Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

 

БисмиллахIиррохьманиррохьим!

 

АлхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI!

 

Бозбунчаллийна а, жинийн хьу хьакхадаларна а лелон мегар долу дарба.

 

Дарба дийриг АллахI ву!

 

Вай лелориш бахьанаш ду.

Ойла даим АллахIаца хила еза, дарба Цуьнан керахь дуй хаа деза, иза цкъаъа дицдан ца деза.

 

1. Рукъйат (дарбанна доьшуш долу айаташ а, доIанаш а) деша деза ахь айхьа хьайна, хIора дийнахь кхозза, йа кхозза ца дешалахь цкъа мукъане. Айхьа иза дешарал совнаха, кхечуьнга иза хьайна дешийтар а дика ду. Хьуна и доьшур верг йа доьшур ерг Делах кхоьруш адам хилча пайда чIогIох хир бу. Кхин а, айхьа хьайна иза дешарал сов, кхечо хьуна иза дешарал сов, ладогIа а мегаш ду цуьнга. И кхоэ хIума аьтту ма-ббу цхьаьне лелош кхин а дика ду.

 

Къаьсттина алсам ладогIа хьажа Шейх Солихь Ал-ДжухIанийс доьшучуьнга. Хьайн йиш хилахь, хIора дийнахь Iуьйранна-суьранна ладогIа хьажа цуьнга. Кхин а, «Ал-Бакъарат» сурате а ладогIа хьажа, хьайн аьтту баьл-баьллачух.

 

Айхьа рукъйате ладугIучу хенахь, хьайн дегIехь лазарш хуьлий тидам бе, хьайн пхенаш ийзадой тидам бе, хьайна Къуръанах куьйла йолий тидам бе. Хьайца цхьаьна ахь кхечуьнга иштта оцу хIуманаш тIехь тидам байтича а дика хила мега. Иштта лаза йолуш йолчу метте жимма лахахь вай дуьйцур долу ши даьтта хьаькхча дика хир ду. Пхенаш ийзор а, дегIан меженашца цхьа лазар хаалуш а хьал хилахь, къаьсттина и хIума хуьлучу хенахь доьшуш долу айаташка юх-юха ладогIа деза, уьш оцу Делан мостагIчунна чIогIа ца дезаш долу айаташ хиларан билгало ю иза.

 

2. ХIора дийнахь хьайна дарбанна «Ал-Фатихьат» сурат деша айхьа хьайна.

 

3. ХIора Iуьйранна «Ас-Со́ффа́т» олу Къуръанан сурат деша деза, йа цуьнга ладогIа деза.

 

4. ДIавуьжчу хенахь «Ал-МаIа́ридж» олу Къуръанан сурат деша деза, йа цуьнга ладогIа деза.

 

5. Iаьржа тминан даьттана тIехь доьшур ду и рукъйат, тIаккха и даьтта ша дIавижале шен накхана тIе а, хьаж тIе а, букъан-тIехка (позвоночник) тIе а хьокхур ду, мелча а дика хир ду жим-жима.

 

6. Иштта и рукъйат доьшур ду зайтдаьттина (оливковое масло) тIехь, тIаккха иза а шен дегIа тIе а хьокхур ду, мала а мер ду.

 

7. Кхин а иштта и хIума дийр ду мозца а: цу тIе и рукъйат а дешна, тIаккха хIора дийнахь мецчу чоьна тIе цхьацца Iайг кхоллуш и моз дуур ду.

 

8. Кхин а и рукъйат доьшур ду цIенчу хи тIе, цхьана дийнахь шена мала а, лийча а тоьар долччул. ТIаккха и хи мер а ду, цуьнца луьйчур а ву. Аьтту хилахь, и хи замзам хи хилча дика ду, йа цIенчу догIанан хи хилча дика ду. Оцу хи чу «сидр» (лотос) олуш долчу диттан ворхI гIа ата а аьтта чутесча а дика пайда хир бу, Дала мукъа лахь.

 

9. Iуьйранна-суьйранна деш долу азка́раш а, хIора ламазал тIаьхьа доьшуш долу азка́раш а, дIавижале доьшуш дерг а, чуволуш-араволуш олуш дерг а, иштта кхидолу хIора дийнахь оьшуш долу азкараш деша деза, уьш лардан деза. И азкараш дешар а, уьш лардар а муьлхха а цамгарна дарба хуьлуьйтуш долу чIогIа доккха бахьана ду. Ткъа и азкараш хьуна карор ду «Бусалба стеган гIап» цIе йолу жайни тIехь, цундела даим доьшуш хьайца лелош и жайна хила деза.

