Дуьне Пайхамара доьхьа кхоьллина дуй?
Къинхетаме а, къинхетам беш а волчу АллахIан цIарца! Хастам бу АллахIана, Iаламийн а, адамийн а, малийкийн а, жинийн а эла волчу, уьш дерриге лелош волчу, хьекъале бахьанашна уьш кхоьллина волчу. АллахIера къинхетам а, хазчу хасторца хастор а, даржехь лакхаваккхар а, маршалла а хуьлда Цуьнан лай, Цуьнан элча а волчу Мухьаммадна, тIаккха цуьнан охIлунна а, цуьнан асхьабашна а, бекхаман де кхаччалц царна тIаьхьаваьзначунна а! Имам Ар-Ро́гIиб Ал-АсфахIа́нийс – Дала къинхетам бойла цунах – аьлла шен "Тафси́лун-Нашъатайн" жайни тIехь:
"ИттолгIа дакъа: Iалам кхолларах
лууш дерг адам хилар а,
Iаламах лууш дерг а, жима-жима кхуллуш иза кхолларх лууш дерг а адам кхолладалар (хилар) ду. Иштта, латта а, хи а хиларан Iалашо – церах орамат кхиар ю; орамат хиларан Iалашо – цунах дийнат хилар ю; дийнат хиларан Iалашо – цуьнца адамийн догIмаш лелар ю; адамийн догIмаш хиларан Iалашо – дистхуьлу синош цаьрца хилийтар ю. Ткъа (шайн догIмашца цхьаьна) дистхуьлу синош хиларан Iалашо – лекха АллахIан дин Цуьнан лаьтта тIехь лелор ю, иза лелоран хьакъ кхочуш дарца даим хир долчу ниIмате (ялсамане) кхачархьама. И маьIна гойтуш ду лекха хинволчу АллахIан дош: [Бакъдолуш, лаьтта тIехь Сайн дин латтор долу (адам) кхуллур ду Ас].[1] Лекха хинволчу АллахIа хIокху Iаламан дух (оьрсийн маттара "суть") адам дина, сийлахьаллийца Цо къастийнарг а ду иза. Лекха хинволчо аьлла: [Оха сийлахь дина А́даман бераш (цуьнан тIаьхьло, дерриге адамаш); лаьтта тIехь а, хIурда тIехь а леладо Оха уьш; дикачух рицкъа а делла Оха царна, дуккха а Тхешан кхолларшна тIехь даз а дина Оха уьш].[2] КхидIа долу массо хIума цунна (адамна) гIонна долуш санна хилийтина АллахIа, Шен комаьршалла юьйцуш хIокху Шен дашехь Цо ма-аллара: [Иза ву лаьтта тIехь дерг дерриге шуна кхоьллина верг].[3] Ткъа цуьнан дозалла дегIан ницкъаца дац, хIунда аьлча пийл а, эмкал а дегIан ницкъ цуьнчул алсам болуш ю. Оьмаран йохаллийца а дац цуьнан дозалла – аьрзу а, текхарг а цуьнчул еха оьмар йолуш ю. Тохар-лацар чIогIа хиларца а дац иза – лоьман а, цIоькъа-лоьман лацар цуьнчул чIогIа ду. Духар хаза хиларца а дац иза – тIа́вус а, акха котам а цул хаза духар долуш ю. Эвхьаза гIуллакх чIогIа хиларца а дац иза – вир а, хьоза а цул чIогIа ду цу балхехь. Деши а, дети а дукха хиларца а дац цуьнан дозалла – маьIданаш дохучу меттигашкахь а, лаьмнашкахь а алсам ду деши-дети. … Иза шех схьакхоьллина долу хIума бахьана долуш а дац цуьнан дозалла. Иблисана моьттина хилла и хIума ша деза хиларан бахьана ду. Дала хоуьйту вайна цо аьлла хилларг: [Ахь со цIарах кхоьллина, ткъа иза Ахь лаьттах кхоьллина].[4] (Уьш дерриге бахьанаш дац,) мелхо а, бакъдолу бахьана – иза АллахIа адам шеца къастийна долу хIума ду, иза Цо цунна чудиллина долу маьIна ду, Цо ша кхочушдайта адам хаьржина хилла долу хIума ду. Иза гайтина вайна АллахIа хIокху Шен дешнашца: [Ткъа Ас иза (А́дам) нисвина-туовича, Ас цунна чу Сайгара са а кхоьллича, шу оьгийла цунна суждане охьа];[5] [Ас сайн шина куьйга кхоьллина вара иза (А́дам)].[6] Лекха хинволчу АллахIа шайна А́даман дозалла довзийтича, цунах кхета а кхетта, муьтIахь а хилла, суждане эгга малийкаш, шайна Дала омру ма-дарра. Ткъа Иблис, А́даман доьххьала дIа гуш долчу сурьте а хьаьжна, иза кхолларан юьхье а хьаьжна, лекха хинволчу АллахIа аьлла долчунна бIаьрзе а хилла, А́дамана чу лекха хинволчу АллахIа диллина долчу маьIни тIехь а, цунна АллахIа хIоттийна йолчу тIаьхьлонна тIехь а ойла а ца еш, доьхьал даьлла иза (Делан омру кхочушдарна), дозалла дарца куралла йина цо. Цунах масал оьцуш, цунна тIаьхьа бахана керстанаш а, хIокху шайн дешнашца пайхамарш бухатохарца: [ХIара шу санна адам бен дац шуна, шуна тIехь даздала гIерташ долу][7]. Кхин а аьлла цара (пайхамарийн хьокъехь): [ХIара хIун элча ву, кхача а бууш, базаршкахула а лелаш?!].[8] Ткъа АллахIа само йеш билгалдина, церан дозалла гучахь долчу церан догIмашка хьаьжна доций, муххале а иза церан синошца долчу маьIнешца дуйла, и маьIнеш керстанашна гуш доцийла. Нуьцкъала волчо аьлла: [Уьш хьайга хьовсуш гур бу хьуна, цхьаъа хIума гуш а боцуш (шайн бIаьрса доцуш санна)].[9] Цуьнан маьIна – иза шеца вазвина долу бахьана девзаш дац царна бохург ду. Ткъа шена делла долу дозалла а, ша шен доьхьа хаьржина, кечвина долу хIума а довза а аьтту хилла верг, тIаккха цуьнца некъ лацарехь лакхалле кхаьчна верг – шена дуккха а диканаш делла стаг ву иза, хьекъалан дай болчара бен хьехар дIа-м ца лоцу.
