|
КхоалгIа дакъа: Делаца а, адамашца а лелоеза юкъаметтиг Хьуна хаийла, хьо Iачу меттехь а, хьо новкъа воьдуш волуш а, хьо вижина волуш а, хьо сема волуш а, хьо дийна волуш а, хьо веллачул тIаьхьа а хьох хедар воцу хьан накъост АллахI хилар, хьан Дела а, хьан Эла а, хьан Кхоллархо а волу. Ахь Иза хьахийначу меттехь хьоьца хуьлуш ву хьуна. Лекха хинволчу АллахIа аьлла: «Со хьахийначуьнца хир волуш ву Со».[1] Хьайн динехь хьайгара доьвллачу кхачамбацаршна сагатделла хьан дог доьхначу хенахь хьоьца хир волуш ву хьуна Иза. Лекха хинволчу АллахIа аьлла: «Сан доьхьа шайн дегнаш духучаьрца хир волуш ву Со».[2] Хьайна Иза баккъалла вовзахьара И лоцур вара ахь хьайна накъост, адамаш дуьтур дара ахь юьстах. Ткъа нагахь хьайн ерриг хенахь хьан Иза хьайца хилийта ницкъ ца кхачахь, верлахь ларлолахь цхьа де а, буьйса а хьо хьайн Делаца висна воцуш дIадахийтарх а, айхьа Цуьнга кхайкхаран марзо хьайна ца хуьлуьйтуш хан дIайахийтарх а. Хьо Делаца цхьаьна висса везаш а хилча, хьо цуьнца къамеле вала везаш а хилча, хьуна довза деза айхьа Лекха хинволчу АллахIаца лело деза гIиллакхаш. И гIиллакхаш хIорш ду хьуна: корта (тIех сов) айбина ца лелар, бIаьрг ца оьшуче ца хьажор, ойла сирла хилийтар, дукха къамел ца дар, меженаш тийна хилар, кхоччуш сацам беш хилар, ца магийначух ларвалар, хилла яьллачу Делан кхелана дуьхьал ца вийлар, даим зикр дар, даим ойла еш хилар, диканиг вочул хьалхадоккхуш хилар, Дала кхоьллинчу хIуманца йолу ойла дIахадор, Делан возаллийна муьтIахь хилар, эхь хетарца дог кIад далар, Дала яздина долу рицкъа хьайна хир дуй хууш дукха генара некъашца рицкъа ца лехар, Дала хьайна уггар диканиг хоржур дуй а хууш болх Цуьнан кера дIабалар. ХIара ша-дерг хьан хила деза хьан коьрта Iалашо дийнахь а, буса а, хIунда аьлча уьш ахь хьайх цкъа а къаьсташ воцучу накъостаца лело деза гIиллакхаш, ткъа Цо кхоьллина долу массо кхин долу хIума хьох хьан цхьайолчу хенахь дIакъаьсташ хуьлу. Нагахь хьо Iелам-стаг велахь, Iелам-стеган гIиллакхаш хIорш ду хьуна: хало ловш хилар, даим кIеда-мерза хилар, корта хьала а ца айбеш эсала лараме охьахаар, Дала кхоьллинчу цхьана а нахана тIехь куралла ца йар – зуламхошна тIехь бен, уьш шайн зуламах бухакхетийтархьама –, адамаш вовшахкхетачу меттехь эсалла йовзуьйтуш хилар, эрна къамел а забарш йар а Iаддитар, дешархочуьнца кIеда хилар, кураллаш ечуьнна доьхьало йан сих ца валар, кхетам боцург хазчу кхеторца кхетор, цунна оьгIаз ца ихар, «ца хаьа суна» ца олуш вазвалар Iаддитар, хаттар деш волчуьнга кхоччуш ладогIар, цуьнан хаттарх кхоччуш кхета хьажар, кхечуьнан тешалла къобал дар, ша галваьлча нийсонна тIе юхаверзар, дешархочунна зен дийр долчу массо Iилманах иза ларвар, пайдане Iилма дешархочо Iамочу хенахь цуьнан ниййат Лекха хинволчу Делан доьхьа ца хиларх иза ларвар, «фардул Iайн» дерг Iаморал хьалха «фардул кифáйат» Iаморах дешархо ларвар – ткъа цунна «фард Iайн» дерг цо шен гучахь дерг а, къайлах дерг а Делах кхерарца тодар а ду, ша Iамош долчуьнца цкъа доьххьара иза ша Iамал еш а хилийтархьама, тIаккха ша олучух цунна шена пайда а хилийтархьама –. Нагахь хьо дешархо велахь, дешархочо Iелам-стагца лело деза гIиллакхаш хIорш ду хьуна: цуьнга доьххьара маршалла а, салам а далар; цунна хьалха дукха къамел ца дар; шега шен хьехархочо хаьттича бен вист ца хилар; пурба даьккхинчул тIаьхьа бен хаттар ца дар; цо аьллачунна доьхьал – «хьенеха ахь аьллчунна доьхьал дерг ма-аьлла» - ца алар; цунна хьалха ша хиина волуш шен накъосте хеттарш ца дар; агIонашка дIай-схьай ца хьежар… муххале а хьо охьахаа веза шен корта хьала а ца айбеш, тийна, гIиллакхе, хьой ламазехь волуш санна паргIат… иза кIад велча цуьнга дукха хаттарш а ца деш, иза хьалагIаьттича хьала а гIоттуш, иза шен цIа кхаччалц цуьнга новкъахь хеттарш а ца деш, шена гучах гича нийса ца хета хIума цуьнгара даьлча цунах лаьцна вон ойла а ца кхоллайолуьйтуш – иза ша ву шен къайленаш дика йоьвзаш – иштта хIума шена гича Мусас Хизире – Делера салам хуьлда цаьршинна – аьлларг дага даийта деза цо:
×Цо
элира: «Цуьнан (хIурда кеманан) охIлу хи буха дахийтархьама дохий ахь иза?
