|
Видео |
Кехат язде соьга |
САН ЗУДА [1]
Шейх Iалий ат-ТIантIáвий Дала къинхетам бойла цунах
Цхьаъа майра хезна вац суна ша ирсе ву олуш а, паргIат Iаш ву олуш а, баккъалла а ша иштта хилча а. Цуьнан бахьана – адам керстадеш (хIума духатухуш, къобал ца деш, тIе ца лоцуш) кхоьллина хилар ду. Шегара ниIмат (дика хIума) дIадаьлча бен ца хаьа цунна шегахь мел дика хIума хилла, хIунда аьлча иза даим кхечуьнца ойла лаьтташ хуьлу дела. Шена диканаш (ниIматаш) алсам мел хуьлу а, кхин а алсам дезаш хуьлу иза, шегахь долуш долчуьнца тоам ца хуьлу цунна, цуьнан марзо йовза а ца евза цунна. Цундела хуьлу майрой даим шайн зударшна аьрзнаш деш, царна реза боцуш. Шен зуда еллачул тIаьхьа бен цунна баркалла а ца олу церах цхьамма, ша цунах дIакъаьстича бен, шен кхин цуьнга даха дог доцучу хенахь бен. ТIаккха дагадогIу майрачунна цуьнан диканаш, тIаккха девза цунна цуьнан дозаллаш. (ТIаккха хаьа цунна… тIаккха дукха тIаьхьа хуьлу-кх…) Ткъа ас – ас хIинце дуьйна дIа боху, АллахIа сайна делла долу ниIматаш дIадовзуьйтуш, Цо сайна дика дина хиларца къера хуьлуш: бакъдолуш, со сайн зудчуьнца ирсе а ву, бакъдолуш со паргIат а ву! Со иштта ирсе хиларна суна цхьадолчу хIуманаша гIо дина, зуда яло лууш волчуьнга (йа ялийна волчуьнга) а, зуда ялорехь ирсе хила лууш волчуьнга а лелалур долуш хIуманаш а ду уьш. Цундела, суна зеделлачух пайда оьцийла-кх и хIуманаш зедаланза волчо, оцу новкъахь дикка гIулчаш яьхна волчуьнгара хьехаре ла а догIийла-кх хIинца а цу новкъа валаза волчо (йа ваьллачул тIаьхьа а диканиг довза луучо).
Доьххьарниг: Сайна бевзаш боцучу нахера зуда ца ехна ас, сайна муьлш бу ца хуучу нахана тIе захало а ца дахьийтина ас, сайна хезна долчуьнца догIуш доцург кхоно тIаьхьа сайна гучу ца далийтархьама, цара гучахь къайладохуьйтуш хилла вон хIуманаш сайна кхоно тIаьхьа гучу ца дийлийтархьама. Суна муьлш бу а хууш, со мила ву а хууш болчу нехан зуда ялийна ас. Церан хIусамехь церан дахар муха ду а хаьара суна, сан хIусамехь со муха Iаш ву царна а хаьара. (Цундела, зуда ялош хьой велахь, йа йоI маре йохуьйтуш хьой велахь, хьайна хьалхе дуьйна бевзаш болчу нахаца де захало, йа бевзаш ца хиллехь – дикка хатта, массо агIо талла, хIу-ду ма-ду хьажа, цул тIаьхьа бен сацам а ма бе).
ШолгIаниг: Дахаран тIегIана тIехь тхайх тера болчеран зуда хаьржира ас сайна. Цуьнан да сан деца цхьаьна лаккхарчу кхиэлехь болх беш вара. Цуьнан да а къеда вара, со а къеда вара. Цуьнан дахаран куц-кеп тхан дахаран куц-кепах тера дара. ХIара чIогIа маьIне хIума ду цхьаьнакхетта долчу шина адаман дахар ирсе хилийтарехь. Цундела аьлла ду хьанафий мазхIабера Iеламнаха, зуда ялош волу стаг а, маре йоьдуш йолу зуда а дахаран тIегIана тIехь вовший до́гIуш хила деза аьлла, цхьаъ вукхул лахара доцуш. (Къен-миска волчу жимчу стага хьолахойн йоI ялийча дукха хьолехь хуьлуш дерг вайна массарна хууш ду).
