Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

 

 

Къинхетаме а, къинхетам беш а волчу АллахIан цIарца!

 

«Алджавáбул Кáфú Iаниссуáлил Хóфú»

«Кхетамаза долчу хаттарна тоаме долу жоп»

 

 

 

Ахьмад ибн Хьаджар АлIаскъоланий

(кхелхина - 852 хI. ш)

– Дала къинхетам бойла цунах –

 

 

 

Хаьттина хилла Хьáфиз Ахьмад ибн Хьаджаре – Дала къинхетам бойла цунах -:

Хастам бу АллахIана! Делера салават а, салам а хуьлда Делан Элчанна Мухьаммадна.

Дала хьан Iилманашца массо бусалба нахана беркате пайда бойла. Дала Шен къинхетамца а, комаьршаллийца а хьуна мел а, ялсамани а йаларг, тхан хаттаршна жоп лахьара ахь.

ХIай къеданийн а къеда хилла верг! Велла стаг лахьти чу а виллина, вайна гучара дIаваьлча, Мункар а, Накúр а цIе йолу ши малийк цунна тIедеъча,

1 хаттар: Цуьнга охьа а хаийна бийр бу хаттам, йа вижина волуш бийр бу?

Жоп: Цаьршимма цуьнга иза хиъна а волуш бийр бу хаттам, гIардаьлла долчу Барáан хьадисехь деана ма-дарра, Абу Iавáнас нийса ду аьлла а долчу, Ахьмад бин Хьанбала шен «Алмуснад» тIехь дийцина а долчу.

2 хаттар: Цуьнан са юха цуьнан дегIа чу юхадоьрзур дуй, иза дийна волчу хенахь санна? Йа муха хир ду хьал? Цуьнга хаттам бина баьлча стенгахь Iийр ду цуьнан са?

Жоп: ХIаъ, цуьнан са юха цуьнан дегIе юхадоьрзур ду, делахь а хьадисехь деанчу тIехула долчу маьIнехь дерг – иза цуьнан дегIан лакхарчу декъа чу юхадоьрзур хилар ду.

3 хаттар: Цуьнан са даим цуьнан каш тIехь хир ду, йа цхьайолчу хенахь стигала хьала а долуш, тIаккха юха а доьрзуш хир ду?

Жоп: АллахIах тешаш хиллачеран синош уггар лакхарчу даржашкахь ду, керста-нехан синош жоьжахатин уггар лахарчу даржашкахь ду. ХIора син а шен дегIаца хоттадалар ду, дуьненахь иза цуьнца хоттаделла хиларх тера а доцуш. И са шен дегIаца хоттаделла хилар тера ду наб еш волчу стеган са цуьнан дегIах къаьстина хиларх. Цхьаболчу Iелам-наха и хоттаделла хилар тардина маьлхан зIаьнаршца. Иштта оцу маьIнийца цхьанатохало шина кепара даьхкина долу хьадисаш: синош хуьлу меттиг лаккхара даржаш а, лаххара даржаш а ду аьлла долу хьадисаш а, синош шайн догIмаш чохь долчу кешнашца хуьлу аьлла долу хьадисаш а, Ибн Iабдил-Барра дукхах болчу Iелам-нахера схьа ма-дийццара.      

4 хаттар: Цу стагна тIе латта тесначул тIаьхьа, цуьнан каш тIехь цхьаммо цунна  «талкъúн» [1] дешча, цунна иза хезар ду йа дац, веллачунна а, доьшуш волчунна юкъахь йоккха меттиг хилча?

Жоп: ХIаъ, хезар ду, хIинцца ас хьахийна долу хоттадалар синна а дегIана а юкъахь долуш долу дела. ХIара хьал тар дан мегар дац чIогIа кIоргачу гIу чохь волчу стагна лакхахь берш ца хазарх (хIунда аьлча и шиъ тайп-тайпана ши хьал долу дела [2]).

5 хаттар: Веллачунна шен каш тIе цхьаъ веъча хаьий? Шена тIе цхьаъ веъча хаза а хетий?