Ма-вон хIума ди-кх ахь »Ø.[3] Цо дагадаийта деза шена, Мусас шена тIехула схьагинчунна тIе а доьгIна Хизирна йина йолу инкарло гIалат хилла хилар. Нагахь хьан да-нана делахь, беро шен деца-ненаца лело деза гIиллакхаш хIорш ду хьуна: цаьршима къамел деш ладогIар; и шиъ хьалагIаьттича хьалагIаттар; цаьршимма де аьллачунна муьтIахь хилар; цаьршинна хьалха волавелла дIа ца вахар; цаьршинначул лакха шен аз ца айдар; и шиъ шега кхайкхича цаьршинна жоп далар; шен ма-хуьллу и шиъ реза дан хьожуш хилар; цаьршинна хьаставелла муьтIахь хилар; ша цаьршинна дина дика а, ша цаьршинан гIуллакхе хьажар а цаьршинна хьалха ца дйцар; цаьршинга раз ца хьежар; шен юьхь хабийна цаьршинан юьхьдоьхьал ца хьажар; цаьршинан пурбанца бен цхьанха а ца вахар. Хьуна хаийла, и лакхахь берш дIабоьвллачул тIаьхьа, кхин долу адамаш хьоьца йолчу юкъаметтигца кхаа декъе декъа луш хилар: йа доттагIий, йа боьвзаш берш, йа боьвзаш боцурш. Ткъа нагахь санна хьуна боьвзаш боцучу нахаца хьан юкъаметтиг ян езаш хилахь, цаьрца ахь лело деза гIиллакхаш хIорш ду хьуна: цара деш долчу къамелана юкъа ца гIертар; церан эрна къамелашка ла ца дегIар; цаьргара дуьйлуш долу вон дешнаш тергал ца дар; цаьрца дукха веттаваларх а, хьайн цаьргара хьашт хилийтарх а ларвалар; нагахь санна цара къьобал дийр ду аьлла хетахь, кIедачу хьехамца цаьргара дуьйлуш долчу вочу хIуманашана церан тидам тIебахийтар. Амма хьан динан вежрий а, доттагIий а – ахь цаьрца лело езаш ши агIо ю: Хьалхарниг: Накъосталла а, доттагIалла а лелоран бехкамаш бовзар, тIаккха цу бехкамашца хьайна уьш лахар а, доттагIаллийна а, вежараллийна а мегар болчу нахаца бен вежаралла ца лелор. Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «Адам шен доттагIчуьнан динехь хуьлу, цундела шу хьовса шаьш
хьаьнца доттагIалла леладо».[4] Нагахь санна хьо хьайна хьайн дешарехь накъост лохуш хилахь, хьайн динехь а, дуьненахь хьайна доттагI лохуш хилахь, ахь ларде и лахарехь пхи хIума: 1. Хьекъал. Верлахь, ларлолахь, ларлолахь ЖехIил стагца юкъаметтиг лелорх, Мел дукха нах бохийна галбаьхна ЖехIил стагца юкъаметтиг лелоро. Хир ю хьан наха цIе йоккхуш Хьан лелар хьаьнца ду хьаьжжина, Ши мача цхьатера хилча Цу шинне цхьатера цIе яьккхина. Ши хIума ул-улло хIоттийча Сов долу цаьршинан терахилар, Ши стеган ши дог цхьанакхетча Довзало цаьршинна вовший. 2. Хаза гIиллакх хилар.
