Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

  

ХIара Ийманан арканаш дуьйцу жайна ду. ХIокху жайно хьуна дуьйцур дерг Бусалба динан уггар коьрта бух – тешар, кхетам – бу. Кху чохь хьуна карор ду Делах тешарх лаьцна а, цуьнан коьрта агIонех лаьцна а; малийкех лаьцна а – церан дукхалла, церан белхаш –; Дала Шен лайшна нийсо а, куьйгалла а дина диссийна хилла долчу жайнех тешарх лаьцна а, церах вайна доьвзаш долчеран цIерш а; Элчанех а, пайхамарех а тешарца доьзна долу хаттарш а, церан дукхалла а, церан даржаш а; Къемат де тIехIуттур хиларх лаьцна а, стаг каш чу диллинчул тIаьхьа, йа ялсамане, йа жоьжахате иза кхаччалц хир долчу хьолех лаьцна а; тIаьххьара, Делан кхелах лаьцна дерг а, Делан лаам шина кепара хилар а, Дала хирдерг дIаяздина хилар а, вай Iамалш йар а, вайн лаам хилар а дуьхь-дуьхьал догIуш ца хилар а; иштта кхин а дуккха бусалба стеган хила беза коьрта кхетамаш а.

ХIокху тIехь дуьйцуш долчу коьрта хIуманца цхьаьна, Къуръан тIера аят а, Суннатера хьадис а ду тешаллийна далош. Иштта тешалла ца далийна йолу меттигашкахь деанарг, Бусалба динан баккхийчу Iелам-наха Къуръан тIера а, Суннатера а, Бусалба динан юкъара бакъонашкара а схьаэцца хIумнаш ду. 

Ас Деле доьху хIокхунах вайна массарна пайда бар, беркат дар, кху тIехь дерг доьвзинчул тIаьхьа вай кхин а чIогIа Далла муьтIахь хиларца совдовлар, Дала вай Шен къинхетамца, Ша Шен лайшна кечйина йолчу хазчу хIусамашка вай кхачор а.

 

PDF

 

 

Ийманан арканаш

 

Хьалхара рукн: Сийлахь Лекхачу АллахIах тешар

 

 

ШолгIа рукн: Малийкех тешар

 

 

КхоалгIа рукн: Жайнех тешар

 

 

ДоьалгIа рукн: Элчанех тешар

 

 

ПхоьалгIа рукн: ТIаьххьарчу (къемат) дийнах тешар

 

 

ЯлхолгIа рукн:  Къадрах тешар

 

 

 

Коьрта агIо