ЦхьайттолгIа дакъа: адам шен доьхьа кхоьллина долу бахьана а, адамийн башхаллин даржаш а дуьйцу дакъа.
Адам кхолларан бахьана – цо АллахIана Iибадат дар ду, АллахIан дин лаьтта тIехь латтор а, цунна гIо дар а ду, АллахIан латта да́харца дендар а ду. Иштта билгалдина и бахьанаш лекха хинволчу АллахIа тайп-тайпана айаташкахь, хIора бахьана а шен-шен оьшучу меттехь хьахорца. Цу айатех ду лекха хинволчу АллахIа аьлла долу дешнаш: [Ас кхоьллина дац жинаш а, адамаш а цаьрга Сайна Iибадат дайта бен].[10] [Бакъдолуш, лаьтта тIехь Сайн дин латтор долу (адам) кхуллур ду Ас].[11] [Лаьтта тIехь (Шен дин латтош хир болу) верасаш бийр ма бу (АллахIа) церах].[12] [АллахIана девзар долуш, Шен динна а, Шен элчанашна а къайлах гIо динарг мила ву].[13] [ХIай (АллахIах) тешна дерш! АллахIан динна гIоьнчий хуьлийла шу].[14] [Дуьнена тIехь аш дахар латтор дезна Цунна].[15] … Ткъа хIокху Iалам чохь долу массо хIума АллахIа адамана кхоьлинна ду (адама доьхьа кхоьллина ду). Лекха хинволчо иза хаийтина вайна хIокху Шен дешнашца: [Латта мотт санна дина Цо шуна, стигал гIишло санна йина, стиглара хи а доссийна Цо, цуьнца стоьмаш а хилийтина Цо шуна рицкъанна].[16] [Цо муьтIахь дина шуна стигланашкахь дерг а, лаьтта тIехь дерг а].[17] [МуьтIахь дина Цо шуна лаьтта тIехь дерг].[18] [Иза ву стиглара (марханашкара) шуна хи доссийна верг (иза доссуьйтуш верг); цунах шуна молуш долу хи а хуьлу, цуьнах (молчу хица) дитташ а (дерриге ораматаш а) кхуьу, цигахь аш шайн хьайбанаш дажа а до. Цуьнца хьаладолуьйту Цо шуна ялта а, зайтун а, хурма а, кемсаш а, массо кепара долу стоьмаш а; бакъдолуш, цу балхехь билгало ма ю ойла еш болчу нахана. Буьйса а, де а муьтIахь дина Цо шуна…].[19] …
ДейттолгIа дакъа – пайхамарийн дозалла
Хьекъале долчу бахьанца хила дезна пайхамарш къаьсттина ша-тайпа адамаш хилар, церан, адамашна а, малийкашна а юккъара кхоллам хилар, шайн куьцаш цхьацца агIор цу шина кхолларан куцойх тера а долуш. Стигланий а, лаьттан а Iалам царна довзуьйтуш хилла хиларехь малийкех тера хилла уьш, кхача бааран хьолашкахь а, молург маларан хьолашкахь а адамех тера хилла уьш. … АллахIа пайхамаралла ИбрахIиман тIаьхьенгахь хилийтина хилла, цул хьалха Нухьан тIаьхьенгахь хилийтина а хилла. Иза билгалдина Цо хIокху Шен дашца: [Оха вахийтира (элчаналлийца) Нухь а, ИбрахIим а; цаьршинан тIаьхьенгахь пайхамаралла а дира Оха, Жайна а делира].[20] … Ткъа и пайхамарш – АллахIера салам хуьлда царна – шайн догIмийн суьрташ адамийнаш долуш белахь а, синойн агIор малийкаш санна бу уьш, шайна гIонна синан ницкъ белла бу уьш, цуьнца кхечарна юкъахь къастийна а бу уьш, лекха хинволчу АллахIа Iийса-пайхамара хьокъехь – Делера салам хуьлда цунна – ма-аллара: [Оха гIо дира цунна сийлахь Сица (Джабраил малийкаца)].[21] Мухьаммадан – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – хьокъехь аьлла Цо: [И (Къуръан) доссош деана тешаме Са (Джабраил малийк). (Доссийна иза) хьан даг чу, хьо кхерам кхайкхочерах хилийтархьама. (Доссийна иза) билггал кхетаме болчу Iаьрбийн маттаца].[22] … Пайхамарш – Делера салават хуьлда царна – кхечу нахаца буьстича, адамаш хьайбанашца санна бу, дог кхидIа йолчу дегIан меженашца санна бу. Шайн къаьмнашна а, умматашна а юкъахь пайхамарийн дарж тера ду баттана хьалха маьлхан даржах, шайн умматийн Iилманашна хьалха церан Iилманийн дарж тера ду беттан нуьрана хьалха маьлхан нуьрах, лекха хинволчу АллахIа ма-аллара: [Иза ву малхах серло йинарг, баттах нур динарг].[23] Иштта, беттан нур маьлхан серлонах схьа хуьлуш хиларе терра, маьлхан серло яцахьара беттан нур а хирг ца хиларе терра, пайхамарш а бу иштта шайн умматашна юкъахь, пайхамарийн Iилма а ду иштта шайн умматийн Iилманашна хьалха. Беттан нур малхах схьа бен хуьлуш ца хиларе терра, иштта адамашна а ца хуьлу церан Iилманаш а, церан синош цIандар а пайхамаршкахула бен. И маьIна гайтина вайна лекха хинволчу АллахI Шен хIокху дашца: [Тхан Дела, царна юкъахь элча гIаттаве Ахь, церах шайх хир волу, царна Хьан айаташ а доьшуш, царна Жайна а, хьекъалалла а Iамош, уьш (вочух) цIан а беш хир волу; бакъдолуш Хьо Нуьцкъала верг а, Хьекъалаллин да верг а ву-кх].[24] Лекха хинволчу АллахIа сийлахьаллийца цIанбо пайхамарш малийкехула, адамашна юкъара Шена луург иштта цIанво Цо пайхамаршкахула".[25]
cd
«Ассаламу Iалайкум варахьматуллахI! Олхазар, Дала диканца бекхам бойла хьуна, хIара сайт латтош волу, тхан хаттаршна жоьпаш лоьхаш волу. Хаттар кхи чIогIа хаттар дацахь а, хьога хатта лианера суна. ХIокху интернет чохь дукха меттигаш го хIара дуьне пайхамара дохьа кхуьллан ду бохаш, дац бохаш берш а бу. ТIакха Iелам наха хIу бах оц хьокъехь? Баркалла!».
Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Дуьне Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – доьхьа кхоьллина ду бохург цхьана агIор нийса ца хила а йиш ю, вукху агIор нийса хила а йиш ю. И олучо цу дешнаш чу хIун маьIна дуьллу хьаьжжина хир ду иза. ³ Нийса ца хила йиш йолу агIо муха ю аьлча – нагахь санна хIара дерриге Iалам а, цу чохь дерг а АллахIа кхолларан коьрта бахьана Мухьаммад пайхамар – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – ду аьлча нийса ца хуьлу иза. ХIунда аьлча АллахIа адамаш а, жинаш а кхолларан уггар коьрта Iалашо – цаьрга Шена Iибадат дайтар ю, царна Ша вовзийтар ю. Лекха хинволчу АллахIа аьлла: [Ас кхоьллина дац жинаш а, адамаш а цаьрга Сайна Iибадат дайта бен].[26] ХIокху айатан маьIна деш Iелам-наха шайн тафсирашкахь аьллачуьнга вай хьевсича, вайна карадо масала Шейх Ибн Iа́шу́ра (Дала къинхетам бойла цунах) аьлларг: «Iибадат дайта бен бохург – Ас уьш ца кхоьллина кхечу бахьанна, цара Суна Iибадат даран бахьанна бен. Цигахь лууш дерг, - «цаьрга Сайна Iибадат дайта Сайн лаам хиларна кхоьллина Ас уьш» - бохург ду».[27] Имам Ибнул-Къаййима (Дала къинхетам бойла цунах) аьлла: «Iибадат дар – иза шен доьхьа жинаш а, адамаш а, дерриге кхидолу кхолларш а кхоьллина йолу Iалашо ю».[28] Шейх ВахIбат Аз-Зухьайлийс (Дала Iалаш войла иза) боху цу айатан маьIна деш: «ТIаккха (АллахIа) билгалйина жинаш а, адамаш а кхолларан Iалашо – иза Iибадат дар ю, … АллахIа аьлла: [Ас кхоьллина дац жинаш а, адамаш а цаьрга Сайна Iибадат дайта бен] - и бохург ду: Ас ца кхоьллина жинийн а, адамийн а ши Iалам Iибадатана бен, Со вовзайтархьама а бен. … Суннатан охIлу болчу Iелам-наха аьлла: «Iибадат - иза (АллахI) вовзар ду, цу тIехь Цуьнца догцIена хилар а ду, цундела, (Иза) вовзар а нийса Iалашо ю». Имам Iабдур-Рахьман Ас-СаIдийс (Дала къинхетам бойла цунах) аьлла цу айатан маьIна деш: «И ю АллахIа шен доьхьа жинаш а, адамаш а кхоьллина долу Iалашо. Цу Iалашонга кхойкхуш бахкийтина Цо берриге элчанаш. И Iалашо – Iибадат дар ю, ткъа цу юкъа догIуш ду АллахI вовзар а, иза везар а, Цуьнга верзар а, Цунна тIеверзар а, Иза воцучунах вухакхетар а. Iибадато шена чулоцу лекха хинволу АллахI вовзар, хIунда аьлча Iибадат кхачам болуш хилар АллахI вовзарца доьзна ду. Лайна АллахI алсам мел вевза, цуьнан Iибадатан кхачам болуш хилар совдолу. И ду АллахIа шен доьхьа массо (жинаш, адамаш) кхоьллина дерг».[29] Ткъа дерриге жинаш а, дерриге адамаш а кхолларан Iалашо цара АллахIана Iибадат дар хилча, цу юкъа вогIуш Мухьаммад пайхамар а ву – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – кхиболу массо пайхамарш а бу. Цул совнаха, Къуръан тIехь АллахIа а, Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – ша тешалла дарца а, пайхамарех АллахIа пайхамарш баран бахьана а, уьш пайхамарш бина нахана юкъахь гIитторан бахьана а цаьрга адамаш а, жинаш а АллахIана Iибадат даре кхайкхийтар ду. Цундела нийса ца лору Iелам-наха, хIара дуьне а, Iарш а, курсий а, кхидIа долу кхолларш а Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – доьхьа кхоьллина ду бохург. ХIунда аьлча, дуккха наха цунах кхетош дерг – и массо хIума кхолларан Iалашо а, бахьана а Пайхамар – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – ву бохург ду, ткъа иза Къуръано а, ша Пайхамара а – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – харц деш ду. Иштта и харц кхетам бала тарлуш долуш цхьацца хьадисаш ду цхьаболчу наха дуьйцуш лелош. Церах ду масала, АллахIа Пайхамаре – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла хилла бохуш дуьйцуш дерг: «Хьо ца хиллехьара Ас седарчий кхоьллина хир дацара». Ткъа и хьадис хьадис дац, уьш кхоьллина дешнаш ду, йа вуьшта аьлча, харц хьадис ду, кхоьллина хьадис ду.