Ахь
накъосталла ма леладе вон гIиллакх долчуьнца – оьгIаз вахча а, дегIан марзо
меттах яьлча а шен са шен керахь ца сацалуш волчуьнца. Iалкъама
АлIутIóридий цIе йолчу Iелам-стага – Дала къинхетам бойла цунах – ша
лечу хенахь шен кIанте весет деш аьлла: «ХIайн сан кIант! Нагахь хьайна
цхьанца накъосталла лело лаахь, ахь леладе иза айхьа шена гIуллакх дича хьо
ларвийр волчу стагца, хьо шеца цхьаьна хилча хьо хазвийр волчу стагца, хьуна
тIе цхьа хьашт хIоьттича хьуна гIо дийр долчу стагца. Ахь накъосталла леладе,
ахь шега диканца куьг кховдийча хьоьга а кховдор доьлчуьнца, хьоьгара цхьа
дика гича цуьнан тидам а бийр болчуьнца, хьоьгара цхьа вон гича цуьнан тергам
а бийр боцучуьнца. Ахь накъосталла леладе ахь цхьаъ аьлча хьох тешар
волчуьнца, хьо цхьаъ дан гIоьртича хьуна гIо дийр долчуьнца, шуьшиъ вовший
къовсавелча хьо шел хьалхавоккхур волчуьнца». Iелас – Дела реза хуьлда цунна
– аьлла хIокху мукъамехь: Хьан бакъволу ваша хьоьца даим хир верг ву хьуна, Ша-шена зен дина а хьуна пайда бийр берг ву хьуна. Заманан шеконо шен лазамаш тIеэгийча хьуна,
Хьо гулвеш,
лазамийн гулам дIабохор берг ву хьуна. 3. Динца дика хилар. Ахь накъосталла ма леладе къинош леточу стагца, доккха къа леточара соцуш воцучу стагца, хIунда аьлча Делах кхоьруш верг доккха къа летош хир вац, ткъа Делах ца кхоьруш волчуьнгара вон ца хила тешам бац, Iалашонаш а, хьолаш а хийцадаларца иза хийцало дела. Лекха хинволчу АллахIа аьлла Шен Пайхамаре – Делера салават а, салам а хуьлда цунна –:
×Хьо
муьтIахь ма хила Оха шен дог Тхаьш хьахорах духатоьхна волчунна, шен лаамана
тIаьхьаваьлла волчунна, шен болх бицбелла хилла волчуннаØ.[5]
4. Дуьне дезар чIогIа долчу стагца
накъосталла ма леладе. Дуьне дезар чIогIа долчу стагца цхьаьна лелар хьо вуьйр волу дIовш ду хьуна, хIунда аьлча адамийн амалшца ду цхьаннах тарвалар а, цхьанна тIаьхьавазар а. Иштта хилла ца Iаш, цхьана амало вукха амалх дакъа схьаоьцу, шена хаа а ца хууш. Ткъа дуьне дезар чIогIа долчу стагца цхьаьна леларо хьуна дуьне дезар алсамдоккхур ду, «зáхIид» стагца цхьаьна леларо хьан «зухIд»[6] алсамдоккхур ду.
5. Бакъ лер.
Харц луьш
волчуьнан накъост ма хила хьо, цо Iехо там болуш ву хьуна хьо. И стаг тера ву
хьуна йилбазлагIах а, бIарлагIах а, хьуна генахь дерг герга а хоьтуьйтуш,
хьуна гергахь дерг генахь а хоьтуьйтуш. Схьахетарехь, хьуьжаршкахь а, маьждигашкахь а хьуна карор бац и дерриг хIумнаш шайца долуш берг. Цундела ахь дан дезарг ши хIума ду: йа нахах веттаваларх дIахадар – хьо маьрша вуьсур волу хIума ду иза –, йа ахь хьайн накъосташца церан дакъошка хьаьжжина юкъаметтиг лелор. Цундела хьуна хаа деза, хьан «вежрий» кхаа кепара буй: · Хьан эхартана волу ваша а – цуьнца ахь дин лардан деза; · Хьан дуьненна волу ваша а – цуьнца ахь хаза гIиллакх лардан деза; · Новкъахь гича хьо вист хуьлуш волу ваша а – цуьнца хьо цуьнан вонах а, цуьнан питанах а ларвала веза, цуьнгара хьайна маршо а ларйан еза ахь. Нах кхаа кепара бу:
