаьна ца догIу аьлла хетар а, царна юкъахь нийса юкъаметтиг яц аьлла хетар а, Iилманца бIаьрзе волчу стеган моттар ду; АллахIаца ларло вай цунах». «Iамал йоцу Iилма Iовдалалла ю, Iилма доцу Iамал йоцуш санна ю». «Ахь Iамал ца йахь мел хир бац хьуна». «Лаамашка а, Iалашонашка а хьаьжжина хуьлу ойланаш а, гIайгIанаш а». «ХIусам-ненаца хаза гIиллакх лелор иза вочу хIумнах ларйар хилла ца Iа, муххале а иза – цуьнгара хуьлучу вонна сатохар а, иза оьгIаз йахча цуьнца кIеда хилар а ду». «Дарбанаш тайп-тайпана ду, цамгаршка хьаьжжина. Мел дукха дарбанаш ду, цхьаболчарна дарба деш, вукхарна шайх зен хуьлуш». «Ихлáс (догцIена хилар) – иза хьан Iамалш ерриге лекха хинволчу Дела доьхьа хилар ду, наха хьой хестийча – паргIат а ца волуш, цара хьайна вониг аьлча – бен дIа а ца хеташ». «Хьуна хаийла: «рийаъ» – адамаша хьо вазварца дIадолалуш ду хьуна».[59]
Имам ГIазали кхалхар – Дала Шен къинхетам бойла цунах –. ХIижратан терахьца пхи бIе пхоьалгIачу шарахь (505), Джумáдал-áхирахI беттан дейттолгIачу дийнахь, оршотан дийнахь Имам ГIазалис хIара дуьне Iадда дуьту. Имам Ибнул Джавзийс – Дала къинхетам бойла цунах – дуьйцу, ГIазалин вешигара схьа, цуьнан валар муха хилла: «Оршотан де тIедеъча, Iуьйра хенахь, сан вешо Абу Хьамида ламаз а эцца, ламаз дира. Ша ваьллачул тIаьхьа цо элира: «Марчу кечдан деза ас сайна». ТIаккха шен марчу схьа а эцна, цунна барт а баьккхина, иза шен шина бIаьрга тIе а диллина, цо элира: «МуьтIахь ву со Паччахь волчу ваха». ТIаккха ша волччахь шен ши ког дIа а бахийтина, Къилбехьа вирзира иза. Цул тIаьхьа, малх хьалабалале велира иза».[60] Дала цуьнан са сийлахь а дойла, цIан а дойла, цуьнан синан къайле то а йойла.
ø ø ø
ХIокху дуьнена чохь цхьа а хIума дац даим хир долуш, йа хIара дуьне ша а дац лаьттар долуш. Адамаш дала а ле, керланаш дуьнена чу а довлу. Даим вехар волуш цхьа а вац вайх. Вай деллачул тIаьхьа вай динчу гIуллакхех вайна дуьссур дерг кхо хIума ду: тIаьхьа-тIаьхьа пайда оьцуш долу сагIа а, вай дуьтур долу пайдане Iилма а, доIа деш хир долу дика бер а.[61] Ткъа таханлера де тIекхаччалц Имам ГIазалис шен цIе йоккхуьйтуш дитинарг дуьненан даьхни а дац, дуьненан паччахьаллин дарж а дац. Цо дитинарг, къемат де кхаччалц шена а, нахана пайда бийр долу Iилма ду, вай массара а тидаме лаца дезаш долчу лаккхарчу масалех дуьзна шен дахар а ду. Дала къинхетам бойла-кх цунах, Дала Шен ялсаманехь уггар тоьлларш бошмаш лойла-кх цунна, хIара дуьне дерриг шена тIедирзича а шен са хьалха а даьккхина, бусалба дин а, бусалба уммат а тIаьхьа ца теттина-кх цо.