Жоп: ХIаъ, хаьа цунна. АллахIана лиъча иштта хаа дала агIо ю цуьнан, ткъа синошна бакъо елла ю дIасалела. Уьш доьлху шайн метте – йа лаккхарчу даржашка, йа лаххарчу даржашка – нийсачу хьадисехь деана ма-дарра: - «ГIазотехь беллачеран синош баьццарчу олхазаршца ялсамани чохь дIасалелаш ду» - аьлла, ткъа и хьадис «Сахьихь» [3] тIехь ду. Ахьмад бин Хьанбалера схьа а деана и саннарг, АллахIах тешаш хиллачеран синох лаьцна. «Сахьихь» тIехь ишттачу дешнашца деана а ду: - «Iаьрша бухахь долчу тогаршна герга уьху уьш» - аьлла. Делахь а, оцу дерриг хьадисийн маьIна галморзах дац цу синойн шайн догIмашца вайн бийцина болу хоттам хиларца. И хоттам хилар генара хеташ волчунна иштта хетаран бахьана цо оцу синойн дахар шена гуш долчу хIокху дуьненан дахарх тардар ду, ткъа цу синойн «барзахехь» [4] долу дахар вайчуьнах тера дахар дац.

6 хаттар: Мункар а, Накúр а цунна тIедеъча, цаьршимма хIун хоттур ду цуьнга?

Жоп: Цаьршимма хоттур дерг вайна доьвзаш ду Барáэра схьа Ахьмад бин Хьанбала дийцина долчу дехачу хьадисера а, Абу ХIурайрера схьа Ибн Хьиббáна дийцина долчу хьадисехь а.[5] 

7 хаттар: И шиъ цуьнга хеттарш деш долуш, цунна доьхьал Пайхамаран – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – сурт а хIоттийна, - «хIокху стагах лаьцна хIун эр ду ахь» - аьлла хоттур ду йа дац?

Жоп: Иштта сурт хIоттор ду аьлла нийсачу хьадисехь деана дац. Иштта хир ду аьлла, шайн дош тешаллийна лаца мегар доцуш болчу цхьацца наха. Хьадисехь деана дерг – «хIокху стагах лаьцна хIун эр ду ахь» - аьлла ду, делахь а, «хIокху стагах» бохучу дашо тIе ца дожадо цуьнан сурт хьалха хIотто дезар, хIунда аьлча иза хаттам бечеран а,  веллачуьнан а ойланашкахь хууш долу дела. 

8 хаттар: Кошан Iазап синна хир ду, йа дегIана хир ду, йа цаьршинна шинне а хир ду?

Жоп: Iазап цаьршинна шинне а хир ду, делахь а цуьнан коьрта лазам синна хир бу, цу синна Iазап хиларца дегI лазош а хир ду, цунна ниIмат хиларца дегIана дика а хир ду. Иза иштта ду, делахь а дегIана цуьнах хуьлуш болу Iаткъам гуш ца хуьлу и дегI хIокху дуьненахь гуш волчунна, цо и велларг юха хьааьхкича а цуьнан дегI ша ма-дарра карадо цунна (и Iазап а, йа ниIмат бахьанехь хилла хийцам боцуш [6]). 

9 хаттар: Нагахь санна, са каш тIехь Iаш хир ду аьлла олуш дерг нийса делахь, стенгахь хир ду и са – лахьти чохь хир ду, йа каш дIадолалучахь хир ду?

Жоп: Са хир долу меттигах дерг вай дийцира. Цуьнан доцца жоп ду: са шен дегIаца хоттаделла ду, вайна хааме доцучу кепара, иза лазийча важа а лазадо, цунна ниIмат хилча вукхунна а дика хуьлу, хьалха вай ма-дийццара.

10 хаттар: Каш тIедугIуш долу «райхьан» [7] а, хурманийн диттан га а, каш юккъехь тIедогIа деза, йа цуьнан коьртехь догIа деза? Йа муха хила деза и гIуллакх?

Жоп: И догIар нийсачу хьадисехь деана ду [8], меттиг а ца хьахош, цундела иза муьлххачу метте доьгIча а лууш дерг кхочуш хуьлу.

11 хаттар: Нагахь санна цхьана хийрачу стага Къуръан а дешна, цуьнан мел веллачунна дIалахь, цунах хIумма а оцу веллачунна дIакхочур ю йа яц?