[30] Кхин а, Хьакима дийцина хьадис ду, АллахIа Iийса-пайхамаре (Делера салам хуьлда цунна) аьлла хиллера бохуш дуьйцуш: «Мухьаммад ца хиллехьара Ас йалсамани а, жоьжахати а кхуллур яцара». Имам Хьакима ша и хьадис дийцинчул тIаьхьа аьлла: «Цуьнан иснад нийса ду». Делахь а, цо дина долу и хьукм нийса ца лерина цул тIаьхьа хиллачу Iеламнаха. Масала, Имам ЗахIабийс аьлла Имам Хьакима аьллачу дешнех лаьцна: «(Хьадисан иснад юкъара) СаIидана тIе кхоьллина ду аьлла хеташ ву со иза».[31] Шен кхечу жайнахь а и хьадис кхоьлинна хилар хьахийна Имам ЗахIабийс,[32] Хьафиз Ибн Хьаджар Ал-Iаскъола́нийс аьлла уьзза дешнаш.[33] Иштта ду хIара хьадис а: «Хьо ца хиллехьара (хIай Мухьаммад), Ас дуьне кхоьллина а хир дацара». Иза кхоьллина хьадис ду, харц хьадис ду аьлла Имам Суйу́тIийс.[34] И санна долчу хьадисех ду Имам БайхIакъийс а, Имам Хьакима а дийцина долу хIара хьадис: «Адам (пайхамара) къа латийначу хенахь, цо аьлла хилла: «ХIай сан Дела! Мухьаммадан хьакъаца доьху ас Хьоьга, гечдехьа суна». Лекха хинволчу АллахIа аьлла тIаккха: «ХIай Адам! Мухьаммад Ас хIинца а кхоьллина а ца хилча, муха вевзира хьуна иза?». Цо жоп делла: «ХIай сан Дела! Ахь со Хьайн куьйга кхоьллинчул тIаьхьа, Ахь суна чу Хьайгара са кхоьллинчул тIаьхьа, ас сайн корта хьалаайбича, Iаршан баххаш тIехь яздина гира суна – «ЛаилахIа иллаллахI, Мухьаммадун расулуллахI» - тIаккха суна хиира Ахь Хьайн цIарца Хьайна уггар дукха везаш волчуьнан цIе бен хоьттина хирг ца хилар. ТIаккха лекха хинволчу АллахIа аьлла: «Бакълоь хьо хIай Адам, бакъдолуш иза Сан кхоллар юкъахь Суна уггар дукха везаш верг ву. Ахь Соьга цуьнан хьакъаца дехна дела Ас гечди хьуна. Мухьаммад ца хиллехьара Ас хьо кхоьллина а хир вацара». ХIара хьадис цхьаболчу Iелам-наха гIийла ду аьлла, вукхара кхоьллина ду аьлла. Иза дийцинчул тIаьхьа, Имам БайхIакъийс аьлла: «Иза оцу кепара дийцинарг ша́ цхьа Iабдур-Рахьман ибн Зайд ибн Аслам ву, ткъа иза гIийла ву».[35] Имам Хьакима и хьадис нийса ду алар гIалат хилар гойтуш Имам ЗахIабийс аьлла: «Муххале а, харц хьадис ду иза».[36] Шен кхечу жайни тIехь а аьлла цо, и хьадис дийцинчу стеган хьокъехь: «IабдуллахI ибн Муслим, Абул-Хьарис Ал-ФихIрий. ИсмаIил ибн ибн Масламат ибн КъаIнабера схьа, Iабдур-Рахьман ибн Зайд ибн Асламера схьа харц дийцар (харц хьадис) дийцина цо, шена юкъахь хIара дешнаш долу: «ХIай Адам, Мухьаммад ца хиллехьара Ас хьо кхоьллина а хир вацара». Иза далийна БайхIакъийс «Далаилун-нубуввахI» жайни тIехь».[37] Имам ЗахIабийс аьлла доллу дешнаш аьлла Хьафиз Ибн Хьаджар Ал-Iаскъоланийс, и хьадис харц ду аьлла.[38] Миср (Египет) пачхьалкхера Ал-АзхIарехь хаттаршна жоьпаш луш хилла волчу, Шейх IатIиййа Ас-Сакър цIе йолчу Iелам-стага – Дала къинхетам бойла цунах – шега иштта хаттар дича: - «Бакъ дуй-те, АллахIа А́дамна гечдина ца хилла бохург, вайн эла волчу Мухьаммадца цо Шега дехча бен?» - и вай тIаьххьара хьахийна долу хьадис а дийцина, аьлла: «И хьадис йа нийса а, йа дика а хьадис дац, муххале а иза гIийла хьадис ду, цунах схьа Iакъидат кхоллалуш а яц (цу хьадис тIебоьгIна кхетам кхоллабалийта мегар дац), цу юкъахь деанарг харц динарг керста хуьлуш а вац».[39] Оцу дешнийн нийса доцучу маьIнин шолгIа масал ду цхьаболчу наха гIийла а, кхоьллина а долчу хьадисашкара схьаэцна болу хIара гIалат кхетам: уггар хьалха Дала кхоьллина кхоллар Пайхамар ву – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – ткъа иза нуьрах кхоьллина а ву, кхидIа долу массо хIума цуьнан нуьрах схьакхоьллина ду. Ткъа цуьнан жамI – Дала кхоьллина долу массо хIума нуьрах кхоьллина ду бохург хуьлу. Цундела олу цара: «Пайхамар – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – массо хIуманан кхолларан а, хиларан а бахьана ду», «цуьнан нур ца хиллехьара кхидолу хIума хилла а хир дацара».[40] Ткъа иза гIалат ду, нийса дац, иза нийса ца хилар билгалдинчу Iелам-нахах цхьаъ ву кхидIа долчу декъехь вай шен дешнаш далор долу Имам Ибн Таймиййа, Дала къинхетам бойла цунах.