Церах цхьаберш даар санна бу, ца хилча мегар доцуш. ШолгIаниш дарбан молханаш санна ду, цхьа йолчу хенахь оьшуш, вукха хенахь ца оьшуш. КхоалгIаниш цамгар санна бу, цкъа а оьшуш боцуш. Делахь а, цкъацкъа цаьрца гIуллакх тIехIуттий бала богIуш а хуьлу Делан лайга. Иштта нах шайца адамалла а, пайда а боцу нах бу. Цундела цаьрца дика хила веза, церан вонах кIелхьаравалархьама. Цу нахах цхьа стаг гар хьуна боккха пайда бу, нагахь хьуна и пайда ган хаахь. И пайда хIара бу – цуьнан вон хьолаш а, Iамалш а хьуна гича, хьуна иза боьха хетар ду, цундела хьо цу хIуманех ларлур ву. Ирс долуш ву кхечуьнца шена хьехам хуьлуш волу стаг. Ткъа цхьа бусалба стаг вукха бусалба стагна куьзга санна ву. Iийса-пайхамаре – Делера салам хуьлда цунна – хаьттина хилла: «Хьуна гIиллакхаш хьа Iамийна?» Цо жоп делла: «Цхьамма а гIиллакхаш ца Iамийна суна, делахь а сайна кхетам боцучу стеган ца кхетам гича цунах ларлора со». Баккъалла, ма-бакъ лийна-кх иза – Делера салават а, салам а хуьлда вайн Пайхамарна а, цунна а –, адамаш шайна кхечаьргара гуш долчу вочу хIуманех шаьш юхакхетахьара церан гIиллакхаш кхачаме а хир дара, гIиллакхаш Iамош хьехархой а оьшур бацара. ШолгIаниг: Накъосталла лелоран бакъонаш ларйар а, накъостан хьакъ лардар а. Шуьшинна юкъахь юкъаметтиг чIагIйелча, хьуна а, хьан накъостана а юкъахь накъосталла тоделча, хьуна тIехь ахь лардан дезаш масийтта хьакъ ду, ахь уьш лардар гIиллакхе а ду. Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «Ши бусалба ваша ши куьг санна ву… цхьана куьйго важа куьг дIадуьлу».[7] Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – цхьана дийнахь «сивак» яккха цхьана дитта тIе а вахана, цхьаъ нийса а, важа сеттина а ши «сивак» а яьккхина хьа а вена, шеца хиллачу шен асьхьабана нийса «сивак» дIаелла хилла. ТIаккха цу асхьаба аьлла: «ХIай Делан Элча! Нийсаниг дIеэца хьакъ долуш верг хьо ма-ву!» ТIаккха Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «Ши накъост цхьана сахьтехь бен цхьаьна ца лелахь а, цу сахьтах
лаьцна хаттам бийр болуш бу цуьнга: - Лекха хинволчу Дала шена тIедиллина
хьакъ лардира цо шен накъостаца, йа лар ца деш дайъира цо иза? – аьлла».[8] Кхин а аьлла Делера салават а, салам а хиларо: «Ши стаг цхьана лелар вац цкъа а, цаьршиннах шен накъостаца уггар
кIеда хиллар Далла дукха везна бен».[9] Накъосталлин гIиллакхаш хIорш ду: шен даьхни шена хьашт делахь а шен накъостана далар – нагахь иза шега ца далахь, шен совдаьлларг цунна оьшучу хенахь цунна далар –; иза дехар дан ша волчу вале, цуьнан хьашташ кхочушдарехь шен дегIаца цунна далуш долу гIо дар; цуьнан къале ларйар; цуьнан кхачамбацарш къайладахийтар; наха цунна аьлла долу, цунна халахоьтуьйтур долу вон хIума цуьнга дIа ца кхачор; цунна хазахетар дийр долу, наха цунна аьлла дика хIума цуьнга дIакхачор; иза вистхьулучу хенахь цуьнга дика ладогIар; цуьнца къийсавалар Iаддитар; цунна уггар дукха езачу цIарца цуьнга кхайкхар; цуьнгара шена доьвзаш долчу дикчу хIуманашца иза хастор; шена цо динчу диканна цунна баркалла алар; цуьнан сий дойъуш хIума шена хезча, цуьнан сий лардар, шен сий ша лардийр хиларе терра; оьшуш хилахь цунна кIеда-мерза хьехам бар; цуьнгара даьллачу гIалатна цунна къинтIера валар, цуьнга вон вист а ца хуьлуш; иза дийна волуш а, иза веллачул тIаьхьа а хьо хьой волуш цунна доIа дар; иза веллачул тIаьхьа цуьнан доьзалца а, цуьнан гергарчаьрца а дика юкъаметтиг лелор; шен хьашташ кхочуш де а ца