Жоп: И хаттар гIардаьлла хаттар ду, ас цунах лаьцна цхьа жима жайна а яздина. Цунах коьртаниг: хьалхалера дукхах болчу Iелам-наха иза дIакхочу аьлла, ткъа ас къастош дерг – цунах хаддош жоп ца далар ду, иштта Къуръан дешар еза Iамал хилар тIе а чIагIдеш, иза дуккха а дешча дика хилар тIе а чIагIдеш. [9]

12 хаттар: Адаме, ша йинчу Iамалх дерг шена луучу агIор хьовза далуш ду йа дац, Ибн Iабдуссалама иза ма-аллара?

Жоп: Лакхахь долчу жоьпах схьа доьвзар ду хIокхунна жоп.

13 хаттар: Нагахь санна велларг цхьана меттера кхечу метте дехьаваккхахь, цуьнан са а дехьа долий цуьнца кхечу каш тIе, йа ца долу?

Жоп: ХIаъ. Вай хьалха хьахийра, и са шен дегIа чохь дацахь а цуьнан шен дегIаца хоттам хуьлу аьлла. Цундела и дегI муьлххачу метте дехьадаккхича а и хоттам даим лаьтта цуьнца.

14 хаттар: Нагахь санна адаман ворта а, корта а цхьана метте дIадоьллина хилахь, диссина дегI кхечу метте дIадоьллина хилахь, цу шина меттигах муьлха меттехь хир ду са?

Жоп: Цуьнан синан массо меженашца хоттам хир бу. Цуьнан хIора меже цхьацца йоккхуш, тайп-тайпанарчу меттигашка дIайоьхкина хилахь а, оцу хIора меженаца синан хоттам хир бу. 

15 хаттар: Стаг вала герга вахча, хIун ду цунна гIолий дерг – дуккха дарбанаш дар ду, йа ца дар ду?

Жоп: Урс хьаькхначу хьайбанехь долчу хьоле леш верг кхаьчначул тIаьхьа дарба дар Iаддитар гIолий ду. Оцу хьоле кхаччалц йолчу юкъахь дарба дар мегаш ду, хьан Дела массо хIуманна тIехь ницкъ кхочуш а ву.

16 хаттар: Ламаз ца деш хилларг а, закат ца луш хилларг а, мархийн бутт ца кхобуш хилларг а, уьш жоьжахатин тIай тIехула дехьа бовлучу хенахь, цу тIехь совцор болуш бу йа бац, и шаьш дитина хилларг чекхдаккхалц?

Жоп: Хьекъалца цо цигахь хIумма а доькхуш дийр дац. Цо дитинчу парзашна меттина цуьнан суннаташ хIиттор ду. Суннаташ цуьнан дацахь, кхидолу цуьнан диканаш схьа а эцна, цаьрца кхочуш дийр ду. Уьш а цуьнан ца хилахь, цо дитинчу парзашка хьаьжжина къинош тIеэгор ду цунна, Дала цунна геч а дина, цунах Цо Шен къинхетам ца бахь. 

17 хаттар: Къемат дийнахь Iамал йар хир ду йа дац? Йа муха хир ду хьал?

Жоп: ХIокхуьнан жоп хIокхул хьалха долчуьнца доьвзар ду.

18 хаттар: Берашна хьоьхуш цхьа стаг ву, шеца цхьа цамгар йолуш, ламаз керахь ца лаьтта цуьнан парз ламаз дечу ханна юкъахь бен, цо ламаз мел оьцу и цамгар бахьана долуш керара долу цуьнан иза, ткъа иза керара мел долу цо ламаз эцча цуьнан дерриг де ламазаш оьцуш дайъа дезара ду. Оцу стагна ламаз керахь а доцуш Къуръанах куьг Iотта мегар дуй, цуьнан кхин дан хIума ца хилча?

Жоп: И санна волчунна мегаш хуьлу, цуьнгахь йолу хало бахьана долуш, делахь а тайаммум дан деза цо, хIунда аьлча тайаммум даран хан ламаз эцаран хенал кIеззиг йолу дела. И хало иштта дIайодахь, цо Къуръан кералаьцча хIумма а дац, ткъа гIолий хууш верг АллахI ву.

19 хаттар: Тирмизúс дийцинчу хьадисехь ма-дарра, адамийн Iамалш дIаязйеш долу лараме ши малийк цуьнан каш тIе а хIоьттина цунна гечдар доьхур долуш дуй?