³ Амма нийса хила йиш йолу агIо муха ю аьлча, цу дешнашца чудуьллург нийса маьIна хилча ерг ю иза. Иза вайна довзуьйту Имам Ибн Таймиййас – Дала къинхетам бойла цунах – шега цу хьокъехь деллачу хаттарна жоп луш. «Хаттар: Пайхамар – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – нуьрах кхоьллина вуй? Йа цхьана кхечу хIуманах кхоьллина ву иза? Цхьаболчу наха дуьйцуш долу хIара хьадис – «Хьо ца хиллехьара АллахIа Iарш кхоьллина хир дацара, йа курсий а, латта а, стигал а, малх а, бутт а кхоьллина хир бацара» – нийса дуй иза, йа дац? Жоп: Пайхамар – лекха хинволчу АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна – кхидолу адамаш кхоьллинчу хIуманах кхоьллина ву, ткъа адамех цхьаъа вац нуьрах кхоьллина. Муххале а, «Сахьихь» жайни тIехь деана нийса хьадис ду, Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира аьлла: «Бакъдолуш, АллахIа малийкаш кхоьллина нуьрах, Иблис кхоьллина цIерах, А́дам кхоьллина шуна дийцина долчух (лаьттах)». Ткъа, АллахIа кхоьллина долу хIуманаш вовший дозаллехь лекха хилар уьш шех кхоьллина йолу хIума бахьанехь хилла ца Iа, муххале а, керстанах схьа муъмин (баккъалла АллахIах тешаш) кхоллавала а мега, муъмин волчуьнах схьа керста кхоллавала а мега, масала Ну́хьах схьаваьлла хилла волу цуьнан кIант санна, А́зарх схьаваьлла хилла волу Ибра́хIим а санна. Ткъа А́дам АллахIа латтанах кхоьллина, тIаккха ша иза нисвина туовича, цунна чу Шегара са а тоьхча, малийкашка цунна сужуд дайтина Цо, кхидолчу хIуманна тIехь ваз а вина цо иза массо хIуманан цIераш цунна Iаморца а (!), Иза Ша Шен шина куьйга кхолларца а, иштта кхидолчу вазваршца а. Цундела, иза а, цуьнан тIаьхьенах дика хилларш а беза бу малийкел а, хIорш лаьттанах кхоьллина боллушехь, вуьжуш нуьрах кхоьллина доллушехь. ХIара вай дуьйцург доккха хаттар ду, кхечу меттехь алсам дийцина билгалдина а ду, хIунда аьлча А́даман берийн дозаллин бахьанаш масийтта ду, ткъа кхузахь дийца дукха даккхий ду уьш. Ткъа церан дозалла уьш даим бехар болчу хIусаме уьш дехьа бевлча гучудер ду: [Малийкаш хир ду царна тIеоьхуш массо агIор, (ялсамани чу уьш кхачарца кхаьънаш дохуш). «(АллахIера) маршо а, маршалла а ду шуна, шу (дуьненахь) собаре хиларна!» - бохуш; ма дика ю-кх (шун хьалхалера) хIусаман тIаьхьло (дуьненахь аш яьккхинчу хенан тIаьхьло)].[41] Адам ораллин тIадамах кхоллалуш ду, тIаккха дилханан дакъа санна хуьлу иза, тIаккха цIийн улх санна хуьлу иза, тIаккха жималлера доккхалле доьрзу иза, тIаккха цхьана хIусамера (дахарера) кхечу хIусаме (дахаре) доьрзу иза, цундела цуьнан дозалла гучу ца долу цуьнан доьххьаралера хьолашкахь, муххале а иза гучудолу шен хьолашкахь иза кхачаме хиларе кхаьчча (ялсамани кхаьчча). Иштта хиларца малийках тера ца хуьлу адам, хIунда аьлча малийкан юьхьанцара хьал а, тIаьхьара хьал а цхьатера ду. Цу тIера дIа гIалат ваьлла малийкаш пайхамарел даздинарг, хIунда аьлча иза пайхамаршка хьаьжна уьш шайн юьхьанцара хьолашкахь болуш, эхартан хIусамехь шайна кечдина долчу кхачамаллин хьолашка уьш кхачале хьалха. Вайн Пайхамар – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – малийкел веза хилар гучудаьлла иза стигал хьалаваьккхинчу буьйсанна, къоламийн яздар хезачу бараме иза хьалавигарца, малийкийн барамашка иза хьалавигарца. Ткъа лекха хинволчу АллахIа Шен боккха ницкъ а, Шен тамашийна хьикмат (хьекъалалла) а гучудаьккхина адамашна юкъара дикачу нахаца, хуьлийла уьш пайхамарш, йа эвлаяаш. Малийкашца гайтина доцург гайтина Цо цаьрца. Шен кхидIа долчу кхолларех массо хIуманаш гулдина Цо адамца – цуьнан дегI латтанах кхоьллина Цо, Цуьнан са лаккхарчу дахарера кхоьллина Цо. Цундела олу (адаман хьокъехь): иза жима Iалам ду, иза доккхачу Iаламан сурт ду. Ткъа Мухьаммад – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – А́даман берийн эла ву. Иза массо Дала мел кхоьллинчу хIуманал веза верг ву, уггар АллахIана гергахь сийлахь верг ву. Кхузара схьа аьлла ду аьллачо, - «АллахIа Iалам цуьнан доьхьа кхоьллина ду» - аьлла, йа, - «Иза (Мухьаммад) ца хиллехьара Цо Iарш а, курсий а, стигал а, латта а, малх а, бутт а кхоьллина хир дацара» - аьлла. Делахь а, иза Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла хьадис дац, йа нийса а, йа гIийла а. Хьадисан Iилма девзаш волчу цхьанне Iелам-стага дийцина дац иза Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла ду аьлла, йа цуьнан асхьабаша аьлла ду аьлла, муххале а (доьххьара) иза аьлларг мила ву хууш дац. Ткъа цуьнан нийса агIор маьIна даккха йиш ю, масала АллахIа хIокху дешнашкахь аьлларг санна: [Цо шуна муьтIахь дина стигланашкахь дерг а, лаьтта тIехь дерг а].