[1] ФакъúхI – фикъхI Iилма доьвзаш волу Iелам-стаг ву. [2] «Имам ГIазали», 20 агIо, Солихь Ахьмад Ашшáмú. [3] Iабдул-Малик бин IабдуллахI ибн Юсуф Ал-Джувайни – Дала къинхетам бойла цунах –, Имáмул-Хьарамайн (Маккара а, Мединатера а шина Хьарам-маьждиган имам), вина 419 хI. шарахь, Нúсáбýр-мехкан Джувайн шахьарехь (таханлера Иран). Багдадехь а, Маккахь а, Мединатехь а, деша а дешна, тIаккха шен махка юха а вирзина, даккхий жайнаш яздина цо. Шен хенахь Iелам-нехан хьалхара стаг хилла иза. ШафиIийн мазхIабехь хилла ву иза. Цуьнан жайнех ду: «НихIáйатул-матIлаб фú дирóйатил-мазхIаб» - зорба тоьхна ду, «АлбурхIáн» - зорба тохьна ду, «Атталхúсу фил-усýл» - Мединатера Бусалба динан университето зорба тоьхна, иштта кхин а дуккха. Кхелхина 478 хI/ш., Дала къинхетам бойла цунах. [4] «Имам ГIазали», 21 агIо, Солихь Ахьмад Ашшáмú. [5] «Алмустасфá», зорбанна кечдинчуьнан дешхьалхе, 16 агIо. [6] Низомул Мулк – Алхьасан бин Iалий бин Исхьакъ АттIýсий ву. Вина 485 хI/ш. «Вазúр» - таханлера премьер-министр – хилла иза. Жима волчу хенахь дуьйна Iилма Iамош хилла иза, дуккха а хьадис хезна цунна. Пачхьалкхан цхьацца белхаш деш хилла иза доьххьара, тIаккха Алб Арслáн цIе йолчу паччахьца юкъаметтиг кхоллаелла цуьнан, цо иза ша волчу Багдаде дIа а вигна, цигахь цунна гIо деш итт шарахь болх бина цо. Алб Арслан веллачул тIаьхьа, цуьнан кIант Малик-шахI хIоьттина, тIаккха дерриг гIуллакхаш Низáмул Мулке дирзина. Дикаллийца а, нийсонца а гIарваьлла хилла иза, шена хьехам бича ладугIуш хилла, Iелам-нехан лерам беш хилла. Доьххьара, пачхьалкхе мел ю университеташ йинарг иза ву, Iилманна чIогIа Iуналла деш хилла цо. Суннатана гIо деш хилла иза, ШафиIийн мазхIабехь а хилла иза. Ткъеитт шарахь вазир лаьттина иза. «БáтIинийс» - «къайлахочо» урс тоьхна вийна иза 485 хI/ш., НахIáванд уллохь. ИсфахIáнехь дIавоьллина иза – Дала къинхетам бойла цунах –. [7] «Алмункъиз минаддолáл», 41 агIо, Имам ГIазали. [8] «Макъóсидул ФалáсифахI» - «Философийн лаамаш» - и жайна цо яздаран бахьана, нахана и философи боху Iилма хIун ду довзийтар хилла. Цу жайни тIехь цо философина доьхьало яц еш. Цо цу тIехь дуьйцу философаша лелош долчу дешнийн маьIнаш а, цара таллам беш лохуш долу хIуманаш а. Шаьш философаша яздинчу жайнел а дика яздина цо и церан Iилма дуьйцу жайна. Нахана хIетахь и Iилма массеран а хьекъалш тIекхуьур доцу Iилма ду моьтташ хилла, иза дукха сов даздеш хилла цара, цундела Имам ГIазалис цкъа доьххьара иза массарна а довзуьйтуш хIара жайна яздина, тIаккха жимма хан яьлча «ТахIáфутул ФалáсифахI» - «Философаш галбовлар» цIе йолу жайна яздина. Хьажа: «Имам ГIазали», 80 агIо, Ашшáмий. [9] «АлбáтIиниййахI» (вайн маттара аьлча: «къайлахой») – иза бусалба динна юкъахь хьалххе гучуяьлла тоба ю. Делан Элчанан – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – охIлу а, цуьнан цIийна нах а, Iели а – Дела реза хуьлда цунна – веза шайна бохуш нахана иза а дуьйцуш, къайлах шайн дегнаш чохь бусалба дин дохо лууш бу цу тобанна юкъахь берш. Цара шайца цхьанатоьхна философин а, тасаввуфан а цхьацца кхетамаш. Царна «къайлахой» аларан бахьана цара Къуръанан айатийн а, Суннатера хьадисийн а тIехула массарна а доьвзаш долу маьIна хилла ца Iаш, къайлах маьIна а ду аьлла дела. Цара цхьа а айат ца дитина цуьнан цхьа «къайлах» долу галдаьккхина