|
|
| Видео |
|
Хаттар: Ассаламу Iалайкум! Марехь хилаза, йа майрачо йитинчу зудчуьнан хьал муха хир ду ялсаманехь?
Жоп: БисмиллахIир-рохьманир-рохьим Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Дуьненахь зуда марехь хиларан а, ца хиларан а хIара ялх хьал ду,[1] оцу хIора хьоле хьаьжжина цуьнан ялсаманера хьал а хир ду, нагахь санна цуьнан дуьненара дахар ялсамани кхочуьйтучу кепара хиллехь. 1. Маре йахаза хилла йолу зуда. Ишттачу зудчунна АллахIа ялсаманехь маре лур ду дуьненахь хиллачу цхьана стагах. Делан элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «Ялсаманехь марехь йоцуш зуда а хир яц, зуда йоцуш стаг а хир вац».[2] Шейх Ибн Iусаймина – Дала къинхетам бойла цунах – ялсаманехь хир болчу зударийн хьал дуьйцуш аьлла: «Нагахь санна зуда дуьненахь маре йахар ца нисделлачерах хилахь, лекха хинволчу АллахIа маре лур ду цунна ялсаманехь, иза реза хир йолччу кепара. Ялсаманера зовкх божаршна хилла Iаш дац, иза божаршна а, зударшна а цхьаьне ду, ткъа маре дар зовкхах цхьа дакъа ду».[3] 2. Маре йаханчул тIаьхьа йита а йитина, кхечуьнга маре йахаза хилла йолу зуда, йа вуьшта аьлча, йитинчул тIаьхьа кхечу марехь хилла йоцу зуда. Иштта зуда доьххьарниг санна хир ю – ялсаманехь кхечуьнга маре йохуьйтур ю иза. 3. Марехь хилла а йолуш, делахь шен майра ялсамани гIур воцу зуда (Дала лардойла вай жоьжахатих). Иштта зуда а хьалхалерачу шиннах тера ю, цунна а ялсаманехь кхин маре лур ду. Шейх Ибн Iусайми́на – Дала къинхетам бойла цунах – аьлла ишттачу зудчуьнах лаьцна шега динчу хаттарна жоп луш: «Цуьнан жоп АллахIан хIокху дешнийн юкъарчу маьIнех схьадолуш ду: [Цу (ялсамани) чохь шуна хир ду шуна деззарг, цу чохь шуна хир ду аш дехнарг; гечдеш волчу, къинхетам беш волчу (АллахIера) хьошалла ду иза].[4] [Синошна дезарг, бIаьргашна мерзадерг (массо хIума хир) ду цу чохь; шу даим лаьттар а ду цу чохь].[5] Иштта, нагахь санна зуда ялсаманин охIлунах хилахь, иза маре йахана ца хиллехь, йа цуьнан майра ялсаманин охIлунах ца хилахь, иза ялсамани чу йахача, ялсаманин охIлунах божарий хир бу зударий балоза болуш, церан ялсаманенна кхоьллина зударий а хир бу, дуьненара зударий а хир бу царна лаахь, царна иза дезаш хилахь. Иштта олу вай зудчуьнан хьокъехь а, нагахь санна цуьнан майра ца хиллехь, йа дуьненахь цуьнан майра хила а хилла, делахь а иза цуьнца ялсамане гIур волуш вацахь – нагахь санна ишттачу зудчунна маре йаха лаахь, цунна дезарг хила дезаш ду цунна цигахь, хIунда аьлча оцу айатийн юкъарчу маьIно гойтуш ду иза».[6] 4. Цхьанхьа марехь а йолуш елла йолу зуда. Иштта зуда ялсаманехь ша лечу хенахь шен хиллачу майрачуьнца хир ю. 5. Марехь йолчу хенахь майра а велла, кхечанхьа маре йахаза йолу зуда. Иштта хилла йолу зуда а ялсаманехь шен веллачу майрачуьнца хир ю. 6. Марехь йолчу хенахь майра а велла, кхечуьнга маре йахана йолу зуда. Иштта хилла йолу зуда ялсаманехь шен тIаьххьара хиллачу майрачуьнца хир ю. ХIокху кепара йолчу зудчуьнах лаьцна вай дийцира жимма алсам хIокху хаттарехь: «Дуьненахь масех майра хилла волу зуда ялсаманехь муьлхачуьнца хир ю?». Дала ялсаманин охIлунах дойла вай массо! Дика хуург сийлахь АллахI ву! 16.09.2009
| КхидIа [1] ХIара хьолаш а, хIокху юкъахь деана дерг а схьаэцна ду Шейх Сулайма́н Ал-Хура́шийн «Ахьва́лун-ниса́и фил-джаннахI» цIе йолчу алар тIера; цхьацца меттигашкахь хийцам а бина ас сайгара. [2] Муслим. [3] Шейх Ибн Iусайми́н, «Маджму́I фата́ва́ ва роса́ил Ибн Iусайми́н», 2/53. [4] Сурат «Фуссилат», 31 айат. [5] Сурат «Аз-Зухруф», 71 айат. [6] Шейх Ибн Iусайми́н, «Маджму́I фата́ва́ ва роса́ил Ибн Iусайми́н», 2/52. |