[42] [Цо муьтIахь дина шуна хIурдакема, Шен омрунца хIурда чохь иза лелийтарца; Цо муьтIахь дина шуна татолаш; Цо муьтIахь бина шуна даим лелаш болу малх а, бутт а; Цо муьтIахь дина шуна де а, буьйса а. Аш дехначух массо хIума дала а делла Цо шуна; ткъа нагахь санна аш АллахIан ниIматаш дагардахь – уьш дерриге чулацалур дац шуьга].[43] Иштта и санна кхидолу айаташ а ду, АллахIа Шен кхолларш А́даман берийн доьхьа (адамашна) кхоьллина хилар билгалдеш. Ткъа хууш-девзаш ду, адамийн доьхьа уьш кхоьллина хиларца цхьаьна АллахIа и кхолларш кхидолчу даккхийчу а, цул даккхийчу а хьекъале бахьанашна кхоьллина хилар. Цу айаташкахь билгалдеш ду-кх АллахIа адамашна, оцу кхолларшкахь царна хIоттийна болу пайда а, Цо царна делла долу ниIматаш а. Ткъа, масала цхьамма аьлча: «Цхьа хIума хIокху хIуманан доьхьа дина ду» - аьлла, и хIума даран кхин бахьана дан а дац бохург дац иза. Иштта ду хIара дешнаш а: - «Иштта хIара хIума дацахьара, хIара важа хIума кхоьллина хир дацара» - и хIума кхолларан кхидолу даккхий бахьанаш хила йиш яц бохург дац иза. Муххале а, цу вай дуьйцучу дешнийн маьIна иштта ду: адамашна юкъара дикачу нахана юкъахь уггар веза верг Мухьаммад хилча, цуьнан кхоллар АллахIана лууш йолу Iалашо а хилча, иза кхечул доккха а долуш АллахIана лууш долу хьекъале бахьана а хилча, дерриге кхолларан кхачамалла а, кхачамаллин чаккхе а Мухьаммадца хилла хуьлу, АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна. АллахIа стигланаш а, латта а, царна юкъахь дерг а ялх дийнахь кхоьллина, кхолларан тIаьххьара де пIераскана де а хилла. Цу дийнахь кхоьллина А́дам, иза уггар тIаьххьара кхоьллина кхоллар а ду – пIерасканан дийнахь малх буза хенал тIаьхьа, де чекхдолуш кхоьллина хилла ву иза. Ткъа ерриге А́даман тIаьхьенан эла верг Мухьаммад ву, лекха хинволчу АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна, А́дам а, цул тIаьхьа берш массо а цуьнан байракх кIеллахь хир болуш а бу. Цо аьлла, Делера салават а, салам а хуьлда цунна: «Бакъдолуш со АллахIана гергахь дIавазвина хилла ву пайхамарийн мохIур ду аьлла, А́дамна чу са а кхоллале хьалха, иза поппаран куьцехь лаьтта тIехь Iуьллуш волчу хенахь».[44] И бохург ду – сан пайхамаралла яздина хилла а ду, гучудаьккхина хилла а ду А́дам кхуллучу хенахь, цунна чу са кхоллале хьалха; АллахIа Шен лайн рицкъа а, цуьнан дахаран хан а, цуьнан Iамал а, иза ирсе хир ву, йа дакъаза вер ву а дIаяздайтаре терра, иза ненан кийрахь бер долчу хенахь дуьйна, цунна чу са кхоллале хьалха. Ткъа адам дерриге кхолларийн мохIур хилча, церах уггар тIаьххьарниг а хилча, цу кхолларца дерг дерриге шеца гулдийриг а хилча, адамашна юкъара везаниг дерриге кхолларшна юкъахь веза лоруш верг а хилча, тIаккха Мухьаммад адамашна юкъахь (уггар деза) адам хилча, дерриге адамаш цунна гонах хьийзаш хилча, церан дерриге дикаллаш цо шеца гулдина хилча, кхолларшна юкъахь Iалашонийн Iалашо санна хуьлу иза, Делера салават а, салам а хуьлда цунна. Цундела духа ца туху (вай), - «и дерриге кхолларш цуьнан доьхьа кхоьллина ду, иза ца хиллехьара уьш кхоьллина а хир дацара» - боху дешнаш. Цу дешнийн а, уьш санна долчу кхечу дешнийн а нийса маьIна дича, Къуръано а, Суннато а гойтуш долу маьIна дича, къобал деш ду иза. Амма нагахь санна оцу дешнашца сов тIех иза вазвар хилахь, керстанаша цхьадолчу кхолларшна АллахIан элаллин сифаташ далар санна, тIаккха и къамел духатоьхна хир ду, къобал деш хир дац. ХIунда аьлча нийса хьадисехь деана ду, цо – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира аьлла: «Керстанаша Марйаман кIант Iийса вазваре терра со дукха чIогIа ваз ма велаш, со (АллахIан) лай бен вац шуна. Аш ала (сан хьокъехь): «АллахIан лай а, Цуьнан элча а ву иза!».[45] Лекха хинволчу АллахIа а аьлла ду: [ХIай жайнин охIлу! Шайн динехь до́занел тIех ма дуьйлийла шу, АллахIан хьокъехь бакъдерг бен ма олийла аш. Марйаман кIант Iийса АллахIан элча а, Цо Марйаме кховдийна дош а, Цуьнгара са а бен дац. Тоьшийла шу АллахIах а, Цуьнан элчанех а; ма олийла аш кхо (дела) ву. Духадовла (оцу дашах), иза гIолий ду шуна. Бакъдолуш АллахI цхьаъ волу дела бен вац!].[46] АллахIа Ша Шена хьакъ хIоттийна, (адамаша лардан дезаш долу), Цу хьокъехь Цуьнца цхьаьна цхьаъа Цо кхоьллинарг хила йиш йоцуш. Цундела Iибадат Цунна цхьанна бен дан мегаш дац, доIа а Цуьнга бен дан мегаш дац, болх а Цуьнан кера бен бала мегаш дац, догдахаран лаам а Цуьнга бен хилийта мегаш дац, кхерам а Цунах бен хилийта мегаш дац, (халонехь, баланехь) верзар а, кIелхьаравалар лахар а Цуьнгара бен хила йиш яц, диканаш луш верг а, вонаш дIадохуш верг а Иза бен вац, гIора а, ницкъ а Цуьнгара цхьаьнгара бен а бац; [Цунна гергахь (цхьанне а) шафаIато пайда а бийр бац, Цо пурба деллачунна бен][47]; [Мила ву Цунна гергахь шафаIат дийр верг, Цуьнан пурбанца бен][48]; [Стигланашкахь а, лаьтта тIехь а цхьаъа вац Къинхетаме волчуьнан лай хилла вогIур волуш бен. Уьш берриге чулаьцна Цо (Шен Iилманца), (уьш мел дукха хилча а) Церан терахь а девза Цунна. Къемат дийнахь церах хIора а вогIур волуш а ву Цунна хьалха, ша́ цхьаъ волуш].