маьIна ца деш, иштта цхьа а хьадис а ца дитина. Ткъа и «къайлах» долу маьIна шайн Имамана Iелина – Дела реза хуьлда цунна – бен ца доьвза аьлла цара. Iела – Дела реза хуьлда цунна – дукха гена а, цIена а ву цара цунна тIехь кхуллуш долчу оцу хIуманех. Цара «къайлах» маьIнаш ду бохуш керла кхетамаш юкъабахар бахьана долуш, цара шайна тIера ламаз дар а, марха кхабар а, хьадж дар а дIадаьккхина, и ша-дерг «сонта нехан тIехула болу кхетам» бу аьлла, ткъа цу ламаз даран а, марха кхабаран а «къайлах» маьIна ду, и маьIна доьвзинчунна ламаз дар а, марха кхабар а тIехь дац аьлла. Иштта кхидолу хIумнаш галдаьхна цара, «къайлах» маьIна ду бохуш, цундела Iелам-наха уьш керста лерина. «Къайлахошна» юкъайогIу хIара тобанаш: КъарáмитIаш а, ИсмáIилийш а, Йазúдийш а, Нусайрийш а, Дурýзаш а, Ассасинаш а, Бáбиййунаш а, БахIáийш а, Къáдйáнийш а, иштта д.к. Хьажа: «АлмавсýIатул муйассарахI фил адйáни вал мазáхIиби вал ахьзáбил муIáсирохI», 2\981. [10] «Алмункъиз минаддолáл», 68 агIо, Имам ГIазали. [11] Уьзза жайна. [12] «Хезна» - бохург, кхузахь: Пайхамаре – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – хьалакхаччалц долчу иснадаца хIора хьадис кхечу Iелам-стагера схьа хазар. Имам ГIазалина хIетталц оцу кепара и ши жайна ца хезза бохург дац иза, хIунда аьлча и жайнаш яз а дина Iелам-наха лелош хилла, цу кепара уьш хазар ГIазали волчу заманахь биллам лоруш а ца хилла. [13] «Имам ГIазали», 167 агIо, Солихь Ахьмад Ашшáмú. [14] Уьзза жайна. Кхузахь билгалдаккха деза Хьадисан Iилма бохучуьнан маьIна. Хьадисан Iилма – иза и хьадис дийцинчу волчу хIора стеган хьал довзар ду, цо дийцина хьадис къобал деш ду йа дац хаар ду; хьадисан дешнаш кхоьллина ду йа баккъалла Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла ду хаар ду, заьIап дерг а, гIийла дерг а, доцург а къасто хаар ду. И ду хьадисан Iилма бохучуьнан доцца маьIна. [15] «Алмункъиз минаддолáл», 30 агIо, Имам ГIазали. [16] «Алмункъиз минаддолáл», зорбанна кечдинчу Махьмуд Бежун дешхьалхе, 7 агIо. [17] «Ал-Имамул ГIазалиййу байна мáдихьúхIи ва къóдихьúхI», 19 агIо, Шейх Юсуф Ал-Къардавий [18] «Албидайату ваннихIайахI», Ибн Касир, 12\87. [19] «Аннужум АззахIират», Ибн ТагIрú Бардий, 5\15-16. [20] «Албидайату ваннихIайахI», Ибн Касир, 12\105, 111. [21] «ХIаказа захIара жилу Солахьиддин», Мажид Iарсан Алкайланий, 99 агIо. [22] Сурат «АрроIд», 11 айат. [23] «ХIаказа захIара жилу Солахьиддин», Мажид Iарсан Алкайланий, 100 агIо. [24] «Ихьйáъ Iулýмиддúн», Имам ГIазали, 1/22. [25] «Вахьй» - Делера Цуьнан элчанашка а, пайхамаршка а богIуш болу хаамаш; Къуръан. [26] «Муджазу тарихи таждидиддин ва ихьйаихI», 68 агIо, Абул АIла Алмавдуди. [27] Уьзза жайна. [28] Уьзза жайна, 69 агIо. [29] Уьзза жайна. [30] Уьзза жайна, 70 агIо. [31] Уьзза жайна. [32] Уьзза жайна. [33] «Ал-ГIазали», 13 агIо, Набил Новфал; (ингалс маттахь) AL-GHAZALI, Nabil Nofal. [34] Уьзза жайна. [35] «Мухьаммад Ал-ГIазали», Мустафа Абу Свай; (ингалс маттахь) Muhammad al-Ghazali, Mustafa Abu Sway. [36] «Ал-ГIазали», 13 агIо, Набил Новфал; (ингалс маттахь) AL-GHAZALI, Nabil Nofal., «Ал-ГIазали, Абу Хьамид», Кожиро Накамура; (ингалс маттахь) AL-GHAZALI, ABU HAMID, Kojiro Nakamura. [37] Уьзза меттиг. [38] «Ал-ГIазали», 13 агIо, Набил Новфал; (ингалс маттахь) AL-GHAZALI, Nabil Nofal. [39] «Алмункъиз