|
Видео |
БУСАЛБА ДИН (ДОЦЦА ДОВЗИЙТАР)
Шейх Iалий ат-ТIантIáвий Дала къинхетам бойла цунах
Ас цкъа сайн дешархошка элира: «Шуна тIе цхьа хийра стаг а веана, цо шуьга аьлча, шен цхьа сахьт хан ю, оцу хена чохь Бусалба дин хIун ду довза лаьара шена аьлла, цхьана сахьта чохь Бусалба динах иза муха кхетор вара аш?». Цара жоп делира суна: «Иза далур долу хIума дац! Цо Дела цхьаъварх лаьцна (тавхьид) а Iамо деза, Къуран нийса деша (тажвид) а Iамо деза, Къуранан маьIна (тафсир) а Iамо деза, хьадис а, фикъхI[1] а, цуьнан баххаш[2] а Iамо деза, массо кепара долу хеттарш а кего деза, пхеа шарахь а вера вац иза и массо хIума дина». Ас элира цаьрга: «СубхьаналлахI (кхачамбацарех цIена а, веза а ву-кх АллахI)! ГIамаршкахь эрна арахь Iаш волу цхьа стаг Пайхамар (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) волчу а вогIий, и волчахь цхьа де йа цул кIеззиг хан а йоккхий, Бусалба дин довза а девзий, тIаккха и шена девзина Бусалба дин шен тайпанна довзийта воьдуш ца хилла? ТIаккха цунах царна хьехамча а, хьехархо а хуьлуш ца хилла? Бусалба дине кхайкхархо а, иза дIакхачориг а хуьлуш ца хилла? Иштта и хилла ца Iаш, Элчано (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) дерриге дин довзуьйтуш маьIна ца дина кхаа аламца, Жабраила цуьнга хеттарш дар дуьйцуш долчу хьадисехь, Ийманах лаьцна а дуьйцуш, Исламах лаьцна а дуьйцуш, Ихьсанах лаьцна а дуьйцуш? Цхьана сахьтехь Бусалба динан маьIна хIунда ца дало вайга?». ۞ ۞ ۞
ХIун ду тIаккха Бусалба дин? Бусалба дине ва́р а муха хир ду? Нийса долчу а, харц долчу массо динийн а, пайдане долчу а, зене долчу а массо цхьанакхетарийн а, дика йолчу а, вон йолчу а массо тобанийн а, церан хIораннен а уьш тIетевжаш долу шайн кхетамийн баххаш ду, тешаран хеттарш а ду. Церан Iалашо билгалйеш, церан болам цхьана хорша берзош, церан декъашхошна коьрта низам («конституци») хуьлуш. Церах цхьанна юкъаваха луург оцу баххашка хьожу. ТIаккха ша царна реза хилахь, ша уьш нийса хиларх тешахь, шен кхетамца а, хьекъалца а цо уьш цхьаъа шеко йоцучу кепара къобал дахь, ша оцу цхьанакхетарна юкъавитар лоху цо, цуьнан декъашхойх цхьаъ хуьлий дIахIутту иза. Коьрта низамо тIеиэгош долу гIуллакхаш дар а, уьш лелор а тIедужу цунна тIаккха. Низамо хIоттош долу ахча а дала деза цо, ша декъашхо хилар тIечIагIдеш, массаьрца да́къа лоцуш. Цул тIаьхьа шен леларца гойтуш хила а веза иза, ша́ оцу цхьанакхетаран баххаш даггара къобалдина тIелаьцна хилар. Даим и баххаш дагахь латтош хуьлу иза цундела, цаьрца догIуш доцу цхьаъа хIума ца до́луьйту цо шегара. Мелхо а, шен гIиллакхашца а, шен леларца а хаза масал хуьлу иза оцу баххашна, шен гIуллакхца а, шен леларца а цаьрга кхойкхуш а хуьлу иза. Оцу кеппара, цхьанакхетарна юкъахь декъашхо хилар – иза цуьнан низам довзар ду, цуьнан баххех тешар ду, цуьнан бехкамашна муьтIахь хилар ду, цаьрца догIуш долчу кепара шен дахарехь лелар а ду. Иза юкъара