бохуш, цунна атталла езар, шен гIуллакхех цуьнан дог паргIат дуьтуш; цунна хаза мел хеташ долчу хIуманца хазахетар гучудаккхар; цунна ца дезаш долу хIума хилча сингаттам гайтар; ша гучахь цунна гойтуш дерг шен дагчохь а хилийтар, цуьнга болу безам къайлах а, гучахь а цхьатерра хуьлуьйтуш; иза шена гича цуьнга салам хьалха далар; хиъна Iачу меттехь цунна охьахаа шен меттиг йалар; иза хьалагIаьттича цуьнца хьалагIаттар; цо къамел деш, иза валлалц ладогIар, цуьнан къамелана юкъа а ца лелхаш. Юкъарчу чулацамца аьлча, шена шеца лело лууш йолу юкъаметтиг лело еза шен накъостаца. Шен вешина шена дезарг ца дезаш волчуьнан вошалла шалхо ю, дуьненахь а, эхартахь а цунна бала а бу иза. ХIара лакхахь дийцинарг ахь хьайна боьвзаш боцучу нахаца а, хьайн доттагIашца а лело деза гIиллакх дара. Амма кхоалгIа дакъа – хьуна боьвзаш берш – хьо ларло церах, хIунда аьлча хьуна вон гур дац хьайна боьвзаш болчаьргара бен. ДоттагIчо гIо дийр ду хьуна, хьо ца воьвзарг хьуна герга хир вац, ткъа ша-долу вон хьуна боьвзачаьргара ду, шайн меттанашца хьуна шайн доттагIалла гойтуш болчу. Цундела хьайн ницкъ ма-кхоччу хьайна боьвзарш кIеззиг хилийта ахь. Ткъа нагахь санна хьан цаьрца юкъаметтиг лело езахь, доьшучу меттехь, йа рузбан маьждигехь, йа вуьшта маьждигехь, йа цхьана шахьарехь, йа базарахь, делахь хьуна тIехь ду церах цхьа а лахара ца хетар, хIунда аьлча иза хьайл дика ву йа вац хьуна ца хаьа дела. Церан дуьненан бахамаш бахьана долуш уьш хьайн дагчохь базбалийта а ца беза ахь. Ахь уьш иштта базбахь – хIаллакьхир ву хьо, хIунда аьлча дуьне а, цу дуьнена тIехь дерг а Далла гергахь лараме доцу дела, ткъа хьан дагчохь хIокху дуьненан охIлу даз мел ло, лекха хинволчу Далла гергахь хьо ларамаза хуьлу. Верлахь, ларлолахь церан дуьненан даьхнина доьхьал айхьа царна хьайн дин даларх. И хIума динарг ша-верг царна гергахь ларамаза хуьлу хьуна, тIаккха цаьргахь долу даьхних а хеда хьуна иза. Нагахь цара хьоьца мостагIалла леладахь, ахь царна доьхьал мостагIалла ма леладе, хьо царна бекхам бан гIертахь собар тоьар дац хьан, тIаккха цаьрца долу мостагIалла бахьана долуш хьайн динах а вухур ву хьо, чIогIа кIад а лур ву хьо. Цара хьо хьан юьхь дуьхьал хесточу хенахь а, цара хьан лерам бечу хенахь а, цара хьуна шайн безам гойтучу хенахь а дукха царна кIад а ма ло хьо, хIунда аьлча хьо иза баккъалла ду йа дац хьаьжча, бIе дакъанах цхьа дакъа а карор дац хьуна иза. Гучахь а, къайлах а уьш хьоьца цхьатера хиларга дог а ма даха ахь, цара хьуна тIаьхьашха вон къамелаш дича цец а ма вала хьо, оьгIаз а ма гIо хьо царна, хIунда аьлча хьо баккъалла нийсачу агIор хьайга хьаьжча, хьуна хьайца карор ду уьзза хIумнаш, ахь хьайн доттагIашца а, гергарчаьрца лелош. И хилла ца Iаш, хьайн хеьхархочуьнца а, хьайн деца-ненаца а карор ву хьуна хьой иштта: уьш доьхьал болчу хенахь айхьа церах лаьцна хьахор доцург уьш доьхьал боцуш хьахадо ахь. Ткъа ахь дIахададе оцу хьайн боьвзачаьргара хьайна церан даьхни дезар а, церан лерам безар а, цаьргара гIо дезар а; бакъдолуш, даьхни дезаран цхьа лаам шеца болуш верг, дукхах долчу хьолехь эшамехь вуьсу, даьхни доцуш вуьсу, иштта лаам шеца болчу хенахь сийсаз хуьлий дIахIутту. Ткъа нагахь ахь