Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Кхетам

Доьзал

ГIиллакх

Iеламнах

Пайхамар

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Хьадис

Пайхамар

Дела хьахор

Аудио

Дерриге йозанаш

Хеттарш

 

 

  

Имам Ибн Рушд

Дала къинхетам бойла цунах

 

 

ЦIе: Ахьмадан кIант Мухьаммад ву иза. Цуьнан пхоьалгIа ден цIе Рушд хилла, цундела олу цунах Ибн Рушд (Рушдан воI).

Дахар: Ваьхна 1126 – 1198 шерашкахь (520-595 ш. бусалба терахьца). Дуьненчу валар а, дукхах долу дахар а Андалусехь (таханлера Испанехь) хилла цуьнан. Дукха жималлехь дуьйна Iилма Iамош хилла иза.

Iилманаш, говзаллаш, белхаш:

1. ФикъхI Iилмангахь воккха говзанча хилла иза. Маликий мазхIаб довзарал совнаха, кхидолу мазхIабаш а девзаш хилла цунна кIорггера. Цо яздина долу «Бидайатул-мужтахIид» жайна тхан факультетехь (Мединатера Бусалба дин Iаморан университетера ШариIатан факультетехь) фикъхI Iилманна Iамош дара, диъ шарахь.[1] Оцу кепара яздина жайна, иштта и санна дика яздина жайна кхин дан а дац.

2. ФикъхIан баххаш цIе йолчу Iилма а дикка девзаш хилла цунна. Имам ГIазалин «Ал-мустасфа» жайна дацдеш яздина жайна ду цуьнан цу Iилмангахь алсам девзаш дерг.

3. Къеда. Шен гIалахь къеда (судья) болх бина цо доьххьара, тIаккха дукха хан ялале уггар гIараяьлла йолчу шахьарехь – Кордовехь – «къеданийн къеда» хилла иза (таханлера «верховный судья» йа «министр юстиции»).

4. Философи. Аристотелан философин жайнаш нисдинарг а, туодинарг а, церан маьIна динарг а ву иза. Европийна и философи цуьнгахула евзина ю. Цу хьокъехь яздина дуккха жайнаш ду цуьнан.

5. Бусалба кхетамийн (Iилмул-калам) Iилманча а хилла иза. Масех жайна ду цуьнан цу Iилмангахь.

7. Лоьралла. ГIараваьлла вевзаш волу лор а хилла иза. Лоьраллих лаьцна 20 сов жайна ду цуьнан, гIараяьлла евзаш йолу «Ал-куллиййат» энциклопеди йоцург. ФикъхIехь фатва цуьнгара лахаре терра, лоьраллийца доьзна долчу хаттаршна а жоп лохуш хилла цуьнгара, тIетевжаш хилла цунна.

8. Политикан Iилма а дика девзаш хилла цунна. Иза гуш ду цо Аристотелан жайнин маьIна деш яздинчу жайнашкахь.

Деккъа цхьа динан Iилманаш девзина ца Iаш, дахаран Iилманашкахь а говзанча волуш, лаккхарчу тIегIана тIехь, лаккхарчу даржехь… Хьалхалера вайн Iеламнехан дозалла гойтуш цхьа масал ду иза. Цара динан Iилманаш а, дахаран Iилманаш а Iамош хилла хиларан цхьа масал ду иза.

Ткъа и девзича, цуьнан дахарх лаьцна дешча, коьрте догIу хаттарш: муха хилла-те и цхьа Iеламстаг оццул дукха Iилманаш девзаш? Муха гулдина-те цо уьш дерриге? Иштта йоккха лар муха йитина-те цо шен дахарехь а, шел тIаьхьа а (лоьралла, Европина философи дIакхачийнарг, динан Iилманийн воккха говзанча)? Хетарехь, цу хаттаршна жоп цунах лаьцна яздинчу цхьаболчу терахьхоша аьлларг ду: «Шен дерриге дахарехь шина буьйсанна бен ешар а, яздар а дитина хилла дац цо цкъаъа. И ши буьйса: цо зуда ялийна хилла буьйса а ю, цуьнан да велла хилла буьйса а ю».

Цхьаъа де, цхьаъа буьйса тIехйо́луьйтуш ца хилла цо еша ца йоьшуш, яз ца деш. Оцу къахьегаро вина цунах Имам Ибн Рушд. Дала къинхетам бойла цунах. Дала вайна масал хуьлийтийла цунах.

 


[1] И жайна хьеха хIотторан а, харжаран а бахьана дуьйцуш, Шейх Мухьаммад ал-Мухтар аш-Шинкъи́тIийс элира: «Оцу университетехь доьшур берш тайп-тайпана мехкашкара дешархой хир болу дела, оцу мехкашкахь лелош дерш тайп-тайпана мазхIабаш долу дела, дешархошна дерриге мазхIабаш довзуьйтур долу жайна оьшу дела хаьржина хилла ду иза. Дерриге мазхIабашкахь дерг дуьйцуш, уьш тайп-тайпана хиларан бахьана а дуьйцуш, цара шаьш олург хIунда аьлла а дуьйцуш, хIоранне тешалла (далил) а дуьйцуш».