КхоалгIаниг: Юккъерачу барамехь дешна ерг хаьржира ас. Дешаза болчу зударел гIолий яра иза, делахь а ас хьоьхуш хилла болчу дуккха а зудаберийчул а хаамаш кIеззиг бара цуьнгахь. Соьца цхьаьна хIокху кхойтта шарахь хан яьккхича дуккха хIума довза а девзаш, дуккха а хIуманах кхета а кхеташ дIахIоьттира иза. Дешар дешна йолу зуда ма ялае бохург а дац сан иза, делахь а цу заманахьлера дешаро зудаберан дуккха а дика агIонаш талхош йара, цуьнан дуккха а дика амалш а, хаза гIиллакхаш а хуьйцуш дара, ткъа Iилманах а, дешарх а цунна луш хилларг тIехулара чIор бен дацара, цуьнан дахарехь а, йа хIусамнана хиларехь а, йа берийн нана хиларехь цунна цхьаъа пайда бийр доцуш. Ткъа зудчунна уггар дукха дезаш долу хIума дац ирс долуш хIусамнана хилар а, доьзалан нана хилар а? (Цундела, цхьаъа хIума ца хууш, лар тIехь еша а, язйан а ца хууш ерг а ма ялайе ахь, йа дуккха дешна йоцург суна ца еза бохуш а ма лела хьо, йа «дешаро» шен дин а, гIиллакх-оьздангалла а дицдайтина йолчуьнга а ма хьежа хьо)
ДоьалгIаниг: ХIусамнана лахарехь ца хилча ца болуш болу биллам а бина, хазалла а ца лехна ас. ХIунда аьлча сайна хаьа дела, хазалла – дIадала йиш йолуш долу IиндагI дуйла. Хаза йолчуьнан хазалла ша́ дIа ца ялахь а, хьуна иза хазахетар хийцадала йиш йолуш дуйла сайна хуу дела. Цундела го вайна шайн хаза зударех дIа а къаьхке, хаза боцучу зударшца ирс лоьхуш берш. [Бакъдолуш, «хазалла» бохучунна ха́дам буьйцуш долу дукха жайнаш дешна хьуна ас, хIокху ха́дамал нийса ха́дам а ца карийна суна: «Бакъдолуш, хазалла – догцIаналла ю». Ткъа, масала, хазаллехь паччахь лара мегар йолчу хьан зудчо хьуна ямартло йича, хьан бIаьргашна дукха боьха гуш хир йара иза. Юьхь тIера ирча, Iаьржа бос болу зуда хьоьца догцIена хилча (ямартлонах хьо ларвеш, хьан хIусам а, хьан бераш а, хьан сий а лардеш), хазаллин паччахь хетар йара хьуна иза].[2]
ПхоьалгIаниг: Цуьнан цIерачаьрца сан йолу юкъаметтиг хIинццалц схьа хIокху итт шарахь сов йолчу хенахь доьххьаралерачунна тIера хийцаелла яц сан – вовший дезар а, вовший лерам бар а, наг-наггахь хьажа-хIотта вахар а. Цхьаболчу майрошна санна, цуьнан гергарчу нахах сан доьзалан гIуллакхашна юкъагIерташ стаг а карийна вац суна, шайна хетарг тхуна тIедожо гIерташ верг а гина вац суна. Муьлхха а майра а, зуда а санна вовший реза хиларш а хилла тхойшинан, оьгIаз дахарш а хилла тхойшинна юкъахь, цкъаъа сан стунцахойх цхьаъа юкъагIоьртина вац тхойшина резахиларна а, оьгIаз дахарна а. Таханлера дийне кхаччалц къеда болх беш ас яьккхинчу хена чохь доьзалехь нислуш долчу девнех лаьцна 20 000 сов гIуллакх тIедеана суна. Сайна оцу балхахь зеделлачунна тIе а доьгIна, билггал ала йиш ю сан: и вас хилла долу зудий-майрий шаьшшинна Iаддитахьара, гергара нах а, дехьа-сехьара (бала боцу) нах а цаьршина юкъа а ца гIерташ, оцу гIуллакхех дукхах дерш барт хилла дIадирзина хир долуш дара. (Цундела, хьайн стунцахой хьайн да вийна мостагIий болуш санна цаьрца гамлой ма лела хьо, иза вон хIума а, хьарам хIума а ду хьуна. Йа цаьрца болчу лерамах дIа а хаьдда, гIиллакх лело дезар диц а дина, хьайн стунвешига хьайн вешига санна къамел а деш, юккъе эвхьазло йогIур йолу некъ а ма лелабе ахь. Йа хьо а – хIай хIусамнана, хIай нус – хьайн марзахошца болчу лерам тIера дIа ма яла, цхьана кертахь дара алий, цхьаьна дехаш дара алий. Хьайн деца а, вешица а, ненаца а ма леладо ахь гIиллакх!)
