Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 


Если муж своей жене говорит чтобы она не надевала платок, когда она выходит на улицу, потому что ей могут навредить (антиисламисты, скинхеды и т.д)? она должна ослушаться мужа?

МаьIна: Нагахь майрачо шен зудчуьнга ша арайолучу хенахь йовлакх ма тилла бахахь, бусалба динна доьхьал болчара а, скинхедаша а, кхечара а цунна зен дан мега дела, цо бохург ца дан мегий цунна?

 

БисмиллахIиррохьманиррохьим

Нагахь санна цу зудчунна шена, йа цуьнан берашна, иза бусалба духар доьхна араяьлча доккха зен хир долуш делахь, лан лур доцу зен хир долуш делахь, масала цунна цхьамма тухур елахь, йа юьйр ю бохуш кхерам туьссур белахь, тIаккха мегар ду цунна и зен шех духатухур долччул духар доха. Нагахь санна иштта и зен хиларна билггал кхерам белахь, мегар ду масала йовлакх берриге корта хьулбеш ца тилла, йа коьрта Iуьйра араяла, хIоьттинчу хьоле хьаьжжина, и зен шех духатохархьама.

Бакъду, иштта зен хир хилча, коьртан цхьайолу месаш гуш йолуш, йа коьрта Iуьйра йолуш араяла магаран шен дозанаш ду, и дозанаш лардар важиб а ду.

Хьалхара доза: Шена билггал хьашт долчу гIулкхана бен иштта араяла мегар дац зуда. Масала балха яха езаш хилча, йа кхи туькана ваха стаг воцуш туькана яха езаш хилча, иштта кхидIа а. Ца дича ца долуш долчу гIулкхана бен иштта араяла мегар дац иза, хIунда аьлча тIаккха хьашт доцуш бусалба духар лар ца дийриг хуьлу иза. Цундела, ца дича ца долуш гIулкх дацахь, ара а ца йолуш, шен чохь Iа еза зуда.

ШолгIа доза: Хьулйан еза меже ястар хьаште хьаьжжина хила деза. Нагахь санна жимма месаш гойтуш йовлакх тиллича и зен хир долуш дацахь, коьрта Iуьйра араяла мегар дац; нагахь санна коьрта Iуьйра хилча тоам хир болуш белахь, кхидIа йолу дегIан меженаш яьстина хила мегар дац.

Иштта и хIума магаран бахьана – цо иза ца яьллачу денна деш хилар ду, кхин дан хIума ца хиларна деш хилар ду. Ткъа адам иштта хьолехь хилча, Дала магош ду и зен духатур долччу барамехь Шен хьарамлонаш дохор. Цуьнан масала ду, урс хьакхаза елла хIума вала ца валархьама яа мегаш хилар. Лекха хинволчу АллахIа аьлла: [Бакъдолуш, (АллахIа) хьарам йина шуна (урс хьакхаза) елла хIума а, цIий а, хьакхин жижиг а, АллахI воцуш кхечуьнан доьхьа йийнарг а; ткъа хьашто гатвинчо иза кхаьллича, шена оьшучул сов а ца во́луш, (Делан) дозанал тIех а ца во́луш – ишттачунна тIехь къа дац; бакъдолуш АллахI гечдийриг а ву, къинхетам бийриг а ву]. (Сурат «Ал-Бакъарат», 173 айат).

Амма нагахь санна хила ма-дезза духар доьхна хьо араяьлча хьуна хир долу зен лан лур доцуш зен дацахь, доккха зен дацахь, хьан могшаллийна а, хьан дахарна а Iаткъам бийр болу зен дацахь, масала ца оьшу къамелаш дуьйцур ду аьлла кхерам белахь, тIаккха мегар дац хьуна кхоччуш долу духар ца лело, хIунда аьлча и санна йолу хало лан езаш хало ю, и санна йолчу халонца Дала зуьйш ву бусалба стаг. [1]

Лекха хинволчу АллахIе доьху ас хьан дог Цо Шех тешарх дузар, Цо хьо Шена муьтIахь хилар тIехь чIагIйар, Цо Ша реза волчунна хьан аьтту бар. Уьзза доьху ас сайна а, массо бусалба зудчунна а, стагна а.

Ткъа дика хуург АллахI ву!

 

11/12/2008.

 

 


[1] Хьажа: Шейх Халид ибн Iабдул-МунIим Ар-РифаIий, «Фатава МавкъиIил-Алу́кахI», фатва 2202; Шейх Са́ми́ ибн Iабдул-Iазиз Ал-Ма́жид, «Фатава Вастишаро́т ал-Исламил-Йавм», 19/486; кхин а: «Фатава Аш-Шабакатил-ИсламиййахI», фатва 12498.