минаддолáл», зорбанна кечдинчу Махьмуд Бежун дешхьалхе, 24 агIо., «Ал-ГIазали», 13 агIо, Набил Новфал; (ингалс маттахь) AL-GHAZALI, Nabil Nofal. [40] «Ал-ГIазали», 13 агIо, Набил Новфал; (ингалс маттахь) AL-GHAZALI, Nabil Nofal. [41] Iибрин мотт – жуьгтийн меттан шина декъах цхьа дакъа ду, тахана цара дукха буьйцуш болу мотт а бу, церан динан жайнаш яздина болу мотт а бу. Иза а, Iаьрбийн мотт а Семитин меттанийн декъана юкъабогIуш бу. Жуьгтийн меттан шолгIа дакъа Идиш цIе йолуш бу, Европера жуьгташа буьйцуш бу. Цуьнан кхоллабалар немцойн маттаца доьзна ду олу меттан Iилманчаша. [42] «Ал-ГIазали», 13 агIо, Набил Новфал; (ингалс маттахь) AL-GHAZALI, Nabil Nofal. [43] «Ал-ГIазали, Абу Хьамид», Кожиро Накамура; (ингалс маттахь) AL-GHAZALI, ABU HAMID, Kojiro Nakamura. [44] «Динан Iилманаш дендар» - иштта хуьлу цуьнан нохчийн маттара цIе. [45] «Имам ГIазали», 155 агIо, Солихь Ахьмад Ашшáмú. [46] «Фатхьул Бáрú шархь Сахьихьил Бухари», 1/210. [47] «Фатхьул Бáрú шархь Сахьихьил Бухари», 1/211. [48] «Имам ГIазали», 149 агIо, Солихь Ахьмад Ашшáмú. [49] «Фатавал Имам Аннававий». [50] «Имам ГIазали», 168 агIо, Солихь Ахьмад Ашшáмú. [51] «Албидáйату ваннихIáйахI», 12/174. Кхузахь Имам Ибн Касúрана (Дала къинхетам бойла цунах) ала лууш дерг кхетаме хилийта, тIетоха деза: хьанал-хьарам хIума къасточу хенахь заьIап хьадисаца Iамал йан мегаш дац, йа цуьнца тешалла дан а мегаш дац, йа иза бух лара а мегаш дац, Iелам-наха билгал яьхначу меттигашкахь бен. Амма Iамалийн дозалла дуьйцучехь а, диканиг де олуш, вониг ма де олуш яздинчу жайнашкахь а, нахе Iамал йайтархьама яздинчу хьехаме жайнашкахь а заьIап хьадис дийца а, хьахо а мегаш ду, нагахь санна иза кхоьллина дацахь. Цундела бах Ибн Касúра – Дала къинхетам бойла цунах – Имам ГIазалис иштта хьадисаш далорна бехказло лохуш, хьанал-хьарам къасточу жайнашкахь кхечу Iелам-наха а нийса ду моьтташ далор нисделла заьIап хьадисаш, ткъа ГIазалин и дерриг жайна хьанал-хьарам дуьйцу жайна дац – цуьнан «АлвасúтI» а, «Алваджúз» а цIе йолу фикъхI жайнаш санна – муххале а, адамашка Iамал йайтархьама яздина дакъош совдовлуш жайна ду, цундела цу жайни юкъахь и хьадисаш хилар иштта доккха хIума дац. [52] «Имам ГIазали», 158 агIо, Солихь Ахьмад Ашшáмú. Хьафиз АлIирóкъийс иштта дина долу тешалла чIогIа доккха маIна долуш ду, хIунда аьлча цо и жайна доьххьара дуьйна чекхдаллалц дешна хилла, цуьнан хьадисаш дийцина жайнаш билгал а даьхна, дуккха а цуьнан хьадисашна хьукм а дина. Вуьшта аьлча, и жайна дерриг довза а доьвзина, хьадисан воккхачу Iелам-стага дина тешалла ду иза. [53] «Алмустасфá», зорбанна кечдинчу Хьамзат ибн ЗухIайр Хьáфизан дешхьалхе, 53 агIо. [54] «Мукъоддимат Ибн Халдýн», Ибн Халдýн, 455 агIо. [55] «Алмустасфá», зорбанна кечдинчу Хьамзат ибн ЗухIайр Хьáфизан дешхьалхе, 54-55 ши агIо. [56] «Алмустасфá», зорбанна кечдинчу Хьамзат ибн ЗухIайр Хьáфизан дешхьалхе, 51 агIо. [57] «АлмажмýI шархьул МухIаззаб», Имам Нававий, 1/3. [58] Цу жайнех лаьцна кIорггера хаа луург хьажа: «Алмадхал илá мазхIабил Имам АшшáфиIий», Акрам Юсуф Iумар Алкъавáсимий, 375 агIо. [59] И дерриг дешнаш ду: «Имам ГIазали», 48 агIо, Солихь Ахьмад Ашшáмú. [60] «Алмустасфá», зорбанна кечдинчуьнан дешхьалхе, 52 агIо. [61] И хьадис дийцина Бухарис а, «Ал-Адабул Муфрид» тIехь, Муслима а.
|