Жоп: Схьагуш дерг иштта ду: нагахь санна и хьадис билггал делахь, дуьненахь Iамалш дIаязйеш хилла долу ши малийк хуьлу цуьнга хаттам бийр берг. Цуьнан жоп оцу хьадисах схьадолуш ду.

20 хаттар: И ши малийк Дала Къуръан тIехь «ДIавуьгуш дерг» а, «Тешалла деш дерг» а цIе яьккхина шиъ ду, йа кхин шиъ ду?

Жоп: Тирмизина гергахь и ши малийк хаттарехь деана долу шиъ ду, кхин ши малийк дац. Iелам-нехан хилпало ю цаьршиннах лаьцна, ТIабарúс а, кхечара а хьахийна церан дешнаш.

21 хаттар: (Къемат дийнахь) малх адамийн кортошна герга богIур болуш буй, наха ма-дийццара?

Жоп: ХIаъ, иза бакъ ду, нийса хьадис ду цунах лаьцна деана [10], цундела цунах тешар важиб ду.

22 хаттар: Къемат-дийнахь малх хир буй?

Жоп: Бу, делахь а иза адамаш лаьттина довллалц бен хир бац, цул тIаьхьа малх а, бутт а жоьжахати чукхуссур бу, адамаш латтаран хан дIаяьлча.

23 хаттар: Адамаш хьацар чу доьра ду йа дац?

Жоп: Ду. Нийсачу хьадисехь деана ду иза [11], церах цхьаберш хьацаро дуьрста тесча санна лаьцна хир бу аьлла а, цхьаберш накхана тIекхаччалц а, голашна тIекхаччалц а хьацар юкъахь хир бу аьлла а, иштта кхин дIа а, церан Iамалшка хьаьжжина.

24 хаттар: ХIинца долу хIара адамийн догIмаш талха а телхина дIадоьвллачул тIаьхьа, тIаккха АллахIана уьш юха денда лиъча, уьш хьалха шаьш ма-хиллара дендийр ду Цо, йа цхьа кхин догIмаш кхуллур ду Цо?

Жоп: Лекха хинволчу Дала юхадендийр дерш адамийн хьалха шаьш ма-хиллара долу догIмаш ду, кхиниш а доцуш. И ду нийса дерг, муххале а бакъдерг. Иза а доцуш кхиниг аьлларг суна гергахь гал ву, дуьххьала дIа долу Къуръанан а,  Суннатан а маьIница иза доцург харц долу дела.

25 хаттар: Ши бIаьрг цу хенахь коьрта тIехь хир бу, йа юьхь тIехь хир бу?

Жоп: И шиъ юьхь тIехь хир бу, хIокху дуьненахь ма-хиллара. И шиъ коьрта тIехь хир бу аьлла а деана ду, делахь а, дуьххьала дIа долчу хIокху хьадисан маьIно гойтург и шиъ юьхь тIехь хирг хилар ду. Iаишата – Дела реза хуьлда цунна – хаьттина хилла Пайхамаре – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – къемат-дийнахь Iавраташ гучудовлар шена дазделча, и муха хир ду-те аьлла, тIаккха цо жоп делла: «Цу дийнахь хIоранне а шен-шен хьал (бала) хир ду, цунна кхачам беш долу» - кхечаьрга хьежа цуьнан ойла ца хуьлуьйтуш. Оцу хьадисан дуьххьала дIа долчу маьIно гойтург и ши бIаьрг юьхь тIехь хирг хилар ду, доьххьара дуьненахь ма-хиллара. Ткъа, гIолий хууш верг АллахI ву.

26 хаттар: Адамаш цу дийнахь массо цхьатера хир ду – лекхаллийца а, лохаллийца а – йа тайп-тайпана хир ду? Муха хир ду хьал? 

Жоп: Уьш цу дийнахь шаьш лечу хенахь ма-хиллара хир бу, амма ялсамани чу боьлхучу хенахь цхьатерра хир бу массо а. Хьадисехь деана ду: - «ХIора Делан лай гIаттор ву ша леш волуш ма-хиллара» - аьлла. Ялсаманин охIлунан куц дуьйцучу хьадисехь а деана ду вай хьахийнарг (цхьатера хирг хилар).