 

10. Хьайн куьг хьайн лозуш йолчу меттиг тIе а дилле, йа къаьсттина лозуш цхьа меттиг яцахь хьайн аьтту куьг хьайн накхана тIе дилле кхозза - «БисмиллáхI» - а але, хIара доIа деша ворхIозза: «АIýзу биIиззатиллáхIи ва къудротихIú мин шарри мá ажиду ва ухьáзир». («Со ларло АллахIан возаллийца а, Цуьнан ницкъаца а, сайна (сайн дегIехь) карочу хIуманан вонах а, со шех кхоьруш долчуьнан вонах а»).

 

11. Хьайн лозуш йолчу меттиг тIе хьайн аьтту куьг а хьокхуш, йа къаьсттина лозуш цхьа меттиг яцахь хьайн аьтту куьг хьайн накхана тIе дилле, хIара доIанаш деша:
 

● «АллóхIумма роббан-нáс, азхIибил-баъс, вашфи анташ-шáфú, лá шифáа иллá шифáук, шифáан лá йугIóдиру сакъомá». (МаьIна: «Йа АллахI! ХIай адамийн Дела! Вон (лазар) а дIадаккха Ахь, дарба а де Ахь, Хьо ву-кх дарба дийриг, Хьоьгара доцург кхин дарба а дац-кх, цхьаъа лазар дуьтур доцу дарба де Ахь»).
 

● «Алло́хIумма имсахьил-баъс, роббанна́с, бийадикаш-шифа́ъ, ла́ ка́шифа лахIу́ илла́ анта». (МаьIна: «Йа АллахI! Лазар дIадайъа Ахь, хIай адамийн Дела! Хьан керахь ду-кх дарба! Хьо воцург кхин цхьаъа вац-кх и (лазар)  дIаайдан»).
 

● «АллóхIумма роббан-нáс, музхIибал-баъс, ишфи анташ-шáфú, лá ша́фийа иллá анта, шифáан лá йугIóдиру сакъомá». («Йа АллахI! ХIай адамийн Дела! ХIай лазар дIадоккхуш верг! Дарба де Ахь, Хьо ву-кх дарба дийриг, Хьо воцург кхин цхьаъа вац-кх дарба деш, цхьаъа лазар дуьтур доцу дарба де Ахь»).

 

12. ХIара доIанаш доьшуш хила:
 

● «АIýзу бикалимáтиллáхIит-тáммахI, мин кулли шайтIóнин ва хIáммахI, ва мин кулли Iайнин лáммахI». («АллахIан кхачаме долчу дешнашца ларло со массо шайтIанах а, вочу экханах а, массо вочу бIаьргах а»).
 

● «АIýзу бикалимáтиллáхIит-тáммáти мин шарри мá халакъ». («Со ларло АллахIан кхачаме долчу дешнашца, Цо кхоьллинчу массо хIуманийн вонах»).
 

● «АIýзу бикалимáтиллáхIит-тáммáти мин гIодобихIú ва IикъóбихI, ва шарри IибáдихI, ва мин хIамазáтиш-шайáтIúни ва ан йахьдурýни». («Со ларло АллахIан кхачаме долчу дешнашца Цуьнан оьгIазлонах а, Цуьнан Iазапах а, Цуьнан лайн вонах а, шайтIанийн вочу ойланех а, уьш сайна доьхьал дахкарх а»).
 

● «АIýзу бикалимáтиллáхIит-тáммáти, аллатú лá йуджáвизухIунна баррун ва лá фáджир, мин шарри мá халакъа, ва бараа ва зараа, ва мин шарри мá йанзилу минассамáи, ва мин шарри мá йаIруджу фúхIá, ва мин шарри ма зараа фил-арди, ва мин шарри мá йахруджу минхIá, ва мин шарри фитанил-лайли ваннахIáри, ва мин шарри кулли тIóрикъин, иллá тIóрикъан йатIрукъу бихайрин, йá рохьмáн». («Со ларло АллахIан кхачаме долчу дешнашца, дика стаг а, вон стаг а шайл тIех валалур воцуш долчу, Цо кхоьллинчу а, динчу а массо хIуманийн вонах, стиглара охьадуссучу массо хIуманан вонах, стигала хьаладолучу массо хIуманан вонах, лаьтта тIехь дIасадаьржина долчу массо хIуманан вонах, лаьтта тIера хьаладолуш долчу массо хIуманан вонах, буьйсанан а, дийнан а питанийн вонах, буьйсанна адамашна тIеоьхуш долчеран а вонах, диканца тIедогIуш дерг  доцург. ХIай Къинхетаме верг, ас доьху Хьоьга!»).

