|
|
|
Ассаламу Iалайкум! Сан хьоьга хаттар дара, йоIана, корта Iаьржачу хнаца басар бан мегий, аьлла? Дала диканца бекхам бойла!
БисмиллахIиррохьманиррохьим Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Имам Муслима дийцинчу хьадисехь деана ду, Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – Абу Къухьáфатан корта а, маж а къежйелла шена гича, элира аьлла: «Цхьана хIуманца (басар дей) хийца иза, Iаьржачу (басарх) лар а ло». Оцу хьадисана тIе а доьгIна, дукхах болчу Iелам-наха мегаш дац аьлла, стага а, зудчо а Iаьржа басар дар.[1] ТIаккха Iелам-наха билгалдина, мегаш доцург кIарула Iаьржа басар ду аьлла. Iаьржачуьнца цхьаьна цхьа кхи басар дича мегаш ду, масала, кIарула Iаьржа а боцуш, Iаьржа а, цIен а шина баса юкъахь цхьа бос белахь мегаш ду цуьнца корта басар бан. Цундела, Iаьржачу хнáца коьртана басар дича, цо и корта кIарула Iарж беш белахь, иза мегаш дац, бацахь мегаш ду. Цхьаболчу Iелам-наха марехь йолчу зудчунна магадо месашна Iаьржа басар дар, делахь а, гIолий дерг иза а ца деш, кхиниг дар ду. Ткъа дика хууш верг АллахI ву! |