27 хаттар: Адамаш къемат дийнахь схьагулдечу хенахь, шайн дегIаца чо а, месаш а йолуш хир ду, йа йоцуш хир ду?

Жоп: ХIаъ, уьш йолуш хьалагIиттор ду адамаш, тIаккха ялсамани чубоьлхучу хенахь месаш а йоцуш, юьхь тIехь чо а боцуш чугIур бу уьш, лакхахь хьахийначу шина хьадисехь ма-дарра. 

28 хаттар: ХIокху умматера къинош летош хилларш – Дала жимчу валарца болуьйтур бу уьш йа бац? Церан хьукм хIун ду Далла гергахь?

Жоп: ХIаъ, иза иштта хилар деана шина «Сахьихь» жайнаш тIехь, цхьана «Сахьихь» тIехь деана ду – «хIокху умматера жоьжахати чу бахана хилла болу къинош летош хилларш – Дала уьш жимчу валарца бала а балийтина, шафаIатца цу чура арабохур бу, тIаккха «дахаран татол» чу кхуьссур бу уьш цхьане, тIаккха, тIе хи деъча хьалаболуш болу буьртиг санна юха хьалакхиъна денлур бу уьш» - аьлла.

 

Чекхдевли хаттарш а, жоьпаш а.

Сийлахь-цIена а, Лекха а волу АллахI ву нийсаниг дика хууш верг, дерзар Цуьнга а ду вай.

Делера салават а, дуккха салам а хуьлда къемат-де кхаччалц вайн элана Мухьаммадна а, цуьнан охIлунна а, цуьнан асхьабашна а.

 

 


[1] Талкъин – иза, стаг дIавоьллинчул тIаьхьа цуьнан каш улло охьа а хуий, йа дIа а хIуттий, доьшуш долу доIа санна хIума ду. Вайна юкъахь цуьнан йоккхуш йолу цIе «заIам» ю. Цунах лаьцна хьадис ТIабаранийс дийцина ду. (Кху лахара дерриг билгалдахарш соьгара ду, Хьафиз Ибн Хьаджарера дац. Гочдархо.)

[2] Къовларш юкъахь дерг ас сайгара тIетоьхна ду.

[3] Муслиман жайна «Сахьихь».

[4] Барзах – Iаьрбийн дош ду. Адам деллачул тIаьхьа къемат-де кхаччалц цуьнан хуьлуш долчу дахаран цIе ю иза.

