|
|
|
Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Фарз мархин (Рамадан) баттахь, Дала магийна долу бахьана а доцуш марха дохор доккха къа ду, иза мегаш ца хилар хоуьйтуш масийтта хьадис ду. Ткъа, мархин (Рамадан) баттахь шен зудчуьнца (эвхьаза) юкъаметтиг хиллачо, нагахь санна цунна иза хьарам хилар хууш хиллехь, иза вицвелла а ца хиллехь, иза марха даста магош болчу некъа ваьлла некъахо а ца хиллехь, цунна тIехь кхо хIума ду, ша динчунна бехказа волуш цо дан дезаш: Хьалхарниг: Деле шена гечдар деха деза; ШолгIаниг: Ша дохийна долу марханан де шолгIа мархин бутт тIебале доькхуш кхаба деза; КхоалгIаниг: Каффарат дан деза: нагахь санна велахь цхьа лай паргIат ваккхарца (хIокху заманахь иза нислур хир дац), лай паргIат ца ваккхалахь тIаьхьий-хьалхий ши бутт марха кхабарца, и шиъ ца кхабалахь шен махкара юкъарчу даарца цхьацца кан даар а луш кхузткъа миска стагана кхача баларца. И кхо хIума дан дезаран тешалла, Имам Бухарис а, Имам Муслима а, Имам Абу Давуда а дийцина хьадис ду: "...цхьана стага, Делан Элчанна - Делера салават а, салам а хуьлда цунна - тIе а веъна элира: "ХIаллакьхилла-кх со!" Цо хаьттира: "Стен хIаллакьвина хьо?" Цо элира: "Рамзана баттахь сайн зудчуьнца эвхьаза гIуллакх хилла сан". Цо элира тIаккха: "Лай паргIат ваккхалур вуй хьоьга?" Цо элира: "ХIан-хIа". ТIаккха цо элира: "ТIаьхьий-хьалхий ши бутт марханаш кхаба лур дуй хьоьга?" Цо элира: "ХIан-хIа". ТIаккха цо элира: "Кхузткъа миска стагана бала кхача хир буй хьан?" Цо элира: "ХIан-хIа". ТIаккха иза охьахиира, цул тIахьа Пайхамарна - Делера салават а, салам а хуьлда цунна - цхьана хIумана чохь хурманаш еара (пхийтта сахь хиллал), тIаккха цо элира цуьнга: "ХIорш ло делахь сагIийна"... Имам Абу Давуда дийцинчу хьадисехь иштта аьлла а ду: "...(цуьнан метта) цхьа де а кхаба, АллахIе гечдар а деха". Иштта зудчуьнца и гIуллакх даайтича, зудчуьнан а, майрачуьнан а марха духу, делахь а цу дийнахь марха досту хан тIекхаччалц шаьшшинан марха долуш санна Iан деза и шиъ, юучух-молучух ца кхеташ. Иштта дохийна парз мархин де доькхуш кхаба дезаш хилар тIехь стаг а, зуда а цхьатерра ду, амма каффарат дан ца дезар цхьана стагана (майрачунна) бен тIехь дац. Нагахь санна иштта гIуллакх мархин шина, я кхаа дийнахь, я кхин а дукха деношкахь даайтахь, и хIора де доькхуш кхаба а деза, хIора денна тIера каффарат дан а деза. Ткъа дика хуург АллахI ву!
|