хьал ду, Бусалба динна тIедогIуш а ду иза. Бусалба хила лууш волчо цкъа доьххьара цуьнан баххаш къобал дина тIелаца деза, тIаккха церах билггал долчу тешарца теша веза, уьш шен кхетам а, тешар а хуьлуьйтуш. ۞ ۞ ۞ И баххаш доцца дийцича – тешар ду, хIара вайна гуш-хезаш долу Iалам массо хIума ца хиларх, хIара вайн дуьненара дахар дерриге дахар ца хиларх. Адам дуьненчу да́лале хьалха а долуш хилла хилар, деллачул тIаьхьа а хир долуш хирг хилар.[3] Тешар ду иза, адамо адам ша́ кхоьллина ца хиларх. Цунна ша довзале хьалха дуьйна долуш хилла ду иза, цунна гонаха долчу хIокху чохь са доцучу Iаламо кхоьллина а дац иза. ХIунда аьлча адаман хьекъал ду, чохь са доцучу оцу хIуманийн хьекъал дац. Мелхо а, адам а, Iалам а, цу чура и хIуманаш а хьалха цкъаъа доцуш хиллачул тIаьхьа Дала Ша цхьамма кхоьллина ду. Иза цхьаъ ву хIуманна дахар луш, иза дендеш верг а, цуьнгара дахар дIаоьцуш, иза долуьйтуш верг а. И ву массо хIума кхоьллина верг. Шена лиъча иза дохийна дIадаккха йиш а ю Цуьнан. Дела Ша́ кхоьллинчу оцу Iаламашкахь долчу цхьанне хIуманах тера вац. Хьалхе йоцуш даим хилла верг ву Иза, чаккхе йоцуш даим хир верг а ву Иза. Ницкъ болуш верг ву Иза, Цуьнан ницкъан дозанаш а дац. Массо хIума хууш-девзаш верг ву Иза, Цунна ца хууш къайлах дуьссуш цхьаъа хIума дац. Нийсо йийриг ву Иза, делахь а Цуьнан доза доцу нийсо адамийн нийсонан ба́рамашца юста йиш йолуш яц. И ву хIокху Iаламан болам а, лелар а хIоттийнарг, вай шех «Iаламан низам» олуш дерг хIоттийнарг; цу чохь массо хIума шен барам болуш хилийтинарг; хьалха-хьалха азаллехь дуьйна цуьнан да́къош а, тайпанаш а билгалдинарг; цу чохь хуьлуш долу меттахдийлар а, сецна Iар а, хийцадалар а, хIума дар а, Iаддитар а хIоттийна верг, дийна долчу хIуманна а, чохь са доцучу хIуманна а. Адамана хьекъал делла Цо, цуьнца дуккха хIуманах кхета а кхета адам; кхета йиш йолуш долчу хIуманах, хьекъал тIекхиа йиш йолчу хIуманах. Хьекъал делла Цо адамана, шена луург цуьнца харжийта, лаам а белла цунна Цо, ша хаьржинарг кхочушдан цуьнан аьтту хилийта. Цхьа хан тоьхна долчу хIокху дахарал тIаьхьа эхартахь кхин дахар хилийтина Цо. Дика хиллачунна ялсамани чохь бекхам бийр бу цигахь, вон хиллачунна жоьжахати чохь цунна догIург дIакхачор ду. И Дела Ша́ цхьаъ волу дела ву, Ша́ саннарг кхин воцу дела ву. Цуьнца цхьаьна шена Iиба́дат (гIуллакх) деш кхин цхьаъа накъост вац. Йа Цунна герга кхачош а, Цунна хьалха Цуьнгара пурба доцуш шафа́Iат деш а цхьаъа юкъалеларг а вац. Массо кепара долу Iибадат дерриге Цунна цхьанна хила дезаш ду, деккъа Цуьнан доьхьа хила дезаш ду. Цо кхоьллина кхолларш ду Цуьнан, вайна гуш долуш, ган а, хаза а, довза а йиш йолуш. Вайна гуш доцуш къайлах долу кхолларш а ду Цуьнан, цхьадерг чохь са доцуш ду, важадерг дийна ду, шайна тIедехкина декхарш долуш ду. Дийна долчерах деккъа цхьана диканна (кхоьллина) дерг ду, уьш малийкаш ду; деккъа цхьана вонца доьзна