[49] Кхин а аьлла лекха хинволчу АллахIа: [АллахIана а, Цуьнан элчанна а муьтIахь хилларг а, АллахIах кхера а кхоьруш, (Цуьнан Iазапах) ларлуш хилларг а – уьш бу толаме хилларш].[50] Оцу айатехь АллахIа муьтIахь хилар Шена а, Шен элчанна а хилийтина, ткъа кхерар а, ларвалар а къаьсттина Шена хилийтина. Иштта хилийтина Цо хIокху Шен дешнашкахь дерг а: [Ткъа уьш реза хиллехьара шайна АллахIа а, Цуьнан элчано а деллачунна, цара аьллехьара: «Тоьаш ву тхуна АллахI! АллахIа лур ду тхуна (рицкъа) Шен комаьршаллийца, иштта Цуьнан элчано а. Бакъдолуш, догдахар АллахIе ду тхан!»]. ХIокху айатехь АллахIа (рицкъа) далар а, (дуьненахь иза дIасадекъар) а Шегара а, Шен элчанера а хилийтина, ткъа таваккул (болх кера дIабалар) къаьсттина Шена цхьанна хилийтина, догдахар а къаьсттина Шега цхьаьнга хилийтина».[51] Чекхдели Имам Ибн Таймиййас аьлларг, Дала къинхетам бойла цунах. Вайна ма-гарра, Имам Ибн Таймиййас – Дала къинхетам бойла цунах – и дешнаш нийса маьIнийца аьлча къобал дан йиш йолуш ду бах, церан нийса маьIна муха хила йиш ю дийцина цо. Цхьаболчу Iелам-наха, Имам Ибн Таймиййас аьллачунах тера а долуш, иштта нийса маьIна а ло оцу дешнашна: «Вайн эла волу Мухьаммад ца хиллехьара АллахIа кхидIа долу кхоллар кхоьллина а хир дацара» - бохучу дешнийн маьIна иштта ду: лекха хинволчу АллахIа Шен дезчу Жайни тIехь (Къуръана тIехь) аьлла: [Ас кхоьллина дац жинаш а, адамаш а цаьрга Сайна Iибадат дайта бен].[52] Iибадат кхочушхилийтар – иза кхоллар кхолларан Iалашо ю. Ткъа Iибадат кхочуш ца хуьлу Iибадат дечаьрца бен (Iибадат деш кхолларш хилча бен), хIунда аьлча Iибадат – иза ша деш волчуьнца лаьтташ долу куц ду. Ткъа Iибадат дечарна юккъахь уггар веза верг вайн эла волу Мухьаммад ву – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – цундела иза Iибадатан коьрта маьIна гойтург ву, тавхьи́дан коьрта маьIна гойтург ву. Иштта, оцу айатехь хье́хо́риш адамаш а, жинаш а ду, дерриге кхолларш дац. Стигланашкахь а, лаьтта тIехь а долу кхидолу кхолларш дерриге адамашна пайденна кхоьллина ду. Лекха хинволчу АллахIа аьлла: [Цо муьтIахь дина шуна стигланашкахь дерг а, лаьтта тIехь дерг а, массо хIума Цуьнгара ду; бакъдолуш, цу балхехь билгалонаш ю ойла еш болчу нахана].[53] Ткъа вайн эла Мухьаммад – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – адамаллин коьрта маьIна гойтург ву, муххале а, иштта хилла ца Iаш, иза уггар кхачаме адам ду. … Иштта, кхоллар кхолларан хьекъале Iалашо кхочуш йийриг ву Пайхамар – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – хIунда аьлча адамаш а, жинаш а кхолларан хьекъале Iалашо йолчу тавхьи́дан белхан а, Iибадатан белхан а коьрта маьIна гойтург ву иза, уггар кхачаме долу адам а ду иза, АллахIа шен доьхьа стигланашкахь а, лаьтта тIехь а дерг кхоьллина долчу дерриге адамаллин (адамийн) коьрта маьIна гойтург ву иза».[54] Оцу кеппара, берриге Iелам-наха ма-аллара, АллахIа дерриге кхоллар кхолларан бахьана а, Iалашо а Iибадат кхочушхилийтар ю, тавхьи́д кхочуш хилийтар ю, АллахI вовзийтар ю. Ткъа оцу маьIнийца дуьстича, «Дуьне Пайхамара доьхьа кхоьллина ду, Делера салават а, салам а хуьлда цунна» - бохучу дешнийн нийса маьIна шина кепара хила йиш ю: 1) АллахIа стигланаш а, латта а адамийн доьхьа кхоьллина ду, царна пайденна кхоьллина ду, йа уьш кхолларан даккхийчу бахьанех цхьаъ ду иза. Ткъа Мухьаммад пайхамар – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – уггар деза адам ду, уггар кхачаме адам ду, АллахIана гергахь Цуьнан кхолларшна юкъахь уггар сийлахь верг ву иза. Цигара схьа ду, - «дуьне цуьнан доьхьа кхоьллина ду» - бохург. 2) АллахIа стигланаш а, латта а адамийн доьхьа кхоьллина ду, царна пайденна кхоьллина ду, йа уьш кхолларан даккхийчу бахьанех цхьаъ ду иза. Адамаш АллахIа Шена Iибадат дайта кхоьллина ду, ткъа Мухьаммад пайхамар – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – массерал дика Iибадат деш хилларг ву, массерал чIогIа АллахIах кхоьруш хилларг ву, массерал дика АллахI вевзаш хилларг ву, массерал чIогIа Иза цхьаъ веш хилларг ву. Цигара схьа ду, - «стигланаш а, латтанаш а, дуьне а АллахIа цуьнан доьхьа кхоьллина ду» - бохург. Иштта и маьIна долуш хила деза, цхьаболчу Iелам-наха шайга цу хьокъехь деанчу хьадисах лаьцна хаттар дича, цунна жоп лучу хенахь цкъа и хьадис кхоьллина ду а аьлла, тIаккха, - «делахь а, цуьнан маьIна нийса ду» - аьлла тIетоьхна хилларг. Масала, иштта аьлла хиллачерах ву Имам Ал-Iаджлу́ний а,[55] Имам Iалий Ал-Къо́рий а.[56] Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву!