цхьаьнга хьайн цхьа хьашт кхочуш дар а дехна, цо хьуна гIо дахь, Лекха хинволчу Далла шукр де ахь, цунна баркалла а ала ахь. Нагахь цо хьуна кхоччуш гIо ца динехь цуьнгара бехк ма баккха ахь, цунна реза воцуш а ма лела хьо, и бахьана долуш юкъа мостагIалла ца долийтархьама. Баккъалла волу «муъмин» - Делах тешаш волу стаг санна хила хьо, кхечунна бахьанаш лохуш. Менепакъ стаг санна ма хила хьо, кхечеран кхачамбацарш лоьхуш. Ахь ала: «Хьанна хаьа, суна цо кхоччуш жоп ца далар суна доьвзаш доцучу цхьана бахьанийна хилла хила а ма-мега». Царна цхьанна а хьехар дан ма хIотта хьо, хьан хьехар къобал дийр хиларан билгалонаш хьайна галлалц, и билгалонаш йоцуш ахь хьехар дахь цара иза тIе а лоцур дац, хьан мостагIий хилла дIа а хIуьттур бу уьш. Нагахь уьш цхьана Iилманан хаттарехь галбовлахь, ахь шайна хьехарга уьш догдохуш а боцуш, делахь хьеха ма хьеха ахь царна: хьан Iилманах пайда а эцна, тIаккха хьан мостагIий хир бу хьуна уьш. Амма нагахь санна уьш цхьана Iесаллийна чуэгна хилахь – Iилманан хаттаршкахь галбовлар бахьана долуш – делахь кIеда-мерза хьехар дрца нийсо хьахае ахь царна, хьайгара кIоршаме дош а долуьйтуш. Нагахь хьайна цаьргара лерам а, дика а гахь, Далла шукр де ахь хьой царна везийтарна. Нагахь хьайна цаьргара вонаш гахь, Лекха хинволчу Дела кера дIа а лой уьш, Делаца ларло хьо церан вонех. Царна дов а ма де ахь, цаьрга ала а ма ала ахь: - «Шуна сан хаькъ хIунда ца доьвза? Со хьенеха кIант мунех ма-ву! Iилманашца дозалла дерг а ма-ву со» - але, бакъдолуш, и къамел Iовдалчу нехан къамел ду хьуна, ткъа нахана юкъахь уггар Iовдалниг – ша хестош, ша цIанвеш, ша-шена хесташмаш беш верг ву. Хьуна хаа деза, Дала иштта нах хьуна тIетосур ца хилар, хьогара даьлла цхьа къа бахьана долуш бен, цундела АллахIе гечдар деха ахь хьайн къиношна. Хьуна хаийла, и санна болу нах хьуна Дала тIетасар Дала хьуна деш долу таIзар хилар. Айхьа цаьрца юкъаметтиг лелочу хенахь хьо хила церан хьакъ хезаш, церан харцо ца хезаш, церан дикаллаш юьйцуш, церан воллаш ца хьехош. Хьо ларло таханлерачу Iелам-нах хила гIертачу нахах, къаьсттина хилпалонаш а, къийсамаш а Iамош болчерах. Хьо ларло церах, бакъдолуш уьш хьо ларвеш Iаш бу хьуна шайн хьIаг бахьана долуш, кхолламан харцахьаралла хьуна хирдерг лоьхуш. Шайна хетачуьнца хьуна хьукм деш бу уьш, хьуна тIахьашхула хьан кхачамбацаршца луьйш бу уьш, шаьш цхьанакхеттачу меттехь хьан гIалаташ дагардеш бу уьш, шаьш оьгIах баханчу меттехь а, шаьш хьоьца къовсучу меттехь а и хьан гIалатлонаш хьан юьхьадуьхьал тохархьама. Хьан цхьа а галвалар Iад ца дуьту цара, хьан цхьа а гIалатна геч а ца до цара, хьан къайлах дерг къайлах а ца дуьту цара. Доккхачунна а, жимачунна а хьуна хьесап до цара, доккхачунна а, жимачунна а хьоьца хьагI лелайо цара, кхин болу вежарий хьуна доьхьал боху цара эладитташ лелорца, моттбеттарца а, доцург кхолларца а. Уьш хьуна реза хилахь – церан гучахь дерг хьеставалар хир ду; уьш хьуна оьгIаз болхахь – церан къайлах дерг хьагI хир ю; хьуна гучахь уьш хаза духарш доьхна бу, амма шайн кийрахь уьш хьо хIаллакван кечйелла берзлой санна бу. ХIара ду хьуна доттагIалла схьагойтуш болчеран хьал, ткъа хьуна шайн мостагIалла схьагойтуш болчеран хьал муха хила деза? Ибн МаIрýф цIе йолчу къéдано – Дала къинхетам бойла цунах – аьлла:
Хьо ларло хьайн мостагIах цкъа Ибн Таммáма а аьлла иштта:
МостагIчо оьцу хьан доттагIера
пайда, Хьо хила веза ХIилáл ибн Iалáъ Арриккъийс ма-аллара:
Ас гечдича нахана, цхьаннеца
хьагI йоцуш Кхин а хьо хила цхьаболчу хьекъалчаша ма-аллара: «Хьайн мостагIчуьнга а, доттагIчуьнга а хьо хьожуш хила резахиларца, и шиъ сийсаз а ца веш, йа дукха ваз а ца веш. Хьо лараме хила куралла а ца еш, хьо эсала хила сийсаз а воцуш. Хьайн массо гIуллакхашкахь юкъарчу хьолехь хила хьо, дехьий-сехьий йолу ши агIо ший а ларамаза ю хьуна. Аьлла ду:
Юкъара агIонаш леха ахь,
бакъдолуш уьш Хьой новкъа воьдучу хенахь дIай-схьай ма хьежа хьо, тIехьа хьежар дукха а ма хилийта ахь хьайн, гулйеллачу тобанашц тIехIотте а ма латта хьо. Нахана юкъахь хьой охьахуучу хенахь когийн бухьигаш тIе ма хаа хьо, куьйга пIелгаш чучча а дахийтина ши куьг цхьанахоттарх а ларло хьо. Кхин а хьо ларлуш хила хьайн маж ловзорах а, мохIур ловзорах а, цергаш юкъа хIума Iиттарх а, мера чу пIелгаш Iиттарх а, дукха туйнаш кхийсарх а, шатт йахарх а, хьайн юьхь тIера мозий дукха дIалехкарх а, дукха хьайн дегI дIасаийзорах а, нахана хьалха а, ламазехь волуш а, йа кхин йолчу хенахь а дукха багагIитторах а. Хьо хиъна Iаш волу меттиг тийна хила еза, ахь деш долу къамел цхьатерра нийса хила деза. Хьайга цхьа хаза къамел деш волчуьнга ладогIа деза ахь, хьой дукха цецвалар а ца гойтуш, юхадийца а ца олуш. Туьйранаш а, кхин долу дийцарш а дийцича тап але IадIе хьо. Хьайн бераш хьайна хазахетар а, хьой церах воккхавер а ма дийца ахь, хьайн месаш а, хьайн къамел а, хьайн жайнаш а, иштта кхин долу хьайх лаьцна хьайн хIумнаш хьайна хазахетар а ма дийца ахь. Зуда кечлуш санна кечвала а ма гIерта хьо, лайш санна дукха ларамаза а ма лела хьо. Дарбанна бIаьргаш тIе дукха хIума хьакхарх а ларло хьо, дарбанна месаш тIе дукха даьтта хьакхарх а ларло хьо. Хьайн хьашташ кхочуш де бохуш чIогIа дехарш а ма де ахь, цхьа а стаг зулам дан меттах а ма ваха ахь. Хьайн доьзална цхьанна а хьайн даьхнин барам ма бовзийта ахь – доьзал а боцуш, кхечу нахана иза ца бовзийтар кхин а хьалхара ду хьуна – хIунда аьлча хьан даьхни царна кIеззиг хетахь хьо а ларамаза хетара ву царна, ткъа иза царна дукха хетахь – цкъа а хьуна реза хир бац уьш. КIоршаме а ца хуьлуш лараме хила хьо хьайн доьзалца, заьIап а ца хоьтуьйтуш кIеда а хила хьо цаьрца. Хьайн чохь гIуллакх деш йолчу зудчуьнца а, йа хьайн лайца а цкъа а забарш ма йе ахь, церан дегнаш чура хьооьга болу лерам дIабоьвр бу хьуна. Нагахь ахь цхьаьнца къовсуш хилахь лараме хила хьо, хьайн цакхетамах
а, сихваларх а лар а ло хьо, хьайн тешаллийна тIехь ойла а йе ахь, хьайн
куьйгаш меттах дахар кIеззиг а де ахь, хьайна тIехьа болчаьрга юхахьежар
кIеззиг а де ахь, жIаьла охьахууш санна хьайн шина голана тIе охьа а ма хаа
хьо. Хьайн оьгIазло дIаяьлча бен вист а ма хила хьо. Нагахь санна паччахьо
хьо шена герга вигахь – хьо цунах ларлуш хила, гоьмукъан ираллех санна. Хьо
чIогIа ларло дикаллехь бен кхин доттагIалла доцучу стагах, хьуна хало хилча
хьуна доттагI воцучу стагах, бакъдолуш и стаг мостагIалла уггар доккха долу
мостагI ву хьуна.