ЯлхолгIаниг: Оха тхайн дахар доьххьаралерачу деношкахь мерза моз а долуш, тIаьхьа-тIаьхьа догIучу деношкахь къаьхьа дIовш а долуш ца хилийтира, дукхах болчу майранаш а, зударша а санна. (Иза иштта хIунда хуьлу вайна хууш ду. Ткъа иза иштта ца хилийта, вайн халкъа юкъахь дуьйцуш долчу дийцаро бохург дан деза. Дас шен кIанте хIора баттахь керла зуда ялайе аьлла хилла бохуш дуьйцу иза, цунна цунах лууш дерг – хIора баттахь хьайн зудчунна керла коч эца, керла зуда санна хир ю хьуна иза бохург хилла. Доьзалан дахар даим карладоккхуш хила деза, коч эцарца а, зезагаш эцарца а, цхьаьне цхьанхьа садаIа дахарца а, хIорозза хаза дош аларца а, иштта кхидIа а)
ВорхIолгIаниг: Тхайн дахарехь цо лело дезаш долчу хIуманна юккъе со а ца гIиртина, ас лело дезачунна юккъе иза а ца гIиртина. Дуккха а хьолехь доьзалехь дов латтаран бахьана зуда майрачуьнан холхаза куй шен коьрта тилла гIертар ду, цуьнан меттана доьзалехь да хила гIертар ду, йа майра зудчуьнан корталай шена тIетилла гIертар ду, нуй муха хьакха беза а дуьйцуш, баклажан муха хадо еза а хьоьхуш, коч муха яра еза а Iамош. (Суна гина долчу дукхах долчу девнашкахь коьрта бахьана – майра доьзалан да ца хилар а, зудчо доьзалан дукъ дерриге шена тIелоцуш хилар а ду. Цхьайолчу хенахь цаьршинан бехках ца хуьлу иза, масала хIусамда бан болх боцуш виссича, хIусамнана шега далург дан ца хьаьжча ца йолуш хуьлу. Ткъа дуккха а долчу хьелашкахь цаьршиннах цхьанне бехк болуш хуьлу иза: хIусамда масала къаьркъано а, бала ца кхачаро а талхавой дIавоккху, тIаккха и дукъ хIусамнанас тIелаца дезаш хуьлу, йа хIусамнана урхалла шена дезаш хуьлу, и бахьана долуш и шиъ дIасакъаьста. Ткъа и дерриге хIума гIалат ду)
БархIолгIаниг: Ас цунах хIуманаш лечкъа ца до, цо сох а хIумма лачкъа ца до. (Къеда болх беш велахь, нехан ерриге къайленаш дIайийца еза бохург дац иза, доьзалца доьзна долчу хIуманна тIехь вовший тешаш хилар а, вовший хIумма а лечкъа ца дар а ду иза). Со цунна а харц ца лоь, иза суна а харц ца лоь. Сайгахь долу даьхни цунна дуй хоуьйту ас, сой дIасавоьдучу метте массанхьа иза йига а юьгу ас, йа сой воьдий хоуьйту ас. Ша йоьду меттиг цо суна а йовзуьйту, ша мичча йоьдуш елахь а. Тхан бераша а и амал схьаэцна – даим бакъ лер а, вовший тешаш хилар а, дерг ма-дарра лечкъа а ца деш дийцар а, пуьташ боттар вон хетар а, иза ца дезар а.