[5] Барáъ ибн Iáзиба – Дела реза хуьлда цунна – дийцина: «Цхьана дийнахь тхо Пайхамарца – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – кешнашка дахара, Ансарашна юкъара велла волу цхьа стаг дIаволла. ТIаккха цунна даьккхина долчу каш тIе дIакхечира тхо. Иза каш чу виллале хьалха Делан Элча – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – охьахиира, тхо а тIаккха охьахевшира цунна гонах. Тхо хевшина Iаш дара, тхешан кортош тIехь олхазарш долуш санна (дIатийна, меттах ца хьеш). Делан Элчанан – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – керахь цхьа гIаж йара, лаьттах Iуьттуш. ТIаккха корта хьала а айъина, цо элира: - «АллáхIаца ларло шу кошан Iазапах» - шозза йа кхозза элира цо иза. ТIаккха кхин дIа элира цо: «Бакъдолуш, Делах тешаш хилла волу Цуьнан лай хIокху дуьненах дIакъаста герга вахча, эхарта верза хан тIехIоьттича, стиглара малийкаш дуьссу цунна тIе, малх санна къегина кIайн яххьаш а йолуш, шайца цхьаьна ялсамани чура марчу а долуш, ялсамани чура марчуна тоха деана IатIарш а долуш. ТIаккха уьш охьаховшу, цуьнан бIаьрго лоццучул генахь. Цул тIаьхьа валаран малийк схьадогIу – Делера салам хуьлда цунна – цуьнан коьрте охьа а хуий, олу цо: «ХIай дика са! Арадала Делан гечдаре, Дела реза хиларе!» ТIаккха цуьнан са арадолу, гIумгIи чура хи арадолуш санна атта. Валаран малийко схьаоьцу цуьнан са. Цо иза схьаэцначул тIаьхьа, вукха малийкаша бIаьрга негIар тоххал юкъа хан ца йолуьйтуш цуьнгара иза схьа а оьций, шайца деанчу марчуна юкъахьарчадо иза, шайгарчу IатIаршна юкъадуьллу иза. ХIокху дуьнена тIехь йолу уггар хаза хьожа санна дика а, хаза а хьожа хуьлу цуьнан. ТIаккха уьш хьаладоьлху, хIора малийкийн тоба шайна дуьхьал мел-кхета цара хеттарш а деш: «ХIара хьенан дика цIена са ду?» - олий, тIаккха хIокхара жоп а луш: «ХIара хьенеха кIант хьенех ву» - олий, цуьнан дуьненахь йоккхуш хиллачу уггар дикчу цIерашца иза царна вовза а вовзуьйтуш. ТIаккха вайна уггар герга йолчу стигала хьалакхочу уьш иштта, и стигал дIаеллар доьху цара, иза дIайиллинчул тIаьхьа кхин дIа а хьала доьлху уьш ворхIолгIачу стигала кхаччалц, малийкашна и са хеста а деш. ТIаьххьара, Нуьцкъала а, Сийлахь а волчу АллахIана герга кхочу уьш, тIаккха Цо олу: «ДIаязде Сан лайн жайна лаккхарчу даржашкахь! ТIаккха дуьнена тIе охьа а дерза де цуьнан са, бакъдолуш Ас латтанах кхоьллина а бу уьш, цуьнга юхаберзор болуш а бу уьш, тIаккха кхин цкъа а цунах схьабохур болуш а бу уьш». ТIаккха цуьнан са цуьнан дегIе юхадерзадо. Цул тIаьхьа ши малийк догIу цунна, цаьршимма иза охьахааво. Цаьршимма хотту цуьнга: «Хьан Дела мила ву?» Цо олу: «Сан Дела АллахI ву!» Цаьршимма хотту: «Хьан дин хIун ду?» Цо олу: «Сан дин Ислам ду!» Цаьршимма хотту: «И шуна юкъахь ваийтина волу стаг мила ву?» Цо олу: «Иза Делан Элча ву – Делера салават а, салам а хуьлда цунна –». Цаьршимма хотту цуьнга: «Хьуна муха хиъна иза?» Цо олу: «Ас АллахIан Жайна (Къуръан) дийшира, тIаккха со АллахIах тийшира, ас иза бакъ а дира!» ТIаккха стиглара схьа кхайкхар до: «Бакълуьйш ву Сан лай! Ялсаманин кузаш таса цунна буха, ялсаманин духар а духа цунна тIе, ялсаманин неI а елла цунна дIа!» ТIаккха ялсаманин хазчу хьожанех хьожа йогIу цунна, цуьнан бIаьрго лоццучул гена шор а до цуьнан каш. Цхьа хаза юьхь а йолуш, хаза духарш а долуш, йогIуш хаза хьожа а