дерш а ду, уьш шайтIанаш ду; иэделла дерш а ду, шайна юкъахь диканиг а нислуш, вониг а нислуш, уьш адамаш а, жинаш а ду. ۞ ۞ ۞ Тешар ду иза, нахана юкъара цхьадолу адамаш Цо хоржуш хиларх, Шегара шарI (дин, низам) малийкехула царна тIедоссорхьама, тIаккха нахе цаьрга иза дIакхачадайтархьама. Иштта долу и адамаш элчанаш бу. И шарI чохь долуш жайнаш а, тептарш а ду, стиглара диссийна, тIаьхьа-тIаьхьа догIучо шел хьалха хилларг дIа а доккхуш, йа хийца а хуьйцуш. Оцу жайнех уггар тIаьххьарниг Къуран ду. Цул хьалха хилла долу жайнаш а, тептарш а хийцина хилла ду, йа дайна хилла ду, дицдина хилла ду. Ткъа Къуран хийца а ца луш, да́н а ца довш диссина ду. Тешар ду иза, оцу элчанашна а, пайхамаршна а юкъахь уггар тIаьххьара верг IабдуллахIан воI Мухьаммад хилар, Iаьрбо а волуш, Къурайши тайпана а волуш волу. Элчаналла цуьнца чекхдаьккхина ду, динаш а цуьнан динца дIадерзийна ду, цундела цул тIаьхьа цхьаъа пайхамар вац. Делера къинхетам а, хаза хастор а, лаккхара дарж а, маршалла а, беркаташ а хуьлда-кх цунна. Къуран – Бусалба динан низам («конституци») ду. Иза Делера хилар бакъдинарг, цунах дерригенах, цу юкъара хIора хIуманах тешнарг – цунах «муъмин» (тешаш верг, шеца Ийман дерг) олу. Оцу маьIнийца долу и Ийман (тешар) адамаца хилар АллахIана бен девзаш дац, хIунда аьлча адамашка нехан дегнаш дIа ца деллало дела, дегнаш чохь дерг царна хаийла доцу дела. Цундела, бусалба нахе и стаг шайна юкъара ву аьлла тIелацийтархьама, и шен тешар шен маттаца дIакхайкхо деза цо, шина тешаллийца тешалла дарца. И ши тешалла иштта ду: ас тешалла до АллахI воцург кхин дела вац аьлла, ас тешалла до Мухьаммад АллахIан элча а ву аьлла. И ши тешалла цо шен маттаца схьаалахь, иза бусалба хуьлуш ву. Йа вуьшта аьлча, бусалба пачхьалкхехь шен бух болуш волу вахархо хуьлуш ву иза. Бусалба стеган хила йогIуш йолу ерриге бакъонаш хуьлуш ю цуьнан, Бусалба дино шена тIеиэгош йолу ерриге Iамалш къобал еш а ю цо. ۞ ۞ ۞ Ткъа и Iамалш – йа вуьшта аьлча Iибадаташ – кIеззиг ю, атта а ю, йоккха хало яц цаьрца, йа новкъарло а яц церах хуьлуш. Церах доьххьарниг: Iуьйранна ши ракаIат (ламаз) дар ду, шен Деле вистхуьлуш, Цуьнга Цуьнан дика доьхуш, Цуьнца Цуьнан Iазапах ларлуш. Оцу ламазал хьалха ламаз эца деза, шен дегIан меженаш йиларца, йа шена тIедоьжна лийчар делахь шен дерриге дегIах хи кхарзарца. ТIаккха делкъа хенахь диъ ракаIат (ламаз) дар ду; тIаккха (малхбуза хенахь) кхин диъ ду; малх чу ма-буьззи (маьркIижа хенахь) кхин кхоъ а ду; буьйсанна (пхьуьйра хенахь) кхин диъ а ду. Уьш ду парз дина тIеиэгийна долу ламазаш. Уьш дерриге деш цхьана дийнахь ах сахьт хан ялахь кхин ера яц. Уьш дан дезаш билламе йина хIоттийна цхьа меттиг а яц, йа цуьнца бен дан мегар дац аьлла билгалдина цхьа къаьсттина адам а дац, бусалба стагана а, цуьнан Делана а юкъахь юкъалелархо а вац оцу ламазашкахь, йа кхечу массо Iибадаташкахь (керстанехан санна).