Хьайн даьхни хьайн сийл деза а
ма хилийта ахь. Ткъа хIара дакъа тоьар ду хьуна – хIай къонаха – «нисваларан юьхь» йовза, цкъа хьайга цуьнца хIун дало хьажа хьо. Кхо дакъа ду хьуна хIокху чохь: Дала омру динчунна муьтIахь хиларан гIиллакхийн дакъа а, Iесаллех ларваларан дакъа а, нахаца лелоеза юкъаметтиган дакъа а. Оцу кхаа декъо чулаьцна Делан лайно шен Кхоллархочуьнца а, Цо кхоьллинчаьрца а лелоеза юкъаметтиг. Ткъа нагахь санна хьайна уьш хьайн сица догIуш карадахь, хьайн дог цаьрга доьрзуш карадахь, цаьрца Iамал йан лууш иза хилахь, делахь хьуна хаийла хьо баккъалла Делан лай хилар, Лекха хинволчу Дала Шех тешарца хьан дог нуьре а дина, хьан кийрара и дог Шех тешарна даьстина хилар. Баккъалла бакъдолуш хаийла хьуна юха а, хIокху «нисваларан юьхьан» чаккхе а хилар, цунна тIехьа къайленаш а, кIоргенаш а, Iилманаш а, довзарш а хилар. И ша-дерг ас дитина хьуна сайн «Динан Iилманаш дендар» цIе йолчу жайни тIехь, цундела иза талла хьажа хьо. Амма нагахь санна хьуна хьой каравахь, хIокху гIуллакхашца Iамал йар хьайна дазлуш, хIокху тайпана долу Iилманна айхьа инкарло еш, хьан сино хьоьга олуш: - «ХIун пайда бийр бу хьуна ишттачу Iилмано, Iелам-нахаца хьо охьахиъча? Маца хьалхавоккхур ву хьо хIокхо хьан нийсархошна? Паччахьашна а, церан гIоьнчашна а хьалха муха хьалаайвийр ву хьо хIокхо? Рицкъанашка а, бусалба нехан даьхни тIехьажарга а, къеда хиларга а муха кхачор ву хьо хIокхо?» - делахь хьуна хаийла шайтIано хьо Iехийна хилар, цо хьуна хьо воьрзур волу а, кхочур волу а меттиг йицйина хилар, ахь лохийла хьайна хьой санна цхьа кхин шайтIа, хьайн иштта харц лаамашка кхачор долу хIумнаш цуьнга хьайна Iамадайта. ТIаккха юха а хаийла хьуна: цкъаъа паччахьалла доьрзур дац хьоьга хьо Iаш волчу хьан кертахь, хьан юрт а, хьан мохк а ца бийцича а! ТIаккха хьо оцу паччахьаллийна тIаьхьавалахь – иза хьайга доьрзур доций хуъушехь – хIокху дерриг Iаламийн Далла гергахь долу хедар доцу паччахьалла а доьвр ду хьан, даим долу ниIмат доьвр ду хьан. Делера салам а, Цуьнан къинхетам а, Цуьнан беркаташ а хуьлда шуна. Хастам бу АллахIана доьххьара а, тIаьххьара а, гучахь а, къайлах а. ГIора а дац, ницкъ а бац Лекха а, Воккха а волчу АллахIера бен. Делера салават а, салам а хуьлда вайн элана Мухьаммадна а, цуьнан охIлунна а, цуьнан асхьабашна а. [1] Бухари, Муслим, Тирмизи, Ибн МаджахI. [2] БайхIакъú, «АззухIдул Кабúр»; Ибн Аби Iáсим, «АззухIд»; Абу НаIúм, «Хьилйатул Авлийáъ»; Ибнул Джавзú, «Сафватус-сафвахI»; «Кашфул Хафá». Кхин а и маьIна долуш аьлла Имам Ибн Раджаба – Дала къинхетам бойла цунах – «ДжáмиIул Iулýми вал хьикам» тIехь, 198 агIо. [3] Сурат «АлкахIф», 71 айат. [4] Абу Давуд, Тирмизи, Ахьмад, Албáнú «Силсилату ахьáдúсис-сохьúхьáхI». [5] Сурат «АлкахIф», 28 айат. [6] «ЗухIд» - бохург, шена тоам болчу хIуманах тоам а бина IадIар ду, дуьнена тIе ца верзар ду, Делаца йолу юъкметтиг чIогIа хилийтар ду, массо хIумнал дукха Дела везар ду, Иза воцучуьнца хьашт ца хилар ду. [7] БайхIакъú, «ШуIабул Иймáн»; Дайламú, «Алфирдавсу бимаъсýрил хитIóб». [8] «Кашфул Хафá», «Тафсúр АттIабарúйй», «Тафсúрул КъуртIубúйй». [9] Цу дешнашца ца карийра суна и хьадис. Делахь а, масийттаммо дийцина иштта: «Ши бусалба стаг вовшахкхетча, цаьршиннах Далла уггар дукхавезаш верг цаьршиннах юьхь уггар екхаелла хир ерг ву». «Ши стаг вовший Дела доьхьа везаш хилча, цаьшиннах Далла уггар дукха везаш верг шен ваша чIогIо везаш верг ву». Ибн Хьиббан а, иштта кхиберш а.
__________________________________________________
|