ТIаккха, АллахIаца дуй ма буу ас, сайна цуьнгахь карочал совнаха догцIоналла а, хьекъале хилар а, хIусам лело хаар а ма ца лоьху ас. Иза малхбалехьара зударех цхьа зуда ю, шайн доьхьа а ца бехаш шайн хIусаман доьхьа, шайн хIусамден доьхьа, шайн берийн доьхьа бехаш болчу зударех цхьаъ ю иза. Тхоьга яийтархьама меца Iа иза, тхоьга наб йайтархьама сема Iа иза, тхоьга садаIийтархьама кIад а ло иза, тхо диссийтархьама ша́ ерриге па́на а хуьлу иза. ХIусамехь уггар хьалха хьалагIоттург ю иза, уггар тIаьхьа дIаюьжург ю иза. Саццаза цхьаъ деш ю иза, цIано латтош ю иза, цхьаъ тоьгуш ю иза, даим цхьа гIуллакх деш ю иза. Со цхьаъ язйеш хилча цуьнан ойла ерриге суна паргIато хилийтарна а, суна хазахетийтарна а тIейахана хуьлу. Со вижина хилча бераш тедо цо, хIусам тейо цо, суна новкъарло йийр йолу массо хIума дIа а йоккху цо. Сан гергарло долчуьнца гергарло ду цуьнан, сан мостагI – мостагI а ву цунна. Кхечеран зударий нах реза бан гIерташ хуьлуш белахь, иза – со реза ван гIерташ хуьлу. Кхиболу зударий чIагарш-зIенаш йа духарш лоьхуш белахь, уггар чIогIа цунна лууш долу хIума тхан тхешан чохь Iен хIусам хилар ду, мехах хIусам луьйцуш хенедийла дезар доцуш. Сан да-нана а, сан йиша-ваша а деза цунна, даим цаьргара суна цхьа дика хIума дуьйцуш хуьлу иза. Церах цхьаьнца дика хиларехь соьгара кхачамбацар хилча, со дика хиларга гIатта во цо, суна дицделча со дага а воккху цо. Цхьайолчу хенахь, жимма самукъа доккхур дара-кх олий дагадогIу суна, цунна а сан йишина юкъахь нахана юкъахь санна цхьажимма йистхилар хилча. Делахь а, вовший езар а, ларар а, догцIена хилар а бен кхин хIумма ца карадо суна цаьршингара. Дуьззина долу масал ду иза малхбалехьарачу зударийн (нохчийн зударийн а!), шен дуьненахь шен майра а, шен хIусам а бен кхин хIумма девзаш боцучу! Цхьаболчу кегийчу нахана оьшуш боцучу… Европе а, Iаьмирке а, (Россех а) деша а боьлхий, цигара цIа богIучу хенахь керахь цхьа кехат а долуш, тIема кIелахь цхьа зуда а йолуш. Ах дуьне гергга некъ беш и зуда схьа а ялайой, тIаккха иза йа хаза а ца хуьлуш, йа сий долуш а ца хуьлуш, йа догцIена а ца хуьлуш… Дайна хьекъалш а, телхина амалш а ю-кх, шаьш лахара хетар ду-кх, гIийланиг ондачух тарвала гIертар а ду-кх. Ша́ Iаьмиркера цхьа зуда ялийча, йа кинош чохь схьаоьхьуш йолу цхьаъ ялийча, йа хьешацIа чохь болх беш йолу цхьаъ ялийча, ша́ цхьана эланан нуц хилла моьттуш, шен дола яккхий гIаланаш евлла моьттуш, шен дола атомни бомба яьлла моьттуш, шен цIе Маршонан хIоллам тIехь дIаязйина моьттуш..! Бакъдолуш, вайн зударий дуьнена тIехь уггар дика зударий бу, шайн майрошна уггар дика зударий бу, шайн берашна уггар къинхетаме наной а бу, уггар сийлахь синош долуш а бу, уггар цIена амалш йолуш а бу, шайна дина хьехар а, луш болу дика кхетам а уггар дика дIаоьцурш а, тIелоцурш а бу! [1] ДIадаханчу бIешарахь Шемахь (Сирехь) ваьхна волу Шейх Iалий ТIантIавий (Дала къинхетам бойла цунах) хIокху вайн карарчу заманахь вайн къома юкъахь вехаш волу «Шейх Iе́ла» волуш санна, хIинца вайна яздича санна хуьлу цуьнан цхьадолчу яздарш. ХIара яздар а иштта ду. Тахана вайн доьзалшна юкъахь иэгаш долу дуккха а хIуманашна хIокху шен кIеззигчу дешнашца чулацаме дарба дуьйцу цо: зуда ялош йа ялийна волчунна дика хьехарш до цо, дикчу зудчуьнан мах мел лакхара бу а хоуьйту цо, доьзал боха ца бохийта бахьанаш а дуьйцу цо, дикчу зудчуьнан масалш а дуьйцу цо, ирс долуш хиларна хIун оьшу а дуьйцу цо. Иштта хаза маьIна долуш хIара яздар долу дела, цхьайолчу меттигашкахь жимма хийцам а беш, къовларш юкъахь цхьадерг сайгара тIе а тухуш, хIара вайн матте даккха лиира суна, вайна массарна а хIокхунах пайда хиларга догдохуш. Олхазар. [2] ХIокху шина къовлар юкъахь дерг Шейх Iалийн кхечу алар тIера схьаэцна ду. Хьажа: «Бехк боцуш иза дIайахийта ца лаьа суна...».
|