 

13. Даим Деле хьаста луш, даим Цуьнга доIа деш хила веза, хьайца цамгар елахь иза дIаяккхар доьхуш, хьайна дика, беркате доьзалхо валар а доьхуш. ДоIийна жоп далийтархьама, цунна жоп лун бахьанаш лело деза, сагIа далар санна, йа муьлхха а цхьа дика Iамал йар санна, дика хан харжар санна, иштта кхидIа а. И бахьанаш а, хенаш а юьйцу «Уггар деза доIанаш» (Къуръан тIера а, Суннатера а доIанаш) цIе йолчу жимчу жайни тIехь.

 

14. Дала хьайна тIедожийна долу парзаш кхочуш деш хила веза: ламаз шен-шен хенахь дар, лело ма-дезза бусалба духар лелор, марха кхабар, и.кх.дI. АллахIа хьарам динчух а ларвала веза, хьайн ницкъ ма-кхоччу. Хьайн чохь лоькхуш эшарш елахь, церан меттан АллахIан сийлахь Дош – Къуръан – хилийта деза даим хезаш дерг, ладугIуш дерг. Делах кхерар а, эхартан ойла алсам йар а хила деза хьоьца даим.

 

15. Массо хIума «бисмиллайца» дар а, долор а лардан деза. Вочу нехах а, бозчбуанчанех а, хьагI йолчу нехах а Деле ларвар деха деза, даим АллахIаца церах ларлуш хила веза.

 

16. Хьайца хьагI лелочуьнца собаре хила еза хьо, цуьнца девнаш даха ца оьшу, йа къийсавала а ца оьшу. Хьо цуьнца собаре хилар – цул дика хIума дац хьо цунна тIехь толаме хуьлуьйтур волуш. Хьайга далахь, цунна дика дан хьажа мегар ду хьо, иза хьайн ийман лакхара хилар гойтуш хIума ду. Шена вон динчунна дика дар – бакъболчу бусалба нехан гIиллакх ду, хьаьнг-хьаьнга а лелалуш хIума а дац, АллахIа шайна дика динчаьрга бен.

 

17. Даим болх АллахIана тIе буьллуш хила веза. Хьайн гIулкх дерриге Цуьнан кера дIадала деза, болх даим Цуьнга дIабала беза, Иза воцучуьнца сатийсар хилийта ца деза.

 

18. Хьайн къиношна бакъдолу тоба дан деза ахь, даим Деле воьрзуш хила веза, Цуьнга гечдар доьхуш хила веза.

 

19. Хьайн аьтту ма-ббу дика хIуманаш дан деза, дика Iамалш йан еза, нахаца дика хила хьажа веза, нахана пайда хуьлу хIума лело хьажа веза. Цу юкъахь уггар доккха хIума хила тарлуш ду хьуна сагIа далар. СагIа далар – тIебогIу бала бухатохаран бахьана ду, доIа дар санна.

 

20. Бозбунчалла лелийначул тIаьхьа дан дезарг а, оцу лазарх цIанвеллачул тIаьхьа иза шех юха ца кхетийта лело дезарг а дуьйцуш ду «Дарба дар» цIе йолчу жайни тIехь, вай нохчийн матте гочдина долчу. Кхин а дуккха а дарбанаш ду цу тIехь кхийолчу цамгаршна. Цу тIехь дерг лело хьажа, цунах дикка кхета а хьажа.
 

Айхьа доьшуш долчу доIанийн маьIни тIехь дикка ойла а еш деша.

 

ХIара дарба лелорехь хьуна хаа дезаш кхин цхьа хIума а ду: цхьана кIирнах а, шина кIирнах а сихха дарба ца хила мега хьуна. Лелийна долу бозбунчалла чIогIа делахь, цунна дарба дан хан иэша мега мелла а, масех бутт хила а тарло и хан. Цундела, мало ца еш, дог а ца дуьллуш, и дарба лело хьажа, Дала хьайна диканиг дийр хиларх тешна а хила, Цо Шен къинхетам бийр бу хьох.

 

Дала гIо дойла, Дала дарба дойла.

 

04.10.2010