йолуш волу цхьа стаг вогIу цунна тIе тIаккха, цо олу: «Хьо воккхавийр волу кхаъ бу хьоьга! ХIара ду, хьуна хир ду аьлла долу де». ТIаккха цо хотту цу стаге: «Хьо мила ву? Хьан юьхь диканца вогIучуьнан юьхь ма ю!» Цо жоп ло: «Со хьан дика Iамал ю!» ТIаккха цо олу: «Сан Дела! Къемат дийнан сахьт тIехIоттадехьа, сайн доьзале а, сайн даьхни тIе а юхавоьрзур вара-кх со!» Бакъдолуш, керста хилла волчу Делан лайн хIокху дуьненах дIакъаьста герга вахча, эхарта верза цуьнан хан тIехIоьттича, стиглара малийкаш дуьссу цунна тIе, Iаьржа яххьаш а йолуш, шайца цхьаьна шога кIадеш а долуш. ТIаккха уьш охьаховшу, цуьнан бIаьрго лоццучул генахь, валаран малийк схьа а деана, цуьнан коьрте иза охьахаъалц. ТIаккха цо олу: «ХIай боьха са! Арадала Делан оьгIазлоне!» ТIаккха цуьнан са цуьнан дегIаца дIасадаьржа, тIаккха озадой арадоккху иза, тIеда тIаргIи юкъара хьабоккхуш болу баI санна. Валаран малийко схьаоьцу цуьнан са. Цо иза схьаэцначул тIаьхьа, вукха малийкаша бIаьрга негIар тоххал юкъа хан ца йолуьйтуш цуьнгара иза схьа а оьций, шайца деанчу шогачу кIадешна юкъахьарчадо иза. ХIокху дуьнена тIехь йолу уггар боьха хьожа санна хьожа хуьлу цуьнан. ТIаккха уьш хьаладоьлху, хIора малийкийн тоба шайна дуьхьал мел-кхета цара хеттарш а деш: «ХIара хьенан боьха са ду?» - олий, тIаккха хIокхара жоп а луш: «ХIара хьенеха кIант хьенех ву» - олий, цуьнан дуьненахь йоккхуш хиллачу уггар вочу цIерашца иза царна вовза а вовзуьйтуш. ТIаккха вайна уггар герга йолчу стигала хьалакхочу уьш иштта, и стигал дIаеллар доьху цара, делахь а, иза дIа ца йоьллу царна». И аьллачул тIаьхьа Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – дийшира хIара айат: ×Стигланийн неIарш йеллане а дIайоьллур яц царна, механ Iуьргахулу эмкал чекхяьлча а ялсамани а бохуьйтур бац уьшØ. [Сурат «Ал-аIрóф» 40 айат]. Кхин дIа элира Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна –: «ТIаккха Дала олу: «ДIаязде Сан лайн жайна уггар лахарчу дуьненахь уггар лахарчу даржашкахь!» ТIаккха цуьнан са охьакхуссу». Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – юха а дийшира айат: ×Делаца накъост веш верг – стиглара охьавоьжна стаг санна ву, олхазарша лоций дIахьо иза, йа мохо генарчу кIорге чувожаво изаØ. [Сурат «Алхьадж» 31 айат]. Кхин дIа элира цо: «ТIаккха цуьнан са цуьнан дегIа чу юхадерзадо, цул тIаьхьа ши малийк догIу цунна, цаьршимма иза охьахааво. Цаьршимма хотту цуьнга: «Хьан Дела мила ву?» Цо олу: «Аааъ… Ааааъ… ХIааъ… Ца хаьа суна». Цаьршимма хотту: «Хьан дин хIун ду?» Цо олу: «Аааъ… Ааааъ… ХIааъ… Ца хаьа суна». Цаьршимма хотту: «И шуна юкъахь ваийтина волу стаг мила ву?» Цо олу: «Иза… Аааъ… Ааааъ… ХIааъ… Ца хаьа суна». ТIаккха стиглара схьа кхайкхар до: «Харц луьйш ву! ЦIеран кузаш таса цунна буха, жоьжахатин неI а елла цунна дIа!» ТIаккха жоьжахатин боьхачу хьожанех хьожа йогIу цунна, каш гатдо цунна, цуьнан меженийн хуттургаш чура йовллалц. Боьха юьхь а йолуш, боьха духарш а долуш, йогIуш боьха хьожа а йолуш волу цхьа стаг вогIу цунна тIе тIаккха, цо олу: «Ирча кхаъ бу хьоьга! ХIара ду, хьуна хир ду аьлла долу де». ТIаккха цо хотту цу стаге: «Хьо мила ву? Хьан юьхь вонца вогIучуьнан юьхь ма ю!» Цо жоп ло: «Со хьан вон Iамал ю!» ТIаккха доьху цо Деле: «Сан Дела! Къемат де ма хIоттийтахьа!». [Тирмизий, Ахьмад, и дешнаш Ахьмада дийцина ду].