[1] Сурат «Ал-Бакъарат», 30 айат. [2] Сура «Ал-Исро́ъ», 70 айат. [3] Сурат «Ал-Бакъарат», 29 айат. [4] Сурат «Сод», 76 айат. [5] Сурат «Ал-Хьиджр», 29 айат. [6] Сурат «Сод», 75 айат. [7] Сурат «Ал-Муъмину́н», 24 айат. [8] Сурат «Ал-Фуркъо́н», 7 айат. [9] Сурат «Ал-АIро́ф», 198 айат. [10] Сурат «Аз-За́рийа́т», 56 айат. [11] Сурат «Ал-Бакъарат», 30 айат. [12] Сурат «Ан-Ну́р», 55 айат. [13] Сурат «Ал-Хьади́д», 25 айат. [14] Сурат «Ас-Софф», 14 айат. [15] Сурат «ХIу́д», 61 айат. [16] Сурат «Ал-Бакъарат», 22 айат. [17] Сурат «Ал-Джа́сийат», 13 айат. [18] Сурат «Ал-Хьаддж», 65 айат. [19] Сурат «Ан-Нахьл», 10-12 айаташ. [20] Сурат «Ал-Хьади́д», 26 айат. [21] Сурат «Ал-Бакъарат», 87 айат. [22] Сурат «Аш-ШуIаро́ъ», 193-195 айаташ. [23] Сурат «Юнус», 5 айат. [24] Сурат «Ал-Бакъарат», 129 айат. [25] Имам Ар-Ро́гIиб Ал-АсфахIа́ний, «Тафси́лун-Нашъатайн ва Тахьси́лус-СаIа́датайн», 74-77, 83, 95-97 агIонаш. [26] Сурат «Аз-За́рийа́т», 56 айат. [27] Имам Ат-ТIо́хIир ибн Iа́шу́р, «Ат-тахьрир ват-танвир», 27/25. [28] Имам Ибнул-Къаййим, «Ат-тафсирул-къаййим», 1/85. [29] Имам Iабдур-Рахьман Ас-СаIдий, «Тайсирул-Каримир-Рохьман», 813 агIо. [30] Иза кхоьллина хьадис ду аьлла дуккха а Iелам-наха. Имам Аз-ЗахIабий, «Талхи́с китабил-мавду́Iа́т», 37. [31] Ал-Хьаким – Аз-ЗахIабий, «Ал-мустадрак, маIа таIликъат Аз-ЗахIабий», 2/671. [32] Имам Аз-ЗахIабий, «Ми́за́нул-ИIтида́л», 3/246. [33] Хьафиз Ибн Хьаджар Ал-Iаскъола́ний, «Лиса́нул-ми́за́н», 4/354. [34] Имам Ас-Суйу́тIий, «Ал-лаа́лиул-масну́IахI», 249. [35] Имам Ал-БайхIакъий, «Далаилун-нубуввахI», 6/118. [36] Ал-Хьаким – Аз-ЗахIабий, «Ал-мустадрак, маIа таIликъат Аз-ЗахIабий», 2/672. [37] Имам Аз-ЗахIабий, «Ми́за́нул-ИIтида́л», 2/504. [38] Хьафиз Ибн Хьаджар Ал-Iаскъола́ний, «Лиса́нул-ми́за́н», 3/359. [39] Шейх IатIиййахI Ас-Сокър, «Фата́ва́ Ал-АзхIар», «Фата́ва́ Да́рил-Ифта́ъ Ал-МисриййахI», 8/132. [40] Хьажа: Махьмуд МустIафа ШаххьатахI, «Ан-Нуру Аслу ДжамиIил-Мавджудат». [41] Сурат «Ар-РаIд», 22-23 ши айат. [42] Сурат «Лукъма́н», 20 айат. [43] Сурат «Ибро́хIи́м», 32-34 айаташ. [44] Ахьмад, ТIабараний, Хьаким. [45] Бухарий, Муслим. [46] Сурат «Ан-Ниса́ъ», 171 айат. [47] Сурат «Сабаъ», 23 айат. [48] Сурат «Ал-Бакъарат», 255 айат. [49] Сурат «Марйам», 93-95 айаташ. [50] Сурат «Ан-Ну́р», 52 айат. [51] Имам Ибн ТаймиййахI, «Маджму́I Ал-Фата́ва́», 11/86-99. [52] Сурат «Аз-За́рийа́т», 56 айат. [53] Сурат «Ал-Джа́сийат», 13 айат. [54] Шейх Iалий ДжумуIахI, «Ал-Байан лима́ йушгIилул-азхIа́н», 148. [55] Имам Ал-Iаджлу́ний, «Кашфул-Хафа́ъ», 2/164. [56] Имам Iалий Ал-Къо́рий, «Ал-Асро́рул-Марфу́IахI фил-Ахбарил-Мавду́IахI», 295-296.
|