ШолгIаниг: Шара
чохь цхьа бутт бу, бусалба стага шена чохь Iуьйранна ша́ бууш болу кхача
хьалххе бууш, КхоалгIаниг: Шена оьшучул а, шен доьзална оьшучул а совдаьлла цхьа къаьсттина барам болуш долу даьхни хилахь, кхин хье́деш доцуш иза цхьана шарахь охьадиллина лаьтташ а хилахь, цхьа шо дуьзчначул тIаьхьа оцу даьхни тIера 2.5% дIадалар тIедужу бусалба стагна. Иза шайна дIакхачадезарш миска нах а, цуьнга хьашт долу нах а бу. Хала а, дукха а даьхни дац иза, луш волчунна гIело еш хIума а дац иза, ткъа цуьнга хьашт долуш волчунна доккха гIо а ду иза, юкъараллехь вовший гIо деш хиларна йоккха гIортор ю иза, уггар вон цамгар йолчу къеллийна дарба а ду иза. ДоьалгIаниг: Бусалба дино бусалба юкъараллийна цхьанакхетарш хIиттийна, шен-шен хенахь хила дезаш долу. Цхьа цхьанакхетар цхьана куьпан кхеташо санна дерг ду, хIора дийнахь пхоьазза хуьлуш ду иза. Пхи ламаз жамаIатца дар ду иза. Шаьш шайн Делан лайш хилар чIагIдеш, Цуьнца йолу шайн юкъаметтиг чIагIйеш цхьанакхеташ бу уьш. Оцу цхьанакхета-ран стоьмех цхьа стом бу аьтту болчара гIийлачарна гIо дар а, ца хуучунна хуучо Iамор-хьехар а, хьолахоша мискачунна накъосталла дар а. Цуьнан хан 15 минот гергга йолу хан ю, цундела цо белхалочуьнан балхана новкъарло ца йо, йа совдегархочуьнан йохкаэцарна новкъарло а ца йо. Ткъа цхьа бусалба стаг оцу гуламе ца воьдуш, шен цIахь цо ламаз дахь, цунна вон бекхам бац беш, делахь а цига вахча шена хир болу ме́л ца хуьлуьйтуш вуьтур ву цо ша. ТIаккха, кIирнах цкъа хуьлуш кхин цхьа цхьанакхетар а ду, куьпанийн кхеташонаш цхьана меттехь гулйалар санна. Иза рузбан ламаз ду. Цуьнан хан цхьана сахьтал кIеззиг ю. Цига вахар божаршна тIедожийна декхар а ду. Цхьана гIаланан кхеташо санна долу цхьанакхетар а ду, шара чохь шозза хуьлуш. Иза Iийд-ламазана (марха достуш а, гIурба дуьйш а) гулдалар ду. Цига вахар тIедожийна декхар долуш хIума дац. Ткъа цуьнан хан а цхьана сахьтал кIеззиг хан ю. ТIаккха, кхин цхьа цхьанакхетар а ду, дерриге халкъан гулдалар санна долу. Иза шара чохь цхьана къаьсттина йолчу меттехь хуьлуш ду. Ма-дарра дерг аьлча, дахарехь нисвеш долу Iамор ду иза, ойла самаяккхар а ду иза. Бусалба стаг шен ницкъ кхачахь шен дахарехь цкъа ваха везаш ву оцу цхьанакхетаре. Иза – хьадж дар ду. Иштта уьш ду бусалба стеган декхар хилла тIеиэгаш долу коьрта Iиба́даташ. ۞ ۞ ۞ ТIаккха, Iиба́датана (Далла муьтIахь хиларна) юкъадогIуш ду цхьадолчу хIуманех ларвалар. И хIуманаш дуьнен тIера хьекъал долчу нехан массеран бартхилла долу хIуманаш ду, уьш вон ду аьлла, церах ларвалар декхар а ду аьлла. Церан масал ду бакъо йоцуш адам дер, нахана зенаш дар, массо кепара долу зулам, хьекъал талхош, вахош долу маларш, сий дойъуш, цIий бехдеш долу зина́, риба́ (са́ йоккхуш декхар далар), харц лер, Iехор, ямартло, Делан дош лакхадаккхархьама тIедоьжна долчу эскаран гIуллакхах вадар… Оцу вочу хIуманех уггар даккхийчерах ду деца-ненаца дика ца хилар, харц дуй баар, харц тешалла дар, иштта и санна долу кхидолу вон белхаш а, шаьш боьха хилар а, вон хилар а хьекъалшна массарна цхьатерра хууш-девзаш долу. Бусалба стага ша́ кхочуш дан дезачу декхарех цхьадерг дан ма-дезза кхочуш ца дахь, йа лелон мегар доцучу хIуманех цхьадерг цуьнгара да́лахь, тIаккха иза Деле а вирзина, тоба а дина, Делера цо шена гечдар лахахь, АллахI Дала гечдийр ду цунна. Нагахь санна цо тоба ца дахь, бусалба вуьссуш ву иза, бусалба нахана юкъара цхьаъ ву олуш а ду цунна, делахь а Iе́са (Далла муьтIахь воцуш) лорур ву иза. Эхартахь таIзар хила хьакъ долуш хир ву иза, делахь а цуьнан таIзар цхьа хан тоьхна хир ду, керстанна санна долу даим дерг хир дац. Амма нагахь санна цо цхьадолу баххаш керстадахь, тешарехь бух ларалуш долчу хIуманех цхьадерг цо духатохахь, йа иза цунах шек валахь, йа массо бусалба наха ва́жиб (декхар) ду аьлла долу хIума цо иштта дац алахь, йа хьарам хилар тIехь цера массера бартхилла долу хIума цо хьарам дац алахь, йа Къуран тIера цхьа дош цо духатохахь – иза динах аравалар хир ду, Бусалба динах вухакхеттарг хир ву и хIума динарг, бусалба вахархо аьлла долу куц дIадера ду цуьнгара. Бусалба динах вухакхетар уггар доккха зулам лоруш ду Бусалба динехь. Таханлера низамашца дуьстича, махкана а, халкъана а ямарт хилар санна хIума ду иза, цунах иза юха ца валахь цуьнан бекхам валар бу. Бусалба стага цхьадолу декхарш кхочуш ца деш хила а тарло, йа цхьадолу мегаш доцу хIуманаш лелош хила а тарло, декхар дерг декхар хилар а, мегаш доцург мегаш ца хилар а къобал а деш, цунна къера а хуьлуш. Иштта волу иза бусалба стаг вуьссуш ву, делахь а Iеса хир ву иза. Амма тешар (Ийман) – иза декъадала йиш йолуш дац, цундела, дезткъе ткъесна тешарх (кхетамах) теша а тешна, цхьаннах иза ца тешахь, керстаналла хир ду иза.[4] ТIаккха, адамашна гергахь бусалба а волуш, делахь а дагчохь тешаш а воцуш хила а тарло цхьа стаг. Масала, цхьана тобана юкъахь лелаш ву цхьаъ, гуламашка вогIуш а ву иза, декъашхоша дала деза ахча дIалуш а ву иза, кхидолу массо декхарш кхочушдеш а ву иза, делахь а цуьнан баххаш къобал дина вац иза, уьш нийса хиларх тешна а вац иза. Масала, цу юкъахь дерг мостагIашка дIадийца юкъавеана ву иза, йа иза талхо Iалашо йолуш лелаш ву иза. Иштта волу стаг ву муне́пакъ («муна́фикъ»)[5] олург. Шен маттаца ши тешалла а до цо, нахана гучахь массо Iибадаташ а до цо, делахь а уьш бакъ хиларх тешаш вац иза. Далла гергахь кIелхьаравер волуш вац и санна верг, нахана гергахь бусалба лоруш велахь а. ХIунда аьлча, адамаша лелориг гучахь долчуьнца доьзна ду, ткъа къайленаш а, дегнаш а девзаш верг цхьа АллахI ву. ۞ ۞ ۞ Ойланца а, кхетамца а доьзна долчу Бусалба динан баххех цхьа адам тешахь… АллахIах даим а, массо агIор а теша а тешаш, накъостах а, юкъалелачух а Иза цIан а веш, малийкех а, элчанех а, жайнех а, эхартара дахарх а, массо хIума Делан хIоттамца лелаш хиларх а теша а тешаш, шен маттаца ши тешалла а деш иза хилахь… Парз ламазаш а деш, Рамадан баттахь марха а кхобуш, шен даьхни тIе закат доьжнехь иза дIа а луш, шен ницкъ кхачахь цкъа шен дахарехь хьадж а деш иза хилахь… Мегаш ца хилар тIехь бартхилла долчу хьарамлонех иза ларлуш а хилахь… Иза – тешаш волу бусалба ву («муслим муъмин»). ХIетте а, цуьнан оцу тешаран (Ийманан) стом гучубер бац, йа цунна оцу шен тешаран марзо а евзар яц, йа массо агIор кхачаме волу бусалба а хир вац иза, шен дахарехь цо шена бакъволчу бусалба стеган некъ лаццалц, цу некъаца вехаш иза хиллалц. Ткъа и некъ боцца бовзийтина вайна Делан Элчано (Делера къинхетам, маршалла хуьлда цунна) цхьана аламехь, дешнаш кIеззиг а долуш, маьIна доккха а долуш долчу шен хазчу дашца, адамо аьлла долчу уггар кхачаме долчу дешнех цхьана дашца, дерриге дика, дуьненан дика а, цул тIаьхьа догIучу эхартан дика а шена чохь гулдеш долчу цхьана дашца. И дош: бусалба стагана даим дагахь хилар ду, ша хьалагIоттуш а, охьахууш а, ша́ цхьаъ виссича а, йа кхечаьрца цхьаьна волчу хенахь а, ша забар ечу хенахь а, забаре ша воцучу хенахь а, шен дерриге хьелашкахь цунна дагахь хилар ду иза, АллахIана ша гуш хилар, Иза шега хьожуш хилар. Цундела Цунна Iеса хир вац иза, ша Цунна гуш вуй шен дагахь хилча. Йа кхоьрур а вац иза, йа дог а дуьллур дац цо, Иза шеца вуй цунна хууш хилча. Сингаттаме а хир вац иза, ша Цуьнга вистхуьлуш хилча. Цхьаннегара шена цхьа хIума оьшу аьлла хетар дац цунна, ша Цуьнгара доьхуш хилча, Цуьнга доIа деш хилча. Ткъа нагахь санна ша Iе́са хилахь – ткъа адамера Iе́салла йо́луш хуьлу – Деле юха а вирзина тоба дийр ду цо, тIаккха АллахIа тоба къобал а дийр ду цуьнан. И дерриге маьIна вайна луш ду Пайхамара (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) Ихьса́н бохучуьнан маьIна деш аьлла долчу дашо: «Ахь АллахIана Iибадат дар ду иза, хьайна Иза гуш волуш санна. Ткъа хьуна Иза гуш вацахь а, Цунна хьо гуш ву хьуна». Иштта и ду Бусалба дин (Динул-Ислам), юкъарчу чулацамца аьлча. [1] ФикъхI – иза Iибадат даран бакъонаш а, наха вовшашца лелош йолчу юкъаметтиган бакъонаш а толлу Iилма ду, оцу шина балхехь хьанал-хьарам довзуьйту Iилма ду. [2] ФикъхIан баххаш (Iаьрбийн маттахь «Усу́лул-фикъхI») – фикъхI Iилмангахь хьарам-хьанал шех схьадоккхуш долу баххаш довзуьйтуш долу Iилма ду. Муьлха, хIун хIума бух лоруш ду, лоруш дац а, бух лоручух хьукм схьа муха даккха деза а, хьукм схьадоккхуш волу Iеламстаг муха хила веза а дуьйцу цо, юкъарчу чулацамца аьлча. [3] Вайн массеран да-нана Адам а, Хьава а (Делера маршалла хуьлда цаьршинна) доьххьара ялсамани чохь хилла ду, цу чура дуьнена тIе доссийна ду и шиъ. Ткъа адамаш хIокху дуьненахь деллачул тIаьхьа, эхартахь йа ялсамани чохь, йа жоьжахати чохь хир долуш ду. [4] Масала, кхидолчу массо хIуманах теша иза, делахь а малийкех ца теша иза – цу хьолехь иза бусалба лоруш хир вац. [5] Мунепакъалла, йа Iаьрбийн маттара аьлча «нифа́къ» - иза гучахь ша тешаш ву а бохуш, къайлах (дагчохь) тешаш ца хилар ду, дагчохь керста хилар ду. Амма Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) аьлла долу хIара дешнаш: «Мунепакъ стеган билгало кхоъ ю…», - оцу дешнашкахь лууш верг вай вуьйцург вац. Ша делла долу дош а, бина болу барт а цхьамма лар ца бича, йа харц луьйш хилча, йа тешнабехк беш хилча – деккъа оцу хIуманца керста ца хуьлу стаг. Цунах юкъараллин мунепакъалла олу, вай доьххьара хьахийна долу тешарца доьзна долу мунепакъалла дац иза. |