[6] Къовларш юкъахь дерг Хьáфизан дешнаш дац, цо аьллачуьнан маьIница догIуш долу дела, кхетаме хилийта ас тIетоьхна ду..

[7] Райхьан – хаза хьожу йогIу, зезаг санна йолу буц.

[8] Бухари, Муслим.

[9] Кхузахь Хьáфиз Ибн Хьаджара – Дала къинхетам бойла цунах – мел дIакхочу йа ца кхочу а ца олуш, йа хIара агIо йа важа агIо а ца лоцуш, кешнашкахь Къуръан дуккха деша аьлла, иза дешар деза ду а аьлла. Цо цхьа агIо ца лацаран бахьана – суна схьагучу суьртехь – хьалхалерачу цхьаболчу Iелам-наха цуьнан мел дIа ца кхочу аьлла хилар ду. Ибн Касира – Дала къинхетам бойла цунах – шен тафсир тIехь хьахийна, Имам ШафиIийс – Дала къинхетам бойла цунах – аьлла аьлла, дегIаца йина йолчу Iамалийн мел веллачуьнга дIа ца кхочу аьлла. Иштта СуйýтIийс а – Дала къинхетам бойла цунах – кхиболчара а хьахийна иза, цо аьлла аьлла. ХIетте а, Имам Нававийс – Дала къинхетам бойла цунах – шен «АлмаджмýI» жайни тIехь масийттозза дала до, Имам ШафиIийс – Дала къинхетам бойла цунах – кешнашка вахча Къуръан дешар мелехь а ду, деза а ду аьлла хилар. Имам ШафиIийс – Дала къинхетам бойла цунах – иза дIа ца кхочу аьллехь а, дукхах болчу Iелам-наха Къуръан дешаран мел а, Дела хьахоран мел а веллачу стаге дIакхочу аьлла, ШафиIийн мазхIаберчу баккхийчу Iелам-наха а тIехь. Масала, иза дIакхочу аьллачу Iелам-нахах бу: Ибн Солáхь, СуйýтIий, Нававий, Ибн Таймийа, Ибнул Къаййим, Шавкáний, Ибн Хьаджар АлхIайтамий, СаIдий, Мухьаммад ибн Iабдул-ВаххIаб… Уьш хьалха хилла Iелам-нах бу. Амма кешнашкахь Къуръан дешар – иза ца мега олуш цхьа а Iелам-стаг гина вац суна, таханлера цхьа масех Iелам-стаг воцург. Муххале а, вуно дукха Iелам-наха кешнашкахь Къуръан деша мегар ду а аьлла, дешар чIогIа мелехь ду а аьлла, доьшуш волчунна а, кешнийн охIлунна а пайдехь ду а аьлла. И ас лакхахь цIерш мел яьхначара аьлла ду иза, цул совнаха Мухьаммад ибн Iабдул-ВаххIаба – Дала къинхетам бойла цунах – шен «Ахькáму таманнил мавт» цIе йолчу жайни тIехь ши хьадис далийна, кешнашка вахча «Алфатихьат» а, «Ал-Ихлас» (КъулхIу) а, «Аттакáсур» а сураташ дешар мелехь хилар дуьйцуш долу. Цул совнаха, цу жайнийна керла зорба тохийта иза кечдина волчу, СаIуди Iаьрбийн пачхьалкхехь гIараваьлла волчу Iелам-стага IабдуллахI ибнул Жибрúна а яздина гина суна, мел дIакхочуш хиларх лаьцна. Бакъду, вайх муьлххарчуьнан а коьрта чу хаттар да тарло, церан баххаш а, тешаллаш а хIун ду, иза дIакхочуш хиларна аьлла. ХIара жайна цунах лаьцна дуьйцу жайна дац, цундела ас церан хIоранне баххаш а, тешаллаш а ца дуьйцу кхузахь, баккхийчу Iелам-наха аьлларг дIа а довзийтина Iаддуьту ас, и хIума дан ца мега бохуш волчуьнга ойла йайтархьама. Дала пурба а делла, валаза висахь, цунах лаьцна яздан хьожур ву со, Делан гIоьнца. ТIаьххьара, Имам Ибн Солахьа ма-аллара – Дала къинхетам бойла цунах – ала луур дара суна: «…и къовсаме долу хIума бусалба динан баххашкара хIума а дац, йа коьрта лоруш долу хIума а дац. Иза фикъхI юкъара жима дакъа лоруш хIума ду, цундела цу тIехь болу къовсам боккха бац…», цундела и бахьанехь вовшийн харц ду бахар а, вовший инкарлонаш йар а, и хIума къа долуш санна хетар а нийса хIума а дац, йа бусалба динан Iалашонашца догIуш хIума а дац.   

[10] Бухари, Муслим, Тирмизий, Ахьмад.

[11] Муслим, Тирмизий, Ахьмад.

 

 

                         __________________________________________________

 

Коьрта агIо     Жайнийн цIерш